Дех дагавуьйлу кIант, кхиэл нисйан атта
Дех дагавуьйлу кIант, «кхиэл нисйан атта»
(Апрель беттан 28-чу дийнахь вина де ду йаздархочун
Мамакаев Эдуардан)
Нохчийчохь шуьйра вевзаш волчу Мамакаев Iаьрбис, весет деш санна, шен кIанте олу цхьана байтехь:
…Хьоме мохк безалахь,
Нанна бер санна…
Оьзда гIилкх ларделахь
Вайн дайша санна…
Вуьззина нохчийн кIант
Сайн воI ву алахь,
Ирсан да со хеташ
Там хир бу суна.
Мамакаев Iаьрбин кIанта – Эдуарда, шен ден оьзда некъ «кхин дIа а билла» ша лууш хилар гучудоккху шен «Ден суьртана хьалха» цIе йолчу байтехь. Iарби санна шуьйра вевзаш вацахь а, Эдуард ша кхоллараллехь зуьйш схьавогIу дуккха а хан йу. Ас ца боху, Мамакаевн-кIентан байташ беса, ледара йу. Аьлча, кхин нийса хир дара: вайн шуьйра бевзаш болчу а, боцчу а байтанчийн белхаш таханлерчу къоначу чкъурана бовзийтар кхачам боллуш данне а дац. Иза а – лиъча, цхьажимма къахьегча, дIанислур долуш хIума хета. Ма-дарра аьлча, иза шакъаьстина тема йу.
Мамакаев Эдуардан кхоллараллах къамел деш хилча, ца хьахо йиш йац цуьнан шуьйра йевзаш йолу «Даймохк – нана», «Чардакх тIехь…», «Со хьоьга хьоьжуш йу», «Кемсийн аре» цIераш йолу байташ. Хьалхарниг – Дагаев Валида, шолгIаниг – Далхадов Аптис а, Мусаева Лайлаа а, кхоалгIаниг – Шамилева Жансарис, тIаьххьарниг – Ясаев Мохьмада мукъамийн кепехь йовзийтина вайна. Суна, масала, Эдуардан дош хьахийча, уггар хьалха дагайогIу и йиъ байт.
«Ма белха пондар…» байтан чулацам а, мукъаман башхалла а цхьаьнадогIуш а долуш, хIора стеган а уггар мерзачу хенан – бераллин а, ткъа иштта цкъа бен луш доцчу дерриге дахаран тIалам а, сий-пусар дан а кхойкхуш ду. Байтан авторан «метта хIоз хоьхкуш лелаш волчу кхечу кIанте» а дIакхача декхар ду и дешнаш, кхоч-кхочуш.
Шен нене, берриге махке болчу боккхачу безамах дош олу йаздархочо «Даймохк – Нана» цIе йолчу байта тIехь. «Нана санна, Даймохк беза», - аьлча, Даймахко, «Даймохк санна, нана йеза», - аьлча, нанас (шега-шега болу безам сов хIунда бац те бохуш) – дегабаам барна кхоьруш ву, оцу шина безаман барам бовза ницкъ боцу поэт.
Даймохк!
Нана!
Стенца лара
КIанта шуьга безам шен?
Цхьа а терза
Дац и уоза, -
Хоьар бац и даг чу бен…
Мокхаз-бердах тулгIе санна,
Берах ваьржаш, геннара,
Маржа, Даймохк, ненах санна,
Хьан мара хьарча даггара!
Къоначийн а (къона боцчийн а) дог хьостуш, безамах богучийн мерза синкхача хилла даьхна, хьокъалла боллучара хецна дIадовзуьйтуш хIума дича – тахана а даха хьакъдолуш хета хIара могIанаш:
Баьццарчу тогIи чохь
Суьйрено малх хьосту.
Мехкарийн эшаршца
Кхаъ бохьу хийисто.
ХIоранца шен-шен кIант
Дагара дуьйцуш го,
Хьо сайца вацарна,
Суьйренца сагатло…
Уьш ду халкъан йишлакхархочо Шамилева Жансарис шолгIа (мукъаман) дахар делла дешнаш.
Малхо кхио кемсийн кан –
Хьан дош санна, мерза.
Хьо ца гича, са ца туьй,
Ойла хьоьца хьийза.
Теркан аре хьо бахьнехь
Йалсамани хета.
