08. 11. 2024 6- я

Буьйса йу... Буьйса, цхьа аьхна,
Седарчий диссина лаьтта,
Бацалахь уьш башха лепа,
Зезагаш ду царна къиежаш.

Бутт хичу боьссина тховса,
Ч1ерашна тайна шайн хьаша.
Тулг1ешца бутт мара къуьйлуш,
Хьешаца хиш ловза дуьйлу.

Со тийна... ,,тапп" аьлла, тийна,
Цу суьртах 1ара, д1аийна.
Сатоссуш малх самабели,
Буьйсанан туьйра чакхдели.

*****

Резванова Айза

Цхьа к1еззига хьалха ахь ца мегара ала,
Ца мегара хьо суна, безамца къажа.
Ткъа х1инца х1унда ахь,
Сох бехкаш доху,
Х1унда ахь къастарна со бехке лору.

Буьйсанна седарчийн майдана йуьйлуш,
Седаршлахь къегинарг, хьан ц1арах лоруш.
Ас цуьнга йуьйцура сайн деган къайле,
Лаарна цу нуьрца кхача хьан даге.

Х1'а - х1а, хьо ца гуора, сайн некъа волуш,
Хьо вог1у некъ лоьцуш, дуьхьал со йийларх.
Гуора хьо даима галморзах вуьйлуш,
Сан б1аьргийн кедаш чохь шовданаш дуьтуш.

Хьох тегна ойланаш, шовданех 1ени,
Сан деган чиркх багош, безам чакхбели.
Со х1инца ца йаьлла, сайн некъа йели,
Вайн безам заманан кхиэле д1а бели.
*****

Резванова А.А.
Маржа я1, маржа

Лаьар- кха дагахь дерг, ма дарра яздан,
Адамаш лаьар- кха, вовшашна марздан.
Дахар а лаьар- кха берашна хаздан,
Лаьар- кха массо де, нохчий чохь даздан.

Лаьар- кха даймохк хьо, даггара хьаста,
Геналлехь къийлина дог хьуна даста.
Лаьар- кха ойланаш д1ахеца кхарста,
Шовданийн аьзнашка ладег1а б1аьста.

Даймохк, ма лаьар - кха, хьан мара хьерча,
Я ц1енчу 1аламца хьуна чу яржа.
Ма ч1ога лаьар - кха, ахь суо а харжа,
Ирсечу доьзалех,- маржа я1, маржа!
*****
Резванова Айза

Со кура йаккхахьа,
Хьайн суна сагатло алий.
Дозалла дайтахьа,
Забрийна гучу а валий.
Хетийтахьа к1енташна
Къоьвсина йаккха хьуо воллу,
Мехкаршна  моттийтахьа,
Ирсан да сох хила йоллу.

Х1ун хуьлу хьуна со,
Къагарах са даьлла маьлха?
Х1ун хуьлу сан б1аьргаш,
седарчех довларах серла?
Х1ун ду ахь аларах
Бегаш беш со хьайна йеза,
Моттарг1а дац соьца,
Суна - м хьо боккъал а веза.

Хилахьа хьо суна,  б1аьстенна сирла малх санна.
Хилахьа хьо дог1а,
Дуьненан 1аламна санна..
1ийр йарий со хьуна,
1аьршашкахь беттаса санна,
Нур 1иенош хьан дагчу, ца йуьтуш ойлан хьан кхуола.
*****
Айза Резванова

Уьш вайна гинарш ду,
цалайнарш, лайнарш а...
Дегнаш чохь диснарш ду,
Ца тайнарш, тайнарш  а...
Ов детташ, дог лазош,
Лаьтта уьш х1етахь санна,
Заманца йиц йан ницкъ
ца кхочу и къизалла.
Товр долуш сан дог дац,
къинт1ера а даьлла.
Сатийсам хир бу сан,
Заман йохалла,
Цкъа мацца хир ю кхел,
Дог 1абош, доггаха.
Хьовзор ю Дала гел,
Мостаг1ийн логах а.

Дала мукълахь!
2019
*****

Нана, х1ун ду билгал даккхар,
Шера йуккъехь ,,Ненан де"?
Дадас бечу хьиэхамашкахь,
Хьо лоруш ду массо де.

Массо совг1ат хьуна лоруш,
Диэкъа боху хьоьца са.
Баркалла а хьуна олуш,
Лара боху дахар хьан.

