Папка 18. 12. 2024
Йуха а керла шо дуолош д1а.
Йуха а йиги со беран хене,
Йуха а доккхуш Сан самукъа.
Тохара санна, къегина сирла,
Седарчий догуш, базалг кечйи.
Тохара санна, лайн чимаш 1иэнаш,
К1айчу нускалах, 1алам кечди.
Х1етте а тахна, дериг ду керла,
Ойланаш, г1улч а керла йу сан.
Керла ду дахар, сатийсам керла,
Керла шо лоруш, ц1инди ас са.
Керлачу шарца, декъала хуьлда,
Дуьненан 1аламах, х1ора массо а!
Керла шо вайна, дог1ийла маьрша,
Массо а дахарех марзонца хьерчаш!
*****
Дахаран некъехь,
Г1улч моссаза йоккху,
Хьо дагалоьцуш, до некъаш ас.
Дуьненан кийрахь, буса, йа дийнахь,
Хьан лорах берг бен, некъ баций са - м.
Дада, сан Дада,
Сан деган Эла,
Хьох дагайуьйлуш,
Йоккху ас хан.
1ожалла кхаччалц, дуьненан кийрахь,
Х1ора Сан саг1ин дакъа ду хьан.
*****
Свидетельство о публикации №224121900132