Теша: гурахь хьоьца и
Йуссур йу тхан кетIа… -
олуш тIома доху Ясаев Мохьмада «Кемсан аре» байтан аьхна, шайх синмерзаш хуьлий дека дешнаш.
Шен кхечу цхьана байтехь Мамакаевс йаздо, «ша кхиъна бен, аре» хьомсара лараран орам «вайн дегнийн безамах хецало» - олий.
Ткъа безам –
И дерриге дахаран бух…
Дуьне а долало
Безаман хIух…
«Дог къондан и саннарг кхин йоцчу» Лаха-Невре вогIу илланча, «нанна тIе бер санна», «сагатлой», «ницкъ денбан…» Хазнех буьзначу Даймахкахь «дог къондан» вина йурт саннарг кхин гац авторна.
…Терках дIакъаьстинчу
Татолах терра,
ГIорасиз хета со
Хервелла лелаш…
Ницкъ денбан, диц ца дан:
Дайша дина весеттий,
Халкъ дезаш баьхначу
Царах со хиларрий.
Мехкан Iаламе бIаьрг бетташ, цунах воккхавеш, дозалла деш ву иза, оцу дерригенан буха тIехь тайп-тайпана васташ кхолла а хьожу иза («КогашIуьйра Iуьйре», «ГIаргIулеш» и.дI.кх.) Ткъа «ДоттагI» цIе йолу байт бакъдолу доттагIалла хастош, марздеш, ма-дарра довзуьйтуш, оцу темина йолчу кхечу байтех шен башхаллица къаьсташ, тайначу могIанех лаьтташ йу:
Вевза-везарг хьайца хиларх,
Хиларх
Доьзал,
Бахам,
Хьал, -
Тешаме хьан доттагI вацахь,
ГIовла йац хьан,
Ву хьо хал.
Дерриг дуьне долахь хиларх,
Цунах дац хьан дан хIума,
Дакъа кховдо доттагI вацахь,
Далац цунах самукъа.
ДагIахь дика,
Йа вон кхачахь,
Шинна доькъуш ца хилча,
Вешин метта доттагI вацахь, -
Кхуллу мархо
Де ирча.
НеI ца тухуш,
Дагахь доцуш,
Къеналла тIекхочур йу…
Цуьнца вогIуш
ДоттагI вацахь, -
И хьан кочахь йуьсур йу…
Мамакаев Эдуардан кхоллараллах лаьцна дуьйцуш хилча, билгалдаккха лаьа кхидерг а. Илланчас берашна лерина йазйина байташ йу дуккха а. Царах цхьайерш ишколийн дешархошна леринчу нохчийн меттан Iаматашна йукъайахана. Таханлерчу денца цайогIурш дIа а къастийна, уьш шакъаьстинчу гуларца зорбане йаьхча, уггар кегийчу дешархошна уьш товр йара аьлла а хета (муьран изданешна а цхьажимма дакъалацалур дара цу гIуллакхехь).
Кху тIаьххьарчу хенахь Мамакаев Эдуарда йазйина байташ ца хаало зорбанехь. Бакъду, наггахь арадовлу йаздархочун публицистикин йозанаш, цо хьалх-хьалха йазйина байташ а. Йаздархочо шен кхоллараллин цIе дIа-м муххале а ца йойтуш, мелхо а марсайаьккхича, товр дара вайн дешархошна. Бисинчарна а дика масал гайта декхар болчийх ву Эдуард, хIунда аьлча иза – Нохчийн Республикин йаздархойн Барта йукъахь къахьоьгуш ву. Йаздархо дуьйцучух нийса кхетийла а лаьа…
Эдуард! Оха, хьан дешархоша, даггара декъалво хьо винчу денца. Могашалла, доьзалехь ирс, кхоллараллехь керла кхиамаш хуьлийла хьан!
2006-гIа шо
P.S. 2015-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академино «Нохчийн Республикин къаьмнийн синкхачанан хазна» серехь арахецначу «Даймехкан косташ» цIе йолчу 4-чу тома йукъа йахана Мамакаев Эдуардан «Диканца йоккхийла хьан цIе» аьлла статья. И статья а, 4-гIа том ша йерриг а лерина йу Мамакаев Мохьмадна. Мохьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъ бовза гIо дийр долуш болх бу иза а.
Свидетельство о публикации №225011300568