Молодость не бывает в прошлом...

 Яхьйан Салаххьаддин

Йочанаш хьан б1аьргийн ма хила дезаш сан ла.
Безамах т1улг хила, чурт а... Виса шеца ша.
1ийдалун балкон т1ехь бедарийн т1адам хила.
Церан мохь лезна, чикъ боцуш, къийса шеца цхьа. 

Йацар хьо сов техкийна наждиттан аганахь.
Г1абали, ц1ест-к1удал... Цу хьостане марзйелла.
Собарна жим ца луш, мАса берг кхуьлуш ирахь,
Буолар сайн гоьзане кхаьхьна, синчоь тазйелла.

Доцуш кхин сайн хьаштийн хам бар, сар-сарахь вог1ий,
Да-нана шу даьхначу ураме, сахьийзаш... 
Соьгара гатто - шУ боцу урд. Ахь со 1ехий.
Йеса го балкон... Дерза тигац чевнийн кхохкарш.

Волуш вац сирникал шалха, готта ма кхета,
Генара стом - къоналлийн мутт - бицбе ма ала.
Гергонан марзо къахь йоьжна, моттахь ца къега,               
Лозучу даго и тишйар - йагна ма лара.
 
Веги со зама, йа ваганза виси весса...
Къоналле ван... хьоьца лахвала... хир дарий 1ар?
Вала а, вуола… Хьан б1аьргийн чоьнаш йу йесса.
Безарийх дог хьерча… Калйуьйлу 1овжамийн лар.


Рецензии