Цоцанхойн кешнаш

Иза дIавоьллина ву «Иэманан» кешнашкахь шен дена Iаьлмирзина гена воцуш. Бакъду, вайн къам советан Iедало чилланан (февраль) бетан 23-г1ачу дийнахь, 1944-г1а шарахь дохийна Даймахках даьккхинчу шерашкахь, вайн кешнаш чIанадахар бахьанехь, дуккха нахана шайн нах дIабоьхкина кешнийн меттигаш ца карош йисина. Кхузахь мелла хьахо лаьа суна Цоци – Эвлахь хилла,  тахана долуш долчу кешнех лаьцна хууш дерг. Цоци–Юрт кхолайалале кху махкахь шортта кIуотарш хиллачохь хилла масех кешнийн хьарма: Бахтаран ц1арах –цига дIабухкуш хилла Сехьа-Саьрталара, Дехьа-Саьрталара, Бахтаран-кIотарара нах. Уьш Iабдал-Къедаран ирзешна малхбузехьа долчу К1оргачу урана дехьа хилла. Оцу ураца Доккхачу шовданехула болуш хилла Устрада–Эвла боьду некъ. Оцу кешнех вай махках даьхна леллачуьра цIа дирзича, гуш цхьа чурт доцуш бурсанан чоь  хиллера. Даккин–шовданал малхбалехьарчу 1инан бердаца Iаьндийн кешнийн цхьа маьIаг йиснера йохоза вай къам Юккъерчу Азера ц1адирзинчу шерашкахь. Ткъа тахана-м оцу майданахь китайцаш бу памидораш лелош. И меттиг дола йаьккхинчу вайн йуьртахочо, Канташев Самрадис, цаьрга лело аренде дIайелла. Шайх Мансуран заманахь долийна гермчигхойн лаьтта тIехь ду цоцанхой дIабухкуш кешнаш. Цигахь дIабухкуш хилла оьрсийн эскарна дуьхьала тIом беш, вайн мохк ларбеш гIазотехь эгна къонахий. Имам Шемалан заманан гIазоташ дIабоьхкина цигахь. Шен Iажаллех белла нах хилла цига дIабухкуш гермчигхоша, эвтархоша, цоцанхоша. Таханлерчу заманахь бу цу кешнашка дIабухкуш йалхойн, шунойн а тайпанех болу вайн эвлара нах. Цигахь дIайоьллина йу Эвтарарчу эвлайаан, Iовдин нана, Жансу (Дала декъала йойла иза, цига дIабоьхкина мел берш а). Цоци -Эвлан, Гелдганан дозане кхачале, Малхбаленан аг1орхьа долу кешнаш долийна гергарчу хьесапехь 1830-1831– гIачу шерашкахь. Царах олу «Иэманан» кешнаш. Иэма цIе йолчу стеган ирзо хилла бохуш, дуьйцура цигахь цоцанхоша. Цхьаболчара тайпана гуно хилла боху иза, цхьа кIант бен кхин доьзалхо воцуш. Доьзал болош воккха хилале и кIант дIакхелхича, дас иза оцу шен ирзона тIехь дIаволлийтина хилла, велча ша цигахь дIаволла аьлла весет деш. Цо и шен ирзо йуьртана кешнийн хьармина дIаделла, хилла, наха дийцарехь. Иэмин кIант ГIуоза 1830-1831– гIа шарахь дIавуллуш йолийна боху и кешнийн хьарма. Ма-дарра дерг Далла дика хуур ду. Оцу кешнийн кертахь дIавоьллинарг декъала хир ву аьлла, вайн йуьртарчу къаноша дийцарехь: Киши-Хьажас, Ташу-Хьажас, Баммат-Гира – Хьажас а (Дала къайле тойойла церан). Х1окху кешнашка дIабоьхкина бу Iаьлмирзин некъех эхарта мел бирзинарш а.
