Абубакарова Пет1амат. Дешнех ловзар

Луург соьца дешнех ловза,
Лерса ирдай, хила схьа.
Цхьаьна йазйийр йу вай говзар.
Г1о де, нисъеш чаккхе д1а.

Лелабо 1ай коьртахь к ..,
Уьйт1ахь, чохь а хьокху н ..,
Ков д1акъовлуш буллу г1 ..,
Доьша дуттург – ж1аьлин г …

Б1аьста арахь сенло б ..,
Хьуьнхахь беха кура с ..,
Хи т1ехула туьллу т1 ..,
Механ 1уьрга дуьллу т …

Хи чохь беха чабакх-ч1 …,
Иза лоцуш буг1у м1 …,
Болх беш куьйга духу к …,
Хьуьнхахь кхуьу ц1улла-с …

Кхин д1а, бераш, йазде шаьш,
Дуьйцуш-олуш, мукъа 1аш!

Стела1ад №1. 2021


Рецензии