Место сбора теней
Малхбуза боьду шийла букъ ухьий.
Чаьмза са узий дог айъало.
1индаг1аш д1адов суьрта кеп хуьций.
Баттаца йух-йуха денна-м ло.
Дог ахь хьайн кхоадахь - кичча ду дов,
1индаг1 дуьжур ду метта хьан сиц -
Стешхачу шовкъана диллина ков.
Собарна ламаз ахь эца хиц.
Нахах тарвала дезна хьо вехар,
Йа хьор ахь башха, цхьа беза некъ,
1индаг1 дожахь "ас-со" хир дац мехал,
Уьнт1е дуьллур ду дазделла дег1.
1индаг1на аьлла йоьг1на аккаци,
Лахьте и кховдор йу уппахна.
Къа, мел дера ду новкъа хьоьцани,
Мохь беза хир, йа бай - уккална…
Цкъа дахло, йуха дацло, уьд-уьду...
1индаг1а-м деха, кхин къар ца ло.
Де, буьйса цуо шен мара ма къуьйлу.
Бен дац: йа шийла, йа кхарза ло.
Свидетельство о публикации №225020801967