Хулло-хин аьтту бердаца, Цоци-Юьртана йуккъехь долу кешнаш, кхолладелла гонахара кIуотарш цхьана йуьрте йерзале, схьахIуьттучу суьртахь Таймин Биболата оьрсийн паччахьан эскаршна дуьхала къовсам болийначу 1820 – 1824 шерашкахь. Йуккъера кешнаш аьлла цIе йолуш лелла уьш. Вай къам дохийначуьра цIа дирзинчу хенахь, оцу хьармехь цхьа а дийна чурт дацара дитина вайх вайн мохк бассийнчара. Дитташа, коьллаша хьулйина меттиг йара иза. Йуьртахоша, гуо къевлина, дIацIанйира и хьарма. Оцу кешнашкахь дIайоьллина хилла, Киши-Хьажа Цоци-Эвла веача, иза тIевуссуш хиллачу Гама-Хьажин зуда, Куза. Цуьнан кошан г1евланга доьгIна чуртан дечиг денйелла дитт даьлла хилла, вайн къам махках дохадале дуьйна. И дитта-м тахана лаьтташ ду цигахь, х1ора шарахь керла марг1алаш туьйсуш.. Киши-Хьажас аьлла хиллера, щен хьешан, мурдан а зудчуьнга, Кузега: «Кошан гIевланга йоьгIна чуртан дечиг денйалалла дика стаг йу-кх хьо, Куза!» Эвлайаан дош кхочуш хиларан билгало хилла, и дитт латташ ду тахана, ган лууш волчунна. Вай Юккъера Азера цIа дирзинчул тIаьхьа  оцу Йуккъерчу кешнашка дIавоьллинера, Iай ша а бойна, тракторца айми чувахана велла хилла Абубакаров Бадалан кIант. Цул тIаьхьа, масех шо даьлча велла, цу кIентан да Бадал бен, кхин нах дIа ца бухкуш 40 шарахь деса латтийтира и кешнаш, гондахьарчу бахархоша чуьра докар гулдеш. ТIаьххьара адам дIадоьллина 40 шо хан йаьллачул тIаьхьа, йуха йуьртахой дIабохка болийна цигахь, шариIато луш йолчу бакъонна тIе а тевжина. Йуьртан лакха йистехьа (хIинцам йукъ хилла йаьлла цунах) Эвтарехьа йу цхьа кешнийн керт. И кешнийн хьарма йу ширачех– иза кIуотаран кешнех йолайелла хьарма йу.  Шемалан заманахь цигахь нах дIабохкар дукха сих-сиха нислуш хилла. Кузахь эра даьккхинера вай дохийначу 13 шарахь йуьртахь баьхначара. Делахь йуьртахоша цIа бирзича денйира, гонахарчу наха шайн бошмаш дикка дIахоьцуш, и майда йоккха йеш. Тахана йуьртахой дIабухкуш, йуьрто дезар деш йу хIара эхартан охIланийн майда. Кхин тиллина цIе-м йац оцу кешнийн хьармина, ткъа ваьшкара цIе туьллуш хилча, царахь ала догIуш хета «Эвлан къилбехьара кешнаш». Карарчу заманахь йуьртахоша хаза дола деш, гонаш къевлина, гурахь, бIаьста цIандеш леладо йуьртан дерригге кешнаш. Дела реза хилийла, шаьш лийр дуй, дола дан дезий хууш, оцу хьарманийн дола деш, зиерат дан, куьг Iотта, доIанца эхартан охIланаш Деле беха цига мел вогIучунна. Бакъду, вайх къа ца хеташ йа вай адамаш хеташ ца хиллачу Россин кериста Iедало, дийначех-м хIунда дийцара, беллачех ца Iебаш, чIана баьккхина, кешнаш хьовха, вайн берриге мохк а. Нуй хьокхуш вайх жима, воккха, стен, боьрша Iаьнан чиллахь бежанийн вагонашна чохь, вайн наха ма-аллара, сийна Сибрех дала дIахьовсийнера. И харцо вайн къомана тIехь лелийна Iедало, цу хенахь эзарнаш вайн нохчийн, гIалгIайн тоьлла кIентий немцойн эскаршна дуьхьала майра тIом беш,  шайн са ца кхоош эгначу шерашкахь, йамартлонца доцу бахьана кхоьллина.

