20. 01. 2025. Хьалхара тоьр
Новая пап Айза
Айза Резванова
[01.06, 19:35] Айза: Дависакь,Айза Резванова, (напишу с большой буквой обрашение к Вам) Хьо санна оьзда хьекьалехь кьетаме мехкарий ма эшабойла вай кьамана. Хьосанна болчу наной бахьняхь,Хьо санна болчу Вай йижрий бахьняхь лаьтташ букь Вай Даймохк. Везан Дела шусанна мехкарий латтабойла вай кьомана.Мел ниса а оьзда а дешнаш дукь уьш. Дела реза хулийла оццал оьзда хьо кьиинчунна,Хьа дена а нанна а. Дависа са йиша еларакьа хьо,я со хьа ваша веларкьа.Баркалла.
Рамзан Сулейманов
Лараме сан Ваша, Рамзан, ма ч1ог1а элара ахь иза!
Даламукълахь, нохчийн муьлххачу к1антанна а, йо1анна а сайн са кхоор доцуш, цхьанна а бусулбанна а вон болх хила луур доцуш йиша ю - кх со хьуна а, вайн къоманна а...
Х1ора адаман некъ шен шен бу. Делахь а, нохчийн къомах йолчу зудчунна ма массо декхар а т1ера долу, шех жоп луш волчу веъа стагах цхьанна дош к1елахь а сецна, х1усамехь 1ийча а. Ас ца бах зударшна болх - некъ а ца оьшу.
Вайн зударий хьалхара меттигаш йохуш леташ хила ца беза. Нохчийн х1усамашкахь оьзда доьзал кхиош хила беза...
Машен хахкар а магадо, белхаш бар а магадо шен доьзална оьшучу хьолана.
Амма божарийн мукъ кераберзо къахьегар ца магадо...
Дала т1аьхье беркатк йойла цу Седин а, массо йоь1 - йишин а, вайн массер а!
[05.06, 16:08] Айза: Сан нохчичоь хьо езар бен, кхин къа доцуш сайн сица,
Со ехаш ю кху дуьненчохь, хьуна делла мерза са...
Хьуна хьанал дина дахар, сайн сих йолу х1ора 1аь,
Хьоьца дезаш мерза дахар, хьоьца дезаш ялар а...
[27.05, 4:23] Айза: Дависа шун дела1,
Нур сирла б1аьргаш,
Шайн г1айг1а ца гуче шу х1унда хьоьжу.
Аш х1унда лардо те, и лела некъаш,
Х1унда аш са дуу, цуьнца ирс доьхуш?....
[27.05, 7:24] Айза: Резванова Айза
Дависа, шун дела1, нур сирла б1аьргаш,
Шайн г1айг1а ца гуче шу стенна хьоьжу.
Аш х1унда лардо те, и лела некъаш,
Х1унда аш са дуу, цуьнца ирс доьхуш?....
Дависа, дилхан дог, ахь х1унда хаьржи,
Бен - башха доцуш верг, хьан тийжар - делхар...
Безаман гура чу хьо х1унда дирзи,
Синсерло йоцуча хьайца са декъа?...
Дависа, хьекъал хьан, кхетамах даьлла,
Ахь х1унда йитира со некъа яла..
Х1унда б1аьрг битира ахь серла бала,
Дог стенна дитира безамах кхала?...
Ткъа х1инца б1аьрг хьаста ахь амал бехьа,
Кийрар дог синтеме сан дерзадехьа...
Буолинчу некъа т1ехь ирсан лар леха,
Бехказло ца лоьхуш ахь ойла ехьа!
Р.А.А.
[27.05, 16:07] Айза: Резванова Айза
Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре!
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхача, луш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч, х1ора!
***
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо бохург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо ц1илкъана…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Р.А.
Резванова Айза
И дара сан ирс...
Суна лаьар -кха, хьан б1аьргийн нур кхуолийначу лазаман орам т1е а кхаьчна, цунна д1аьвше молха а хилла , бакъийна, багийна, чим ца буьтуш и д1абайа а, хьо берриг а сингаттамех ц1анвеш...
Лаьар - кха суна, хьан ойланийн юькъалехь, хьуна синтем лучу ойлане йирзина, кхин кхуола ца дуьтуш хьан б1аьргийн нур, синтемах къегина, йериг а г1айг1анаш йашийна, хьан юьхь т1ера сингаттаман таммаг1а д1адайа а....
Суна лаьар - кха, хьуна азаллехь йазбинчу кхолламан некъех, хьан юьхьк1аййина, дахар ирсах кхелина, абаде кхаччалц хьан когийн лар ца йойуш, хьо нуьречу йалсамане кхачонболу, хьан декъала некъ хила а...
Лаьар-кх, Аллах1а къобал йинчу 1аьнарах хила, сайна долу халонан а, аьттонан а, дакъа дицдина, дуьненахь а, эхартахь а, хьо декъал вар цу 1аьнарца Деле доьхуш, хьала цатаь1аш, сужданехь латта а...
И дар - кх сан ирс, даима хьо ирсе гар...
Р.А.
Резванова Айза
Нохчийн б1аьсте
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
2019
[27.05, 16:08] Айза: Резванова Айза
Даймохк цабитина д1абахначара,
Д1абаьхьна и лело дегнаш чохь цара.
Уьша - м ц1абоьрзур бу, шайн марзо йолчча,
Къацхетарш хилла - кха, цатуьгуш 1аба...
Кхолламан кхел хилла къаьстиначарах а,
Я Делан лаамца ц1ахь бисначарах а,
Хьан кийрарч лазамах, дог доцуш лаза,
Доьзал ма кхуьийла, Даймохк, хьан кхерчахь!
2018
Уьш вайна гинарш ду,
цалайнарш, лайнарш а...
Дегнаш чохь диснарщ ду,
Ца тайна делахь а...
Ов детташ, дог лазощ,
Лаьтта, х1етахь санна,
Заманан йиц йан ницкъ
Бац и къизалла...
Товр долуш сан дог дац,
къинт1ера а даьлла...
Сатийсам хир бу сан,
Заман йохалла,
Цкъа мацца хир ю кхел,
Дог 1абош, доггаха...
Хьовзор ю Дала гел,
Мостаг1ийн логах а....
Дала мукълахь!
Р.А.А.
2019
[27.05, 19:06] Айза: Резванова Айза
А.Резванова
Генахь со велахь а бац дагна хера,
Сингаттам, сан Даймохк, хьийзарг хьан кийра.
Ма мотта со веха са парг1ат даьлла,
Хьан бала сан деган пхенаш чу баьлла.
Дага а ма далахь, геналлехь къайллаха,
Ойланца цхьана м1аьргонна хьох къаьстина 1ийна.
Маьршачу аренгахь сина маршо яйна,
Хьийзачу махах са хьан не1ре идда.
Тийналла х1оьттича, базлуш хьан бала,
Г1енашкахь сатуьйсуш хьох дагавала.
Сан Даймохк, со лелла къен-миска ваьлла,
Хьоьгуш хьан дозанах кошбарз балла...
Кхиалахь Нохчичоь Ненан са хилий,
Генарчу доьзалшна дегйовхо хилий!
Бахалахь тхан Даймохк, ирсан хьост хилий,
Массо хьайн доьзалшна синмаршо хилий!!!....
Р.А.А.
Синт1емаш даьржи сан, сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан!!!!
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со – м 1ара, дагйала цакарош шу.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар суна кхаъ бу!!!!
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрчче,
Дахарехь ирс серла долийла шун...
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Юха а бералле аш идайо!!!!
Р.А.
Сан санна лазамо дог 1уьйдуш йоьлхи - те мархаш,
Я лаьттах шовданаш дуьйли - те, сингаттам 1аьткъаш??
Мох бу - те, ца соцуш, балийна парг1ато лоьхуш,
Ду - те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Зезаг а техкий - те, бецан куц кхалар - ъ ирс хеташ,
Олхазарш эшаре дуьйли - те, тийналлех кхоьруш??
Хьаннаша 1индаг1аш къуьйлу те, лечкъош къайленаш,
Ду те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Р.А.
Резванова Айза
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош.....
Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го, даггара цуьнца ирс доькъуш...
Шакарца олхазар эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам хета цо буьйцуш...
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош...
Р.А.
Хьоьга ду цхьа...
Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош, са хьоьга ца тийса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ех сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха,
Заманца кхин юха ца ийзош...
Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькханех
Ца хоьрцуш...
Хьо воцчу йоьду со,
Махех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн къа аса
Хьарчийнехь...
Къинт1ера валалахь,
Ас дагца доькъар ду,
Хьо эешар....
Р.А.А.
Ма г1уолахь вуьтуш со
безамах хьега...
Адамийн дукхаллехь
хьайн амат леха...
Доккхачу дуьненахь
цхьа воцуш кхета,
Ма вита со дагчохь
сингаттам хьекъа...
Баха ца дезара....
[22.04, 14:15] Айза: ан санна лазамо дог 1уьйдуш йоьлхи - те мархаш,
Я лаьттах шовданаш дуьйли - те, сингаттам 1аьткъаш??
Мох бу - те, ца соцуш, балийна парг1ато лоьхуш,
Ду - те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Зезаг а техкий - те, бецан куц кхалар - ъ ирс хеташ,
Олхазарш эшаре дуьйли - те, тийналлех кхоьруш??
Хьаннаша 1индаг1аш къуьйлу те, лечкъош къайленаш,
Ду те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Р.А.
Резванова Айза
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош.....
Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го, даггара цуьнца ирс доькъуш...
Шакарца олхазар эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам хета цо буьйцуш...
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош...
Р.А.
Меттиг бац доха…
Вай цуьрриг доьхна дац,
Меттиг бац доха..
Бохам бара и аьрчо, йинехьара вай.
Декъаза хуьлур –кха, кхоллам а дайн,
Дала вай кхоьллинехь цу зулам дайх.
Юьхь1аьржа хир вар-кха, И сийлахь Элча,
Йанне а юьхь йоцуш, вай Деле деха,
Ма ирча хир йара махьшерийн майда,
Вайн Делан шапа1атах хилча девлла.
Йа Аллах1, хьайн дуьхьа баланаш лайна,
Иманах ца бухуш, кхелхина дай а.
Эхь – бехках ца къаьсташ лелла наной а,
Йалсаманехь цхьанатохахьа, къинхетам бай!
Р.А.
Лекхчу лаьмнийн къоьжа кортош,
Басар дина х1оттамо...
Духар хийца герга дигна,
Малхо 1алам хьестаро...
Кхана - лама къорза кузаш,
Д1адаржор ду аренгахь..
Олхазарша самукъне той,
Д1акхайкхор ду хьаннашкахь.
Кхаа баттахь 1ен йог1уш ю,
Хьаша б1аьсте вайн махка.
Самукъне вай цхьана 1ийр ду,
Кхаччалц аьхке къовсаршка...
Р.А.
еттиг бац доха…
Вай цуьрриг доьхна дац,
Меттиг бац доха..
Бохам бара и аьрчо, йинехьара вай.
Декъаза хуьлур –кха, кхоллам а дайн,
Дала вай кхоьллинехь цу зулам дайх.
Юьхь1аьржа хир вар-кха, И сийлахь Элча,
Йанне а юьхь йоцуш, вай Деле деха,
Ма ирча хир йара махьшерийн майда,
Вайн Делан шапа1атах хилча девлла.
Йа Аллах1, хьайн дуьхьа баланаш лайна,
Иманах ца бухуш, кхелхина дай а.
Эхь – бехках ца къаьсташ лелла наной а,
Йалсаманехь цхьанатохахьа, къинхетам бай!
Р.А.
Лекхчу лаьмнийн къоьжа кортош,
Басар дина х1оттамо...
Духар хийца герга дигна,
Малхо 1алам хьестаро...
Кхана - лама къорза кузаш,
Д1адаржор ду аренгахь..
Олхазарша самукъне той,
Д1акхайкхор ду хьаннашкахь.
Кхаа баттахь 1ен йог1уш ю,
Хьаша б1аьсте вайн махка.
Самукъне вай цхьана 1ийр ду,
Кхаччалц аьхке къовсаршка...
Р.А.
Б1аьстенан суьйре
Суьйре ю т1е йеънарг, б1аьстена суьйре,
Синкъерам са айдеш г1оьртина герга.
Кегирхой бу гуллуш, боларца х1айтте,
Самукъне мехкарех безамаш хьегна...
Стиглара седарчий мехкарех лепа,
Мехкарийн б1аьргачохь седарчий къега.
Хетарехь барт хилла вовшашца церан,
Вайн суьйре цундела самукъне къежа.
Суьйре ю ц1ийелла, хьаьстина ойла,
Мехкарийн беснеш техь ду иза гойла.
Хелхара бал баккха вайн ойла г1аьтти,
Хьо даго хаьржинарг хелхаре г1атта,.
Кхочар ю и б1аьсте х1оранна дагчу,
Зезагаш лепар ду, кхелина ирсах.
Безамийн марзонах эелур ю суьйре,
Х1ара суьйре юьсур ю вайца даима....
Р.А.
[23.04, 16:27] Айза: Дахаран х1ара 1уьйре
сина совг1ат ларий,
Сан дог, ахь даьллахьа серлонна кор....
Р.А.
[25.04, 16:24] Айза: Нохчийн къам ма хилла цхьа башха томехь,
Нур догуш яххьаш т1ехь, босс ялсамана...
Ларамза ма дац вайн кхалхар г1азотехь,
Товр долуш ма ду вай Фирдовз ялсаманехь...
Аллах1а вайн некъаш шен дуьхьа дойла,
Къинойх вай д1а ц1андеш къинхетам бойла!
Ша везаш, леринчу тобанах дойла,
Элчанна юьхьк1ай еш, вай декъал дойла!
Р.А.А
[26.04, 18:08] Айза: Генара аз кхечи тахна сан лере,
Дог доьлхучу к1ентан, сингаттамна.
И кхойкху Сибрехахь йисначу нене,
Геналлехь йисначу шен марзоне...
И сурт ду цу бешах самукъа дала,
Дагалеца ца к1ордош юх - юха а.
Ма мерза марзо ю цу эесехь къага,
Йист йоцу безам бу цу дагна кхаба...
[26.04, 18:16] Айза: БЕЗА, БОВЗА ВАЙН ЦХЬАЪ БЕН БОЦУ, ЖИМА БИНА, АЗБИНА, ХЬИЙЗОШ БО-
ЛУ, ЖОВХIАР САННА ХАЗА, ЛАМАНАН
ШОВДА САННА ЦIЕНА, ИСБАЬХЬАЛЛА
ШЕЦА АЛЛАХIА ЕЛЛА ЙОЛУ НОХЧИЙН
МОТТ.
АЛЛАХIА СИЙ ДОЙЛА ХЬАН ТХАН МУЬЪМА ЙИША АЙЗА РИЗВАНОВА.
[26.04, 18:18] Айза: Амхьад Ахматов
БЕЗА, БОВЗА ВАЙН ЦХЬАЪ БЕН БОЦУ, ЖИМА БИНА, АЗБИНА, ХЬИЙЗОШ БО-
ЛУ, ЖОВХIАР САННА ХАЗА, ЛАМАНАН
ШОВДА САННА ЦIЕНА, ИСБАЬХЬАЛЛА
ШЕЦА АЛЛАХIА ЕЛЛА ЙОЛУ НОХЧИЙН
МОТТ.
АЛЛАХIА СИЙ ДОЙЛА ХЬАН ТХАН МУЬЪМА ЙИША АЙЗА РИЗВАНОВА.
Резванова Айза
Нохчийн мотт
Кхолламо йигарх д1а, махканна гена,
Дог ду сан бусулба, ду нохчийн ц1ий.
Дайн г1иллакх, ненан мотт, ду сан дозалла,
И дицлахь д1а довр ду, къонахчуьн сий.
Дай, наний лоруш верг, Дала а лору,
Бохуш цу къор1ано беш хьехам бу.
Ша винчу ненан мотт хера ца болу,
И марзо шен ц1ийца д1аийна ю.
Сан б1аьргаш дуьххьара бераллехь дуьйлуш,
Безамца схьалаьцнарг ненан сурт ду.
Мерзачу озаца, сан амал 1ехош,
Нанас со хьистинарг, нохчийн мотт бу.
Ламанех схьадуьйлу, шовданийн санна,
Ц1ена шен бух болуш нохчийн мотт бу.
Дашочу 1аламца, куц хуьйцуш денна,
Къегина лаьтташ берг, сан Даймохк бу.
Р.А.А
[28.04, 21:11] Айза: Резванова Айза
Хьайбаха
Хьо - м лаьтташ ю Хьайбаха!
Ца беш хам цу мостаг1ийн...
Кхуьуш, хазлуш, хьайн шуьне,
Боьхуш, мерза доттаг1ий...
Айхьа лайна баланаш,
Йайна аьрчо, къизалла,
Ахь лечкъорах замано,
До бакъ долу тоьшалла...
Хьан доьзалех к1ожам беш,
Мостаг1аша багинчу...
Харц тоьшалла даржадеш,
Хьан сий дайъа г1иртинчух...
Уьш - м г1овттар бац хьо санна,
Денбелла кхин, Хьайбаха...
Я юьхь хир яц эхартахь,
Нуьре хьанчух къегина...
Кхин ма гойла Хьайбаха,
Цкъа а хьуна и бала!
Хьан ирс хуьлда заманца,
Маьрша, машарца яха!
28.04.2019.
Иорданерчу нохчийн б1евнах...
Дог доьлхуш хьоьжу со,
Белахь а сов хаза ларам.
Сан дагчохь тийжа - кха,
Йижарех бисина лазам...
1ийжа сан ойланехь,
Дайн дегнаш диъна сингаттам,
Цу б1евно денбо сан,
Юху а, вежарех тешам...
Бехкаш дац сан даха кххолламах,
Вай махках къаьстана...
Акхаллех цадулуш,
Даймахке сатуьйсуш дахарна...
Адамалла зуьйш Дала,
Даьккхина нохчийн къам пана,
Дуьненна йовзийта лерина
Нохчийн сийлалла!
Р.А.
Дала сий дойла хьан сий
динчу халкъан а, сан Нохчийн Къам!
[01.05, 23:44] Айза: Ильман Юсупов
* * *
ХIун ду-те хилларг
хьо Iаш йолчу цигахь?
Кхачий-те ягориг
хьан ирсан чиркхахь?
Соьх ечу ойланах
ца лууш б;за,
Хеди-те хьан дега йовхонан хьаса?
Хьан иэсехь хели-те
сан байтийн аьзнаш,
Декъалъеш толамца
шеконаш, ваьснаш?
Сан васте ца кхойкхуш
хьан эвхье гIенаш,
Гулъелла сан дагтIехь
гIайгIанан ченаш.
Сан лар ахь ца лоьху шовкъаца, сица –
Хьо дийна хилар ю
сан марзо хIинца…
© Iилман Юсупов
[02.05, 13:53] Айза: Петирова ПетIамат
***
К;еда а, чорда а, эсала, къиза а,
Мекара, догц;ена, х;иллане, догдика,
Майра а, стешха а, ямарт а, тешаме
Амалш лов, дуьне, ахь, ца духуш собарх.
Доттаг;чо т;аьхьашха тешнабехк бича а,
Шех тешна езар а лейича везначо,
Ненан дог дожийна к;ант араваьлча а,
Хьайн боларх ца телхаш некъ бо ахь цхьатерра.
Мацвелла шен ваша дага а ца вог;уш,
Ша вуьзча, токх хилла, ваша чувирзича,
Я хьаша совваьлла х;усамда хьаьвзича,
Ца х;утту бахьана хьо доьхна д;адаха.
Х;ай дуьне, дийцахьа, муха лов ямартло,
Муха хьо хьийза-те, оьг;азло ца евзаш,
Хьо х;унда ца эккха харцо сов яьлча-
Я бакъо эшаяр тайна-те хьуна?
Ца лало соьга а къизалла, харцо,
Доккхаден меттиг бац осалчу нахах,
Х;етте а, йиш яц сан оьг;азло дебон,-
Ас доггах ларйийриг къонахийн юьхь ю.
Бехк лоьцу сайца г;илкх лелочу к;ентех,
Оьздачу мехкарех буьзна б;аьрг боьлу,
Хьомсарчу наноша доьзал беш декъал,
Хьаналчу рицкъано токхдо сан са.
"Ма-хетта ца хилча, ма-торру" баьхна,-
Массарна ца делла эхь, ийман, яхь.
Аьрхачу доьзалах сов лозу ден дог,
Иштта ю-кх сан амал, йиш яц кхиэл хийца.
[03.05, 6:19] Айза: Яздан хууш яздешволчо,
Яздо маь1на гойтуш ц1енна..
Дагчохь шеца лелош волчо,
Ша ;;цхьаъ волу, Аллах1 - Дела!
Махканна ша хиларх гена,
Ц1е ю цуьнан лелош ц1енна...
Къонахийн хан ер ю берчче,
К1иллойх ц1анъеш вайн Нохчичоь...
Хинтачанца некъ беш генна,
Кхачарх к1иллой йисте лома...
Цкъа а хир бац шайн лам церан,
Хир ю церан ц1ераш гома...
[04.05, 11:17] Айза: Резванова Айза
Алханов 1алуна лерина...
Муьлхачу балано леци хьо,
Харцоно, я сингаттамо??
Муьлхарг ду хьан синпха озийнарг,
Макхйинарг хьан сирла 1алашо?
Турпалчу хьан деган ницкъ эшо,
Йиш яцара тер - мерчу г1оранах...
Хьо тахна деъначу кху уьно,
Ваьккхина бах могшаллин долара...
Тоьллачийн къийсамийн экъанахь,
Хьол тоьлла хьала ваьлларг цхьа а вац...
Къинхетам шен деган дозанахь,
Хьоьгахьчул сов баьлларг гина дац...
Хьекъалийн дозанаш дустучахь,
Хьан возаллин тоха доза дац.
Стогаллийн барамаш узучахь,
Къонаха т1е х1оттош терза дац...
Хьан серло г1елъелча, малх денлац,
Дургал хьан марзонах бен 1анац...
