ЦIазамаш

Миниатюра "Клубника" на чеченском языке

Далла тIе ойла а йерзийна, хаза кечвелла маьждиге вогIура воккха стаг.
- ЦIазамаш кхиийна ахь?! – хаьттира цо некъа йистехь лаьттачу йохкархочуьнга.

- ХIаъ, ас кхиийна хIорш! – ша-шех бIобулуш, тамаш беш, сихха жоп делира вукхо.

- Басар а айхьа дина хир ду ахь уьш, - аьлла, дIавахара воккха стаг, шена хаза лиъна долу: «Дала схьаделла-кх хIорш… Ас бахьанаш лелийна…» – жоп ца хезча.


Рецензии