1уьйре, суьйре, х1ора м1аьрго,
Йаккха боху хастам беш.
Дуьненан малх стиглахь къагарх,
Хьо бу боху цуо, тхан малх.

Ненан йовхо йоцу х1усам,
Йохйеш йагац боху ц1е.
Ненан мерзач озан узам,
Боцхьахь хилац самукъане.

Нана лоруш, нана хьоьстуш,
Даккха боху х1ора де.
Ненан куогашкахь йу боху,
Эхартан йалсамане.

Нана, д1а ма г1уолахь  цкъа а,
Хьуш тхан дахаран серло.
Дадас боху, бабас йаьхьна,
Д1а шен дахаран марзо.
*****
Гакаев 1аьрбис байтаца бина хаам.

Гоьллеца диллина тхан эвлахь луо,
Делахь а тхуна-м и ца хета вуо.
Бац кхузахь салташа къевлина гуо,
Маьршачу дахарехь ц1ена ду х1уо...

Алхьамдулиллах1!

Резванова Айзин байтаца жоп.

Гакаев 1аьрбига

Мачийн айрех лата а,
Ца дилли ло тхан ойлахь.
Хастам бу - кха вайн Далла,
Маьрша долуш вайн 1ойла!

Делан беркат, дог1а, луо,
Хенан х1оттам вайна - м тов.
Ма бог1ийла цкъа а т1ом,
Цуо кхиабац цхьа а стом.;;
*****

Резванова Айза

Х1ун кхаъ бу кхийдориг,
Ахь, х1урдан тулг1е!
Х1ун ала г1ерта хьо,
Г1уьттуш самукъне.
Хин т1ехула ийъалуш,
х1аваиэ йуьйлуш.
Детийчу т1амаршца,
Хелхаре хьийзаш.

Х1ун къайле йу - те ахь,
Кхийдориг даге,
Дог1ане ойланаш
Сан идош малхе?
Исбаьхьчу сарташца,
Сан б1аьргаш хьоьстуш,
Йуха а нана хих
Д1а хьерчий йоьлуш.

Диканна хуьлда хьан,
Самукъа далар,
Исбаьхьчу хьан куьцехь
Тов, кхаьънаш дахар.
*****

Де дика дойла шун!
Фариза, байт дика йу. Йо1 беркат ду. Амма нохчийн к1ентий хилча бен нохчийн къам хир дац. Вайн къоман генаш дац кходуш дерш, орамаш ду. К1ант орам бу, йо1 стом бу къам г1ад ду.
Аллах1а иэшавойла вайн к1ентий иэшо араваьлларг!
Аллах1а кху дуьнен чохь муьлхачу кепара къийсамашкахь туолабойла нохчийн к1ентий а, массо бусулбанаш а!
*****

Резванова Айза
Ма йазде...

Ма йазде боху ахь безамех,
Ма хьеста боху ахь зезагаш,
Ма дийца боху ахь хьозарчех,
Йа б1аьсте кхелинчу зазанех.
Ткъа муха йаха со дуьненахь,
Ца дуьйцуш дахаран марзонех?...

Ма йазде боху ахь безамех,
1ин - к1оргехь диекачу шовданех.
Таж - коьртахь, къиегачу ламанех,
Дашуочу 1аламан хазаллех.
Ткъа муха йаха со дуьненахь,
Ца дуьйцуш дахаран марзонех?...

Ма г1итта боху ахь 1уьйренца,
Цу маьлхан з1аьнарийн серлонца,
Седарчех къиега и бецан - тхи,
Ма лиеца боху ахь тидаме,
Ткъа муха йаха со дуьненахь,
Ца дуьйцуш дахаран марзонех?...

Ма йазде боху ахь безамех,
1уьйренех дуьйцучу суьйренех,
Буьйсанаш зарзйечу седарчех,
Нуьре 1аь г1уьттучу бетта - сих,
Ткъа муха йаха со дуьненахь,
Ца дуьйцуш дахаран марзонех?...

Ма йазде боху ахь безамех,
Ма хьиежа боху ахь виезаре,
Ма кхийда боху ахь дог - даге,
Ма вийха боху ахь ойлане,
Муха со йаха кху дуьненахь,
Дуьтуш дог хьиега цу марзонех...?
*****


Рецензии