Хьан синан мерзаша уозийча,
Бен мукъам, дахаран болалац!!
Дуьненал веза хьо, тхайн хилрх,
Тоьшалла ду, йишин даггара!
Цу Аюб - пайхмарах г1аттийна,
Аллах1а оьмар хьан йахйойла!!!
04.05.2020
[04.05, 15:50] Айза: Резванова Айза
Алханов 1алуна лерина...
Муьлхачу балано леци хьо,
Харцоно, я сингаттамо??
Муьлхарг ду хьан синпха озийнарг,
Макхйинарг хьан сирла 1алашо?
Турпалчу хьан деган ницкъ эшо,
Йиш яцара тер - мерчу г1оранах...
Хьо тахна деъначу кху уьно,
Ваьккхина бах могшаллин долара...
Тоьллачийн къийсамийн экъанахь,
Хьол тоьлла хьала ваьлларг цхьа а вац...
Къинхетам шен деган дозанахь,
Хьоьгахьчул сов баьлларг гина дац...
Хьекъалийн дозанаш дустучахь,
Хьан возаллин тоха доза дац.
Стогаллийн барамаш узучахь,
Къонаха т1е х1оттош терза дац...
Хьан серло г1елъелча, малх денлац,
Дургал хьан марзонах бен 1анац...
Хьан синан мерзаша уозийча,
Бен мукъам, дахаран болалац!!
Дуьненал веза хьо, тхайн хилрх,
Тоьшалла ду, йишин даггара!
Цу Аюб - пайхмарах г1аттийна,
Аллах1а оьмар хьан йахйойла!!!
04.05.2020
[05.05, 14:07] Айза: Йовр йоцчу ц1ераш т1е, юьллийтуш хьайн ц1е,
Дуьненахь седанах Нохчийн кьам кьагош.
Даймахке эессехь схьадоьллийтуш хьайн де,
Хьо ваха эхарта тхан дегнаш чахчош...
Ваха хьо, хийла к1ант хьайн кхалхарх хьагош,
[05.05, 14:19] Айза: Аллах1, хьайн къинхетам бехьа тхан нохчийн къомах !
Ахь къинхетам бинчу м1аьргонехь ма боккха ницкъ бар - кх,
Я Аллах1!
Хоршах хаьдда шовда
Боккхачу х1орда чохь, ойлане юьйлуш,
Цхьа тулг1е техкара, самукъа доцуш.
Ас цуьнга хаьттира, гергара, езаш:
-Х1ун ду те, хьан сецар, г1айг1ане эегаш?
Хин бердех етталуш, эзарнех яьржаш,
Кхин тулг1еш ловзучохь, вовшеха хьаьрчаш.
Хьо х1унда соьцу цу х1орда чохь, хебаш?
И тулг1еш керча, хьан хазаллех хьоьгуш.
Хьо цхьаъ ю тулг1ешлахь, жовх1арех лепаш,
Боккхабеш техка х1орд, хьо совг1ат хеташ.
Х1етте а сингаттам хета хьан дебаш,
Дийцахьа, х1ун бала бу сих хьан летарг?
Т1аккха и техкира, сан дагах кхеташ,
Шен бала балхийра, тулг1ено зийзаш.
Ойлане ели со, цунах къа хетта,
Б1аьргеха уьду хиш, х1орда чу хецца...
- "Доккхачу хих кхетар, дозалла хеташ,
Органан хорша ша дирзира, керчаш.
Цо шеца дадийна, Терках д1ахьаьрчаш,
Цу чу ша хийцира, цунах ша г1ерг1аш...
Къегина шен аса, г1амарлахь хьаьрчош,
Терк дуьйли шех дарц дан, бердех д1а детташ.
Амма цхьа т1адам а, ша шех ца къастош,
Х1орда ша кхоьсси цо, ша цунах даьржаш.
Иштта ша къаьстина, Даймехкан хоршах,
Самукъа долучух, муьлххачу ор чохь.
Юха цу лаьмнашкахь, сатийсарх ловза,
Цкъа карзаха х1орд баьлча, довр ду ша доьнза.
Цхьа дехар дара шен, - т1аккха цо эли,
Доьнза ша ца дайта, хьох накъост хилча...
- Цхьа тулг1е схьа эеций, дег1аста кхачий,
Шовданех д1а тохар, шех дерг д1аалий.
И дехар кхочуш дан, ас куьйгаш кховдий,
Цхьа тулг1е канашкахь, эеца ка дели.
Ч1ург хьийзош, оьг1азе х1орд кхосса бели,
Т1аьххьара шен дешнаш, тулг1ено эли.
-"Хьаннашкахь олхазарш, шакаршца декаш,
Б1аьстенца аренгахь зезагаш лепаш.
Цу т1улгийн ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Ма ирсе хиллера - кх, Даймехкан кхерчахь".
2009
Хаза баьлла сийна бай,
Мачаш йахка охьа шайн...
Кхоам бу и хьеша х1ай,
И - м цхьа Делан дарба дай!
Р.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
*********
Ахь мадетта буржалш сан боларна,
Со хьан некъа т1ехь кхин соьцур йац...
Г1уй цаоьшу, ринжа дита диллина,
Сан хьан деган кевнехь г1уллакх дац...
Диц маделахь ахь со хилар нохчийн,
Са сирлачара, дог болатчара йо1...
Нагахь эешна орца дехахь цхьамма,
Сайн са далар хир бу суна-м кхаъ...
Хьо хьоьжу лаьмнашка
Хийрачу мехкан,
Ткъа даго йоьху схьа,
Марзо Даймехкан...
Хоьрцу ахь ойланаш,
Лазамаш луьттуш,
Мерза а, къаьхьа а,
Вовшеха хуьттуш...
Схьалуьсту баланаш,
Заманца лайнарш,
Нохчийн къам бехке деш
Дагна цатайнарш...
Схьахуьтту г1аланаш,
Йагийна - аьттарш,
Хьайн къоман доьналлех
Мостаг1ий хьаьгнарш...
Б1аргаша ца дицдо,
Къизаллийн сарташ,
Даймехкан сийлардеш,
Турпалхой эгнарш..
Цундела лаьтта хьо,
Деш даге хаьттарш...
Ткъа деган ду цхьа жоп,
Маршоне г1ертар!!!
2018.02.05
Р.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Со йилхи, б1аьрхиш сайн цакхоош,
Йилхи со, дог эккхал дог лозуш...
Вайн Дала сан йелхар къобал дахь,
Нохчийн къам маьршачех хид долуш...
Со йилхи, сайн б1аьрхиш цакхоош,
До1ийца вай къоман барт боьхуш...
Вайн Дала сан до1а къобал дахь,
Дахар вайн беркате хирдолуш...
Со йилхи, сайн б1аьрхиш цакхоош,
Нохчийн къоман ненан даггара...
Аллах1а со нана къобал йахь,
Къинхетам вайн къомах хирболуш...
Йа Аллах1, хьайн безачийн дуьхьа,
Сан къоман некъ декъалчех бехьа!
Йа Аллах1, тхан некъаш
Мохьуммад (1.с.с)
Пайхамар къобалвинчех дехьа!!!
Р.А.
Резванлва Айза
Ахь стенан ойла йо,
Бос - хаза Олхазар!?
Генарчу паналле
Хецна са д1а...
Х1ун ойла ю те хьан
Кхехкориг сингаттам,
Суна - м хьо, сайн
Къоман йо1ах ма го!?
Ду те хьо кхаьчначех
Хийрачу махка,
Хьо дина, кхиъна мохк
Сов безарна?
Я сил а х1отторна
Къоман сий лаккха,
Кхаьчна те хьоьга
Мух1ажаралла!?
Хьо шек мадалалахь,
Олхазар тайна,
Дог тешош са маьрша
Даккхалахь хьайн...
Кхочур ю г1айг1анех
Хьо къастош зама,
Г1а - бецо цаюьту
Ч1ир эцанза...
Р.А.
Б1аьрг - м цахили хьуна 1уьйре?
Х1унда хийци ахьа юьхь?
Марха т1аь1и малхана улле,
Самадоккхуш цуьнан эхь...
Цхьа б1аьрг къайллаха соьга хьежош,
Малх бу ала г1ерташ цхьаъ...
Шеко йоцуш, ю цхьа къайле,
Кхийдош соьга сирла кхаъ...
Р.А.
Генахь дац...
Генахь дац и аьзнаш, дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху, дуьненчохь т1аьххьара лоьруш.
Ялсмана хьозарчий, шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу... Цхьа парду... 1ожалла бен чекх ца йолуш...
Къинт1ера яьлла со, даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а, массо а сига.
Лелла яц дахарехь сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас, дуьненахь, массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ, къа-меллий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха, т1аьхьенан некъ ирсах буцуш..
Р.А.
Со ца1еми адамех цатеша,
Я хьаг1 - гамо лело цхьанца а...
И сан дагна даим хилла хера,
Дити ас и ша долчуьнца лела...
Р.А.
Гена вели, селханал а гена,
Даго вицви, къовлуш лазам шен.
Вай девзина де а диси деса,
Доцуш мелана кховдо х1ума шех.
Д1о стиглара нуьре седа къега,
Тов и цуьнгахь, даге кхийдош кхаъ.
Амма безам ахь кхин цкъа ма бийца,
Тешам боцчо хьехо бац и хьакъ.
Самйели нохчичохь 1уьйре,
Массарца доькъуш шен са...
Боданах къаьсти х1ара дуьне,
Рицкъ хили вайн тахне ган...
Р.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
[05.05, 17:17] Айза: Резванова Айза
Къонахчунна
Йовр йоцчу ц1ераш т1е, хьайн ц1е юьллийтуш,
Даймехкан эесс къаго синсерло юьтуш.
Х1оранга масалца ойла луьттийтуш,
Хьо ваха эхарта турпала дог гойтуш...
Ваха хьо, хийла к1ант хьайн кхалхарх хьагош,
Йо1 - йишин сийлалла синмеха къагош.
Нохчочуьна синх1оттам хьаьшна ца буьтуш,
Къонахчуьна доьналлех шеко ца юьтуш...
2020
[06.05, 14:32] Айза: Резванова Айза
Къинхетам бу те хьо, безам,
Кхетам, я тешам бу хьо,
Бу те хьо, сингаттам, эшам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Къизалла ю те хьо, безам,
Я ду те, хьаьрчина къа,
Бу те хьо, тидам, я кхиам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Синлехам бу те хьо, безам,
Ю теша, синмарзо хьо,
Бу те хьо, синхьегам, лешам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Хьох тардеш, маьлхан нур къегар,
Б1аьсте а, зазза - 1алам хьох...
Амма ас хьох олу, - белам,
Есаллехь бисарна хьо...
Р.А.А.
Ленйоцчу марзонах...
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Дог 1овжош хилла-кха безамо,
Ц1ена и хиларх а.
Дог дуохош хилла-кха балано,
Мерза ша хиларх а.
(Гадаев Мохьмад - Салехьна)
Тоьшалла
1ожаллийн б1аьргашчу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ.
Кхолламца цхьа а ч1ир - гамо цалоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некь боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам...
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эешаяц цо.
Къонахчо аьлла дош цахуьлу къера,
И лела дуненчохь, ша туьйсуш го.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир.
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахна д1а, масална юьтуш лар шен.
Р.А
[06.05, 14:33] Айза: "К1ар - к1ир,, деш д1аоьху г1арг1улеш, сан деган ане,
Х1инца а лаьтта со и аьзнаш схьаоьхуш лере...
Юх - юха самаюьйлу сан эесехь, ца еъна кхане,
Цкъа мацах суьйренца вайшимма йиллинчу хене....
Юха а йоьрзур ю г1арг1улеш, йохъелча б1асте,
Хезар ду геннара мохь бетташ аьзнаш схьа, кхоэе...
Юха а хетар ду и аьзнаш сан дагна томехь,
Б1аьргашца лоьцур ду ас амат, сайн дагна хьоме....
Р.А
Резванова Айза
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гулахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
Р.А
[06.05, 14:33] Айза: Резванова Айза
Ца юьтуш буо хила..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана,
Мохь тухуш я г1ийла кхайкха те, со хьоьга генна!?
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш, тийна,
Далхаде те, ас сайн дагахь дерг, есалле сийна??
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1иллакхийн мах хадор, хьан??
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а??..
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е??
Мила ву сан Нана, къинхетамца, б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган??
Со наггахь со сайца шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бахьаш хьайх.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда...
Р.А.
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Хьоме нана, дьуненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Хьоме нана, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А.
[06.05, 14:34] Айза: Х1ун деш ю бахий ахь, ойла ю стенах??
Дера ю, рог1ехь 1аш, не1арехь, эхартан,
Цкъа мацах тхайн денда-денана а санна!
Уьш бара тахане йовзитнарш суна,
Цу шинна юьхь - сибташ бераллехь тайна,
Даьхкана, марзонца, хьехамаш бала...
Х1инца санна еънера и б1аьсте хаза,
Малхаца даьстина б1аьстено зазза,
Уьйт1арчу кхора т1ехь шакаршка дуьйлуш,
Олхазарш дийцинарг тхан дендас къуьйлуш,
Хьистинчу къайлене кхаьчна - кх, со, х1инца...
Ма ч1ог1а хьегнер - кха, х1етахь и йовза....
Р.А.
[06.05, 14:34] Айза: Резванова Айза
Ца юьтуш буо хила..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана,
Мохь тухуш я г1ийла кхайкха те, со хьоьга генна!?
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш, тийна,
Далхаде те, ас сайн дагахь дерг, есалле сийна??
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1иллакхийн мах хадор, хьан??
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а??..
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е??
Мила ву сан Нана, къинхетамца, б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган??
Со наггахь со сайца шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бахьаш хьайх.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда...
Р.А.
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Нохчийн зуда, дьуненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Нохчийн зуда, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А.
[06.05, 14:35] Айза: Резванова Айза
Хи беркат...
Хи а ду шена чохь са долуш...
Массо хи а, шен - шен босс болуш а ду....
Цуьнан ницкъ цуьриг а шеко йоццуш боккха бу... Ойла а йина, цу хино бен пайда а, зен а дуста х1оьттича дуьненчохь доккха дакъа ду хино д1алоцуш дерг...
Хи ца хилча йиш йац са долчу х1уманийн, стигланийн, латтанийн а...
Дуьненчохь хи алсам ца хилча, стигланаш а, латтанаш а лелхар дара...
Хир дацара дитташ а, бецхелг а...
Адамаш а хир дацара, динаташ, олхазарш, акхарой а, цхьа а са долу х1ума юьсур йацара...
Хи ду массарна а оьшуш дерг....
Урр - аттал, х1аваъ а дакълур дара хи ца хилча...
Хи Дала вайна делла дуьненчохь уггара доккха беркате, совг1ат ду...
И лардан деза.
Хи бехдинчунна хуьлуш долу къа, доккха ду... И дуста, йа уоза барам боцуш.
Х1ора жима хи а ду доккхачу хих д1акхеташ...
Т1аккха ойла ейша, и жима хи х1ордах д1акхетча, и х1орд санна доккха ма хуьлу и жима хи бехдинчо хьарчош долу къа...
Лара деза хи, и Аллах1а вайна делла совг1ат дуйла а хууш!
Дала лардойла вай цу къинойх а!
Дала иман, хьекъал, кхетам лойла вайна, Дала ваьшна делла совг1аташна ларам бан!
Берашна даима д1ахьеха дезаш ду, хица ларам бар...
Аллах1у Акбар!
2019
[06.05, 14:37] Айза: Беха некъ бу дахарехь ас бинарг,
Йисте кхочуш лаьтта х1инца со.
Мерза безам сан дахарехь хилларг,
Генна т1аьхьа сецна суна го.
Дега безам юха хьаьжчи гушшехь,
Со жималло чехайора д1а.
- Д1а ма хьежа, - бохуш, - и, хьо эешахь,
Кхочур ву хьо лоьхуш т1аьххье схьа.
Къегий йоьлуш, дог сан дохуш кура,
Хьоьстуш, дахар хаздеш суна сайн.
Ткъа куралло мотт сан сеца бора,
Суна хьалха дуьллуш дашо т1ай.
Дахаран некъ кхечи х1инца йисте,
Хих со ели, лоьхуш ирсе т1ай.
Ткъа ирс хилла, сан безамах доьзна,
Цунах суна дисна, дуткъа тай.
Ас х1унда кхайкха бо безам,
я х1унда гатдо ас са??
Хьо - м баций ц1е латтал бовха,
Дог г1уоро ницкъ а бац хьан...
Дуьххьал - д1а, хьох дуьйцуш марзлой,
Тешаро хьо нуьцкъала бо....
Боккъал а, хьайн лаамехь дитча- м,
Безам, ахь дог х1аллак до....
Цундела со хьох ца теша,
Маршо ас хьуна ца ло....
Делахь а, ас хьан дог эеца,
Хаза дош ца кхоадо....
Р.А.
[07.05, 11:54] Айза: Резванова Айза
Сайна дог эт1а сан,
Хьо везар сан дагчохь
дебарна...
Ца хета цуьрриг къа а,
Дог хьуна сагатдеш делхарх а...
Ма леха - кх, хьоьхь доцург,
Ма хила безамна сутара,
К1еззига д1ахеца,
И хьох ен ойланаш, сан къина....
Маршо ю коьртаниг,
Безаман дозанаш т1е ч1аг1дан,
Моз дуьту ца дууш,
Т1ех 1енаш хиларх а, ца къахьдан....
Р.А.А.
ПРЕДСКАЗАНИЕ
Я себе в сердцах кусаю локти,
Я устал и думать, и страдать...
И немой вопрос себе- как мог ты,
Женщину такую потерять!?
Мы живём, покуда сердце бьётся
Так проходит жизни круговерть,
Я предвижу, что тебе придется
На закате жизни сожалеть!
И тебя та горькая утрата,
Будет мучать на закате дня,
Мною позабытая когда-то,
Или позабывшая меня!
Аюб Ахмедов
01.08.2019 г
[07.05, 13:36] Айза: Хьаьнга хьоьжу те и хаза б1аьргаш?
Х1ун сурт ду - те цара лоьцург схьа?
Уьш ца гучу дуьненахь ца ваххал,
Дезаделла хьоьжу со уьш ган...
Мила ву те царна ган ирс хилларг?
Мила ву те цара хьестинарг?
Мила ву те цара тешам белларг?
Цу б1аьргаша со ма 1ехави...
Ца к1ордадо суна цаьрга хьежа,
Цу б1аьргаш чохь леха амат сайн...
Суо царна гахь, йиш ю ирсе хета,
Безам лоруш цу тергонехь сайн...
[07.05, 13:40] Айза: Резванова Айза
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош.....
Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го, даггара цуьнца ирс доькъуш...
Шакарца олхазар эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам хета цо буьйцуш...
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош...
Р.А.
Малхо д'ай куьг хьокхуш, суьйре йиж'ийча,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е, нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.
Б1аьстенан 1уьйре а хьан озах ека,
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа.
Шовданаш хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьгийн йовхо луш, къега.
Заманах чекх дуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къуоначу дахарийн ирсе тхи муьйлуш.
Нана, хьан ц1арца до дуьнено некъаш,
Ахь дечу до1анийн къинхетам хьекъаш.
Хьан дагчохь сий дожарх лардойла Нана,
Дала Ша ницкъ лойла, Хьан сий деш даха!
Р.А.
[07.05, 13:47] Айза: Шен ненан маттаций бен нислур вац,
дайн лар т1ехь.
Резванова Айза
[08.05, 12:20] Лиза....: Къамел дойтуш б1аьргашка,
Марзо юттуш дегнашка...
Цхьана молуш кофе, чай,
Вовше марзо эца вай!?
Генахь хиларх вовшие вай,
Телефонехула гой.
Мотт буьцийтуш б1аьргашка,
Дегнаш дузуш марзонца...
Молуш кофе, молуш чай,
Вовшие марзо эеций вай!?
[08.05, 14:16] Лиза....: [10.03, 21:13] Айза: Резванова Айза
1аьржаллехь юкъйелча буьйса,
Седарчий набарна тхьевси.
Бетта са ца долуш гуча,
Цхьа седа саготта хьевзи....
Реманех д1ауьду мархаш,
К1ай - мокха вовшеха хьерчаш...
Хиш, лаьмнаш, аренаш, хьаннаш,
Т1ехула 1индаг1аш хоьхкуш...
Дуьненна гуо тесна баьлла,
1аьршашка батто нур хьаьрси...
Шен деган са парг1ат даьлла,
Седано цуьнца некъ хаьржи...
Вовшашна генахь я уллехь,
Безамца нур - з1аьнарш кхийдош...
Бутт - седий дехаш ду стиглахь,,
Заманца вовшен ца к1ордош....
Р.А.А.
[10.03, 21:20] Айза: Шеко техкош
Гуьйренан а хуьлу дог1а,
Хуьлу малх а, къегина.
Зезаг хуьлу наггахь чхьора,
Баьтт1ачхула кхелина...
Цунна - м хаа, шело юйла,
Гуьйре хебош йог1уш ерг...
Хаа т1улга т1ехь шен дахар,
Хьекъо тешам боцуш дерг-ъ...
Х1етте а и кхийда ирсе,
Дог ца дуьллуш диканах...
Х1унда г1ерта те вай йисте,
Шеко техкош безамах?
2019
[10.03, 21:23] Айза: Резванова Айза
Ма гуолахь зама...
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гуолахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
Р.А.А.
[10.03, 21:23] Айза: Ткъа безам бахи ахь?
Цунна чохь са ду...
Синбарам цо бустац,
Хенаш ца лоьру...
Марзонан уьрсаца ,
Дилхан дог дору - кх...
Шеца ца яьккхина хан,
Хьан дагца окхуш...
Хьан хила йиш йоцург,
Схьадеха бохуш.
Иманан т1улг дагчохь,
З1окбергца огуш..
Гел хьовзош къевлина,
Ч1аг1онаш отуш...
1ожалла - м яц иза,
Тера - м бу цунах....
