Папк. 24 дек. 02
Йуха а керла шо дуолош д1а.
Йуха а йиги со беран хене,
Йуха а доккхуш Сан самукъа.
Тохара санна, къегина сирла,
Седарчий догуш, базалг кечйи.
Тохара санна, лайн чимаш 1иэнаш,
К1айчу нускалах, 1алам кечди.
Х1етте а тахна, дериг ду керла,
Ойланаш, г1улч а керла йу сан.
Керла ду дахар, сатийсам керла,
Керла шо лоруш, ц1инди ас са.
Керлачу шарца, декъала хуьлда,
Дуьненан 1аламах, х1ора массо а!
Керла шо вайна, дог1ийла маьрша,
Массо а дахарех марзонца хьерчаш!
*****
Дахаран некъехь,
Г1улч моссаза йоккху,
Хьо дагалоьцуш, до некъаш ас.
Дуьненан кийрахь, буса, йа дийнахь,
Хьан лорах берг бен, некъ баций са - м.
Дада, сан Дада,
Сан деган Эла,
Хьох дагайуьйлуш,
Йоккху ас хан.
1ожалла кхаччалц, дуьненан кийрахь,
Х1ора Сан саг1ин дакъа ду хьан.
*****
Резванова Айза
Ас луьсту сарташ бераллехьлера,
Сибаташ лоьхуш сайн иэсехь деха.
Ас дусту некъаш, дегмарзо лоьруш,
Массо а амат безамца хьоьстуш.
Маржа йа1, маржа, д1а йахана зама,
Ойланехь - м дацара кхуоларшка кхача.
Б1аьрсуйнаш хийла йо1 1иэхош, саьгна,
Моьттура хьанна, гур ду г1аддайна.
В'аха вахвелча, зиэраш т1е иэга,
Замане валар а цхьа г1уда хиэташ.
Дахарш т1е оьхкина, синош ду лелаш,
Кхаьчначахь 1ожалла, охьадахка дезаш.
[14.12, 20:00] Айза:
Резванова Айза
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо бохург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо ц1илкъана…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
***
Резванов 1аьрбин Айза
Г1иллакхо х1иттайо
Къонахчо юхкуш, я оьцуш яц стогалла,
Я воцчух къонах веш, молха а дац.
Вайн дайша литтина г1иллакхаш дарбанна,
Лелочух к1иллойн ун кхета йиш яц.
Б1е шерийн цецех чекх даьхна и г1иллакхаш,
Бакъонан олалла шаьш лелош ду.
Муьлххачу къийсамехь, толам шаьш баьккхинарш,
И дарба шайн кийрахь карийнарш бу.
Лаккхарчу даржашкахь ма леха стогалла,
Я г1ийлачуьнгара ма къийзае.
Яхь йолчо къагайо шегахь и говзалла,
Йоцчуьнга цуьнан мукъ ма кхийдабе.
Карзахе къоналла, доьналлийн зама,
Къаьстича мехалчу дахарах д1а.
Сих хьаьрчаш, амалах д1аийна лелла,
Г1иллакхо х1иттайо г1ортораш схьа.
Свидетельство о публикации №224122401212