Дега сайн ненаца регистраци йайтар

Ша дуьненчу ваьлла хан шена ***йла дац цхьанне, хьалхе дуьйна хIара вай дехаш тIехь долу Лаьттан гарголаг бевзина, кху тIехь вехаш Iийначо теш хилла, цхьанхьа йозанан хьаьркашца тешамна, иэсана цхьа билгало ца йинехь. Нахах дерг-м хаа ца гIиртира со, (ладоьгIнехь-м шортта карор бара суна, со саннарш), амма, со вина хан йийцарехь цхьаъ дуьйцуш, ши теш ца велира суна тхайн гергарчарах. Тешаш-м, аьлча шайна хет-хеттарш дуьйцурш, шортта бара, амма сацам боллуш барт-м ца хуьлура церан со дуьненчу ваьлла хан билгалйарехь. Сан нанас, Саас, сан дуьненчу валар гурахь, хьаьжкIаш хьокхучу хенахь хилла олура, гIаргIулеш гIийлачу эшаршца, йеха асанаш йина Къилбехьа дIайоьлхучу хенахь. Уьш-м оццу суьртахь Къилбехьара вайн аг1ор схьа ма йог1у, йеха асанаш йой, г1ийлачу эшаршца! Ткъа иза хуьлу б1аьстенца. Дас, Мукас, бIаьста охана деш, нахаро дIакерчочу бIолана тIехула, кхечу мехкашкара схьайаьккхинчу човкарчаша нIаьний лехьош, латта хьанделлачу хенахь хуьлуьйтура сан дуьненчу валар. Ткъа девашас, Вис-Iелас, ша чов хилла, Германан тIам тIера, т1еман лоьрийн комиссино заьIапхо вина цIа ваийтинчу шарахь, бIаьста, туьркийн заза дIаьттIачу замане дуьгура иза, ткъа дешичас, Ахьмада вайн нохчаша иллешкахь йийцинчу «борз йехканчу буса» вина хуьлуьйтура со, Iуьйранна Сахуьлу седа стиглахь гуш болуш. Мацаха, Крыловс йазйинчу баснехь ду-кх аьлла, Коллизей чу ваханчунна, мел кегий акхарой, сагалматаш гина хилла бохуш. Амма цу чохь пийл гирий хьуна аьлла, шега хаьттича: «Пийлах бIаьрг-м ца кхийтира сан!» - аьлларг санна, сан гергарчийн, цIерачийн со виначу хенан тидамаш Iаламат ира, леранна хилла. Амма цхьанне билгала дан ца хаьа-кх коьрта дерг – де, бутт а виначу шеран. Сан ненахоша шайна хеттарг, дехоша дуьйцучунна бIостанехьа дерг дуьйцуш, къовсам бехха дIахьур болуш бара, со школе вахийта аьлла комендантан, Шустов Иванан, омра ца хиллехь. Цо дан дезарг хьехна, и цкъа а маслаIат хир доцуш болу къовсам верасашна йукъара саца ца бинехь. Иза дара Г1ирг1изехь, Калининан цIарахчу кIоштахь, «Будённыйн» цIарахчу колхозехь, 1949-г1ачу шарахь. Сан деваша, Вис-Iела, кхоччуш оьрсийн мотт бийца хууш вара. ЦIера арадахале хьуьжарехь дешна, школехь 7 – класс йаьккхина хиларна, армехь кхаа шарахь тIемалочун гIуллакхаш кхочушдеш леларна, Германица хиллачу тIамехь дакъа лацар нислуш. Цуьнан оцу хенахь ткъе кхойтталгIа шо хилла. Зуда вай махках даьхначул тIаьхьа бен  ца йалийнера цо. Вис-Iелин зудчунна хууш хилла шера оьрсийн мотт, ша Гуьмсехь йина, кхиъна  хиларе терра. Гуьмсехь, вай цIера арадахале дуьйна оьрсий, кхиндолу къаьмнаш дукха хилла дехаш. Со санна, школе лела дезаш дара сан дейишин ши бер – Хьавраъ, Супйан, сан да