        ЙУЬРТАХОЙ  БОККХАЧУ  ДАЙМЕХКАН  ТIАМЕХЬ

Кхузахь ца бийцича ца бовлу цу тIамехь дакъа лаьцна вайн йуьртахой. Сан деваша Муслиев Вис – Iела Днепр - хи тIекхачна немцошна дуьхала тIом беш. Цигахь йиначу чевнашна кхин дIа тIамна лоьраша цамагош цIа ваийтар нисделла цуьнан 1943-гIа шо йуккъе далале. Сан лулахо Дебишев Бата шен доттагI волчу Iайсолтица шайн лаамехь, ший а оцу тIам тIе вахана 1942-гIа шарахь. Маршал Рокоссовскийн, йуха маршал Жуковн армешна йукъахь Крым марша йоккхуш чевнаш хилла, 1944–гIачу шарахь Пятигорски №5428 госпиталехь ахшарахь Iиллина, цул т1аьхьа лоьраша иза кхин т1еман г1улкхашна ца магош, хIутосург (май) беттан 8-гIачу дийнахь, шен махках баьхначу гергарчарна тIе дIахьажийна ГIиргIизойн махка.
Хадизов Iабдалхьамид шен лаамехь тIам тIе вахана. 1941-гIачу шарахь дуьйна, герз нийса кхуссуш хиларна иччархойн (снайперийн) командина йукъахь, тIемалочун декхарш кхачуш деш хилла, йамартлонца Iедало ша тIамера йукъах ваккхалц.
Татагов Висхьаьжа 1940-гIа шарахь шен нийсарошца декхар кхочуш дан армех вигна. ДегIана онда, лекха, могашалла дика йолуш хиларна йаккхийн тоьпашца оьшу говзалла карайерзийна цунна эскарехь. МостагIашна дуьхала латтар нисделла №589 артилерийски полкан Волынски областера, Тужка аьчганекъан станци йолчохь, Украинехь. Кхеран батарейан командир Зинков, взводан командир Шевцов, политрук Бестаев, отделенин командир Шевченко, наводчик Бабич хилла. Ткъа Висхьаьжа пхеа стеган метта йоккхачу тоьпана тIе хIоънаш т1екхехьа хIоьттийна хилла. МостагIчун танканаш гу тIера тIейогIуш хиллера кхарна, хIорш лаха Iин чохь болуш. Дуккха мостагIчун танканаш йохийнера оцу вархI стага, церан тIелатар чекх ца долуьйтуш. Кхеран коьрта эскар йухадала кхиаделлера, вархIаннах хIорш кхоъ, чевнаш хилла белахь а, дийна бисинера. Висхьаьжас тIом бина Ковелехь, Белорусехь, Львов-г1ала схьайоккхуш а. 1944-г1ачу шарахь хIара Москва-гIала вуьгу, Даймехкан мостагI кхайкхина, Сибире хьун хьекха хьажавайта. Шайн синош ца кхоош мохк марша баккха леттачу кIенташна кхайкхина баркалла дара иза даджала – Сталина. Ташухаджиев Юсуп 1941-гIачу шеран тов (сентябрь) баттахь тIаме воьду. Цуьнца цу хенахь мохк ларбан боьлху Хьажгираев Гуга, Эдильбиев Ахьмад, Эдилов Чонта, Эдилов Iумар, Эдилов Iали, Исаев Хьусайн, Исмаилов Несирсолта, Зайпулаев Бетерсолта, Батаев Iали, Орцуев Iумархьажа, Дакаев Iали. Церан дуьххьара мостагIех тасабалар нисделла Украинехь, Днепр-хи тIехь, Днепровск-г1алахь. Цигахь царах цхьаболчарна, Ташухаджиев Юсупна чевнаш хуьлу. Запорожйехь лазартне охьабохку уьш. Цул тIаьхьа Юсупа шен накъосташца Харьковхь, эххар а Сталинградехь хиллачу тасадаларшкахь дакъалоцу. Юсуп гIашсалташна йукъахь пулемётчик хилла. Сталинградан тасадаларшкахь чевнаш хилла Борисоглебскера госпиталехь Iийна Юсуп 1943-гIа шаран чилланан (февраль) беттан 19-гIа дийнахь дуьйна 5-гIа хIутосург (май) беттан де тIекхаччалц. Товеллачул тIаьхьа йуха а шен частера накъосташца тIеман тасадаларшкахь дакъа лаьцна. 