Кодекс йаьхь
Цу к1ента де-да ч1ог1а доьхьал хилла боху цу белхан. Х1етте а, во1-во1ан лаъам ч1ог1а хиларна шие лаам духа а теттина, де-даса элира боху: « Ладохал соьга, х1ей сан дега пхенаш, х1ей сан ойлан кхало, х1ей сан кхание д1акхиехьа йезаш волу сан во1ан во1. Б1ие шо схьалха цу астаг1 Темаркъийца болчу т1еман къийсаман ъиэшам а хилла лома дерза дезна вайн къам. Цу лах-хьара хаза-ариенгахь керла дахар х1оттадан йа дукха ниц1къ биеза, йа алсамма хьекъал оьшу.
Асса делчу хаттаран ахьа нийса жоп лахь, асса мукъ бели хьуна аренгахьа восса.
Масалла, къастонна кховда до асса хьоьга х1ара хаттар: Х1у къастийра дара ахьа, йа барам боцчу дуьне дуьззина деши, йа буйналла доцчу дог дуьззина йаьхь.
К1анта элира боху: «Дада вист хила мегий со».
Пурба делар боху воккхачу сага во1ан-во1ана.
К1ант йистхилира боху: «Мелла дукха хиларха деши, йа сан, йа сан т1аьхьенна цхьан дийнахь кхачалур ду, ткъа бегашенна а д1атеттина йаьхь, йа суна а, йа сан т1аьхьиенна а духа йоьрзара йац.
Нагахь санна соьгахь дог дуьззина йаьхь хилахь, асса дуьнен риц1къ т1емц даьккхина чу дерзийра ду. Суна йаьхь йиеза» - элира боху, жимчу сага.
« Марша г1ойла хьо сан шиеко йоцу т1аьхьие. Пурба дели ас хьуна»- аьлла вист хилира боху Де-Да.
Свидетельство о публикации №225012201201