Цхьана тiамо вайн къам йуьстах ца дуьту
ТIеман кхийсаршца Iиттадаларш миччанхьа хуьлуш хилча, Росси – пачхьалкхах хьакхалуш уьш хилчхьана, вайн нохчийн къоман к1ентийн дакъа йукъахь доцуш цхьа 1отта-баккхам чекхбаьлла бац. Росси РомановгIеран цIийнах болчу паччахьийн кара йирзичхьана, нохчийн къомах нах йукъах боцуш, Россис арахьа беш болу цхьа тIом ца бина: хуьллда иза Махбалехь Японица, Къилбехь Туройн пачхьалкхаца, Афганистанца. Къилбзехь Финляндица, Швецица, Малхбузехь Польшица, Германица. Вай-м Куба – гIайре маршонна гIаьттинчохь дакъа лаьцна, Россин хIордабухахула лела кемашна тIехь цига дахана. Цоци – Юьртара Дудааев Iалман, Дидаев Iалавди, Магамадов Адам, кхин мел хилла хир бу уьш дика таллам бича, хилла-кх оцу хенахь Фидель Кастрон Iедал цигахь дIахIоттош дакъа лоцуш. Паччахьан заманахь-м вайна йукъара инарлин даржашка кхаьчна нохчий бу махкал арахьа, Россин эскарна йукъахь тIемаш бина ца Iаш, Ушармин, Таймин Биболатан, ГIеза-Махьмин, Шемалан, Iаьлбиг-Хьажин – Кавказера маршонан гIовттамашна дуьхьала тIемаш беш даржашка кхаьчна, вай дозаллица тахана цIерашца буьйцуш болу инарлаш. Цхьабакъду, вайн вовшашца долчу девнехь йа арахьа болчу тIамехь, майралла, деналла гойтуш, мостагIчунна озадалар, кхерар дегIаца хаа ца долуьйтуш – леш, йа толамца кхочуш деш долийнарг, – стагаллин декхар хеташ лелла вай къоман нах. Иштта стагалла Афганистанан тIамехь гайтина вайн Цоци-Юьртарчу Алиев Туркос, Бачаев Билалас, Демельханов Iарбис (Дала гечдойла цу кхаанне), Исмаилов Айуба, Шовхалов ИсмаьIала, Хабзиев Мусас, Юнусов Iалаша, Абуев Абубакара. Йуьртахошна дага ца догIуш хила там бу царах дерг, цундела дагадаийта воллу со, Афганистанера тIом болабелира гIуран (декабрь) беттан 25–гIа дийнахь 1979-г1ачу шарахь, Советский Союзан эскар Афганистанан доза хадош оцу пачхьалкхан лаьтта тIедаьлча. ТIамца цу чуйаха Союзо бахьана дира, цу пачхьалкхехь болабеллачу дешаран хьукматашкарчу студентийн (талибийн) гIаттамах, шайн Iедалера куьйгалла хийцина, уьш нийсонан Iедал кхолла гIоьртича. Оцу гIаттаман боламна цхьана агIорхьара гIо деш герзаца, ахчанца, кхинболчу гIирсашца Iаьмаркан, Малбузен пачхьалкхийн цхьаьнакхетар – НАТО йара, Афганистанехь шайчунах тера демократи хIоттийта лууш. Ткъа СССР-на лиънера цигахь соцалистически низаман Iедалца пачхьалкх дIахIотта. Оцу шинахьарчара Афганистанан къам декъа декъна, итт шеран заманан йахаллехь и мохк, цу мехкан халкъ хIаллакдеш, тIом дIабаьхьира. Оцу тIеман кIуркIаманина йукъа нисбелла, цу хенахь советски эскарех т1емалойн гIуллакхаш кхочуш дан шина шарана армех кхайкхина хилла вайн махкахой, йуьртахой а, 1983-г1а шерахь эскаре бIаьстенан тIекхайкхарехь (призыв) нисбелла вай лакхахь цIераш йаьхна кегийрхой. Дуьххьара уьш йалх баттана деша буьгу (учебке) Туркменин коьрта шахьаре Ашхабаде. Цигахь Iамабо темалочунна оьшучу говзаллех, корматаллех кхетош. Дешар чекхдаьлча буьгу тIеман тасадаларш лаьттачу афганхойн махка. Цоци - Юьртара Турко Алиев, Ахмадов Ханпаша, Абуев Абубакар, Бачаев Билала, Демельханов Iарби, Исмаилов Айуб, Хабзиев Муса, Юнусов Iалаш – берриш цхьана некъана хадаран полке нисло уьш оцу тIамехь. Бакъду, шайн-шайн ротехь, взводехь, отделенешкахь-м хилла уьш. Делахь, вовшашна тIекхача, гIо-накъосталла дан хала ца хилла царна. Алиев Турко, Ахмадов Ханпаша, Гелдганара Мустаев Яхьйа цхьана взводехь дIахьош хилла тIемалочун декхарш. Вай буьйцу кIентий Ашхабадехь доьшуш болуш цига Турконна, Ханпашина