[10.03, 22:08] Айза: Кхихкина бели...
Кхихкина бели х1орд, сан деган кедахь,
Ц1ий а дац пхенаш чохь, кхин
тулг1еш етташ...
Сан кийрахь ш'а бинчу г1аттамах кхаьрдаш,
Безам 1а, ша т1улган амалах хьерчаш...
Баттана шен б1аьргийн седарчий къежош,
Ца хьоьжу кхачаре безамах жоп...
Дашочу малхана зезагех лепаш,
Къагабар ца доьху шен деган мохк...
Шовданаш б1аьстенца эшаре дуьйлуш,
Уьдур ду заманал беха некъ лоьцуш...
Сан безам дегак1орггехь шен марзо къуьйлуш,
Бехар бу ойланийн серлонга буьйлуш...
Р.А.А.
[10.03, 22:15] Айза: Дуьне а харцонна т1е тайча,
хьан ойла эшо,
Г1оттур яра со дуьхьал дуьненна,
бакъо хьан толо....
Серлонах цинц боцуш хьо витча,
хьан тешам къажо,
Ч1урамах йага со х1уттур йара,
луш хьуна серло..
Р.А.
[11.03, 10:24] Айза: Човха дехьа,
Сан дог, човха дехьа,
Ойла йоккхуш
Хьайна гена сан,
Делхадехьа,
Б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа,
Безам, къахкабехьа,
Къахь деш суна
Хьуо вевзина де,
Харца дехьа,
Дерриг, харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян,
Дагна хьоме ц1е....
Р.А.А.
[11.03, 10:25] Айза: Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
Сан дагчохь1уьйренан малхах...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо къайла,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
Сан б1аьргаш,
хьо ларвеш, ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
Р.А.А.
[13.05, 4:56] Айза: (Заурбекова тхан хьоме Зураъна)
Тхан дегнаш чохь малх д1абайна,
Эхартахь и къегина.
Цигахь синош карзаха девлла,
Хьо д1аярах кхаъ хилла...
Хьуна - м тайна яларах ялар,
Дазделларг тхан дегнашна.
Хьуо (С1С) Мохьуммад пайхамара,
До1ий юккъе лацарна...
йхамара,
До1ий юккъе лацарна...
Шен Элчана умматана,
Совг1ат дан ша леринчу,
Безчу беттан, Рамаданан,
Деза де хьуна лерина....
Хьо хьакъ яра цу тобанца,
Яххьаш нуьре къагинчу.
Вайн элчано шапа1атца,
Декъалачарах хаьржинчу...
Шен Элчана умматана,
Совг1ат дан ша леринчу,
Безчу беттан, Рамаданан,
Деза де хьуна лерина....
Шен Элчана умматана,
Совг1ат дан ша леринчу,
Безчу беттан, Рамаданан,
Деза де хьуна лерина....
Хьо хьакъ яра цу тобанца,
Яххьаш нуьре къагинчу.
Вайн элчано шапа1атца,
Декъалачарах хаьржинчу
Хьоме Зураъ, хьайга кхаьчна,
Г1азот къобал дойла хьан!
Ялсаманийн ох1ла йина,
Дала хьоьстийла хьан са!
Амин!
10.05.2020
[16.05, 6:18] Айза: Сийлаллехь леринарг, хьол хьалхара воцуш,
Дурс оза барамехь хьол тоьлларг воцуш.
Хьан лорах ван - ваха сов ваьлларг воцуш,
Ма веза вара хьо, ас сица лоруш,
Х1ун ду те вайшинна гергарло кходуш,
Хьан деган ойланаш артйан ницкъ кхочург??
[16.05, 17:01] Айза: Резванова Айза
"Цкъа мацах, цу шинна санна,,
Бохучу дийцаре евлла.
Йуьсур - те сатийсам хилла,
Вайшинна ойланаш сирла?!
Ял йоцуш хир ду - те дайна,
До1анаш хьо воьхуш сайна...
Ас динарш б1аьрхишца хийла,
Багахь хьан ц1е йохуш тийна...
Нагахь и белахь цхьа бекхам,
Вайшиннах хьаьрчина декхар.
Реза ю хьуна ирс делла,
Яга суо, вайшинна метта...
"Цкъа мацах цу шинна хилла,
Ц1еначу безаман дуьхьа,,
Бохучу до1анех хилла,
Дахийта вайшиннах иллий...
2020
[18.05, 14:43] Айза: Резванова Айза
Резванова Айза
Ленйоцчу марзонах...
Йо1а:
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
К1анта:
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Йо1а:
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
К1анта:
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Цхьаний:
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Р.А
Со ю тахна ...
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Дог1у дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне...
2017
Х1умма дац иккхинчахь дог сан,
Диталахь ца тоьгуш вовшах...
Ахь йаьхна тираш и хотта,
Са хьостуш хилъеза моьтта...
Тегарах дашочу хьесаца,
Маха бу дагах чекхбохург...
Хилла чов йицъеш цу моьнаша,
Са ийзош бале а лоьцу...
Иккхинчахь дита ахь дог сан,
Кхин юха хир доцуш эккхар...
Р.А.
[19.05, 2:44] Айза: ьо велла вац тхан дегнаш чохь,
Д1акхалхарх а эхарта...
1ожаллин а ницкъ ца кхочу
Къонахчуьнан ц1е йожо.
Хьо - м вехар ву, масал хилла,
Кху дуьненан турпалхо...
Гора - я1, хьо! Г1азотан да,
Ма сийлахьчех хилла хьо!
[20.05, 22:49] Лиза....: Мечта ты моя, долгожданнвя,
Люблю я тебя не устанна.
Любовь ты моя, не пременная,
Душу мою окрылённая...
Ты песня моя не допетая,
Ты свет, ты моё освещение...
Дорога моя бесконечная,
Вся жизнь ты моя, долговечная!!!
Р.А.А.
[20.05, 23:01] Лиза....: Мечта ты моя, долгожданнвя,
Люблю я тебя не устанна.
Любовь ты моя, не пременная,
Душу мою окрылённая...
Ты песня моя не допетая,
Ты свет, ты моё освещение...
Дорога моя бесконечная,
Вся жизнь ты моя, долговечная!!!
Р.А.А.
[20.05, 23:08] Айза: Мечта ты моя, долгожданнвя,
Люблю я тебя не устанна.
Любовь ты моя, не пременная,
Душу мою окрылённая...
Ты песня моя не допетая,
Ты свет, ты моё освещение...
Дорога моя бесконечная,
Вся жизнь ты моя, долговечная!!!
Р.А.А.
[21.05, 5:28] Лиза....: Мечта ты моя, долгожданнвя,
Люблю я тебя не устанно...
Любовь ты моя, непременная,
Душою моей окрылённая...
Ты песня моя не допетая,
Ты свет, ты моё освещение...
Дорога моя бесконечная,
Вся жизнь ты моя, долговечная!!!
Р.А.А.
[23.05, 14:08] Айза: Резваноа 1аьрбин Айза...
Рамадан батте
Т1аьххьара хьайн дисна де серла даккхий,
Тхан ц1ена 1амалаш 1аьршашка яхий.
Къинош д1алачкъадай, мелехь с'а дахий,
Делахь ахь тоьшалла, хьо безар ларий,
Шеркоьрта Эла тхан, сийлахь бутт, Рамадан!
Марханаш кхаьбнарш ахь, вайн Деле боьхуш,
Ца кхаьбнарш бехке беш, арзаш маделахь,
Массо а бусулба цхьабоьсса воьхуш,
Дина тхан до1анаш къобал дар доьхуш,
Г1олахь хьо, Аллах1е ял йеха, Рамадан!
Баланаш д1атоьттуш, хьайха бехк лоьцуш,
Вовшашна тайна вайн гергарло лоруш..
Тхан миска до1анаш канашка лаций,
Хьайн сий деш кхийдинчу саханех къагий,
Дехалахь тхо Деле, сий долу, Рамадан!
Я Аллах1, хьан г1ийла лай бу - кха кхойкхуш,
Б1аьрхишца хьоьгара къинхетам боьхуш.
Элчанан умматна декъала некъ лоьхуш,
ХьаН дуьхьа лерина г1иллакх ца дохош,
Алий ахь дехалахь, сийлахь бутт, Рамадан!
Хьо Дала базбина, шеркоьрта Эла,
Хьоьцана гергарло лерина мелехь...
Беркатах буьзина, иманах туьйсина,
Эхарта синошна а, хьуна чохь геч дина,
Сий долу Рамадан, хьайна долчу декъана,
Цу Далла гергахь ахь, тхуна геч делахь!
Къинош д1алачкъадай, мелехь с'а дахалахь!
Амин!
23.05.2020
[23.05, 17:15] Айза: Резванова Айза
Сан деган ане
"К1ар - к1ир,, деш д1аоьху г1арг1улеш, сан деган ане,
Х1инца а лаьтта со и аьзнаш схьаоьхуш лере...
Юх - юха самаюьйлу сан эесехь, ца еъна кхане,
Цкъа мацах суьйренца вайшимма йиллинчу хене....
Юха а йоьрзур ю г1арг1улеш, йохъелча б1аъсте,
Хезар ду геннара мохь бетташ аьзнаш схьа, кхоэе...
Юха а хетар ду и аьзнаш сан дагна томехь,
Б1аьргашца лоьцур ду ас амат, сайн дагна хьоме....
2018
Ма гуолахь...
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза...
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гулахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
2018
Сан б1аьргаш чохь...
Ас ма дукху далхийна хьо эшар,
Сагатдеш ас дог а делхийна....
Хьох хили сан ас кхоьллина хьегам,
Сайн безаман ц1е а тиллина...
Геннахь хиларх суна - м тов сайн харжам,
Асса - м дерриг дуьйцу хьоьга д1а...
Хьо бу сан ницкъ, хьо, сан деган тешам,
Совг1ате бу суна кхоллам хьан...
Азаллехь со кху дуьненчу йог1уш,
Ас хаьржина хилла безам сан,
Т1аьххьара со дуьнено шех къастош,
Сан б1аьргаш чохь соцур ду сурт хьан....
2018
Резванова Айза
Дог дохош хилла - кх, балано,
мерза ша хиларх а...
Дог 1овжош хилла - кх, безамо,
Ц1ена и, хиларх а...
***
Дог тедан
Х1унда хьо схьагушехь
Йоьду со бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна,
бераллехь цкъа тайнарг сайна...
Уьду те са цига,
лууш и марзо хьох эейан,
Я лаьа, хьан дагчохь,
бер санна лечкъаш, дог тедан??...
Хьан терго лела сан
дахарехь ойланаш къажъеш...
Сахиллалц седарчех къега и,
Хьо гойла марздеш...
Сатосуч - седанах суо тарлой,
са долу серла,
Дуьне сан сих къаггал там хуьлий,
ирсах дог кхела...
22. 03.2018
Ткъа х1инца...
Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
2018
Жималла, б1астенан юьххье,
Зазашлахь, зезагашлахь...
Ца къаьсташ шен ирсан лакхе,
Йоьду д1а, къегаш э'сехь....
"""""
Малх хуьлу новкъа,
Ша т1ех бохбелча,
Сан серла ялар а,
Сов дела - те?
Хиллий те ирсе,
Сан байтийн кхоллам,
Я теси цара а,
Хьан дагчу кхуолар?
Дагахь а доцуш,
И - м хила тарло,
Хьо генахь хиларх а,
Сан дог ца къарло - кх...
Р.А.
[24.05, 17:13] Айза: Резваноа 1аьрбин Айза...
Рамадан батте
Т1аьххьара хьайн дисна де серла даккхий,
Тхан ц1ена 1амалаш цецех чекх яхий.
Къинош д1алачкъадай, мелехь с'а дахий,
Делахь ахь тоьшалла, хьо безар ларий,
Шеркоьрта Эла тхан, сийлахь бутт, Рамадан!
Марханаш кхаьбнарш ахь, вайн Деле боьхуш,
Ца кхаьбнарш бехке беш, арзаш маделахь,
Массо а бусулба цхьабоьсса воьхуш,
Дина тхан до1анаш къобал дар доьхуш,
Г1олахь хьо, Аллах1е ял йеха, Рамадан!
Баланаш д1атоьттуш, хьайха бехк лоьцуш,
Вовшашна тайна вайн гергарло лоруш..
Тхан миска до1анаш канашка лаций,
Хьайн сий деш кхийдинчу саханех къагий,
Дехалахь тхо Деле, сий долу, Рамадан!
Я Аллах1, хьан г1ийла лай бу - кха кхойкхуш,
Б1аьрхишца хьоьгара къинхетам боьхуш.
Элчанан умматна декъала некъ лоьхуш,
Хьан дуьхьа лерина г1иллакх ца дохош,
Алий тхо дехалахь, Деле ахь, Рамадан!
Беркатах буьзина, иманца туьйсина,
Эхарта синошна а, хьуна чохь геч дина,
Хьоьца долу гергарло сов меле лерина...
Сий долу, Рамадан, хьайн тоьшаллийца,
Махьшерийн майданахь тхо юьхьк1ай делахь!
Амин!
23.05.2020
[22.04, 14:15] Айза: ан санна лазамо дог 1уьйдуш йоьлхи - те мархаш,
Я лаьттах шовданаш дуьйли - те, сингаттам 1аьткъаш??
Мох бу - те, ца соцуш, балийна парг1ато лоьхуш,
Ду - те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Зезаг а техкий - те, бецан куц кхалар - ъ ирс хеташ,
Олхазарш эшаре дуьйли - те, тийналлех кхоьруш??
Хьаннаша 1индаг1аш къуьйлу те, лечкъош къайленаш,
Ду те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Р.А.
Резванова Айза
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош.....
Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го, даггара цуьнца ирс доькъуш...
Шакарца олхазар эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам хета цо буьйцуш...
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош...
Р.А.
Меттиг бац доха…
Вай цуьрриг доьхна дац,
Меттиг бац доха..
Бохам бара и аьрчо, йинехьара вай.
Декъаза хуьлур –кха, кхоллам а дайн,
Дала вай кхоьллинехь цу зулам дайх.
Юьхь1аьржа хир вар-кха, И сийлахь Элча,
Йанне а юьхь йоцуш, вай Деле деха,
Ма ирча хир йара махьшерийн майда,
Вайн Делан шапа1атах хилча девлла.
Йа Аллах1, хьайн дуьхьа баланаш лайна,
Иманах ца бухуш, кхелхина дай а.
Эхь – бехках ца къаьсташ лелла наной а,
Йалсаманехь цхьанатохахьа, къинхетам бай!
Р.А.
Лекхчу лаьмнийн къоьжа кортош,
Басар дина х1оттамо...
Духар хийца герга дигна,
Малхо 1алам хьестаро...
Кхана - лама къорза кузаш,
Д1адаржор ду аренгахь..
Олхазарша самукъне той,
Д1акхайкхор ду хьаннашкахь.
Кхаа баттахь 1ен йог1уш ю,
Хьаша б1аьсте вайн махка.
Самукъне вай цхьана 1ийр ду,
Кхаччалц аьхке къовсаршка...
Р.А.
еттиг бац доха…
Вай цуьрриг доьхна дац,
Меттиг бац доха..
Бохам бара и аьрчо, йинехьара вай.
Декъаза хуьлур –кха, кхоллам а дайн,
Дала вай кхоьллинехь цу зулам дайх.
Юьхь1аьржа хир вар-кха, И сийлахь Элча,
Йанне а юьхь йоцуш, вай Деле деха,
Ма ирча хир йара махьшерийн майда,
Вайн Делан шапа1атах хилча девлла.
Йа Аллах1, хьайн дуьхьа баланаш лайна,
Иманах ца бухуш, кхелхина дай а.
Эхь – бехках ца къаьсташ лелла наной а,
Йалсаманехь цхьанатохахьа, къинхетам бай!
Р.А.
Лекхчу лаьмнийн къоьжа кортош,
Басар дина х1оттамо...
Духар хийца герга дигна,
Малхо 1алам хьестаро...
Кхана - лама къорза кузаш,
Д1адаржор ду аренгахь..
Олхазарша самукъне той,
Д1акхайкхор ду хьаннашкахь.
Кхаа баттахь 1ен йог1уш ю,
Хьаша б1аьсте вайн махка.
Самукъне вай цхьана 1ийр ду,
Кхаччалц аьхке къовсаршка...
Р.А.
Б1аьстенан суьйре
Суьйре ю т1е йеънарг, б1аьстена суьйре,
Синкъерам са айдеш г1оьртина герга.
Кегирхой бу гуллуш, боларца х1айтте,
Самукъне мехкарех безамаш хьегна...
Стиглара седарчий мехкарех лепа,
Мехкарийн б1аьргачохь седарчий къега.
Хетарехь барт хилла вовшашца церан,
Вайн суьйре цундела самукъне къежа.
Суьйре ю ц1ийелла, хьаьстина ойла,
Мехкарийн беснеш техь ду иза гойла.
Хелхара бал баккха вайн ойла г1аьтти,
Хьо даго хаьржинарг хелхаре г1атта,.
Кхочар ю и б1аьсте х1оранна дагчу,
Зезагаш лепар ду, кхелина ирсах.
Безамийн марзонах эелур ю суьйре,
Х1ара суьйре юьсур ю вайца даима....
Р.А.
[23.04, 16:27] Айза: Дахаран х1ара 1уьйре
сина совг1ат ларий,
Сан дог, ахь даьллахьа серлонна кор....
Р.А.
[25.04, 16:24] Айза: Нохчийн къам ма хилла цхьа башха томехь,
Нур догуш яххьаш т1ехь, босс ялсамана...
Ларамза ма дац вайн кхалхар г1азотехь,
Товр долуш ма ду вай Фирдовз ялсаманехь...
Аллах1а вайн некъаш шен дуьхьа дойла,
Къинойх вай д1а ц1андеш къинхетам бойла!
Ша везаш, леринчу тобанах дойла,
Элчанна юьхьк1ай еш, вай декъал дойла!
Р.А.А
[26.04, 18:08] Айза: Генара аз кхечи тахна сан лере,
Дог доьлхучу к1ентан, сингаттамна.
И кхойкху Сибрехахь йисначу нене,
Геналлехь йисначу шен марзоне...
И сурт ду цу бешах самукъа дала,
Дагалеца ца к1ордош юх - юха а.
Ма мерза марзо ю цу эесехь къага,
Йист йоцу безам бу цу дагна кхаба...
[26.04, 18:16] Айза: БЕЗА, БОВЗА ВАЙН ЦХЬАЪ БЕН БОЦУ, ЖИМА БИНА, АЗБИНА, ХЬИЙЗОШ БО-
ЛУ, ЖОВХIАР САННА ХАЗА, ЛАМАНАН
ШОВДА САННА ЦIЕНА, ИСБАЬХЬАЛЛА
ШЕЦА АЛЛАХIА ЕЛЛА ЙОЛУ НОХЧИЙН
МОТТ.
АЛЛАХIА СИЙ ДОЙЛА ХЬАН ТХАН МУЬЪМА ЙИША АЙЗА РИЗВАНОВА.
[26.04, 18:18] Айза: Амхьад Ахматов
БЕЗА, БОВЗА ВАЙН ЦХЬАЪ БЕН БОЦУ, ЖИМА БИНА, АЗБИНА, ХЬИЙЗОШ БО-
ЛУ, ЖОВХIАР САННА ХАЗА, ЛАМАНАН
ШОВДА САННА ЦIЕНА, ИСБАЬХЬАЛЛА
ШЕЦА АЛЛАХIА ЕЛЛА ЙОЛУ НОХЧИЙН
МОТТ.
АЛЛАХIА СИЙ ДОЙЛА ХЬАН ТХАН МУЬЪМА ЙИША АЙЗА РИЗВАНОВА.
Резванова Айза
Нохчийн мотт
Кхолламо йигарх д1а, махканна гена,
Дог ду сан бусулба, ду нохчийн ц1ий.
Дайн г1иллакх, ненан мотт, ду сан дозалла,
И дицлахь д1а довр ду, къонахчуьн сий.
Дай, наний лоруш верг, Дала а лору,
Бохуш цу къор1ано беш хьехам бу.
Ша винчу ненан мотт хера ца болу,
И марзо шен ц1ийца д1аийна ю.
Сан б1аьргаш дуьххьара бераллехь дуьйлуш,
Безамца схьалаьцнарг ненан сурт ду.
Мерзачу озаца, сан амал 1ехош,
Нанас со хьистинарг, нохчийн мотт бу.
Ламанех схьадуьйлу, шовданийн санна,
Ц1ена шен бух болуш нохчийн мотт бу.
Дашочу 1аламца, куц хуьйцуш денна,
Къегина лаьтташ берг, сан Даймохк бу.
Р.А.А
[28.04, 21:11] Айза: Резванова Айза
Хьайбаха
Хьо - м лаьтташ ю Хьайбаха!
Ца беш хам цу мостаг1ийн...
Кхуьуш, хазлуш, хьайн шуьне,
Боьхуш, мерза доттаг1ий...
Айхьа лайна баланаш,
Йайна аьрчо, къизалла,
Ахь лечкъорах замано,
До бакъ долу тоьшалла...
Хьан доьзалех к1ожам беш,
Мостаг1аша багинчу...
Харц тоьшалла даржадеш,
Хьан сий дайъа г1иртинчух...
Уьш - м г1овттар бац хьо санна,
Денбелла кхин, Хьайбаха...
Я юьхь хир яц эхартахь,
Нуьре хьанчух къегина...
Кхин ма гойла Хьайбаха,
Цкъа а хьуна и бала!
Хьан ирс хуьлда заманца,
Маьрша, машарца яха!
28.04.2019.
Иорданерчу нохчийн б1евнах...
Дог доьлхуш хьоьжу со,
Белахь а сов хаза ларам.
Сан дагчохь тийжа - кха,
Йижарех бисина лазам...
1ийжа сан ойланехь,
Дайн дегнаш диъна сингаттам,
Цу б1евно денбо сан,
Юху а, вежарех тешам...
Бехкаш дац сан даха кххолламах,
Вай махках къаьстана...
