Даймахках илли гимн
ИЛЛИ (Гимн)
Тхан хьоме Нохчийчоь,...
ХIай йахье Нохчийн къам,
Беркате Нохчийн-Мохк –
ХIай Сийлахьа Даймохк!...
Даггара массеран вай лаам –
Йахь йолуш, Барт болуш
Дехийла даиман!
Дай баьхна Тумсойн-Мохк,
ГIап санна Тумсойн-Лам,
Вежарийн Зумсойн-Мохк,
И лекха Зумсойн-Лам,
Доьналлин ЧIаьнтийн-Мохк,
Ирхешкахь ЧIаьнтийн-Лам
Сийлахьа Нохчийн къам, –
Дехийла даиман!
Вай массо а – ваш-йиша,
Массо а тайп-тукхам,
Дерриге а адам, – Дехийла даиман!
Йехийла хьо Маьрша,
Сийлахьа Нохчийчоь!
Сийлахьа Нохчийн къам –
Син-ойлан дозалла!
Свидетельство о публикации №225012001494