Хьехархошна лерина байташ Абубакарова Пет1мат
Хьехархошна лерина
1илманан хьуьжаршкахь, кхиадеш хьекъалш,
Ца кхоош могшалла, дог а,
Хьехаран даржашкахь къахьоьгу «пекъарш»,
Шу ирс а цкъа г1ур ду кога...
Тептаршна талламбеш, дагийна б1аьрса
Х1иттинчу б1аьргаш чохь кхулий,
Йаржайан кхиале малх з1аьнарш хьаьрса,
Балха т1ехь хуьлу, са дулий.
Сада1арх хьаьгна шаьш, кханенаш йохкуш,
Йист йоцчу декхаршна к1адлой,
Декъазчу кхожана цкъа довларх дохко,
Х1етте шу синош ца къарло.
Хастамбеш деха шу сийлахьчу некъан,
Биллинчу къаноша хьехахь.
Йоккхайе, цкъа делахь, йолуш шун декъа,
Ницкъ болуш диканиг хьеха.
Турпала хьехархо
(Нохчийчохь т1еман хало лайначарна)
Хьехархо, ахь дукха халонаш лайра.
Турпалхо хьох ала мегар ду майра!
Дахарехь т1еман к1ур, зуламаш дайра,
Бохамехь лаьттира, собар ца дайра.
Нохчийчоь денйарехь леци ахь дакъа,
Оьшучохь хьайн са-дег1 ца кхоош цкъа а.
Бакъдолуш, ца лехна ахь хьал йа бахам,
1алашдан лийрина берийн 1ер-дахар.
Хьол оьздий, собарей адам ца дайна,
Даггара хьегна къа эрна ца дайна…
Хьан хьуьнарх йаздо ас мог1анаш байтийн,
Дуьненна хьан оьзда г1иллакх д1агайта!
Дикачу хьехархочунна
Хьехархойн деза дукъ белшаш т1е лаьцна,
Дешархой кхиорехь къахьийги дехха,
Дукха ду диканиг дийца хьох лаьцна,
Тахана х1ума дац тхуна хьан мехха!
Харжамаш ца бора, массо цхьатерра
Хьан даг чу тарлора жима а, воккха…
Дешнаш ца карадо, дийца ма-дарра,
Хьехархо хьо хилар- ирс дара доккха!
Хьоь болчу лараман дац цхьа а доза,
Хьан васт тхан ойланехь даим ду дехар
Йехийла дахарехь ирс долуш, г1оза.
Боккъал а х1ума дац тхуна хьан меха!
Свидетельство о публикации №225020400723