кхаьбначу дейишин кIант Мовлди. Церан дацара дуьненчу довларан хан билгалйеш тоьшаллин кехаташ. Кхин мел хир дара уьш Нохчийчуьра «мостагIийн цIарах» арадаьхна бераш и кехаташ доцуш? Бехк боцуш къаьмнаш дохийначу Iедало, цу Iедалах тешаш долчу халкъашна, тIе сиз хьаькхна, дIадайина дара бехдина, цхьа Дела воцчург царах къинхетам бан кечвелла цхьа воцуш, зама йара иза. Нохчийчохь цхьа бух хир бац техьа аьлла, сан девашас кехат йаздинера Грозненски областе, Курчалойский районе (Нохч-ГIалгIайн АССР-ам доь ма дайинерий Сталинан бIоно оцу шерашкахь). Бутт балале кехатна дуьхьал жоп деанера. Конверта чохь справкаш хиллера, - Грозненски областерчу архивехь оцу берийн дуьненчу довларан бух бац аьлла. ХIора справкин бухехь архиван куьйгалхочо Бутовс таIийна куьг, тIетоьхна мухIар хиллера. И кехат эцна комендантана тIевахнера Муку, Вис-Iела. Секретаро чуваха бакъо ца луш, дикка хан йаьллера. Комендант садоIуш вара, нохчийн кхолламаш комендантийн карабирзинера оцу заман чохь. ШийтталгIачу сохьтехь тIеийцира Шустовс ши ваша. Шен, маларо кеп йина, даима тIе марха тесна хуьлуш болу цIийбелла ши бIаьрг кехат тIехула кхерстийна, реза воцуш цо аьллера, дерачу озехь: - «Ур-атталла вирана доккхуш долу дуьненчу даларан тоьшаллин кехат доккхуш, шайн бераш аша дайтинехь дика дара, шу акхароша. Амма цу хенахь талораш лелоран бен, кхин хIуманан бала бацара шуна!»
«Комендант, Иван Андреевич, - аьлла Вис-Iелас шен къамелана йукъавола гIоьртича, Шустовс иза сацийнера, къамел долочуьра, дуьхьала куьг тосуш.
– «Хьо ца вуьйцу ас йа хьо саннарш. Шу тIам тIехь хиллий хаьа суна цу хенахь. Амма цIахь бисинчу талорхошка дерриг къам бехдайтина шун наха. Уьш бахьанехь шу махках даьхна. Шун къомах болчеран кхетам тамашийна бу, муьлххачу Iедалан низамна дуьхьала, бIостанехьа бирзина. Зуламхо, талорхо а, шайн къомах иза велахь, лачкъош, и бехкен ца ван, иза Iедале дIавелла саца ца вайта, шаьш хьийзадойту аша! Суна-м хаьа, иза шуьга дийцар эрна дуй. Шу нислур ду ала-м ваьхьар вацара со. Амма, хийца делла, шу нис ца лахь, зуламхой шайна йукъара аш лечкъа мел бо, Iедало хьийзор долуш къам ду-кх шуьнаниг. Ткъа хIинца ашшимма и бераш кху районерчу больницехь лоьрийн комиссех чекхдаха дезар ду. Лоьраша къастийнарг хир йу уьш бина хан. Лоьраша бинчу сацамца хIоттийначу кехатан бух тIехь, Загсо метаргаш лур йу шуна йазйина. ХIинца сихха дIагIо». ХIара шиъ районехь хилла, дIавахана хан билгалйеш справка йазйира кхаьршина коменданто, новкъахь хIорш цхьаьнге совца ца байта. Ши ваша шайн колхозе веара коменданто тIедиллинарг кхочуш дан. ШолгIачу дийнахь тхо, шичойн, чIогIа самукъадаьлла дара тхаьш районерчу больнице дуьгуш. Метаргаш йолчарна хьалха дозалла хетара