Папка дек. 24

Резванова Айза

Ладуог1ар а ду мелехь

Хьамзат а, Муслим а къор1ан - киншка къуьйсуш вара. Йоккха г1овг1а йаьлча, чу йеара нана.
Нанас хаьттира:
- Ашимма х1ун къуьйссу? - аьлла.
Хьамзата сихвелла, элира:
- Ша къор1ан пхийтта минотехь дешча, соьга схьа ца ло цуо и. Суна а лаьа деша.
Муслима боху:
- Ас дуолийна сурат чакхдаккхалц собар ца до цуо. Ткьа сурат чакхдаккха мадеза!
Нанас элира:
- Хьамзат, ахь собарде. Иза дешна ваьлча, цуо схьалур ду къор1ан хьоьга. Т1аккха доьшур ду ахь.
Хьамзата реза воцуш, оьг1аз вахана, элира:
- Суна а лаьа Далла 1амал йан. Суна а беза Делера мел. Ас къор1ан ца дешча и суна дицлур ма ду. Суна т1аккха къа хир ду, - бохуш, шен лаам т1е г1ертара Хьамзат.
Нанас кхетош, элира шина к1анте.
- Делера мел безачуьнгахь собар хила деза. Муслима къор1ан доьшучу заманчохь ахь ладуг1ахь, хьуна а кхочу боху и доьшуш волчу, цунна санна мел. Ахь доьшучу хенахь Муслим ладуг1уш хуьлий хьоьга, цунна а хуьлийту Аллах1а и къор1ан доьшуш волчу, хьуна санна мел. Къор1ан доьшучу заманчохь, лерина, саца а сецна, Делан къор1ане ладег1ар, ийман ч1аг1дар а, Делан некъа т1ехь нисвалар а, Делаца долу гергарло тадар а ма ду.
Цундела, Муслима къор1ан доьшуш, ахь ладуог1а деза. Хьамзата доьшуш, Муслим, хезий хьуна, ахь а ладог1а деза. Иштта вовшен ларам беш, хаза г1иллакх лелийча а ма бу мел. Собар деш, хаза г1иллакх лелийнарг а г1ур ву ма боху йалсамане. Дала мукь лахь! - аьлла, хьехам бира нанас шина к1антана. Ши к1ант д1а тийра. Цул т1аьхьа, бертахь, къийса ца луш, вовшенга ла а дуг1уш, къор1ан доьшура шина к1анта.
Аш а доьший къор1ан иштта, Бераш!?

*****

Мацахлера ойланаш...

Д1о малхах дагайуьйлуш,
Цу батте догдохуш,
Со йеха геналлехь,
Хьо цхьанга сатуьйсуш.

Малх сирла къегича,
Батто нур 1анийча,
Жима дог 1иэхало,
Кхаъ кхийдош хиэталой.

Ткъа хьуна - м ца хаа,
Цу малхе кхийдачу,
Зезагах айделла,
Дог хьоьга сан кхийди.

Шовданех 1ана - те,
Зезагах кхала - те.
Ас муха гайта - те,
Догу дог хьо бахьнехь.

Седанах сан сиэгар,
Тидмаза ма хета.
Бецан тхих сан б1аьрхиш,
Безамна ма лиэга.

Мичахь, йа маца гур,
Хаац - кха вай вовше.
Ши седа 1аьршашкахь,
Нур кхийдош-м го вовшен.
*****

Лиэхалахь со х1инца,
Иэшахь со хьайна,
Ас б1аьрг ма белххора
Делхадеш дог.
Диэхалахь до1ийца
Йуху вай гойла,
Сагатдеш баккхалахь
Мел боккху ког.

Йиэкъалахь ахь ойла,
Баттаца буса.
Сингаттамах кхета
Мега и хьан.
Шийлачу ойланца
Воьрзуш хьуо вуха,
Ахь дагалацалахь
Д1а йахна хан.

Вайша къаьстина
1ай - б1аьстей санна.
Сан б1аьрхиш т1е
Лиэгаш,
Лайн чимаш к1айн.
Цу лайлахь х1инца,
Ц1ен зезаг кхиъна.
Ца къарлуш, лиэпа и,
Дог дохдеш сан.
*****
Резванова Айза
*****
Ц1еххьана чу хьаьдда, дистина дог1у хи санна,
Жоп деха, я дала да воцуш, беара т1ом.
Бехке, я бехказа ца хоьржуш, ца хоьттуш цхьанга,
Къизачу боларца уьдура и, хьоьшуш къам.

Г1о - орца дехарх а, лехарх а дуьненан кийрахь,
Довда, я ловчкъа а ца юьтуш синтеман хьех.
Жима, я воккха а ца лоьруш, бехказа, бехке,
Г1ишлош а, синош а нохчийчохь дуолийра хьен.

Цу Делан мостаг1ийн хиллера цхьа кура ойла,
,,Ши сахьт а ца дойуш,  х1отта дан нохчийн къам гуора".
Ийманах цинц боцчу,  мостаг1ийн коьрте ца деъна,
Кхуллуш верг,  д1аоьцург, хилар ,,Цхьаъ," ницкъ болу Дела.

Ц1еххьана мостаг1ий цец бог1уш, маршонан ц1арах,
Эгабан буолийра, манглца бецан сур санна.
Кхетийра кхайкхаза беана некъ харцхьа хиларх,
Турпала нохчийн къам дуохон ницкъ цхьнна ца хиларх.

Я Аллах1, ницкъ лолахь доьналлех ца бухуш цкъа а,
Яхь йолчу к1енташна  даима сийлаллехь баха!!!
1995


Рецензии