Акхаллех цадулуш,
Даймахке сатуьйсуш дахарна...
Адамалла зуьйш Дала,
Даьккхина нохчийн къам пана,
Дуьненна йовзийта лерина
Нохчийн сийлалла!
Р.А.
Дала сий дойла хьан сий
динчу халкъан а, сан Нохчийн Къам!
[01.05, 23:44] Айза: Ильман Юсупов
* * *
ХIун ду-те хилларг
хьо Iаш йолчу цигахь?
Кхачий-те ягориг
хьан ирсан чиркхахь?
Соьх ечу ойланах
ца лууш б;за,
Хеди-те хьан дега йовхонан хьаса?
Хьан иэсехь хели-те
сан байтийн аьзнаш,
Декъалъеш толамца
шеконаш, ваьснаш?
Сан васте ца кхойкхуш
хьан эвхье гIенаш,
Гулъелла сан дагтIехь
гIайгIанан ченаш.
Сан лар ахь ца лоьху шовкъаца, сица –
Хьо дийна хилар ю
сан марзо хIинца…
© Iилман Юсупов
[02.05, 13:53] Айза: Петирова ПетIамат
***
К;еда а, чорда а, эсала, къиза а,
Мекара, догц;ена, х;иллане, догдика,
Майра а, стешха а, ямарт а, тешаме
Амалш лов, дуьне, ахь, ца духуш собарх.
Доттаг;чо т;аьхьашха тешнабехк бича а,
Шех тешна езар а лейича везначо,
Ненан дог дожийна к;ант араваьлча а,
Хьайн боларх ца телхаш некъ бо ахь цхьатерра.
Мацвелла шен ваша дага а ца вог;уш,
Ша вуьзча, токх хилла, ваша чувирзича,
Я хьаша совваьлла х;усамда хьаьвзича,
Ца х;утту бахьана хьо доьхна д;адаха.
Х;ай дуьне, дийцахьа, муха лов ямартло,
Муха хьо хьийза-те, оьг;азло ца евзаш,
Хьо х;унда ца эккха харцо сов яьлча-
Я бакъо эшаяр тайна-те хьуна?
Ца лало соьга а къизалла, харцо,
Доккхаден меттиг бац осалчу нахах,
Х;етте а, йиш яц сан оьг;азло дебон,-
Ас доггах ларйийриг къонахийн юьхь ю.
Бехк лоьцу сайца г;илкх лелочу к;ентех,
Оьздачу мехкарех буьзна б;аьрг боьлу,
Хьомсарчу наноша доьзал беш декъал,
Хьаналчу рицкъано токхдо сан са.
"Ма-хетта ца хилча, ма-торру" баьхна,-
Массарна ца делла эхь, ийман, яхь.
Аьрхачу доьзалах сов лозу ден дог,
Иштта ю-кх сан амал, йиш яц кхиэл хийца.
[03.05, 6:19] Айза: Яздан хууш яздешволчо,
Яздо маь1на гойтуш ц1енна..
Дагчохь шеца лелош волчо,
Ша ;;цхьаъ волу, Аллах1 - Дела!
Махканна ша хиларх гена,
Ц1е ю цуьнан лелош ц1енна...
Къонахийн хан ер ю берчче,
К1иллойх ц1анъеш вайн Нохчичоь...
Хинтачанца некъ беш генна,
Кхачарх к1иллой йисте лома...
Цкъа а хир бац шайн лам церан,
Хир ю церан ц1ераш гома...
[04.05, 11:17] Айза: Резванова Айза
Алханов 1алуна лерина...
Муьлхачу балано леци хьо,
Харцоно, я сингаттамо??
Муьлхарг ду хьан синпха озийнарг,
Макхйинарг хьан сирла 1алашо?
Турпалчу хьан деган ницкъ эшо,
Йиш яцара тер - мерчу г1оранах...
Хьо тахна деъначу кху уьно,
Ваьккхина бах могшаллин долара...
Тоьллачийн къийсамийн экъанахь,
Хьол тоьлла хьала ваьлларг цхьа а вац...
Къинхетам шен деган дозанахь,
Хьоьгахьчул сов баьлларг гина дац...
Хьекъалийн дозанаш дустучахь,
Хьан возаллин тоха доза дац.
Стогаллийн барамаш узучахь,
Къонаха т1е х1оттош терза дац...
Хьан серло г1елъелча, малх денлац,
Дургал хьан марзонах бен 1анац...
Хьан синан мерзаша уозийча,
Бен мукъам, дахаран болалац!!
Дуьненал веза хьо, тхайн хилрх,
Тоьшалла ду, йишин даггара!
Цу Аюб - пайхмарах г1аттийна,
Аллах1а оьмар хьан йахйойла!!!
04.05.2020
[04.05, 15:50] Айза: Резванова Айза
Алханов 1алуна лерина...
Муьлхачу балано леци хьо,
Харцоно, я сингаттамо??
Муьлхарг ду хьан синпха озийнарг,
Макхйинарг хьан сирла 1алашо?
Турпалчу хьан деган ницкъ эшо,
Йиш яцара тер - мерчу г1оранах...
Хьо тахна деъначу кху уьно,
Ваьккхина бах могшаллин долара...
Тоьллачийн къийсамийн экъанахь,
Хьол тоьлла хьала ваьлларг цхьа а вац...
Къинхетам шен деган дозанахь,
Хьоьгахьчул сов баьлларг гина дац...
Хьекъалийн дозанаш дустучахь,
Хьан возаллин тоха доза дац.
Стогаллийн барамаш узучахь,
Къонаха т1е х1оттош терза дац...
Хьан серло г1елъелча, малх денлац,
Дургал хьан марзонах бен 1анац...
Хьан синан мерзаша уозийча,
Бен мукъам, дахаран болалац!!
Дуьненал веза хьо, тхайн хилрх,
Тоьшалла ду, йишин даггара!
Цу Аюб - пайхмарах г1аттийна,
Аллах1а оьмар хьан йахйойла!!!
04.05.2020
[05.05, 14:07] Айза: Йовр йоцчу ц1ераш т1е, юьллийтуш хьайн ц1е,
Дуьненахь седанах Нохчийн кьам кьагош.
Даймахке эессехь схьадоьллийтуш хьайн де,
Хьо ваха эхарта тхан дегнаш чахчош...
Ваха хьо, хийла к1ант хьайн кхалхарх хьагош,
[05.05, 14:19] Айза: Аллах1, хьайн къинхетам бехьа тхан нохчийн къомах !
Ахь къинхетам бинчу м1аьргонехь ма боккха ницкъ бар - кх,
Я Аллах1!
Хоршах хаьдда шовда
Боккхачу х1орда чохь, ойлане юьйлуш,
Цхьа тулг1е техкара, самукъа доцуш.
Ас цуьнга хаьттира, гергара, езаш:
-Х1ун ду те, хьан сецар, г1айг1ане эегаш?
Хин бердех етталуш, эзарнех яьржаш,
Кхин тулг1еш ловзучохь, вовшеха хьаьрчаш.
Хьо х1унда соьцу цу х1орда чохь, хебаш?
И тулг1еш керча, хьан хазаллех хьоьгуш.
Хьо цхьаъ ю тулг1ешлахь, жовх1арех лепаш,
Боккхабеш техка х1орд, хьо совг1ат хеташ.
Х1етте а сингаттам хета хьан дебаш,
Дийцахьа, х1ун бала бу сих хьан летарг?
Т1аккха и техкира, сан дагах кхеташ,
Шен бала балхийра, тулг1ено зийзаш.
Ойлане ели со, цунах къа хетта,
Б1аьргеха уьду хиш, х1орда чу хецца...
- "Доккхачу хих кхетар, дозалла хеташ,
Органан хорша ша дирзира, керчаш.
Цо шеца дадийна, Терках д1ахьаьрчаш,
Цу чу ша хийцира, цунах ша г1ерг1аш...
Къегина шен аса, г1амарлахь хьаьрчош,
Терк дуьйли шех дарц дан, бердех д1а детташ.
Амма цхьа т1адам а, ша шех ца къастош,
Х1орда ша кхоьсси цо, ша цунах даьржаш.
Иштта ша къаьстина, Даймехкан хоршах,
Самукъа долучух, муьлххачу ор чохь.
Юха цу лаьмнашкахь, сатийсарх ловза,
Цкъа карзаха х1орд баьлча, довр ду ша доьнза.
Цхьа дехар дара шен, - т1аккха цо эли,
Доьнза ша ца дайта, хьох накъост хилча...
- Цхьа тулг1е схьа эеций, дег1аста кхачий,
Шовданех д1а тохар, шех дерг д1аалий.
И дехар кхочуш дан, ас куьйгаш кховдий,
Цхьа тулг1е канашкахь, эеца ка дели.
Ч1ург хьийзош, оьг1азе х1орд кхосса бели,
Т1аьххьара шен дешнаш, тулг1ено эли.
-"Хьаннашкахь олхазарш, шакаршца декаш,
Б1аьстенца аренгахь зезагаш лепаш.
Цу т1улгийн ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Ма ирсе хиллера - кх, Даймехкан кхерчахь".
2009
Хаза баьлла сийна бай,
Мачаш йахка охьа шайн...
Кхоам бу и хьеша х1ай,
И - м цхьа Делан дарба дай!
Р.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
*********
Ахь мадетта буржалш сан боларна,
Со хьан некъа т1ехь кхин соьцур йац...
Г1уй цаоьшу, ринжа дита диллина,
Сан хьан деган кевнехь г1уллакх дац...
Диц маделахь ахь со хилар нохчийн,
Са сирлачара, дог болатчара йо1...
Нагахь эешна орца дехахь цхьамма,
Сайн са далар хир бу суна-м кхаъ...
Хьо хьоьжу лаьмнашка
Хийрачу мехкан,
Ткъа даго йоьху схьа,
Марзо Даймехкан...
Хоьрцу ахь ойланаш,
Лазамаш луьттуш,
Мерза а, къаьхьа а,
Вовшеха хуьттуш...
Схьалуьсту баланаш,
Заманца лайнарш,
Нохчийн къам бехке деш
Дагна цатайнарш...
Схьахуьтту г1аланаш,
Йагийна - аьттарш,
Хьайн къоман доьналлех
Мостаг1ий хьаьгнарш...
Б1аргаша ца дицдо,
Къизаллийн сарташ,
Даймехкан сийлардеш,
Турпалхой эгнарш..
Цундела лаьтта хьо,
Деш даге хаьттарш...
Ткъа деган ду цхьа жоп,
Маршоне г1ертар!!!
2018.02.05
Р.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Со йилхи, б1аьрхиш сайн цакхоош,
Йилхи со, дог эккхал дог лозуш...
Вайн Дала сан йелхар къобал дахь,
Нохчийн къам маьршачех хид долуш...
Со йилхи, сайн б1аьрхиш цакхоош,
До1ийца вай къоман барт боьхуш...
Вайн Дала сан до1а къобал дахь,
Дахар вайн беркате хирдолуш...
Со йилхи, сайн б1аьрхиш цакхоош,
Нохчийн къоман ненан даггара...
Аллах1а со нана къобал йахь,
Къинхетам вайн къомах хирболуш...
Йа Аллах1, хьайн безачийн дуьхьа,
Сан къоман некъ декъалчех бехьа!
Йа Аллах1, тхан некъаш
Мохьуммад (1.с.с)
Пайхамар къобалвинчех дехьа!!!
Р.А.
Резванлва Айза
Ахь стенан ойла йо,
Бос - хаза Олхазар!?
Генарчу паналле
Хецна са д1а...
Х1ун ойла ю те хьан
Кхехкориг сингаттам,
Суна - м хьо, сайн
Къоман йо1ах ма го!?
Ду те хьо кхаьчначех
Хийрачу махка,
Хьо дина, кхиъна мохк
Сов безарна?
Я сил а х1отторна
Къоман сий лаккха,
Кхаьчна те хьоьга
Мух1ажаралла!?
Хьо шек мадалалахь,
Олхазар тайна,
Дог тешош са маьрша
Даккхалахь хьайн...
Кхочур ю г1айг1анех
Хьо къастош зама,
Г1а - бецо цаюьту
Ч1ир эцанза...
Р.А.
Б1аьрг - м цахили хьуна 1уьйре?
Х1унда хийци ахьа юьхь?
Марха т1аь1и малхана улле,
Самадоккхуш цуьнан эхь...
Цхьа б1аьрг къайллаха соьга хьежош,
Малх бу ала г1ерташ цхьаъ...
Шеко йоцуш, ю цхьа къайле,
Кхийдош соьга сирла кхаъ...
Р.А.
Генахь дац...
Генахь дац и аьзнаш, дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху, дуьненчохь т1аьххьара лоьруш.
Ялсмана хьозарчий, шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу... Цхьа парду... 1ожалла бен чекх ца йолуш...
Къинт1ера яьлла со, даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а, массо а сига.
Лелла яц дахарехь сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас, дуьненахь, массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ, къа-меллий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха, т1аьхьенан некъ ирсах буцуш..
Р.А.
Со ца1еми адамех цатеша,
Я хьаг1 - гамо лело цхьанца а...
И сан дагна даим хилла хера,
Дити ас и ша долчуьнца лела...
Р.А.
Гена вели, селханал а гена,
Даго вицви, къовлуш лазам шен.
Вай девзина де а диси деса,
Доцуш мелана кховдо х1ума шех.
Д1о стиглара нуьре седа къега,
Тов и цуьнгахь, даге кхийдош кхаъ.
Амма безам ахь кхин цкъа ма бийца,
Тешам боцчо хьехо бац и хьакъ.
Самйели нохчичохь 1уьйре,
Массарца доькъуш шен са...
Боданах къаьсти х1ара дуьне,
Рицкъ хили вайн тахне ган...
Р.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
[05.05, 17:17] Айза: Резванова Айза
Къонахчунна
Йовр йоцчу ц1ераш т1е, хьайн ц1е юьллийтуш,
Даймехкан эесс къаго синсерло юьтуш.
Х1оранга масалца ойла луьттийтуш,
Хьо ваха эхарта турпала дог гойтуш...
Ваха хьо, хийла к1ант хьайн кхалхарх хьагош,
Йо1 - йишин сийлалла синмеха къагош.
Нохчочуьна синх1оттам хьаьшна ца буьтуш,
Къонахчуьна доьналлех шеко ца юьтуш...
2020
[06.05, 14:32] Айза: Резванова Айза
Къинхетам бу те хьо, безам,
Кхетам, я тешам бу хьо,
Бу те хьо, сингаттам, эшам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Къизалла ю те хьо, безам,
Я ду те, хьаьрчина къа,
Бу те хьо, тидам, я кхиам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Синлехам бу те хьо, безам,
Ю теша, синмарзо хьо,
Бу те хьо, синхьегам, лешам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Хьох тардеш, маьлхан нур къегар,
Б1аьсте а, зазза - 1алам хьох...
Амма ас хьох олу, - белам,
Есаллехь бисарна хьо...
Р.А.А.
Ленйоцчу марзонах...
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Дог 1овжош хилла-кха безамо,
Ц1ена и хиларх а.
Дог дуохош хилла-кха балано,
Мерза ша хиларх а.
(Гадаев Мохьмад - Салехьна)
Тоьшалла
1ожаллийн б1аьргашчу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ.
Кхолламца цхьа а ч1ир - гамо цалоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некь боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам...
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эешаяц цо.
Къонахчо аьлла дош цахуьлу къера,
И лела дуненчохь, ша туьйсуш го.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир.
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахна д1а, масална юьтуш лар шен.
Р.А
[06.05, 14:33] Айза: "К1ар - к1ир,, деш д1аоьху г1арг1улеш, сан деган ане,
Х1инца а лаьтта со и аьзнаш схьаоьхуш лере...
Юх - юха самаюьйлу сан эесехь, ца еъна кхане,
Цкъа мацах суьйренца вайшимма йиллинчу хене....
Юха а йоьрзур ю г1арг1улеш, йохъелча б1асте,
Хезар ду геннара мохь бетташ аьзнаш схьа, кхоэе...
Юха а хетар ду и аьзнаш сан дагна томехь,
Б1аьргашца лоьцур ду ас амат, сайн дагна хьоме....
Р.А
Резванова Айза
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гулахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
Р.А
[06.05, 14:33] Айза: Резванова Айза
Ца юьтуш буо хила..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана,
Мохь тухуш я г1ийла кхайкха те, со хьоьга генна!?
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш, тийна,
Далхаде те, ас сайн дагахь дерг, есалле сийна??
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1иллакхийн мах хадор, хьан??
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а??..
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е??
Мила ву сан Нана, къинхетамца, б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган??
Со наггахь со сайца шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бахьаш хьайх.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда...
Р.А.
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Хьоме нана, дьуненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Хьоме нана, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А.
[06.05, 14:34] Айза: Х1ун деш ю бахий ахь, ойла ю стенах??
Дера ю, рог1ехь 1аш, не1арехь, эхартан,
Цкъа мацах тхайн денда-денана а санна!
Уьш бара тахане йовзитнарш суна,
Цу шинна юьхь - сибташ бераллехь тайна,
Даьхкана, марзонца, хьехамаш бала...
Х1инца санна еънера и б1аьсте хаза,
Малхаца даьстина б1аьстено зазза,
Уьйт1арчу кхора т1ехь шакаршка дуьйлуш,
Олхазарш дийцинарг тхан дендас къуьйлуш,
Хьистинчу къайлене кхаьчна - кх, со, х1инца...
Ма ч1ог1а хьегнер - кха, х1етахь и йовза....
Р.А.
[06.05, 14:34] Айза: Резванова Айза
Ца юьтуш буо хила..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана,
Мохь тухуш я г1ийла кхайкха те, со хьоьга генна!?
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш, тийна,
Далхаде те, ас сайн дагахь дерг, есалле сийна??
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1иллакхийн мах хадор, хьан??
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а??..
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е??
Мила ву сан Нана, къинхетамца, б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган??
Со наггахь со сайца шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бахьаш хьайх.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда...
Р.А.
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Нохчийн зуда, дьуненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Нохчийн зуда, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А.
[06.05, 14:35] Айза: Резванова Айза
Хи беркат...
Хи а ду шена чохь са долуш...
Массо хи а, шен - шен босс болуш а ду....
Цуьнан ницкъ цуьриг а шеко йоццуш боккха бу... Ойла а йина, цу хино бен пайда а, зен а дуста х1оьттича дуьненчохь доккха дакъа ду хино д1алоцуш дерг...
Хи ца хилча йиш йац са долчу х1уманийн, стигланийн, латтанийн а...
Дуьненчохь хи алсам ца хилча, стигланаш а, латтанаш а лелхар дара...
Хир дацара дитташ а, бецхелг а...
Адамаш а хир дацара, динаташ, олхазарш, акхарой а, цхьа а са долу х1ума юьсур йацара...
Хи ду массарна а оьшуш дерг....
Урр - аттал, х1аваъ а дакълур дара хи ца хилча...
Хи Дала вайна делла дуьненчохь уггара доккха беркате, совг1ат ду...
И лардан деза.
Хи бехдинчунна хуьлуш долу къа, доккха ду... И дуста, йа уоза барам боцуш.
Х1ора жима хи а ду доккхачу хих д1акхеташ...
Т1аккха ойла ейша, и жима хи х1ордах д1акхетча, и х1орд санна доккха ма хуьлу и жима хи бехдинчо хьарчош долу къа...
Лара деза хи, и Аллах1а вайна делла совг1ат дуйла а хууш!
Дала лардойла вай цу къинойх а!
Дала иман, хьекъал, кхетам лойла вайна, Дала ваьшна делла совг1аташна ларам бан!
Берашна даима д1ахьеха дезаш ду, хица ларам бар...
Аллах1у Акбар!
2019
[06.05, 14:37] Айза: Беха некъ бу дахарехь ас бинарг,
Йисте кхочуш лаьтта х1инца со.
Мерза безам сан дахарехь хилларг,
Генна т1аьхьа сецна суна го.
Дега безам юха хьаьжчи гушшехь,
Со жималло чехайора д1а.
- Д1а ма хьежа, - бохуш, - и, хьо эешахь,
Кхочур ву хьо лоьхуш т1аьххье схьа.
Къегий йоьлуш, дог сан дохуш кура,
Хьоьстуш, дахар хаздеш суна сайн.
Ткъа куралло мотт сан сеца бора,
Суна хьалха дуьллуш дашо т1ай.
Дахаран некъ кхечи х1инца йисте,
Хих со ели, лоьхуш ирсе т1ай.
Ткъа ирс хилла, сан безамах доьзна,
Цунах суна дисна, дуткъа тай.
Ас х1унда кхайкха бо безам,
я х1унда гатдо ас са??
Хьо - м баций ц1е латтал бовха,
Дог г1уоро ницкъ а бац хьан...
Дуьххьал - д1а, хьох дуьйцуш марзлой,
Тешаро хьо нуьцкъала бо....
Боккъал а, хьайн лаамехь дитча- м,
Безам, ахь дог х1аллак до....
Цундела со хьох ца теша,
Маршо ас хьуна ца ло....
Делахь а, ас хьан дог эеца,
Хаза дош ца кхоадо....
Р.А.
[07.05, 11:54] Айза: Резванова Айза
Сайна дог эт1а сан,
Хьо везар сан дагчохь
дебарна...
Ца хета цуьрриг къа а,
Дог хьуна сагатдеш делхарх а...
Ма леха - кх, хьоьхь доцург,
Ма хила безамна сутара,
К1еззига д1ахеца,
И хьох ен ойланаш, сан къина....
Маршо ю коьртаниг,
Безаман дозанаш т1е ч1аг1дан,
Моз дуьту ца дууш,
Т1ех 1енаш хиларх а, ца къахьдан....
Р.А.А.
ПРЕДСКАЗАНИЕ
Я себе в сердцах кусаю локти,
Я устал и думать, и страдать...
И немой вопрос себе- как мог ты,
Женщину такую потерять!?
Мы живём, покуда сердце бьётся
Так проходит жизни круговерть,
Я предвижу, что тебе придется
На закате жизни сожалеть!
