Йуолахьа г1енаха НАНА

Сан Ненан и ховха  куьйгаш
Эсалла  деш хилла къамел
Набаран  д1авижо вуьллуш
Олуш хилл ирсенна байташ
Дисакха ша дериг генахь
Сатуьйсу – йуолахьа г1енах
Йуолахьа цхьа байта ала
Дегчуьра д1аоьцуш бала
Йуолахьа тахкадан ага
Коьртаха  ховха куьг хьакха
Хала  ду хьо йоцуш ваха
Хаза дац дуьненна дахар
Йуолахьа доьху хьоь Нана
Йоьхь сипат дерзадеш схьа
Хуьйцур дар дашонна г1алах
    Йелайел схьахьажар  хьан
Йуолахьа цкъа мукъне НАНА


Рецензии