суна, Хьавраана, Супйанна, Мовлдина тхаьш районе дуьгуш. Кир лелочу машенахь, иза дIайолайелча тIе чан хьийзош, дIакхечира тхо районе. Лоьраша тхо терзанна тIехь узуш, дегIан меженаш йустуш, леранна тидамаш бохуш, цхьа, хIайкал санна, кIайн, шан тIулгал а шийла хIума дегIа тIелоьцуш, ладоьгIуш, багарчу цергийн битамаш бохуш, масех сахьт хан йелира. ХIоранна йаздеш, даккхий кехаташ хIиттийра цара. Оцу дийнахь дуьххьара морожни хIун йу хиира тхуна. Шина вашас массарна цIубдеш долу цIазамаш, кIеда булочкаш, ши шиша мерза хи ийцира малийта. Массо гIайгIа-бала йицйелла, чIогIа самукъане де дара иза, дуьххара йуьртал арахьа долу дуьне, оццул мерза даарш гиначу тхуна.  Делкъал тIаьхьа лоьраша делла кехаташ эцна Загс олучу метте дигира тхо Мукас, Вис-Iелас. Загсехь шурул-кIайн йеха кIажарш йолуш, кир тоьхча санна кIайчу йуьхь тIехь, сийначу бIаьргаш чохь йеларан суьйнаш догучу зудчо, тхо диъ, хьеста хьоьстуш, коьртах хIоранна дайн кIеда куьг хьоькхуш, сан дега сан ненаца регистраци йина кехат дийхира. Вукху берашна дезара иштта регистрацин кехаташ. Регистраци йина кхехат мичара хир дара, иза хьалха Нохчийчохь йина ца хилча. Загсера йоIа кхана йухадахкар тIедиллира тхан дайшний, наношний, – уьш дуьхьала баьхкина хилчхьана, ша регистраци йийр йу аьлла. ШолгIачу дийнахь шен зуда, ши йиша, эцна вахара, сан нана шен дола йаккха сан да (Iедалца мах беш, моллица-м и Нохчийчохь бина ма барий церан). Циггахь кехат даьккхира, ден йижарий церан кхелхинчу цIийнадайн дола бовларна тешалла деш.  И болх чекхбаьлча берашна метаргаш йехира лоьраша бинчу къастамца. Лоьраша билгалйинера со, Заурбек, дуьненчу валаран хан х1утосург (май) беттан уьтталгIа дийнахь, цхьа эзар исс бIе шовзткъе шолгIачу шарахь хилла аьлла. Нанас, дас, девашас, кхечара дуьйцург цхьа бакъ ца нисделира. Бакъду, сан дас, девешас йийцина со вина зама йуххехь нисйеллера, бутт, терахь царна хууш хиллехьара. Лоьраша къастийнарг-м дера ца хаьа бакъ ду йа дац. Амма сан, кхин долчу берийн санна, цхьа дуьхьало йоцуш, со дуьненчу валаран тешаллин кехат долуш, школехь деша волавала бакъо хилира. Оцу дерригено гойту вайна, дIайаздинарг довш цахилар, иза бен тIаьхьалонна дуьсуш хIума цахилар. Ткъа бах-бахарш хIоранан шен-шен хуьлуш ду. Йаздинчо иэс дийна латтадо. Иштта вина хан сайн билгала йоккхуш лелийна хIумнаш дагадаьхкина велира со йуьстах вай долийначу сох, хIайкал дина деда Хаьммирза,  денана Тахла, дейиша Тахбика лелла бохуш дийцар дагадеана хиларна. Вакхавайта бен сайн ненан кара ца кхочуьйтуш, сох хIайкал дина лелош хиллера со дейишас Тахбикас (оха-м Цицца олура цунах), денанас (Мука кхобуш кхиийна нанас) Тахлас, дедас Хаьммирзас а. Со вина кIира кхочуш хьакъикъатна уьстагI бийна, мовлад