И тебя та горькая утрата,
Будет мучать на закате дня,
Мною позабытая когда-то,
Или позабывшая меня!
Аюб Ахмедов
01.08.2019 г
[07.05, 13:36] Айза: Хьаьнга хьоьжу те и хаза б1аьргаш?
Х1ун сурт ду - те цара лоьцург схьа?
Уьш ца гучу дуьненахь ца ваххал,
Дезаделла хьоьжу со уьш ган...
Мила ву те царна ган ирс хилларг?
Мила ву те цара хьестинарг?
Мила ву те цара тешам белларг?
Цу б1аьргаша со ма 1ехави...
Ца к1ордадо суна цаьрга хьежа,
Цу б1аьргаш чохь леха амат сайн...
Суо царна гахь, йиш ю ирсе хета,
Безам лоруш цу тергонехь сайн...
[07.05, 13:40] Айза: Резванова Айза
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош.....
Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го, даггара цуьнца ирс доькъуш...
Шакарца олхазар эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам хета цо буьйцуш...
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош...
Р.А.
Малхо д'ай куьг хьокхуш, суьйре йиж'ийча,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е, нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.
Б1аьстенан 1уьйре а хьан озах ека,
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа.
Шовданаш хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьгийн йовхо луш, къега.
Заманах чекх дуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къуоначу дахарийн ирсе тхи муьйлуш.
Нана, хьан ц1арца до дуьнено некъаш,
Ахь дечу до1анийн къинхетам хьекъаш.
Хьан дагчохь сий дожарх лардойла Нана,
Дала Ша ницкъ лойла, Хьан сий деш даха!
Р.А.
[07.05, 13:47] Айза: Шен ненан маттаций бен нислур вац,
дайн лар т1ехь.
Резванова Айза
[08.05, 12:20] Лиза....: Къамел дойтуш б1аьргашка,
Марзо юттуш дегнашка...
Цхьана молуш кофе, чай,
Вовше марзо эца вай!?
Генахь хиларх вовшие вай,
Телефонехула гой.
Мотт буьцийтуш б1аьргашка,
Дегнаш дузуш марзонца...
Молуш кофе, молуш чай,
Вовшие марзо эеций вай!?
[08.05, 14:16] Лиза....: [10.03, 21:13] Айза: Резванова Айза
1аьржаллехь юкъйелча буьйса,
Седарчий набарна тхьевси.
Бетта са ца долуш гуча,
Цхьа седа саготта хьевзи....
Реманех д1ауьду мархаш,
К1ай - мокха вовшеха хьерчаш...
Хиш, лаьмнаш, аренаш, хьаннаш,
Т1ехула 1индаг1аш хоьхкуш...
Дуьненна гуо тесна баьлла,
1аьршашка батто нур хьаьрси...
Шен деган са парг1ат даьлла,
Седано цуьнца некъ хаьржи...
Вовшашна генахь я уллехь,
Безамца нур - з1аьнарш кхийдош...
Бутт - седий дехаш ду стиглахь,,
Заманца вовшен ца к1ордош....
Р.А.А.
[10.03, 21:20] Айза: Шеко техкош
Гуьйренан а хуьлу дог1а,
Хуьлу малх а, къегина.
Зезаг хуьлу наггахь чхьора,
Баьтт1ачхула кхелина...
Цунна - м хаа, шело юйла,
Гуьйре хебош йог1уш ерг...
Хаа т1улга т1ехь шен дахар,
Хьекъо тешам боцуш дерг-ъ...
Х1етте а и кхийда ирсе,
Дог ца дуьллуш диканах...
Х1унда г1ерта те вай йисте,
Шеко техкош безамах?
2019
[10.03, 21:23] Айза: Резванова Айза
Ма гуолахь зама...
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гуолахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
Р.А.А.
[10.03, 21:23] Айза: Ткъа безам бахи ахь?
Цунна чохь са ду...
Синбарам цо бустац,
Хенаш ца лоьру...
Марзонан уьрсаца ,
Дилхан дог дору - кх...
Шеца ца яьккхина хан,
Хьан дагца окхуш...
Хьан хила йиш йоцург,
Схьадеха бохуш.
Иманан т1улг дагчохь,
З1окбергца огуш..
Гел хьовзош къевлина,
Ч1аг1онаш отуш...
1ожалла - м яц иза,
Тера - м бу цунах....
[10.03, 22:08] Айза: Кхихкина бели...
Кхихкина бели х1орд, сан деган кедахь,
Ц1ий а дац пхенаш чохь, кхин
тулг1еш етташ...
Сан кийрахь ш'а бинчу г1аттамах кхаьрдаш,
Безам 1а, ша т1улган амалах хьерчаш...
Баттана шен б1аьргийн седарчий къежош,
Ца хьоьжу кхачаре безамах жоп...
Дашочу малхана зезагех лепаш,
Къагабар ца доьху шен деган мохк...
Шовданаш б1аьстенца эшаре дуьйлуш,
Уьдур ду заманал беха некъ лоьцуш...
Сан безам дегак1орггехь шен марзо къуьйлуш,
Бехар бу ойланийн серлонга буьйлуш...
Р.А.А.
[10.03, 22:15] Айза: Дуьне а харцонна т1е тайча,
хьан ойла эшо,
Г1оттур яра со дуьхьал дуьненна,
бакъо хьан толо....
Серлонах цинц боцуш хьо витча,
хьан тешам къажо,
Ч1урамах йага со х1уттур йара,
луш хьуна серло..
Р.А.
[11.03, 10:24] Айза: Човха дехьа,
Сан дог, човха дехьа,
Ойла йоккхуш
Хьайна гена сан,
Делхадехьа,
Б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа,
Безам, къахкабехьа,
Къахь деш суна
Хьуо вевзина де,
Харца дехьа,
Дерриг, харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян,
Дагна хьоме ц1е....
Р.А.А.
[11.03, 10:25] Айза: Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
Сан дагчохь1уьйренан малхах...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо къайла,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
Сан б1аьргаш,
хьо ларвеш, ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
Р.А.А.
[13.05, 4:56] Айза: (Заурбекова тхан хьоме Зураъна)
Тхан дегнаш чохь малх д1абайна,
Эхартахь и къегина.
Цигахь синош карзаха девлла,
Хьо д1аярах кхаъ хилла...
Хьуна - м тайна яларах ялар,
Дазделларг тхан дегнашна.
Хьуо (С1С) Мохьуммад пайхамара,
До1ий юккъе лацарна...
йхамара,
До1ий юккъе лацарна...
Шен Элчана умматана,
Совг1ат дан ша леринчу,
Безчу беттан, Рамаданан,
Деза де хьуна лерина....
Хьо хьакъ яра цу тобанца,
Яххьаш нуьре къагинчу.
Вайн элчано шапа1атца,
Декъалачарах хаьржинчу...
Шен Элчана умматана,
Совг1ат дан ша леринчу,
Безчу беттан, Рамаданан,
Деза де хьуна лерина....
Шен Элчана умматана,
Совг1ат дан ша леринчу,
Безчу беттан, Рамаданан,
Деза де хьуна лерина....
Хьо хьакъ яра цу тобанца,
Яххьаш нуьре къагинчу.
Вайн элчано шапа1атца,
Декъалачарах хаьржинчу
Хьоме Зураъ, хьайга кхаьчна,
Г1азот къобал дойла хьан!
Ялсаманийн ох1ла йина,
Дала хьоьстийла хьан са!
Амин!
10.05.2020
[16.05, 6:18] Айза: Сийлаллехь леринарг, хьол хьалхара воцуш,
Дурс оза барамехь хьол тоьлларг воцуш.
Хьан лорах ван - ваха сов ваьлларг воцуш,
Ма веза вара хьо, ас сица лоруш,
Х1ун ду те вайшинна гергарло кходуш,
Хьан деган ойланаш артйан ницкъ кхочург??
[16.05, 17:01] Айза: Резванова Айза
"Цкъа мацах, цу шинна санна,,
Бохучу дийцаре евлла.
Йуьсур - те сатийсам хилла,
Вайшинна ойланаш сирла?!
Ял йоцуш хир ду - те дайна,
До1анаш хьо воьхуш сайна...
Ас динарш б1аьрхишца хийла,
Багахь хьан ц1е йохуш тийна...
Нагахь и белахь цхьа бекхам,
Вайшиннах хьаьрчина декхар.
Реза ю хьуна ирс делла,
Яга суо, вайшинна метта...
"Цкъа мацах цу шинна хилла,
Ц1еначу безаман дуьхьа,,
Бохучу до1анех хилла,
Дахийта вайшиннах иллий...
2020
[18.05, 14:43] Айза: Резванова Айза
Резванова Айза
Ленйоцчу марзонах...
Йо1а:
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
К1анта:
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Йо1а:
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
К1анта:
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Цхьаний:
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Р.А
Со ю тахна ...
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Дог1у дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне...
2017
Х1умма дац иккхинчахь дог сан,
Диталахь ца тоьгуш вовшах...
Ахь йаьхна тираш и хотта,
Са хьостуш хилъеза моьтта...
Тегарах дашочу хьесаца,
Маха бу дагах чекхбохург...
Хилла чов йицъеш цу моьнаша,
Са ийзош бале а лоьцу...
Иккхинчахь дита ахь дог сан,
Кхин юха хир доцуш эккхар...
Р.А.
[19.05, 2:44] Айза: ьо велла вац тхан дегнаш чохь,
Д1акхалхарх а эхарта...
1ожаллин а ницкъ ца кхочу
Къонахчуьнан ц1е йожо.
Хьо - м вехар ву, масал хилла,
Кху дуьненан турпалхо...
Гора - я1, хьо! Г1азотан да,
Ма сийлахьчех хилла хьо!
[20.05, 22:49] Лиза....: Мечта ты моя, долгожданнвя,
Люблю я тебя не устанна.
Любовь ты моя, не пременная,
Душу мою окрылённая...
Ты песня моя не допетая,
Ты свет, ты моё освещение...
Дорога моя бесконечная,
Вся жизнь ты моя, долговечная!!!
Р.А.А.
[20.05, 23:01] Лиза....: Мечта ты моя, долгожданнвя,
Люблю я тебя не устанна.
Любовь ты моя, не пременная,
Душу мою окрылённая...
Ты песня моя не допетая,
Ты свет, ты моё освещение...
Дорога моя бесконечная,
Вся жизнь ты моя, долговечная!!!
Р.А.А.
[20.05, 23:08] Айза: Мечта ты моя, долгожданнвя,
Люблю я тебя не устанна.
Любовь ты моя, не пременная,
Душу мою окрылённая...
Ты песня моя не допетая,
Ты свет, ты моё освещение...
Дорога моя бесконечная,
Вся жизнь ты моя, долговечная!!!
Р.А.А.
[21.05, 5:28] Лиза....: Мечта ты моя, долгожданнвя,
Люблю я тебя не устанно...
Любовь ты моя, непременная,
Душою моей окрылённая...
Ты песня моя не допетая,
Ты свет, ты моё освещение...
Дорога моя бесконечная,
Вся жизнь ты моя, долговечная!!!
Р.А.А.
[23.05, 14:08] Айза: Резваноа 1аьрбин Айза...
Рамадан батте
Т1аьххьара хьайн дисна де серла даккхий,
Тхан ц1ена 1амалаш 1аьршашка яхий.
Къинош д1алачкъадай, мелехь с'а дахий,
Делахь ахь тоьшалла, хьо безар ларий,
Шеркоьрта Эла тхан, сийлахь бутт, Рамадан!
Марханаш кхаьбнарш ахь, вайн Деле боьхуш,
Ца кхаьбнарш бехке беш, арзаш маделахь,
Массо а бусулба цхьабоьсса воьхуш,
Дина тхан до1анаш къобал дар доьхуш,
Г1олахь хьо, Аллах1е ял йеха, Рамадан!
Баланаш д1атоьттуш, хьайха бехк лоьцуш,
Вовшашна тайна вайн гергарло лоруш..
Тхан миска до1анаш канашка лаций,
Хьайн сий деш кхийдинчу саханех къагий,
Дехалахь тхо Деле, сий долу, Рамадан!
Я Аллах1, хьан г1ийла лай бу - кха кхойкхуш,
Б1аьрхишца хьоьгара къинхетам боьхуш.
Элчанан умматна декъала некъ лоьхуш,
ХьаН дуьхьа лерина г1иллакх ца дохош,
Алий ахь дехалахь, сийлахь бутт, Рамадан!
Хьо Дала базбина, шеркоьрта Эла,
Хьоьцана гергарло лерина мелехь...
Беркатах буьзина, иманах туьйсина,
Эхарта синошна а, хьуна чохь геч дина,
Сий долу Рамадан, хьайна долчу декъана,
Цу Далла гергахь ахь, тхуна геч делахь!
Къинош д1алачкъадай, мелехь с'а дахалахь!
Амин!
23.05.2020
[23.05, 17:15] Айза: Резванова Айза
Сан деган ане
"К1ар - к1ир,, деш д1аоьху г1арг1улеш, сан деган ане,
Х1инца а лаьтта со и аьзнаш схьаоьхуш лере...
Юх - юха самаюьйлу сан эесехь, ца еъна кхане,
Цкъа мацах суьйренца вайшимма йиллинчу хене....
Юха а йоьрзур ю г1арг1улеш, йохъелча б1аъсте,
Хезар ду геннара мохь бетташ аьзнаш схьа, кхоэе...
Юха а хетар ду и аьзнаш сан дагна томехь,
Б1аьргашца лоьцур ду ас амат, сайн дагна хьоме....
2018
Ма гуолахь...
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза...
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гулахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
2018
Сан б1аьргаш чохь...
Ас ма дукху далхийна хьо эшар,
Сагатдеш ас дог а делхийна....
Хьох хили сан ас кхоьллина хьегам,
Сайн безаман ц1е а тиллина...
Геннахь хиларх суна - м тов сайн харжам,
Асса - м дерриг дуьйцу хьоьга д1а...
Хьо бу сан ницкъ, хьо, сан деган тешам,
Совг1ате бу суна кхоллам хьан...
Азаллехь со кху дуьненчу йог1уш,
Ас хаьржина хилла безам сан,
Т1аьххьара со дуьнено шех къастош,
Сан б1аьргаш чохь соцур ду сурт хьан....
2018
Резванова Айза
Дог дохош хилла - кх, балано,
мерза ша хиларх а...
Дог 1овжош хилла - кх, безамо,
Ц1ена и, хиларх а...
***
Дог тедан
Х1унда хьо схьагушехь
Йоьду со бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна,
бераллехь цкъа тайнарг сайна...
Уьду те са цига,
лууш и марзо хьох эейан,
Я лаьа, хьан дагчохь,
бер санна лечкъаш, дог тедан??...
Хьан терго лела сан
дахарехь ойланаш къажъеш...
Сахиллалц седарчех къега и,
Хьо гойла марздеш...
Сатосуч - седанах суо тарлой,
са долу серла,
Дуьне сан сих къаггал там хуьлий,
ирсах дог кхела...
22. 03.2018
Ткъа х1инца...
Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
2018
Жималла, б1астенан юьххье,
Зазашлахь, зезагашлахь...
Ца къаьсташ шен ирсан лакхе,
Йоьду д1а, къегаш э'сехь....
"""""
Малх хуьлу новкъа,
Ша т1ех бохбелча,
Сан серла ялар а,
Сов дела - те?
Хиллий те ирсе,
Сан байтийн кхоллам,
Я теси цара а,
Хьан дагчу кхуолар?
Дагахь а доцуш,
И - м хила тарло,
Хьо генахь хиларх а,
Сан дог ца къарло - кх...
Р.А.
[24.05, 17:13] Айза: Резваноа 1аьрбин Айза...
Рамадан батте
Т1аьххьара хьайн дисна де серла даккхий,
Тхан ц1ена 1амалаш цецех чекх яхий.
Къинош д1алачкъадай, мелехь с'а дахий,
Делахь ахь тоьшалла, хьо безар ларий,
Шеркоьрта Эла тхан, сийлахь бутт, Рамадан!
Марханаш кхаьбнарш ахь, вайн Деле боьхуш,
Ца кхаьбнарш бехке беш, арзаш маделахь,
Массо а бусулба цхьабоьсса воьхуш,
Дина тхан до1анаш къобал дар доьхуш,
Г1олахь хьо, Аллах1е ял йеха, Рамадан!
Баланаш д1атоьттуш, хьайха бехк лоьцуш,
Вовшашна тайна вайн гергарло лоруш..
Тхан миска до1анаш канашка лаций,
Хьайн сий деш кхийдинчу саханех къагий,
Дехалахь тхо Деле, сий долу, Рамадан!
Я Аллах1, хьан г1ийла лай бу - кха кхойкхуш,
Б1аьрхишца хьоьгара къинхетам боьхуш.
Элчанан умматна декъала некъ лоьхуш,
Хьан дуьхьа лерина г1иллакх ца дохош,
Алий тхо дехалахь, Деле ахь, Рамадан!
Беркатах буьзина, иманца туьйсина,
Эхарта синошна а, хьуна чохь геч дина,
Хьоьца долу гергарло сов меле лерина...
Сий долу, Рамадан, хьайн тоьшаллийца,
Махьшерийн майданахь тхо юьхьк1ай делахь!
Амин!
23.05.2020
Я резванова Айза Арбиевна...
Являюсь членом союза писателей РФ - ции.
Пишу на чеченском и на русском языке.
Я являюсь автором разных произведении, в том числе и являюсь автором многих песень на своих словах и на музыке...
Являюсь автором детских произведении, куда входят стихи, сказки, рассказы, миниатюры.
Стихи напечатаны и на школьных учебниках...
Так же, являюсь автором многих песен, в ьом числе и детских песен...
На мои слова и на мою музыку, исполняют песни избранные артисты ЧР - ки....
1) "Сан г1ала,, в испол.Гадаев Валида на.слова Резванова А.А. музыка Паскаева Рамзана...
2) "Соьлжа г1ала,, в испол.Эбиев Ильяса. слов.Резвановой А.А музыка Паскаева Рамзана.
3) "Со д1айоьду,, слова.музыка.Резвновой А.А. исполняет Ибрагимова Мая...
4) "Йиш йоьхна вог1у со,, в исполнении Тунтаев Дуквахи.Слова и музыка Резвановой А.А.
6) "Дахи вай адамаш...) испол.Тунтаев Д. Сл.Резвановой А.А. музыка Дидигов Б-Х.
7) "Безаман ницкъ,, в исполнении Зары Эльмурзаевой слова Резвановой мущ Мусхабов И.
8)"Хьо воцча йоьду со...,, в исполнении избранной артистки всеми народами прозвищей "Чеченкий соловей,, Айны Исаевой...
Так же в исполнении Айны Исаевой "Жима лулахо,, "Х1ай зама,, "Нохчийн мотт,, "Дахаре,, "Ткъа суна -м лиънера,, и.т.д. Так же, на мою музыку и на мои слова: детские песни"Малх бу боьлуш,, "Полла,, "Писуй, к1езий,, "1аьнан к1ур,, и.т.д.
9) Являюсь автором гимна, редакции " Исламан з1аьнарш,, в переводе на русс."Зори Ислама,, в исполнении Домбаев Магомеда...
10) песня"Ас маршо йоьху,, слова.музыка Резвановой А.А. в исполнении Розы Енгульбаева...
И.т.д.
1) книга на чеченском языке вышла под названием "Безаман ницкъ,, в переводе на русс. (Сила любьви) вышла 2011 - м году.
2009 рассказ в прозе на общ.книге Чеченский фольклёр "Болх бича луш ду ахча,,
На книге "Созвездие,, стихи...Так же на многих журналах как "Орга,, "Нана,, "Зама,, "Академик,, На детском журнале "Стел1ад, выходили разные произведении в стихах, рассказах, в сказках и в песнях...
Являюсь автором проекта "Творческие инвалиды,, где занимаюсь с инвалидами в малоизвестной группе писателей "Меттан марзо,, созданный мной 2016- м году, в целях разиевать творческих инвалидов, где не остался в стороне и благотворительный фонд, Ахмед -Хаджи Кадырова.
Являюсь автором публикации на газетах разных статей...
Явлюсь автором афаризмов на чеченско - руссом, на двух языках...
И.т.д.
Собраны произведении и стихи на изданик очередрой криги под названием "Меттан марзо,, и.т.д.
[10.03, 12:06] Айза: Резванова Айза
Х1ун къуьйссу...
Мокхача басахь, т1улг 1уьллура,
Бос ца хуьйцуш заманца...
Цунна уллехь зезаг кхиъна,
З1ийдиг хецна дозанца...
Хаза зезаг коча техка,
Махо, малхо хьаьстича...
Цунах доьжна 1индаг1 сетта,
Зезаг ша ду моьттина....
Малхо дуьненна гуо тосуш,
Т1улган 1индаг1 уьдура.
1индаг1 зезаган, т1улг лоцуш,
Доза къийсса х1оьттира...
1индаг1 т1улган, кхин ца къуьйссуш,
Т1улга т1еэьа делира...
Ткъа зезаган 1индаг1 цунна,
Куралла ян х1оьттира...
- Стенна, т1улга т1ехьа лечкъаш,
Ахь кеп х1итто оьшу - те?
Хьан бос байча сингаттамна,
Мархаш йовлу ялхаре...
Т1улган 1индаг1 юха кхечи,
Малхаца шен некъ бина,
Деладелла и дист хили,
Цунна жоп луш, кхетамца...
Шен кхолламца берта бахна,
1уьллу и т1улг "тап,, аьлла...
Цуьнца тайна зезаг лаьтта,
Т1улг башшал ша эсала...
Вайша - м басца къасталур дац,
Ойла елахь хьекъалца...
Царах доьжна, вай х1ун къуьйссу,
И шиъ берттахь даьхначахь??
Р.А.А.
[10.03, 19:31] Айза: Резванова Айза
Ма ехьа куралла, дагна хьуо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1е хийшош...
Хилахьа векхалой, б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош.....
Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттаса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го даггара цуьнца ирс доькъуш...
Шакаршца олхазарш эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам карзаха бохуш...