30-гIа кхолламан (январь) беттан дийнахь, 1944-гIачу шарахь йуха а гайх йеза чов хиларна, Гуьржехарчу Гори-гIалара лазартне кхаьчна Юсуп. Цигара товелла аравалар нисделла 1944-гIачу шеран асаран (июнь) беттан 17-гIачу дийнахь. Оцу лазартнера иза Москва-гIала хьажаво, Москвара Ярославле хьун хьекха, кхин белхаш бан вуьгу. Махках баьхна гергарниш Юкъерачу Азехь совцийна мичахь бу къастталц. Iажалла йоцуш цхьа лийр вац, советийн Iедало иштта сий дина-кх мохк ларбинчу турпалхойн.
Магомадов Увайс армех кхайкхина 1940–г1ачу шарахь тов (сентябрь) беттан 27–гIа дийнахь. МостагIца тасадалар нисделла йалх чаккхарма Польшин дозанал сехьа. №589 артиллерийский стрелковый полкехь волуш немцой танкашна дуьхьала. Ницкъ мостагIчун дуккха алсам хиларна йухадовла дезна кхеран мостагIашна дуьхало йар сацош доцуш. Ростов-гIала кхачале, Украинехь, Черниговский областехь дуьххьара кантузи хуьлуш вожийнера Увайс. Цхьа хан госпиталехь йаьккхина, иза йуха шен полках дIаийнера. Цул тIаьхьа тасадаларшкахь хилла чевнаш бахьана долуш иза 1943-г1а шарахь тIамна ца магош комиссовать винера. Нохчийчу цIа веана шо кхачале Даймехкан мостаг1, йамартхо кхайкхина, шен холкъаца ГIиргIизе дIахьажийнера, махках воккхуш.
Дачаев Хасмохьмад шен лаамехь 1939-г1а шарахь армейский декхар Даймахкана дIадала воьду. Иза кхочу Саратов-гIаларчу авиаполке, стрелокан декхарш кхочуш дан. 1941-гIачу шарахь церан полк, шайн кеманашца, хьовсабо Гомель - гIала, Белоруссе. 1942–гIачу шарахь хIорш цхьаьнатуху кхечу декъах 679446 номер кхайкхош. Оцу частехь 63 шакъастийна авиаполкан стрелок волуш, тIемалочун декхарш кхочуш до Хасмохьмада 1946 – гIа шеран 30 хIутосург (май) беттан де т1екхаччалц. Цул тIаьхьа Москва-гIалара, шен гергарнаш болчу Юккъерачу Азе дIахьажаво иза. Кхузахь Дачаев Хасмохьмадан цIарца доьзна цхьа забаре, самукъане хIума дийца лаьа суна. Паспортна тIехь дIайазйина цIе Хасмохьмад йелахь, вуьшта йуьртахь цуьнан дIайахана цIе Митка хилла. ТIамтIера цуьнца хиллачу накъосташна иза оцу Хасмохьмад бохучу цIарца вевзина хиллера. Вай махках даьхначуьра цIа дирзинчул тIаьхьа и Хасмохьмад волчу Цоци-Эвла Соьлжа-ГIалара хьошалгIа вогIуш, цуьнца тIамтIехь хилла стаг хиллера, автобус тIера  цоцанхошка, ша охьавосса веза меттиг йийцахьара бохуш, Хасмохьмадан хIусаме кхача. Цу хенахь Цоци-Эвлахь йуьртан кIеда лоруш волу Исмаилов ХI**** хиллера оцу автобусна тIехь гIалара йуьрта вогIуш. ХIебалс, хьеше Хасмохьмадан фамили йийцитина, ша вуьгур ву хьо иза волчу, аьлла хиллера. Цоци-Эвлахь сельсовет йолчохь охьавоьссина ДачаевгIеран кетIахь хьешаца сецна хиллера ХIебал.