дешийтинера дедас. Со хьийкъина кхуьуш бер хиллера, амма ненахойн йуккъехь со карахь ловзарга йаханчохь, мехкадаьтта чохь дагочу лампин аьнгалин шишанах, ца хууш сан чIишталг хьакхайелла, со вагийна хиллера. Оцу бахьанина Мукин Саин барт ийгIина, сан нана шен ден цIа йахана хиллера. И вас шина-кхаа баттана йахйелла хиллера. И вагавар сан ненан бехкенна нисделла хиллачух тера дац. ХIунда аьлча, хIара шайн йуккъерчу гергарчу кIанта хелха йаьккхина хилла шеца. Ша хелха йолучу минотана  кхо со шен марйише, Тахбике, дIавелла хилла. Цундела Саас, марйиша бехкен йар бегIийла ца хетта, шен ледарлонна со вагийна аьлла, бехк шена тIелаьцна хиллера. «Хьо бахьана долуш цIа йалийра Хаьммирзас хьан нана», – олура сан девашас, Вис-Iелас. Бахьана мухха хIоьттинехь,  сан нана цIа йалийнера Хаьммирза къар ца велла. Хьакъикъатан мовладе гулбеллачара, Хаьммирзина лаарна, суна веллачу вешин цIе тиллинера, Зайрбек. Веллачу доьзалхочун цIе тиллича, шолгIа доьзалхо дукха веха бохучу Iадатна тIедоьгIна, тилинчух тера дара суна и цIе. Сан да даима лаьттаца болчу балхо, иза лелош оьшучу  гIирсашна тIехь пхьоланаш даран къинхьегамо дIалаьцна хилла, йочане денош, буьйса йоцучу хенахь, дийна шарахь. БIаьста тракторшца латта охуш, молханаш тосуш, йалта дIадуьйш, аьхка молханаш детташ, кхиъна даьлла йалта хьокхуш, оруш, чудерзош. Гуьйранна йуха охуш, цхьадерг дIадуьйш, чах раьг1наш йеш, силос лаьттах йуллуш. Ткъа Iай МТС-ехь оцу белхан гIирсашна тойарца куьйгаш Iуьттуш (ремонт йеш). 1943-гIачу шеран тов (сентябрь) баттахь Хаьммирзин дIавалар нисло. Цомгаш меттахь ца Iиллинера иза. Шен кертахь цхьаццанхьа куьйгаш Iуьттуш воллучохь, охьавоьжна хиллера Хаьммирза. И сурт гиначу цуьнан зудчо, Тахлас, даьккхинчу орцанна схьакхаьчначу жимах волчу вашас, Муьслас, луларчу шичас, Мускхис, вешин кIанта, Ахьмада, айина чуваьхьнера иза. Чукхачарций Хаьммирза  маллуш дIаваьллера, кхин цхьа дош алар, бIаьрг  беллар доцуш. (Дала гечдойла цунна). Доккха тезет хIуттуш, дукха наха дикаллица тешаллаш деш, доьалгIа шаре баьлла сту саг1ина тIаьхьа а боккхуш, дIавоьллина хиллера иза, кхаа дийнахь зуькарш деш, шиъ маха бар хилла цу хенахь лелош. Тешаша билгалдаьккхннера цуьнан Делах тешаш, Мухьаммад – пайхамар (I. с. с.) бакъвеш, шен устаз Iовда (Дала даржехь сов ваккхийла иза) къобалвеш, кхин болу шайхаш, устазаш лоруш хилар. Иза ламаз-марха цIена лелош, дика, сема лулахо хилар, шен долчунна комаьрша, даима Къуръанца гергарло латтош, иза доьшуш, йуьртахь дуккха цамгаро лецначу нахана «Йасин» доьшуш, мало йоцуш, деналла долуш, дика бусалба ваша хилла латтина, Далла дуьхьала воьдуш ц1ена лай хилар чIагIдинера тешаллаш дечара, тезетахь дакъа лаьцначу йуьрто а.


Рецензии