тIаьхьа кхаьчнера цаьршинан ши да: Леча, Турпал-Iела. Цаьршимма цигахь кхо де даьккхинера, цигахь болчу тIемалошна там болу агIонаш лелош йуучуьнца, молучуьнца. Шайн бераш карахь долчу хьаькамашна там бичхьана, Турко, Ханпаша Афганистане ца хьажош, вайн дозанехь тIемалойн декхарш цаьрга дакхехьйта таро хIоьттинера шина ден. Амма шина кIанта дехар дира шайн дайшка, ма хIоттавахьара шаьшшиъ шайца армех кхайкхинчу накъосташна хьалха йуьхьIаьржа, аьлла. Шайн кIенташна лиънарг дина, ши да цIа вирзира, уьш берриш Делан кара белла. Туркменехь дешарх чекхбевллачу вай йуьртахоша цхьацца гечеш дIалоьцу армехь кхочуш дечу гIуллакхийн. Туркох БМП-е олучу машелелорхо (водитель) хуьлу, Ханпашех – пулемётчик, кхинболчарна Iема муьлхха герз лелоран корматаллаш: автомат, гранатомёт, массо кепара гранаташ, тапча уьрсан бист кхаччалц. 18–гIа мотострелковый противопехотный полкехь хилла и кIентий. Оцу полкехь хилла тIеман медицинин декхарш кхочуш деш болу афганхойх кхин долчу къаьмнех болу йоьIарий. Оцу медйжаршна йукъара цхьана йоьIаца гергарло тасаделла Алиев Туркон. И гергарло деношца долу-уш безаман синлехаме, кхолламаш цхьаьнатохаре дирзина цаьршинан. Амма Туркос шен дог-ойла накъостех лачкъийна латтош хилла. ДIадоьлхучу тIеман тасадаларшна йуккъехула, кхунна хIун ду дагадеанарг бохург, накъосташна хетарна кхоьруш, хилла хир ву-кх иза шен дагахь. Безаман марзонан цIе марсайаьллачу къоначу шина адамо, шаьшшинан кхолламаш цхьаьнатохарехь, сихо йинера. Туркменхойх моллега шаьшшинна, тIеман хьелашкахь шариIато ма-бохху, маха байтина и шиъ цхьаьнакхеттера – дуьненахь, эхартахь зудий-майрий хила. И захало хоттадалар нисло хIорш Афганистане кхаьчначу гIуран (декабрь) беттан кхолагIчу дийнахь 1983–гIа шо чекхдалале. Накъосташка и медйиша ша йаллийна хилар хаийта, и хазахетар цаьрца даздан лаьттачу тIеман сихаллехь, Турко лара ца веш, хан йаьллера. Ша тIамехь вожале ши-кхо де хьалха, Туркос Ханпаше хьахийна хиллера, ша зуда йалайаран балхана цхьа де диллина, гулдала ма лаара шена-м, жимма хелхаран бал баккха, аьллера. Полкана тIеман хьашташна оьшуш долу хIума Союзе дан йоьдучу машенийн къепал (караван, колонна) ларйечу тобанца вахана Афганистане йухавирзича, бекарг (март) беттан 8-г1ачу дийнахь, Туркос йуха хьахийнера Ханпаше, ша зуда йалоран хьокъехь йуьртахой цхьаьнакхетарх дерг. Ханпашас Туркога аьллера: «Кхузарчу наха шайлахь дуьйцуш ду боху, хIокха буьйсанашкахь душманаш вайна тIелата чIогIа кечам бина Iаш бу бохуш. Цундела хIара гIов даьлла хIума дижжалц собарде вай» Оцу деношкахь хIорш Кабул-ГIалин го чIагIбеш, ха дан хьовсийнера, тIелатар цигахь хила лерина хиларна. Иза дара бекарг (март) беттан 12-гIачу буса, 2 сахьт долуш. Афганхойн кадаьллера оцу буса кхарна дагахь доцчу агIорхьара хIилланца тIелата. Дуккха дараш нисло цу буса кхеран полкан темалошна йукъахь. Туркон БМП–ех цIе леттера, машенна чохь болчарна чевнаш хилла хиллера. Оцу кегарина йукъахь лазоза висина Турко, шен лазийна накъостий БМП-е чуьра хьала бохуш, йуьстах бохуш, хьийзаш хиллера. Цо ваьккхинера чов хилла шен командир йогучу БМП–ена чуьра йуьстах. Амма иза ша лаьцнера цу чохь лелха доьллачу герзаша, БМП–ен бак иккхича соляркех йаьллачу цIаро а. Иштта, деналлица хьийзаш волуш, дIакхалхар нисделла вайн йуьртахочун, Алиев Туркон, бекарг (март) беттан 12 – чу буса, 1984 -г1ачу шарахь. (Дала гIазотийн даржехь дойла Туркон д1акхалхар). Афганистанехь болчу тIамехь