Ма ехьа куралла, дагна хьуо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1е хийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош....
Р.А.А.
[10.03, 19:40] Айза: званова Айза
Со кхоьру...
Со кхоьру, бехк боцуш вас хьуна хиларна,
Кхоьру, хьайн лаамах дог ахьа тешорна...
Кхоьру, хьан сатийсам шен некъах тиларна,
Безаме кхийда дог ял йоцуш дисарна...
Кхоьру со, хьан сирла ойланаш кхуоларна,
Кхоьру, цхьа бахьназа бехке со йисарна...
Хьан ц1енчу кхетамехь шеконаш техкарна,
Кхоьру, сел хьекъале, хьо сох ца кхетарна....
Къера ю, со сайца долучу сакхтана,
Сан дог ду массарца са декъа 1емана...
Доьху ас, со бахьнехь наб яйна хьовззал,
Сан серло са яьллехь, кьинт1ера валар!
Р.А.А.
[10.03, 19:51] Айза: Ца лаьа...
Ца лаьа суна,
хьан аз хаза а,
И дацахь хьан
лаам толош...
Хьо ган а ца лаьа,
вог1уш, я, воьдуш,
Хьан дагна и
дацахь томехь...
Ца лаьа къага,
б1аьстенан малхах,
Хьан деган
зазз хьастар дацахь..
Ца лаьа 1аьржаллехь
седанах сега,
Бетта нур, хьан
сих ца къагахь...
Р.А.А.
[10.03, 20:08] Айза: Ахь нийса ца дийши...
Ахь нийса цадийши,
Сан б1аьргийн йоза.
Къорам ду ойланийн,
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера,
Хьан г1иллакх довза,
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза...
Ахь нийса цадийши,
Сан б1аьргийн йоза.
Хьан зезаг кхиош дац,
Сан деган доза.
Д1абайна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана,
Эешац кхин ах...
2012
[10.03, 20:09] Айза: Резванова Айза
Хьо д1аводахь
Хьо д1аводахь,
Дуьтуш ц1ергахь дага дог...
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а,
Лекхчу лаьмнех,
Хьох йоьттина ойланаш а,
Сингаттамца,
Д1ахаьрцар-кха заманахь...
Хьо д1аводахь,
Дуьтуш маьлхан дог1анаш а.
Б1аьсте хазъеш,
Вай кхиийна зезагаш а,
Доггах боьлуш,
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.
Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а.
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг, деригге а,
Ахь д1ахьолахь,
Ца дуьтуш кхин т1ам хеца.
Суна геннахь,
Ирсан декъахь, хьай ваха...
Р.А.А.
[10.03, 20:12] Айза: Айза Резванова
Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш, безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
-«Вуйтеша хьан дагчохь кхин?»
Йиш йоцуш деган не1 д1аелла,
Д1ахеца безаман нур.
Ойла еш, со хьоьга д1ахьаьжча,
Дог лоцуш, буьйжира гур.
Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Ц1еххьана малх сирла къегина,
Набарха яьккхира со...
[10.03, 20:30] Айза: Резванова Айза
Бераллийн уьйр...
И вита ахь алахь,
Ю ас хьо юьтур,
Цуьнца ю сан деган
Марзонан уьйр.
Йиш ма яц д1ахада
Бераллийн туьйра,
Эесо и ца дуьйцург
Ю деган къоьлла....
Къу берзан буьйса а
Ма йолу серла,
Хьох дагаюьйлучахь
Д1аяхна зама...
Седарчий самадовлу,
Гуонаха къегаш,
Лергдиллина ладег1а,
Беттасих дуьйцуш...
Ойланаш ийъало,
Са карла дохуш,
Жималлийн марзоно
Дегк1орге охуш...
Ткъа зама д1аоьху,
Са меха туьйсуш,
Бес - бесара сан некъаш,
Вовшеха тоьгуш...
Р.А.А.
[10.03, 20:31] Айза: Резванова Айза
Беха некъ бу
Беха некъ бу, дахарехь ас бинарг,
Йисте кхочуш лаьтта х1инца со.
Мерза безам, сан дахарехь хилларг,
Генна т1аьхьа сецна суна го.
Дега безам, юха хьаьжчи гушшехь,
Со жималло чехайора д1а.
- Д1а ма хьежа, - бохуш, - и, хьо эешахь,
Кхочур ву хьо лоьхуш т1аьххье схьа.
Къегий йоьлуш, дог сан дохуш кура,
Хьоьстуш, дахар хаздеш суна сайн.
Ткъа жималло мотт сан сеца бора,
Суна хьалха дуьллуш дашо т1ай.
Дахаран некъ кхечи х1инца йисте,
Хих со ели, лоьхуш ирсе т1ай.
Ткъа ирс хилла, сан безамах доьзна,
Цунах суна диснарг, дуткъа тай
[10.03, 21:13] Айза: Резванова Айза
1аьржаллехь юкъйелча буьйса,
Седарчий набарна тхьевси.
Бетта са ца долуш гуча,
Цхьа седа саготта хьевзи....
Реманех д1ауьду мархаш,
К1ай - мокха вовшеха хьерчаш...
Хиш, лаьмнаш, аренаш, хьаннаш,
Т1ехула 1индаг1аш хоьхкуш...
Дуьненна гуо тесна баьлла,
1аьршашка батто нур хьаьрси...
Шен деган са парг1ат даьлла,
Седано цуьнца некъ хаьржи...
Вовшашна генахь я уллехь,
Безамца нур - з1аьнарш кхийдош...
Бутт - седий дехаш ду стиглахь,,
Заманца вовшен ца к1ордош....
Р.А.А.
[10.03, 21:19] Айза: Резванова Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
Р.А.А.
[10.03, 21:20] Айза: Шеко техкош
Гуьйренан а хуьлу дог1а,
Хуьлу малх а, къегина.
Зезаг хуьлу наггахь чхьора,
Баьтт1ачхула кхелина...
Цунна - м хаа, шело юйла,
Гуьйре хебош йог1уш ерг...
Хаа т1улга т1ехь шен дахар,
Хьекъо тешам боцуш дерг-ъ...
Х1етте а и кхийда ирсе,
Дог ца дуьллуш диканах...
Х1унда г1ерта те вай йисте,
Шеко техкош безамах?
2019
[10.03, 21:23] Айза: Резванова Айза
Ма гуолахь зама...
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гуолахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
Р.А.А.
[10.03, 21:23] Айза: Ткъа безам бахи ахь?
Цунна чохь са ду...
Синбарам цо бустац,
Хенаш ца лоьру...
Марзонан уьрсаца ,
Дилхан дог дору - кх...
Шеца ца яьккхина хан,
Хьан дагца окхуш...
Хьан хила йиш йоцург,
Схьадеха бохуш.
Иманан т1улг дагчохь,
З1окбергца огуш..
Гел хьовзош къевлина,
Ч1аг1онаш отуш...
1ожалла - м яц иза,
Тера - м бу цунах....
[10.03, 21:25] Айза: Х1иллане мох
Х1иллане мела мох шок лекха баьлчи,
Ду моьттуш баьстенан самукъне аз.
Малх кхетта, 1аьнан цхьа де серла даьлчи,
Жимачу марг1ало хийцира заза.
Г1ура т1елетарх а, шан м1араш къийзош,
И хазлуш къегира, цец доккхуш 1а.
Даш санна, дазделла, ло т1ет1а хьийзош,
Цо къиза, хьулйира и хазна д1а.
Заманна гуш яра, ойла цо йина,
Г1о дан йиш йоцуш ша хетарна г1ийла.
Мохь тоьхна йилхира, и цуьнан къина,
Г1а-бецо оьцийла-кха, бохуш:-хьан ч1ир.
Еъна схьакхечира, и къуона б1аьсте,
Лайн чимаш делхадеш, 1иенийра хиш.
Жовх1арех лепачу, шовдана коьртехь,
Марг1ална хазийра безаман йиш...
Р.А.А.
[10.03, 22:08] Айза: Кхихкина бели...
Кхихкина бели х1орд, сан деган кедахь,
Ц1ий а дац пхенаш чохь, кхин
тулг1еш етташ...
Сан кийрахь ш'а бинчу г1аттамах кхаьрдаш,
Безам 1а, ша т1улган амалах хьерчаш...
Баттана шен б1аьргийн седарчий къежош,
Ца хьоьжу кхачаре безамах жоп...
Дашочу малхана зезагех лепаш,
Къагабар ца доьху шен деган мохк...
Шовданаш б1аьстенца эшаре дуьйлуш,
Уьдур ду заманал беха некъ лоьцуш...
Сан безам дегак1орггехь шен марзо къуьйлуш,
Бехар бу ойланийн серлонга буьйлуш...
Р.А.А.
[10.03, 22:09] Айза: Соьцаберг ца хеташ, толам, эшам,
Хьо- м ца веши, ойланех а сан...
Делахь а, цкъа мацца кхаьчна а, кхача - м,
Лаьар - кха, хьан некъ цу ирсе д1а....
Цул т1аьхьа, сайн деган уьйраш хедош,
Хьоьха доьзна некъаш хедадан...
Хьо цу ирсехь вуьтуш маьрша ваха,
Хьанал дина, ахь сайн диъна са...
Р.А.А.
[10.03, 22:15] Айза: Дуьне а харцонна т1е тайча,
хьан ойла эшо,
Г1оттур яра со дуьхьал дуьненна,
бакъо хьан толо....
Серлонах цинц боцуш хьо витча,
хьан тешам къажо,
Ч1урамах йага со х1уттур йара,
луш хьуна серло..
Р.А.
[10.03, 22:17] Айза: Ахь х1унда хаьржи те, дагца со,
Сан ма бац некъ дагчу хьан...
Х1унда хьан дийки те, илли сох?
Ойла а ма яц сан хьох....
Хьо х1унда г1ерта хьайн серлонца?
Со къасто сингаттамах....
Деза те, къа хета, дог лаза,
Сан х1инца, хьан безамах?
Ас доьху ма х1отта некъ лаца,
Хьо х1инца заманна сан...
Сайн сина архаш ас д1а хецна,
Маьрша некъ, абаде бан....
[10.03, 22:46] Айза: ***
Кхоьлина д1аоьху сан денош,
Ца бевзаш синмерза кхоллам...
Хьо тахна ца хьаьжи са 1ехош,
Базбайта сан даге толам...
Ткъа муха хир ю те сан б1аьсте,
Дагалеца дашо малх боцуш...
Хир юй те зама а дог хьаста,
Мерзачу муьрго са лоьцуш??...
[10.03, 22:48] Айза: ***
Хьо а ма веа орцаха суна,
Ц1ен ахкарг а кхийдош...
Маржа йа1 хьо комаьршалла,
Йоцу лоьхучуьнгахь...
Делахь хьуна сан баркалла,
Сан дог хьаста варна...
Деган малх бац сан д1абайна,
К1еззиг лахь а тешам...
Р.А.А.
[10.03, 22:49] Айза: Ас безамах йазйарах сайн байташ,
Хьо ма тешалахь цу безамах...
Ас и дешнаш йаздо, ойла хазйан,
Тарлуш хилла цара - м, и йазйан а....
Р.А.А.
[10.03, 23:17] Айза: Резванова Айза
Барзе
Муьлхачу балано дожий те,
Х1ай Борз, и турпала дег1 хьан?
Х1унда хьо де эшна йоьжна те,
Декъазчийн амале яхна?
Муьлхачу дагаро букара,
Хьовзий те, буолата букъ хьан?
Хьан ц1арах ма дара дерриге,
Майрачу амалах доьзнарг...
Айдехьа, турпала дег1 хьала,
Ца шалдеш кийрара дог сан...
Ас хьайха тешийна лазамаш,
Битахьа ирсе дог даха...
2019
[11.03, 0:02] Айза: Резванов 1аьбийн Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
[11.03, 1:33] Айза: И иштта - м ду..
Со х1унда хьоьжу хьан суьрте,
Стенна ас йоху хьан ц1е...
Х1унда сатуьйсу хьо гаре,
Дагар деш мел дог1у де???
Хьо х1унда воьху ас малхе,
Я батте, седарчешка...
Х1унда суо хета те ирсе,
Хьо ирсе хилар хиъча...???
Х1унда сан даго хьо хоьржу,
Кхечарах къаьставеш схьа...
Хьох иллеш ас х1унда дог1уу,
Гуьйренан 1уьйре хазъян...???
Т1аьххьара безам бу мерза,
Олуша - м, со хезна ю...
Амма и безам бу алар,
Ца тарлахь - ъ, и иштта - м ду...!
2018
[11.03, 2:18] Айза: Ахь х1унда хаьржи те, дагца со,
Сан ма бац некъ дагчу хьан...
Х1унда хьан дийки те, илли сох?
Ойла а ма яц сан хьох....
Хьо х1унда г1ерта хьайн серлонца?
Со къасто сингаттамах....
Деза те, къа хета, дог лаза,
Сан х1инца, хьан безамах?
Ас доьху ма х1отта некъ лаца,
Хьо х1инца заманна сан...
Сайн сина архаш ас д1а хецна,
Маьрша некъ, абаде бан....
[11.03, 2:22] Айза: Резванова Айза
Дахар лай...
Цкъа хьостий деладеш,
1овжадой делхош,
Вайн г1ийла синош ду
Дуьнено ловзош...
Вайн майра дегнаш ду
Куралло 1ехош,
Зоьртала дог1маш ду
Цамгарша эегош....
Зама ю дахаран
Орамаш хедош,
Толаман байракх ю
1ожалле кхийдош...
Вайх цкъа а ца хилла
Дуьненан дай,
1ожалла ю эла,
Ткъа дахар, - лай!
[11.03, 8:56] Айза: Ас безамах йазйарх а сайн байташ,
Хьо ма тешалахь цу безамах...
Ас и дешнаш йаздо, ойла хазйан,
Тарло цара - м, и хьан йазйан а....
[11.03, 8:57] Айза: Хьо - ъ ма веа орцаха суна,
Ц1ен ахкарг а кхийдош...
Маржа йа1 хьо комаьршалла,
Йоцу лоьхучуьнгахь...
Делахь хьуна сан баркалла,
Сан дог хьаста варна...
Деган малх бац сан д1абайна,
К1еззиг лахь а тешам...
Р.А.
[11.03, 9:52] Айза: Хьан кураллийна тоьарий те, сан серло?
Кхин гуьйренца малх а бохлац луш йовхо....
Ас кхийдориг яра даггара марзо,
Комаьршаллех дог - м ца дисна кийрахь буо...
Яхначу замане куьг кховдо ю таро,
Ас сайн шерех йоьттина б1ов ю, дашо....
Делахь, буолар, дог а дац сан къарделла,
Иэс хьекъалца дог1у тахна а, тарделла...
Ша лам башо - л хир ю дагчохь сан йовхо,
Амма хьан дог достарг хир ду замано...
Р.А.А.
[11.03, 10:07] Айза: Резванова Айза
Къинхетам бу те хьо, безам,
Кхетам, я тешам бу хьо,
Бу те хьо, сингаттам, эшам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Къизалла ю те хьо, безам,
Я ду те, хьаьрчина къа,
Бу те хьо, тидам, я кхиам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Синлехам бу те хьо, безам,
Ю теша, синмарзо хьо,
Бу те хьо, синхьегам, лешам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Хьох тардеш, маьлхан нур къегар,
Б1аьсте а, зазза - 1алам хьох...
Амма ас хьох олу, - белам,
Есаллехь бисарна хьо!
Р.А.
[11.03, 10:08] Айза: Р. Айзина.
Лазам а хуьлуш бу - безам,
Бекхам а хуьлуш бу иза.
Седанал къегаш а - безам,
Мостаг1ал наггахь и къиза..
Х1етте а - Делера совг1ат,
Хетало сунам хьо, безам.
Реза ю хьоьх дагайуьлуш,
Лела хьо сайн дагчохь къуьйлуш.
/Медина Ис./
[11.03, 10:24] Айза: Човха дехьа,
Сан дог, човха дехьа,
Ойла йоккхуш
Хьайна гена сан,
Делхадехьа,
Б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа,
Безам, къахкабехьа,
Къахь деш суна
Хьуо вевзина де,
Харца дехьа,
Дерриг, харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян,
Дагна хьоме ц1е....
Р.А.А.
[11.03, 10:25] Айза: Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
Сан дагчохь1уьйренан малхах...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо къайла,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
Сан б1аьргаш,
хьо ларвеш, ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
Р.А.А.
[11.03, 10:54] Айза: Айза Резванова
Х1ун ду те, хьан озе даго сатийсар,
Хьо гича пхенаш чохь ц1ий ловзадийлар.
Сан б1аьргийн нур- къолам сел говза хилар,
Хьан сарташ дахкарца и серла бийлар?
Х1ун ду те, синмарзо хьан ц1арах хьерчар,
Хьан амат б1аьргаша бодашкахь къаьстор.
Самаха, г1енаха хьо ган сатийсар,
Я ца гуш хан яьлча, са дагна тийжар
Хьарчийна хилла те, безаман ас къа,
Ас хьоьга санна сатийсинарг со ган.
Вуьтуш са даимна, марзонах хьега,
Дог дага дитина къизаллийн ц1ергахь?
Иштта и хиллехь а, меттиг бу 1аба,
Жималлийн ницкъ бара юха а къага.
Шераш т1е шо дуьллуш, д1аэхарх зама,
Ца туьгу безаман суй баьгна бала.
Юха а хьо гаро, ц1е марса йоху,
Юха а, суй сийсаш, са карзах доху.
Безаман мохь дагна базбелла бог1у,
Х1ун ду те замано сан дагца окхург!?
2012
[11.03, 10:56] Айза: Ас эрна ца дина некъаш,
Дахарехь ирсан лар толлуш...
Ца ихна деса сан шераш,
Яхь йолу Т1ерлойн к1ант лоруш....
Генна д1а некъах - некъ хуьттуш,
Ели со ворх1 ломал дехьа.
Сан ирсан оьмар т1е луьстуш
Вехаш ву, Къонаха, Т1ерло!
Малхаца, баттаца г1уьттуш,
Де - буьйса марзонца луьстуш,
Дехар ду зама д1аюстуш,
Вайн Далла хастам бан х1уьттуш!
2019
[11.03, 11:17] Айза: Хьо стенгахь хилла те,
Со мичхьа лелла??
Вовшашна вай ца гуш,
Хан муха яьлла?
Хьо гуш бен сан б1аьргаш,
Ца хуьлу - кх сема...
Хьо воцчахь дахар а
хуьлу сан, делла...
2019
[11.03, 12:24] Айза: Резванова Айза.
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш я бузуш малх...
Сан б1аьргаш хьоьсту жил - 1аламо,
Дахаре ойла марзъеш...
Хьан некъах хуьтту некъ ойлано,
Безамх дог тешадеш...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
Р.А.
[11.03, 12:30] Айза: Резванова Айза
Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна, цкъа тайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те цига са, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер санна
Лечкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллалц седарчех къега и
Хьох ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьлий,
Ирсах дог кхела....
[11.03, 12:32] Айза: Резванова Айза
Са парг1ат хир ву хьо - м,
Хьайн дагахь дерг аьлла,
Сан деган чиркх бойуш д1а...
Цу дешан ойла еш,
са парг1ат ца долуш,
со йиси бодашкахь 1а...
Дог1ане ойланаш,
Малхехь сан якъийна,
Са серла даьккхина цкъа...
Бала сан лалина,
Сан дагчу тарбина,
Х1ордах ахь ди суна - м ц1а...
Со хьанах тешар ю,
Муьлха некъ лоцур бу,
Юху ас бакъ бина схьа....
Сан даго къобал веш,
Со теша 1амийнарг,
Ца кхои - ч, ахь а сан са...
[11.03, 12:33] Айза: Резванова Айза
Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош, са хьоьга ца тийсса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ах, сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха, заманца,
Кхин юха ца ийзош...
Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькханах
Ца хоьрцуш...
Хьо воцчу йоьду со,
Мехех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех,
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн синкъа ас
Хьарчийнехь...
Къинт1ера валалахь,
Ас дагца доькъур ду,
Хьо эешар....
[11.03, 12:34] Айза: Резванова Айза
Хьо вог1ург ма хилла,
Геннара б1аьрг тоха.
Со ехачу дозанан,
Синбарам буста...
Хаьарий ткъа хьуна,
Цкъа мацах дуьйна схьа...
Ас лелош хилар а,
Хьайн некъан бустам?
Хьо геннахь хилар а,
Дегйовхо лоруш,
Йоккхаер дара соьца,
Ирсан да хила...
Цхьана дийнахь синмерза,
Мукъамаш совцахь,
Ца уьдуш соцур бу,
Са лоьру цхьамза...
[11.03, 12:36] Айза: Резванова Айза
Сан б1аьргаш чохь
Ас ма дукха далхийна хьо эшар,
Сагатдеш ас, дог а делхийна....
Хьох хили сан, ас кхоьллина хьегам,
Сайн безаман ц1е а тиллина...
Геннахь хиларх, суна - м тов сайн харжам,
Асса - м дерриг дуьйцу хьоьга д1а...
Хьо бу сан ницкъ, хьо сан деган тешам,
Совг1ате бу суна кхоллам хьан...
Азаллехь со, кху дуьненчу йог1уш,
Ас хаьржина хилла безам сан,
Т1аьххьара со, дуьнено шех къастош,
Сан б1аьргаш чохь соцур ду сурт хьан....
2019
[11.03, 14:16] Айза: Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна, цкъа тайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те цига са, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер санна
Лечкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллалц седарчех къега и
Хьох ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьлий,
Ирсах дог кхела
[11.03, 14:37] Айза: Со жима бер санна ма г1ерта хьан деган йовхоне,
Геннара ма хьоьсту б1арз делла сан са хьан ховхалло...
Хьан деган корашка хьоду са, полланах айъалой,
Юху а кхерало, шийла ло ма хуьлу, сирла к1ай...
Дуьсур ду те сан са, лайчимаш санна шаьш хих даша?
Юьтур ю те ахь со, чим хиллалц кийрара дог дага?