«Хасмохьмад! Ва Хасмохьмад!» – бохуш, мохь бетта воьллера иза. Кертахь хезаш зударийн, берийн къамелаш хиллера, амма кхеран кхайкхарна дуьхьала цхьаммо жоп луш ца хиллера. Цецваьла Iаш ХI****ца волу хьаша хиллера, хIокху стага, галваьлла, тхойша кхечу нехан кевне валийна-кх теша, бохуш. Кузза-доьазза мохь тоьхча цхьа дуьхьала вист ца хилча, ХIебалс мохь бахийтинера:
«Митка, ва Митка!» – олуш. «Мила ву кхойкхург!» – аьлла,
кевнал арахаьжнера Хасмохмадан зуда, Куржан. ХI****, хьаша ший веларехь Iанавахнера.
«Буьччалг, хьо ву и хьайн забаршца хьешан самукъадоккхуш. Схьачудуьйла, цIахь ву хIара-м. Хьаша, хьо марша вогIийла», – аьлла, тIекаре йаьллера Куржан баьхкинчаьрца.
«Хьаша, ахь йохучу цIарца хьуна хьайн хьаша атта карор вацара, хьуна цуьнан фамили хууш ца хиллехьара. Тхан йуьртахошлахь кхуьнан дIайахана цIе, хьуна тахана гуш ма-хиллара, Митка, Митя йу. Ахь йохуш йолу и Йоккха, Йеза цIе хьаьнг-хьаьга дIакхехьалуш цахиларна, Миткина, и хьаъа а тиллинехь, йог1уш тиллина, оха лелон хьакъ йоллу ц1е бен ца йуьту тхайн йуьртахошкахь нахала йала. ТIаккхахула хьо Цоци-Эвла вогуш Митка волчу вогу ала, жимачу беро а дIакхетор ву кхуьнан хIусаме», – олуш, забар йерзийна, шен цIа ваханера Хьебал. Нохчашна йукъахь дуккха нисло иштта шишша, кхоккха цIераш техкина нах, несаршна, наношна, йукъахь марзахойн ц1ераш йаха аьтто цахиларна. Цундела цара шайгара цIераш тохку, уьш дукхахьолахь йаха тIехь а йуьсу. Кхин дIа йуьртара тIемалой бийцар дIахьур ду вай.
Магамадов Абзу 1938–гIачу шарахь армех вигна. 1939–гIачу шарахь хиллачу Фински тIамехь дакъалаьцна, цигахь Iаьнан шелоно хIара, кхетамчуьра ваьлла (кантузи хилла) Iуьллуш, когаш бахьийна, гангрена хила йолча, ший ког лоьраша дIабаьккхина, зIаьIап хилла, гуттаренна когаш боцуш висина, тIеман ветеран вара Абзу. Дика стаг вара Абзу, йуьртарчу почтин куьйгалхо лаьттира иза вай Юккъерчу Азера Даймахка дирзинчу шерашкахь Далла дуьхьала ваххалц. Дала декъала войла иза.
