Дадин дийцар рассказ старца

     ДАДИН ДИЙЦАР
/вайн Даймахка 1395-чу шарахь къизаллин тIамца
чу деъна хиллачу АстагIчу Тимаркъан эскарна
нохчийн къам дуьхьала гIаттарна лерина/

Дадас, цкъа мацаха,
Хиллариг дуьйцура…
Дадас и дуьйцура,
Ткъа жимачу кIанта
Дикка ладугIура…

Тийначу буьйсанна
ЦIарана уллохь,
ЧIеш-дечиг тилларца
Иза марса а йохуш,
Дуьйцура Дадас
Ширачу вайн маттахь,
Ширачу заманахь,
Бода тIе беъна,
Буохамаш латтарх,
МостагIчун дуьхьала
Дерриг халкъ гIаттарах...

Дадас и дуьйцура,
Ткъа жимачу кIанта
Дикка ладугIура…

Дадас и дуьйцучу ханна,
Тапп – аьлла, дIатийра хьаннаш,
Олхазарш, цхьанА барт хилла,
ЛадогIа дуьйлира, гIийла…
Стигларчу седарчийн лепар
Къегира серлонан кепехь…
Лекхачу лаьмнийн цу баххьаш,
Гойтура Къонахийн йаххьаш…

Дадас и дийцар дуьйцуш
Нуьцкъала, онда и ши куьйг,
Йукъ-йукъара, хьалха а кхийдош,
Схьалоцура когийн шен гуолош…

Ам… Дадас цхьа ойла а йора,
Иза цуьнан йухь-сибатца гора,
«Маржа-йаI! – цуо ойла йора,
Дуьйцург ша кхетаме дора,
Йукъ-кара хьехамаш бора... –
Дуй-техьа жимачу кIента
Жима дог, хиндолчун кийча,
Шен дилхахь гуттара къийла
Шен хезнарг - шен цIийха ийча?
Вуй-техьа жима кIант кийча
Нисвала баккхийчийн лортIехь,
Дола деш хила шен цIентIехь,
Хенаца ша воккха хилча?
Дуй-техьа жамIа а нийса,
Кхетамца схьалоцуш дуьйцург,
ДIадуьллуш шен къоначу иэсе,
МаьIне дерг, тIаьхьенна оьшург?»

Дадас цкъа хиллариг дуьйцура…
Дадас и дуьйцура,
Ткъа жимачу кIанта
Дикка ладугIура…

2023 шеран декабрехь


Рецензии