Геннара беттаса нур 1енош лела вайн тидам беш,
Ас ц1енчу безамца хуьттур ду вайн некъаш, ирс эедеш...
Р.А.
[11.03, 16:03] Айза: Со х1уьттур яц, хьан не1аре,
Йоьхуш серло сина сайн..
Я лелар яц хьо вицвина,
Яций со - м, хьох байна чам...
Ехар ю со сайн ойланца,
Ца беш хьуна бала сайх...
Хьан а хила тарло дагчохь,
Со йоцург дог дохдеш хьайн...
Зама денна юьйлу гена,
Цо ца лахдо болар шен...
Со х1унда ю сов дог к1еда,
Дог кхардош сайх, айса сайн?
Безамо - м хьа - х, воккху шеха,
Дамара - дурц деш, адамах...
Амал дац - кха, сан кхин лела,
Сайн лааман йийсарехь....
Р.А...
[11.03, 16:39] Айза: Резванова Айза
Ма волахьа...
Ма волахьа ткъай итт шарахь, цкъа къегачу седанах,
Мегар дацара те хьо кхача, кху сан деган лаамах!?
Ца к1ордорах хуур дара, хьуна хьайна сагатдан,
Кхетам сема сан а хир бара, куралла хьан эшаян.....
Ма волахьа, б1аьстенан мур чахчош йолчу шелонах,
Мегар дацара те, хьо къага,
1алам дендечу малхах...
Йоькъур яра мерза къайле,
дагна хьомечу сица,
Хьан г1айг1ане ойла зарз еш,
седарчешка хьестийта...
.2019
[11.03, 18:38] Айза: Хьох къилба сайн дина,
Хьан бага хьоьжуш...
Ахь олу дош мохо
дахьарна кхоьруш...
Ас сий деш, даггара
Хьох йина ойла,
Хили те декъаза,
хьан тешам балла?
Р.А.А.
[11.03, 18:40] Айза: Резванова Айза
Лелла - кха....
Рицкъа ца хиларх а, вайн цхьана даха,
Ницкъ бац - кха, дагчуьра, д1авайа хьо.
Реза ю дахарехь сатуьйсуш яха,
Сан безам, хилчхьана хьо суна ган.
1ожалло ц1еххьана мерза са лацахь,
Цунах а ларбийр бу ас безам сайн,
Сан каш т1ехь б1аьстено ц1ен зезаг дастахь,
Хаалахь, сан безам баланза буй.
Кхолламах д1аийна, сан дог цадаьгна,
Довза ирс хиларна йоккхайе со.
Дуьненан сатийссам, ас дагчохь кхаьбна,
Эхартахь ас сайна воьхур ву хьо...
Хьо тешаш хилалахь, сан дагна везнарг,
Ас хьанал дина хьан безамна са.
Безамах ца тешаш, дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла-кха, са лелош, веллашехь ша...
[11.03, 18:46] Айза: Р.А.
Резванова Айза
Безамо шераш ца лоьру,
Ца хоьржу заманан МУР....
Бахаме, хьоле ца хьоьжуш,
Цо дагчохь къагадо нур...
Жималлийн шерашка вуьгий,
Къаналлех кхардадо дог....
Къоналлийн доьналлех воккхий,
Акха д1а идабо ког....
Т1аккха цкъа мацца а тухий,
Динара воссаво цо…
Ша шега хаьттарш деш, духий,
Дерриг чохь къовлало дог....
[11.03, 18:48] Айза: Ткъа х1инца...
Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
[11.03, 18:50] Айза: """""
Малх хуьлу новкъа,
Ша т1ех бохбелча,
Сан серла ялар а,
Сов дела - те?
Хиллий те ирсе,
Сан байтийн кхоллам,
Я теси цара а,
Хьан дагчу кхуолар?
Дагахь а доцуш,
И - м хила тарло,
Хьо генахь хиларх а,
Сан дог ца къарло - кх...
Р.А.
[11.03, 18:54] Айза: Резванова Айза
Х1умма дац иккхинчахь дог сан,
Диталахь ца тоьгуш вовшах...
Ахь йаьхна тираш и хотта,
Са хьостуш хилъеза моьтта...
Тегарах дашочу хьесаца,
Маха бу дагах чекхбохург...
Хилла чов йицъеш цу моьнаша,
Са ийзош бале а лоьцу...
Иккхинчахь дита ахь дог сан,
Кхин юха хир доцуш эккхар...
Р.А.
[11.03, 19:05] Айза: Ахьа куьйга йаздинарг
Ас дагчохь лардина...
Х1ора элп сай сина меха а хеташ...
Ахь дагчохь хьулдинарг,
Суна ма дазделла,
Вац те хьо тохара санна сох тешаш?
Нагахь хьуо ойланца хервеш цхьа бахьна,
Х1оьттинехь сох тешам буьтуш хьайн техка...
Сан дехар ду хьоьга, ца юьтуш мекха,
Алалахь д1аьвше дош, са даллал къаьхьа...
2019
[11.03, 19:20] Айза: Резванова Айза
Мегар дуй...
Мегар дуй, ас йохо ойланийн тийналла хьан?
Хьан дагчу мегар дуй, б1аьстенан аьзнашца йан?
Мегар дуй ас даржо, хьан дозанахь бетта са?
Алахьа, мегар дуй, ас лачкъо, б1аьргийн нур хьан?
Мегар дуй со кхача, лаьмнашка, хьан дагчуьра...
Ирсан лам, безаман, тешаман раьг1наш кхин - д1а а...
Ас лара мегар дуй уьш къагар сайн ирсана....
Мегар дуй, со яха, дахарехь чиркх хилла хьан??
[11.03, 19:34] Айза: нова Айза
Сан деган ане
"К1ар - к1ир,, деш д1аоьху г1арг1улеш, сан деган ане,
Х1инца а лаьтта со и аьзнаш схьаоьхуш лере...
Юх - юха самаюьйлу сан эесехь, ца еъна кхане,
Цкъа мацах суьйренца вайшимма йиллинчу хене....
Юха а йоьрзур ю г1арг1улеш, йохъелча б1аъсте,
Хезар ду геннара мохь бетташ аьзнаш схьа, кхоэе...
Юха а хетар ду и аьзнаш сан дагна томехь,
Б1аьргашца лоьцур ду ас амат, сайн дагна хьоме....
2018
[11.03, 19:40] Айза: Резванова Айза
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош.....
Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го, даггара цуьнца ирс доькъуш...
Шакарца олхазар эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам хета цо буьйцуш...
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош...
Р.А.
[11.03, 20:02] Айза: Кхардахьа
Велахьа, кхардахьа безамах сан,
Суна хьо везарх цец валий...
Кхаьрдинарг т1е дог1у боху и къа,
Дер дацара те хьуна бале?
Волахьа, кхачахьа хьомениг хьо,
Сагат деш вацахь со гаре...
Х1ун хаа, са 1ехо веъначахь сан,
Ас юьллий хьан дагчу кхане...
Алахьа, дийцахьа, безамах ахь,
Хаза дош мелехь ду алий,
Даггара ц1ена дерг са даьлла сан,
Хир дацара те декъал вайший....
Хьажахьа, сацахьа сан некъа цкъа,
Ца хууш тилкхаза валий,
Хир дацара те висар ца къааьсташ д1а,
Бериг бехк кхолламан ларий....
[11.03, 20:09] Айза: Джабраилова Азмане..
Дахарехь замано дика - вон хоьрцу,
Цу т1ехь вайн кхолламах баккха бехк бац...
Хьан мерзач 1аьнаро г1айг1анех йоккху,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх!!!
Юха а 1уьйренца малх хьалаг1отту,
Сан дагчохь г1отту хьан эсала васт...
Ма марзо ю хьоьца, дуьне а хьасттал,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх!!!
Яхалахь хьо дукха, шераш ца лоьруш,
Къаналла йог1ур яц хуьйцуш хьан васт...
Сирлачу б1аьстенан амал ю хьоьца,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх
[11.03, 20:47] Айза: Резванова Айза
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
Р.А.А.
[11.03, 21:01] Айза: Айза Резванова
Суна-м хаац, сел сов реза хилла,
Дог хьо волчу х1унда г1ерта сан...
Ойланаш а керчаш, тулг1еш санна,
Хьан аматах хьерчаш, уьду д1а.
Къайллаха сайн кхолламе хьо воьхуш,
Дагчохь безам хьулбан г1ертарх со.
Хьо схьа гича, б1аьргаш чухул къегаш,
Безаман нур хьуна делало.
Когийн п1елгаш чуьра дуьйна зийзош,
Хьан безамо сан са ийзадо.
Доьху хьоьга, б1аьргашца цкъа хьастий,
Сайн дахарехь ирсе йехьа со.
[11.03, 21:05] Айза: И дара сан ирс...
Суна лаьар -кха, хьан б1аьргийн нур кхуолийначу лазаман орам т1е а кхаьчна, цунна д1аьвше молха а хилла , бакъийна, багийна, чим ца буьтуш и д1абайа а, хьо берриг а сингаттамех ц1анвеш...
Лаьар - кха суна, хьан ойланийн юькъалехь, хьуна синтем лучу ойлане йирзина, кхин кхуола ца дуьтуш хьан б1аьргийн нур, синтемах къегина, йериг а г1айг1анаш йашийна, хьан юьхь т1ера сингаттаман таммаг1а д1адайа а....
Суна лаьар - кха, хьуна азаллехь йазбинчу кхолламан некъех, хьан юьхьк1аййина, дахар ирсах кхелина, абаде кхаччалц хьан когийн лар ца йойуш, хьо нуьречу йалсамане кхачонболу, хьан декъала некъ хила а...
Лаьар-кх, Аллах1а къобал йинчу 1аьнарах хила, сайна долу халонан а, аьттонан а, дакъа дицдина, дуьненахь а, эхартахь а, хьо декъал вар цу 1аьнарца Деле доьхуш, хьала цатаь1аш, сужданехь латта а...
И дар - кх сан ирс, даима хьо ирсе гар...
[03.03, 20:14] Айза: Айза Резванова
Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш, безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
-«Вуйтеша хьан дагчохь кхин?»
Йиш йоцуш деган не1 д1аелла,
Д1ахеца безаман нур.
Ойла еш, со хьоьга д1ахьаьжча,
Дог лоцуш, буьйжира гур.
Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Ц1еххьана малх сирла къегина,
Набарха яьккхира со...
[04.03, 13:13] Айза: Резванова Айза...
Дайшкара туьйра....
Д1а яздинарг ву, Убайт Алиев...
Тадинарг ю, Резванова Айза...
Дас, хьоьга дечиг ца дало, охана деш, нох даккхан а, мохь лелон а кхин пайденна яц хьо, аьлла, вир хьуьнах йигна дlа кхоссина хилла... Хьуьнйистехула, г1елъелла, х1ара шен бала эцна, ойла еш, схьайогlуш, сингаттаме, г1айг1ане доьжначу жlаьлийна т1е кхаьна иза.
Виро хаьттана жlаьле,
- Во Ж1аьла, хьо ма г1елделла, г1айг1ане дахана 1уьллу? Хьуна х1ун хилла? Хьа - х1ун дина хьуна? аьлла.
Ж1аьло жоп делла:
- Жима долуш дуьйна тешаме долуш, ас ша дукху везаш ларвина волчу дас, къанделла хьо, кертахь пайденна дац аьлла, кертара ара даьккхана со...
юртах гена даьлла хьо лаа лели аьлла, дас ков-керт ца ларйо ахьа гlалх ала карах ца долу хьан, хьо пойденна дац аьлла дlа кхоссина со, аьлла жоп делла жlаьло.
Делахь вайшиъ цхьа терра ду, ишта къан елла аьлла дlа кхоссина со. Вайша цхьаьна кхета деза, аьлла шиъи,йогlуш цицканна тlе кхаьчна.
Цицко шен бала балхина кху шинна,дахка ца лоцу,даима дижина lа хьо, пайденна дац аьлла дlа кхоссина ша аьлла, изза хьал долуш тхойша ду, вай цхьаьна кхета деза аьлла, кхуьи цхьаьни догlуш нlаьнина(бlоргlал) тle кхачна хlорш. Кхара хаттар дича, нlаьно бицина шен бала. lуьйранна кхайкха ца кхойкху, неха нlаьнеш кертара дlа ца лохку,кхана йе йеза аьлла хезча, къайлах йедда ша аьлла. Хьо юкха тхоьхь долу хьал долуш, вай цхьаьна кхета деза аьлла. Уьш дlа оьхууш са дайна,вайна буьйса якха меттиг лаха еза вай аьлла виро, жlаьла хьо сан букъ тlе дала, цициг жlаьли букъ тle дала, нlаьна цицки букъ тle дале кlур болуш меттиг гой хьажа.
Шай маггlара бакъаш тle девлла буьхьехь йолчу нlаьнина хьуьна юкъехь кlур болуш гина.Дlа йоьлхууш цхьаьна цlено тle кхаьчна хlорш. Цхьа ву-вац хьажа цициг дахитина. Цхьа вац аьлла цициг юха деача, цу чохь буьйса якха барт хилла хlакхера. Йовха чоь хилла, шел йалаза пеш хилла. Вир неlаре йижина, жlаьла маьнги кlел дижина, цициг пеша чу даьлла, нlана тхов тlе яьлла.Хlорш дика дlа тарйелччу хенахь,чохь цхьа вуй хьажа обарг ваитина накъосташа. Иза чоьхьа ваьлла пеша чохь къега гина, шен цигерик лато дагахь, цицги бlаьрга lоьттина, цо маlарш тесна,цуьнах къаьхкина маьнги кlел ваьлла,жlаьло ка тоьхна, кхера велла ара оьккхуш виро мираш тоьхна, ведда воьдуш нlаьно lуьlари-lуl аьлла. Шай накъосташна тlе кхаьчча дицина цо. Цигерик лато пеша гlоьртичи урс туьхира шена,маьнги къел икхича шаьлта туьхира шена, ара оьккхуш букъах хьокха туьхира шена, ведда вогlуш, ма валийта бохуш тlаьхьа орца дара. Вай кхи меттиг лаха еза аьлла, уьш дlа бахара.Ткъа вай доттагlий бертахь шай йисина хан якха бисира, бертахь мерза дууш, молуш...
Г1алдий, булдий царний, кай - бож вайний...;;;
[05.03, 17:14] Айза: Хьайн дикаллийн доза доцуш,
Къонах вара хьо, тхан Да!
Хьа - са аьлла дола доккхуш,
Дацара хьан цэьа х1умма а...
[06.03, 21:13] Айза: Охьа доьдучу хин г1овг1а а, берийн г1овг1а а вовшаэ эелла йоккха г1овг1а яра хийистехь, бераш луьйчучахь...
Ц1еххьана кхин цхьа гйовг1а а т1е кхийтира царна...
Делкъенга балаза болуш, 1индаг1е д1атесна лаьтташ хилла вир, делкъал т1ехьа малх бохбеллачу хенахь, 1индаг1 д1а а керчана, малхо т1е юьттучу йовхонна, б1арзделла, 1еха дола делира:
"1ооокъи - 1окъи- 1окъи - 1окъи,, аьлла...
Цу минотехь массо бер а д1адирзира вир 1оьхачу аг1ора. Т1аккха цкъа а вир цагича санна цунна т1е девдира бераш...
Т1аккха, д1о хичура т1улг лахьош ыоллачу жимчу стага, схьа мохь туьйхир:
- Д1аса довлалаш цунна уллера. Цо це тухур ю шуна, - аьлла....
- Берашна юккъехь а жима волу Саламбек, бахьна доцуш вахана ца хиллера.
Цхьа 1алашо йолуш хиллера
[07.03, 11:54] Айза: Сан мерза ойланаш хьостуш...
Б1аьргаш а къевлина, дуьне ца гуш ,
[08.03, 15:36] Айза: Ма волахьа ткъай итт шарахь, цкъа къегачу седанах,
Мегар дацара те хьо кхача, кху сан деган лаамах!?
Ца к1ордорах хуур дара, хьуна хьайна сагатдан,
Кхетам сема сан а хир бара, куралла хьан эшаян.....
Ма волахьа, б1аьстенан мур чахчош йолчу шелонах,
Мегар дацара те хьо къага, 1алам дендечу малхах...
Йоькъур яра мерза къайле, дагна хьомечу сица,
Хьан г1айг1ане ойла зарз еш, седарчешка хьестийта...
БАЙТАШ
ДАЙМАХКАХ, ДЕХ - НЕНАХ,
И.КХ.Д1.
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша юьсийла,
Дегнаш чохь нохчийн!!!
Р.А.
Г1атталахь тхан Даймохк...
Г1атталахь тхан Даймохк, маьлхан са хилий,
Г1атталахь нохчичоь къагаеш хьайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, синойн са хилий,
Доьналлехь г1атталахь г1азотан дайн!!!!
Г1атталахь хьо Даймохк, аьрзонах лаьмнийн,
Кхарстабеш хьайна чохь ира б1аьрг дайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, 1умар тур хилий,
Д1а ц1анъеш нохчичоь амалех лайн!!
Г1атталахь, машаре к1ай кхокха хилий,
Лаьтта т1ехь хьекъадеш беркате кхаш...
Мостаг1ийн дегнашна 1аламат хилий,
Хьасталахь т1е гулбеш хьайн доьзалаш!!
Г1атталахь, тхан Даймохк, синкхача хилий,
Деба беш хьайна чохь декъала дай...
Г1атталахь, хьайн къоман турпалхой ларий,
Майрра деш тоьшалла, сийлаллех хьайн!!
Р.А.
Кхиалаш нохчех
Шу муьлш дара,
Шух муьлш хили,
Нохчийн, берзан к1езий!?
Ма хийцалаш,
Барзах джаьлеш кхарддал,
Амал нохчийн!
Акхаройх схьа
Шаьш къастийна,
Лелорах сов хьоьстуш,
Берзан к1езий,
Барзах кхуьу,
Дагах дага дуьйлуш...
Д1о лекха лам
Боьлхуш 1аннал,
Баланаш т1е делхарх,
Нохчийн к1ентий
Майрра лелла,
Ца къесташ дайн амалх...
Шу ду, нохчийн
Нанойн дегнаш,
Орамаш Даймехкан...
Мичча меттехь,
Нохчех кхиълаш,
Сий долу тхан, Нохчий!
Делан пурбанца!
2019
Нохчалла
Юьхь йоцчу къизалло,
сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура,
дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла
даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура,
сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара
б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура,
хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш, со Далла
суждане яхача,
Иманца хьостура,
сан дог ахь, нохчалла.
Сан къоман дозалла,
ницкъ болу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган
ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийсамехь,
толаме кхочу со
Ахь тешам баларна,
Сий долу, нохчалла!!!
2018
Хьалхара тхан Марта...
Машаре малх кхетта
къегийла хьо Марта,
Беркате дебийла,
Комаьрша хьан латта.
Ирс 1енош даьржийла
хьан х1усамехь нур беттан..
Хьайн сий ма дайла хьан,
Хьалхара тхан Марта!!!
Б1аьстено хьоьстийла
хьо мелчу мохаца,
Баланех ц1анйойла
Дарбане дог1анца.
Йахь йолчу къонахийн
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан марта!!!
Х1ай Марта, сирла хи,
Хьо марша дог1ийла,
Тулг1ешца хьерчаш тхан,
бералла хьистинарг.
Къурд бан хьайх хьегначийн,
Хьогалла йайъинарг...
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!!!
Хьан мерза - марзонах
Кийрара дог 1ебаш дац.
Хьо санна самукъне
Кхин меттиг карор йац.
Хьо хьоьстуш даима,
Сан даго мохь бетта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!!!
2003
Резванова Айза
(Новозеляндехь мяждига чохь
бусулба нах байар хьокъехь)
Бусулбанашка
Бусулба адамаш, Исламан з1аьнарш,
Шун дуьхьа кхоьллина дуьне а Дала,
Шун дуьхьа къега малх, дешиха 1енаш
Бетт - са а къагийна, шу хьестар дезаш...
Шу дезаш ма елла 1ожалла а Дала,
И хаза ялсаманеш кечйина, щуна...
Шун дуьхьа ма бу, и хьехам, Къор1анан,
Шу - м дезаш кхоьлланий, Ницкъ болчо Шена!
Шун дуьхьа ду шуна, ни1мат дуьненан,
Сий долчу Элчанна совг1ат шух дар а...
Шу дуьхьа ду шуна, херцар де - буьйса,
Керлачу х1аваъца 1уьйренаш хуьйцуш...
Бусулба вежарий, йижарий мерза,
Шун дуьхьа бу шуна, кхоллам Бусулба,
Шун дуьхьа, вайн синош тесна цхьана хьеса,
Цхьанна са лазийча, массер дог лоцуш...
Кху Делан дуьненахь йиш яц вайн дуоха,
Иманехь вай хилар бу боккха толам!
Къинхетам дегнаш чохь вайн вовшен боьлху,
И Делан къинхетам ма бу, вай хьоьстуш!
Бусулба адамаш, Исламан з1аьнарш,
Аллах1а дезарца, вайн цхьа барт бойла!
Цу хазчу ялсаманийн нур серла даха,
Иманца, Исламца вай декъал дойла!
Р.А.
БЕЗАМАХ
Самаха дайна ...
И яра аьхкенан суьйре,
Ца бузуш соьцура малх...
Д1атийна хьозарчий бешахь,
Безамца ца лоьцуш хьаг1...
Вайшийа дигнера генна,
Жималле и къамел деш.
Вайн гуьйре яьллера маьлха,
Б1аьстенах ойланаш еш...
Цабаьлла буьзира малх д1а,
Буьйсано т1е1аткъам беш...
Седарчий девлира сега,
Буьйсанан бода къарбеш...
Шовданех эшаре буьйлуш,
1енара деглаамаш...
Х1инца со йоьлу даглоьцуш,
Самах а ма го, г1енаш...
Р.А.
Резванова Айза
Х1унда хьо схьагушехь
йоьду со бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна,
бераллехь цкъа тайнарг сайна...