Свиткин Михаил, Свиткина Анна вайн йуьртара тIаме дахана, йуьхкIам боллуш тIамехь дакъалаьцна ши адам дара. Церан доьзалехь диъ бер дара: ши кIант, ши йоI – массарна шера нохчийн мотт хаара, церан кIентий Питерехь (Ленинградехь) бехаш бу, вайн йуьртахошца йиллина зIе латтош. Нохчийчу хIара тIаьххьара тIемаш кхачале, шайн дакъа доьхкина, дIабахара и доьзал вайн махкара. Тракторийн бригадехь балхахь Iийра Михаил, Анна, стаг – механик, зуда – повар. Нохчашца дика тарлуш чекхбевлира уьш.
Абубакаров Борис 1940–гIачу шарахь армех вигна. Ткъа Абдурахманов Докку 1939 – гIа шарахь шен лаамехь вахана эскаре. И шиъ ший иччархойн роташкахь снайперий тоьпашца мостагIий дIакерчош чекхваьлла ши тIемало ву тIеман шерашкахь. Шайн махка  берзар ца хилла церан 1946-гIа шарахь бен. Цара, оцу йоккхачу Сибирехь шортта йолу, тайга олу хьун хьаькхна, Россин хьашташна оьшучулла сов. Иштта сий дина-кх нохчийн къомах болчу мохкларбархойн советан 1едало, Сталинан лаам кхочуш беш
Дугаев Салман деригге тIеман шерашкахь бIаьхаллин декхарш кхочуш деш, шортта Iедалан совгIаташ делла, полковникан дарж долуш чекхваьлла ву оцу шерийн кIуркIаманех. Цхьа дика хIума даьлла кху Iедалера, Сталин дIаваьллачул тIаьхьа, шаьш харц кхел кхайкхийна къаьмнаш шайн цIа йухадерзийтар. Иза, кхоччуш чекхдаьккхина дацахь а. ТIе оцу 1941-1945-гIачу шерийн тIемашкахь хиллачийн, беллачийн, байначийн а «Память» олу киншка зорбане йаьккхина хилар а. ХIинца оцу иэсан жайни тIера вайн йуьртахойн цIераш дIайазйийр йу вай, йуьртахошна дага йахкийта. ХIунда аьлча и «Память» киншка каро, карийча тIехьовса, и йеша церан хан хуьлий хууш цахиларна. ТIе и книга массеран доьзалшка чукхочур йац. Ткъа ас йазйинарг вай йуьртан библиотекехь хилча, масехаммо йешна йеша там бу, тIаккха цара шаьш дешнарг йуьртахь даржорна, иза йуьртахойх дIакхетар ду, иэсехь дуьсуш.
ХIорш бу-кх  уьш:  Абдулкадыров Ахьмад-Iабдулха, Абубакаров Бадал, Асхабов Ирча, Бамат-Гиреев Зийнудин, Доглаев СаIид,
Идаев Эска, Исаев Хьусайн, Махьмудов Боьршик, Межиев Зеламха, Мусаев Хьамид, Сабаров Вуьту, Сабаров Джабраил, Сатаев Сайд-Ахьмад, Тазбиев Ваид, Ташухаджиев Мовсар, Хадаев Хьумид, Хаджимурадов Ахьъяд, Хаджимурадов Тапа, Хамзатов Бастам, Хамзатов Насреддин, Хусиханов Увайс, Цакаев Iела, Цукаев Боьршик, Эдилов Чонти, Эльсиев Iабдулвадуд.  Оцу массо вайн йуьртахойн цхьа Iалашо хилла-кх – шайн синош дIаделла, вайн Боккха Даймохк мостагIех дIацIанбар. Белларш Дала декъала бойла шен исбаьхьачу йалсаманехь, байначийн, дийна белахь, Дала рицкъанаш цIа дерзадойла, дийна бацахь тIаьхьенашна уьш болу йа дIабоьхкина меттигаш билгала йавлийтойла, наггахь мукъна зерат деш тIехIитта.


Рецензии