Уьду те са цига,
лууш и марзо хьох эейан,
Я лаьа, хьан дагчохь,
бер санна лечкъаш, дог тедан??...
Хьан терго лела сан
ойланаш дахарехь къажъеш,
Сахиллалц седарчех къега и,
Хьо гойла марздеш...
Сатосуч - седанах суо тарлой,
са долу серла,
Дуьне сан сих къаггал там хуьлий,
ирсах дог кхела...
22. 03.2018
Резванова Айза
Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
2018
Жималла, б1астенан юьххье,
Зазашлахь, зезагашлахь...
Ца къаьсташ шен ирсан лакхе,
Йоьду д1а, къегаш э'сехь....
"""""
Малх хуьлу новкъа,
Ша т1ех бохбелча,
Сан серла ялар а,
Сов дела - те?
Хиллий те ирсе,
Сан байтийн кхоллам,
Я теси цара а,
Хьан дагчу кхуолар?
Дагахь а доцуш,
И - м хила тарло,
Хьо генахь хиларх а,
Сан дог ца къарло - кх...
Р.А.
;;;
Ахь хастийча, со дозалла хеташ.
Ткъа хьаьстича, сайна хазлуш со.
Ирсан дог1а хьоьгахь хилар тешаш,
Г1алат ду те, даго къастор хьо?
Хьох б1аьрг кхетчи, б1аьсте серла юьйлуш,
Деган мерзех хьекхалуш хьан аз.
Хьан дозанал совдерг сайна къуьйлуш,
Хеба диси те, даьстина заза?
Амма гуьйре дог1анах т1еелхарх,
Буто ша беш, 1аьно къовларх не1.
Сан ойланаш шовданашца хьерчаш,
Кхочур ю хьан дагчу, огуш некъ.
Р.А.
Хаза ду, малх къегар дийнахь,
Буьйсанна бетта са гуш - ъ...
Тайна ду, дуьненан 1алам,
Адамалла ду цо хьоьстуш...
Адамалла ду, хастам бар а,
Адамалла тидам бар ду,
Жоп далар ду адамалла,
Хьастар а, 1аламан сурт...
Р.А.
Поэзин махка
Сайн дагца ниет а дина,
Бераллехь яьллера новкъа.
Поэзий, хьан махках ийна,
Хьох хьерчаш, ирс декъа хьоьца.
Жималлехь цу некъах тилла,
Кхолламо яьккхира гена.
Лаамах сатийсам хилла,
Кхебира хьо дагчохь тийна.
Беха некъ дахарехь барах,
Хьоьца бен сайн ирс ца гина.
Исбаьхьа хьан дуьне тайна,
Йоьсси со хьан махка, сирла.
Седарчех йоьттина б1аьвнаш,
Хи буххлахь забаре лепаш.
Цу маьлхан з1аьнарш а лоьцуш,
Юьйцина керташ го, къегаш.
Туьйранахь юьйцу ца хезна,
Исбаьхьчу хазалле кхаьчна.
Поэзий, ахь ирсах дуьзна,
Сеци дог, карийна дезнарг....
Айза Резванова
Моя душа вселилась в мир иной,
Где звёздное сияние пирует.
На дне реки и вечно молодой,
Герой любовь свою тебе дарует.
Моя душа вселилась в мир иной,
Где радуга судьбу мою балует.
оттенками не виданных цветов,
Волшебными лучами жизнь рисует.
Моя душа вселилась в мир иной,
Где вечно благословно вспоминают.
И торжествует доброта над злом,
Поэзия ведь смерти и не знает...
2008
Маьрша уьдуш, т1амах ловзуш
Кхечу къаьмнийн бераш дебаш...
Танканашна дуьхьал х1уьттуш,
Т1ом беш кхелхи нохчийн бераш...
Нохчийн наной боьлхуш, идарх,
Шайн берашна орцаха...
Аллах1 цхьаъ веш, маршо къуьйссуш,
Кегий к1ентий лелхара...
Тахна кхиъна нохчийн т1аьхье,
Сов кхераме лерина...
Бу те боьг1нарг, гур вайн не1ре,
Къонахашна лерина...
Дехар ду сан, хьоме вежарий!
Шу сов дезаш хиларна...
Ма дег1алаш ла шайт1ане,
Шайн имане дег1а ла....
Шу дахийта могуш - маьрша,
Лаарна шу ирсе ган...
Деле доьхуш, до1анаш ден,
Нанойн б1аьрхиш ларделаш!
2018...
Р.А.
[08.03, 16:27] Айза: Резванова Айза
Эрна дуй те, ас сагатдар хьуна,
Хьоьца доцург юй - те лоьхуш со?
Ахь сатуьйсург ю - те гергахь хьуна?
Ткъа со хиерехь, дагна генахь хьан?
Со еа те, 1аьнт1ехь дог1а санна,
Хьан дахаран некъа хьог1уш ша..
Я йиси - те, б1аьргахь чамхалг санна,
Новкъарло еш, некъан хьежамна...
Сан дог техкош, коьрте хьийза ойла,
Деган берччехь вехаш хиларх хьо...
Лаац хила, марха, б1аьрса кхуоло,
Хьан деган малх къаго яцахь со...
[08.03, 17:20] Айза: Резванова Айза
Эрна дуй те, ас сагатдар хьуна,
Хьоьца доцург юй - те лоьхуш со?
Ахь сатуьйсург ю - те гергахь хьуна?
Ткъа со хиерехь, дагна генахь хьан?
Со еа те, 1аьнт1ехь дог1а санна,
Хьан дахаран некъа хьаг1а ша..
Я йеха - те, б1аьргахь чамхалг санна,
Новкъарло еш, некъан хьежамна...
Сан дог техкош, коьрте хьийза ойла,
Деган берччехь вехаш хиларх хьо...
Лаац хила, марха, б1аьрса кхуолош,
Хьан деган малх къаго яцахь со...
[10.03, 12:06] Айза: Резванова Айза
Х1ун къуьйссу...
Мокхача басахь, т1улг 1уьллура,
Бос ца хуьйцуш заманца...
Цунна уллехь зезаг кхиъна,
З1ийдиг хецна дозанца...
Хаза зезаг коча техка,
Махо, малхо хьаьстича...
Цунах доьжна 1индаг1 сетта,
Зезаг ша ду моьттина....
Малхо дуьненна гуо тосуш,
Т1улган 1индаг1 уьдура.
1индаг1 зезаган, т1улг лоцуш,
Доза къийсса х1оьттира...
1индаг1 т1улган, кхин ца къуьйссуш,
Т1улга т1еэьа делира...
Ткъа зезаган 1индаг1 цунна,
Куралла ян х1оьттира...
- Стенна, т1улга т1ехьа лечкъаш,
Ахь кеп х1итто оьшу - те?
Хьан бос байча сингаттамна,
Мархаш йовлу ялхаре...
Т1улган 1индаг1 юха кхечи,
Малхаца шен некъ бина,
Деладелла и дист хили,
Цунна жоп луш, кхетамца...
Шен кхолламца берта бахна,
1уьллу и т1улг "тап,, аьлла...
Цуьнца тайна зезаг лаьтта,
Т1улг башшал ша эсала...
Вайша - м басца къасталур дац,
Ойла елахь хьекъалца...
Царах доьжна, вай х1ун къуьйссу,
И шиъ берттахь даьхначахь??
Р.А.А.
[01.03, 10:52] Айза: Гуо хьовзош лаьтта
Лаьмнашка хьоьжуш
Керарчу хенах ирс оьцу ас.
Мел дукха хьежарх
К1ордадац суна.
Дог 1аба тигац марзонах хьан...
Эхх1ар а со хьоьца
Къамеле йолу.
Ткъа б1аьргаш дагца сан са декъа довлу...
Даймохк ахь марзо луш
Дог карзаха дог1у,
Ойланаш 1аламца сан ловза йоху...
[01.03, 10:55] Айза: Йоьду со хьох дог ца дилла,
д1о генна, хийрачу махка...
Сагатдан, хьоьга сатийса,
Ц1а еъча хьо гур ю мотта...
[01.03, 10:58] Айза: Маьлхан серло кхалла г1ерташ,
Бода керча, хьерчош де.
Стиглахь лаьттахь нуьре къегаш,
Малхо хьиешийтац шен ц1е...
[01.03, 11:01] Айза: Лаамо синхаам эшийна,
Гал - морзах баьккхинехь некъ...
Гуш хилча дог дагах тешийна,
Ма билла безамна бехк...
[01.03, 11:04] Айза: Ма г1ерта хадо т1ай,
Тиллинарг дайша.
Забарна ма ала готта ду и.
Массо а заманан хиламаш лайна
Синбарам нисбинарг
Дай иза - м вайн...
[01.03, 11:08] Айза: Дог1ано йиттина, г1елделла 1алам.
Лаьтта шен б1аьргашчохь къагийна хиш.
Юха а ца 1ебащ, ца бустуш барам,
Мархаш ю дог1анна т1алам беш шайн...
[01.03, 11:12] Айза: Со теша сайн дагах, б1аьргех а санна.
Цо т1ом бо хьекъалца цхьайолчу ханна.
Хьекъалца барт иг1ар ца хеташ томехь,
Т1е эца г1ерта дог доцург шен чомехь...
[01.03, 11:15] Айза: Хьо мичахь ву Гакин 1аьрби.
Х1унда дац аз хезаш хьан...
Хьо цахилча меттан марзо
Юьсу боцуш мерза чам.
Схьа ц1а вола, дита некъаш,
Мархийн бутт бу кхаба безаш...
[02.03, 14:19] Айза: Резванова Айза
Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре!
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхача, луш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч, х1ора!
***
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо бохург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо ц1илкъана…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Р.А.А.
[12.02, 11:06] Айза: охчийн къоман амал чуьра даьг1на,
Вайн синош ду хьере хилла лелаш...
Дайн г1иллакхех весетех дайн доьхна,
Нохчийн къам ду некъах тилла доьдуш...
[13.02, 15:26] Айза: Со елла тахана...
Хьайн дагчохь каш даккхий, д1айолла,
Барз бан а ца оьшу,
Ца хиллвч санна д1а шарде ахь...
Самаха ма го г1ан,
Цкъа а ца хиндолчо 1еха во,
Заманца д1а а дов,
1аьн к1елахь дисина г1аш санна...
Амма и г1ан хилла а,
Са 1ехо хьо сайна вовзарна,
Хастамца баркалла боху ас,
Вайшинна кхолламна...
Дахар ца къагийнехь
Сан деган майданахь къегина,
Хьан х1оллам техкар бу
Безаман ц1арах, ахь баьккхина...
[13.02, 16:19] Айза: Тхо хан йоккхуш дохку шуна,
Тхан лараме вежарий!
Шу а ма ду хан токхуш,
Нохчийн турпала к1ентий...
Шун йижарийн дегнаш чохь,
Айдина куьйгаш до1ийца,
Г1еллур дац шу ц1а дерззалц,
Деле доьхуш шун некъаш !
Ларамца яхь йолчу вежаршна...
[14.02, 8:26] Лиза....: Со елла тахана...
Хьайн дагчохь каш даккхий, д1айолла,
Барз бан а ца оьшу,
Ца хиллвч санна д1а шарде ахь...
Самаха ма го г1ан,
Цкъа а ца хиндолчо 1еха во,
Заманца д1а а дов,
1аьн к1елахь дисина г1аш санна...
Амма и г1ан хилла а,
Са 1ехо хьо сайна вовзарна,
Хастамца баркалла боху ас,
Вайшинна кхолламна...
Дахар ца къагийнехь
Сан деган майданахь къегина,
Хьан х1оллам техкар бу
Безаман ц1арах, ахь баьккхина...
[14.02, 8:26] Лиза....: Тхо хан йоккхуш дохку шуна,
Тхан лараме вежарий!
Шу а ма ду хан токхуш,
Нохчийн турпала к1ентий...
Шун йижарийн дегнаш чохь,
Айдина куьйгаш до1ийца,
Г1еллур дац шу ц1а дерззалц,
Деле доьхуш шун некъаш !
Ларамца яхь йолчу вежаршна...
[15.02, 2:40] Айза: Гуохьа сан б1аьршовданийн г1айг1а,
Сан деган сингаттам бастахьа...
Хьо ца гуш сан б1аьргаш г1елделла, Сингаттам сан деган са баьлла...
Везаро ойланаш керчайо,
Хьастахьа сан безам тешамца... Нагахь хьайн дог дацахь ладег1а, Я яыахь б1аьргашна со тайна... Ас доьху ца къежар томана, Я дог сан ца 1ехор
[15.02, 8:28] Айза: Генеральная Ассамблея ООН провозгласила период 2022–2032 годов Международным десятилетием языков коренных народов.
Десятилетие объявлено с целью привлечь внимание к проблеме катастрофической утраты языков коренных народов и необходимости сохранять, возрождать, популяризировать эти языки, предпринимать дальнейшие экстренные шаги на национальном и международном уровнях.
Генеральная Ассамблея ООН рекомендует государствам-членам рассмотреть вопрос о создании национальных механизмов с надлежащими финансовыми средствами для успешного осуществления Международного десятилетия языков коренных народов в сотрудничестве с коренными народами. А коренным народам, как хранителям своих языков, предлагает инициировать и разработать необходимые меры по проведению этого международного десятилетия.
Напомним, 2019 год объявлен ООН Международным годом языков коренных народов. Основной задачей мероприятий, проводимых в этом году, стало повышение осведомлённости общественности о состоянии языков, находящихся под угрозой исчезновения во всем мире, а также установление связи между языком, развитием общества, мирным существованием и урегулирование конфликтов. Торжественное открытие Международного года языков коренных народов стартовало в штаб-квартире ЮНЕСКО в Париже 28 января и в штаб-квартире ООН в Нью-Йорке 1 февраля 2019 года.
Официальное открытие Международного года языков коренных народов в России состоялось в Ханты-Мансийске 21 марта 2019 года. Федеральное агентство по делам национальностей и министерство просвещения РФ разработали сайт международного года языков в РФ. 21 февраля, в Международный день родного языка, был официально зарегистрирован Фонд сохранения и изучения родных языков народов Российской Федерации. План проведения года языков коренных народов в нашей стране включает в себя более 700 мероприятий, которые проходят на федеральном и региональном уровнях.
[16.02, 10:01] Айза: Со хилла те бехке вайн кхолламна, Б1е шарал бехачу некъанна?? Бехке ю те, дагна везарна хьо, Лаарна ирс декъа хьоца??
[16.02, 16:38] Айза: Хьан куьйгаш ма деха хилла. Меттан дош ма мерза хилла. Болар хьан ма маса хилла
[16.02, 23:52] Айза: Резванова Айза
1аьржаллехь юкъйелла буьйса,
Седарчий набарна тхьевси.
Бетта са ца долуш гуча,
Цхьа седа саготта хьевзи....
Реманех д1ауьду мархаш,
К1ай - мокха вовшеха хьерчаш...
Хиш, лаьмнаш, аренаш, хьаннаш,
Т1ехула 1индаг1аш хоьхкуш...
Дуьненна гуо тесна баьлла,
1аьршашка батто нур хьаьрси...
Шен деган са парг1ат даьлла,
Седано цуьнца некъ хаьржи...
Вовшашна генахь я уллехь,
Безамца нурз1аьнарш кхийдош...
Бутт - седий дехаш ду стиглахь,,
Заманца вовшен ца к1ордош....
Р.А.А.
[18.02, 1:21] Айза: Резванова Айза
1аьржаллехь юкъйелча буьйса,
Седарчий набарна тхьевси.
Бетта са ца долуш гуча,
Цхьа седа саготта хьевзи....
Реманех д1ауьду мархаш,
К1ай - мокха вовшеха хьерчаш...
Хиш, лаьмнаш, аренаш, хьаннаш,
Т1ехула 1индаг1аш хоьхкуш...
Дуьненна гуо тесна баьлла,
1аьршашка батто нур хьаьрси...
Шен деган са парг1ат даьлла,
Седано цуьнца некъ хаьржи...
Вовшашна генахь я уллехь,
Безамца нур - з1аьнарш кхийдош...
Бутт - седий дехаш ду стиглахь,,
Заманца вовшен ца к1ордош....
Р.А.А.
[18.02, 20:20] Айза: Машаре малх кхетта къегийла хьо Марта, Беркате дебийла комаьрша хьан латта. Ирс 1енош держийла хьан х1усмехь нур бетта, хьан Хьан сий ма дойла хьан Хьалхара тхан Марта
[18.02, 22:10] Айза: Биссмиллах1и рохьмани рохьим.. оллах1умма инни ас алука иманан даиман ва ас алука къолльбан хаши1ан ва асс алука, 1ильман нафи1ан ва ас алука, йатийнан содикъан ва асс алука, динан къойимпн ва ас алука, аль1афията мин кулли далия, я фариджальхьам ва я кашихальг1ам,
[18.02, 22:16] Айза: Я Фа'риж1альхьам .ва яссар амри вархьам ба1ти
[19.02, 9:27] Айза: Хьох тешна, са маьлха даллачу,
Сан деган ахь терго ехьа...
Хьуна бен къайле ца яьстинчу,,
Безамах кьинхетам бехьа...
[19.02, 22:15] Айза: Машаре малх кхетта къегийла хьо Марта, Беркате дебийла комаьрша хьан латта. Ирс 1енош даьржийла хьан х1усмехь нур бетта, Хьайн сий ма дойла хьан Хьалхара тхан Марта! Б1аьстено хьоьстийла хьо мелчу мохаца, баланех ц1анйойла дарбане дог1анца, яхь йолчу къонахийн дог дуьзна хьо лабтта, хьайн сий ма дойла хьан, Хьалхара тхан Марта!
[20.02, 9:39] Айза: Д1абай сан деган чиркх, милт яго дятта д1адаьлла... Т1аьххьара дара и, т1аьххьара дара и,
[22.02, 20:48] Айза: Я не жалею не о чём,
Душа не знает страха...
И это говорит о том,
Что жизнь дана Аллахом!;;
[22.02, 20:48] Айза: Может быть ты устал,
Я тебя не веню,
Ты довольно испытан судьбой...
Но хочу чтоб ты знал,
Ведь любовь тоже боль,
И больна я душою тобой...
[26.02, 16:13] Айза: Айза! Ванах ма кlоргера философин, лирикан хилла ца lаш, чулацам болуш ю-кха хьан поэзи! Аллахlа похlмалла делла-кха хьуна нохчийн, зевне бека, хаза мотт хаа, бовзийта! Хьан байташ тlехь lамо ма еза тlекхуьуш йолу тlаьхье. Цунна карор ма ду мотт къоман, ненан муха хаа беза, биэзаш хила виэза, Даймохк муха биэзаш хила виэза, безам дагчохь муха латто биэза! Дала могуш-маьрша латтайойла хьо тхуна, хьайн зевне байташ сов йохуш!
Ларамца Бенара lалаиддин. 26.02.2020 шо.
[29.02, 7:02] Айза: Хьан мерза марзонах
Кийрара дог 1ебар дац.
Хьо санна самукъане кхин меттиг карор яц.
Хьо хьоьстуш даима
Сан даго мохь бетта,
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
[29.02, 7:07] Айза: Машарп малх кхетта къегийла хьо Марта,
Беркате дебийла, комаьрша хьан латта.
Ирс 1енош даьржийла,
Хьан х1усмехь нур беттан,
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
[29.02, 7:10] Айза: Б1аьстено хьоьстийла хьо мелчу мохаца,
Баланех ц1анйойла, дарбане дог1анца...
Яхь йолчу къонаэийн,
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьан сий ма дойла хьан,
Хьалэара тхан Марта!
[29.02, 7:23] Айза: Х1ай Марта, сирла хи,
Хьо марша дог1ийла!
Тулг1ешца хьерчаш,
Тхан бералла хьистинарг.
Къурд бан хьайх хьегначийн,
Хьогалла ахь йойъу.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
[29.02, 7:25] Айза: Машарп малх кхетта къегийла хьо Марта,
Беркате дебийла, комаьрша хьан латта.
Ирс 1енош даьржийла,
Хьан х1усмехь нур беттан,
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Б1аьстено хьоьстийла хьо мелчу мохаца,
Баланех ц1анйойла, дарбане дог1анца...
Яхь йолчу къонаэийн,
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьан сий ма дойла хьан,
Хьалэара тхан Марта!
Х1ай Марта, сирла хи,
Хьо марша дог1ийла!
Тулг1ешца хьерчаш,
Тхан бералла хьистинарг.
Къурд бан хьайх хьегначийн,
Хьогалла ахь йойъу.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Хьан мерза марзонах
Кийрара дог 1ебар дац.
Хьо санна самукъане кхин меттиг карор яц.
Хьо хьоьстуш даима
Сан даго мохь бетта,
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
© Copyright: Айза Резванова, 2020
Свидетельство о публикации №220060802044
Список читателей / Версия для печати / Разместить анонс / Редактировать / Удалить
Другие произведения автора Айза Резванова
Рецензии
Написать рецензию
Другие произведения автора Айза Резванова
Авторы Произведения Рецензии Поиск Магазин Ваша страница Кабинет автора О портале Стихи.ру Проза.ру
Портал Проза.ру предоставляет авторам возможность свободной публикации своих литературных произведений в сети Интернет на основании пользовательского договора. Все авторские права на произведения принадлежат авторам и охраняются законом. Перепечатка произведений возможна только с согласия его автора, к которому вы можете обратиться на его авторской странице. Ответственность за тексты произведений авторы несут самостоятельно на основании правил публикации и законодательства Российской Федерации. Данные пользователей обрабатываются на основании Политики обработки персональных данных. Вы также можете посмотреть более подробную информацию о портале и связаться с администрацией.
Ежедневная аудитория портала Проза.ру – порядка 100 тысяч посетителей, которые в общей сумме просматривают более полумиллиона страниц по данным счетчика посещаемости, который расположен справа от этого текста. В каждой графе указано по две цифры: количество просмотров и количество посетителей.
© Все права принадлежат авторам, 2000-2025. Портал работает под эгидой Российского союза писателей. 18+
Свидетельство о публикации №225012001240