даьккхинчу шина шарахь вайн йуьртара кIентий Кабул – Сурухон – Джалалабад – Пакистан – ХIинде (Инди) боьду коьрта некъ ларбан, цигахула дIасалелачу транспортана тIехь тидам латтор тIедиллина хилла. Дукхахьолахь оцу некъаца дIасалелачу колоннашна, оцу некъана ха дечу кхарна тIелеташ хилла афганхойн тIемалой. Далуш долу зен цу некъана, и ларбечу кхарна, дIасайоьдучу калоннашна дан. Иштта зенаш цаьрга ца дайта цу некъаца дIахоттийна хилла 24 блокпост, хIора постехь 15-20 тIемало волуш. Дийна биса лаахь цу посташкахь берш чIогIа самойеш хилла безаш бара, афганхойн тешнабехкаца мичча хенахь тIелатарх, малх къеггина лаьтташ де делахь а. Дийна болу вайн йуьртахой ши шо дIадаларций цIа бахкийтира 1985–гIа шарахь. Цигахь хиллачара схьадийцарехь, оцу шина шарахь вайн нохчех, гIалгIайх цхьа стаг афганхошна каравахана вац. Цигахь шаьш осала, деналла доцуш вайн кIенташа ца гайтарна дина царна Iедало мехала совгIаташ. Цигахь воьжначу Туркона йелла «Орден Красной Звезды». Полкан командующийс-м цунна Турпалхочун дарж кхайкхош, Дашо Седа балийта кехаташ хIиттийна хиллера. Делахь магIарера тIемалочун бен дарж долуш воцчу салтичунна Орден тоьар йу, аьлла, хеттачух тера ду-кх лакхарчу Масквара Iедалан хьаькамашна. Шен йуьртахочун дакъа Цоци-Эвла цIа кхачо пурба делла хиллера Ахмадов Ханпашина. Амма, шена мел чIогIа йуьрта кхача, шен йуьртахой, да-нана, йиша-ваша ган лууш хиллехь, иштта къаьхьа кхаъ Туркон дена-нанна, цIерачарна, йуьртахошна бохуш махка ван ца хIоьттинера Ханпаша, ша эскаран, цу тIеман декхарехь мукъа воккхуш волушшехь цул тIаьхьа. Оцу лазаме кхоъца йуьрта ца ван, тIамехь сецнера Ханпаша, шех хIуъа хир делахь. Лахь, висахь шена эскарехь йаккха тоьхна хан чекхйаллац сецнера иза Афганистанехь. Ахмадов Ханпашин, Абуев Абубакаран, Демельханов Iарбин, Бачаев Билалин, Йунусов Iалашан, Хабзиев Мусан, Исмаилов Айубан – массеран ду Iедало дина совгIаташ: Медаль «За боевые заслуги», «За Отвагу», юбелейни медалаш. Вайн махкахь 1996-1999-г1ачу шерашкахь хиллачу тIеман хенахь дIакхалхар нисделира Бачаев Билалин, Демельханов Iарбин а «федералаша» долийначу герзаш кхийсарна кIел нисбелла, шайн цхьацца гулкхашна боьлхучу некъахь. Шовхалов ИсмаьIал оцу Афганистанан тIамехь ког баьккхина, цу тIеман заьIапхо хилла висина. Ахмадов Ханпаша шайн бежнашна тIаьхьаваьллачохь федералийн мини тIе нисвелла бIаьрг, куьг доккхуш, йуьхь йагош заьIапхо хуьлу 1999-г1ачу шарахь дуьйна. Дуккха вонаш лан доьгIна хиллера Алиев Туркон дена, Лечина, нанна ТIаусна. Афганистанехь Туркон дIакхалхар хиллачул тIаьхьа, ваххабистийн карах валар нисделира Лечин, цуьнан Китай цIе йолчу кIентан а. лахьан (ноябрь) беттан 30-гIачу дийнахь 2002–г1ачу шарахь. Буьйсанна Лечеран чулилхина, Леча вийнера иблисан некъа бевлла лелачара. Бакъду, Леча ша дикка гIоралахь, онда стаг вара, цундела цо мелла дуьхьало йиначух тера ду царна, цара ша долуш долу герз тоьхна вожаваллалц. Луларчу чохь вижина волчу Китайна и гIовгIанаш хаайелла сехьа валарций, цунна тIе герз тоьхна, вийнера оцу Делан мостагIаша иза. И дерриге вонаш лан дийзира доьзалан нана йолчу ТIаусан, цуьнан к1ентийн: Iаьрбин, ГIалгIин, Х1ирин, Iарабан, йжарийн – Дешин, Розин, Рукъийетан, Дашубикин, Седин а. Бакъду, оцу даккхий вонашна тIаьххье, Дала кхоъца хазахетар дира АлиевгIеран доьзална. 2018- гIа шарахь шен дехой лоьхуш Нохчийчу кхечира Алиев Туркос Афганистанехь йалийна хиллачу зудчо вина кIант – Мухьаммад. Иштта цIе тиллина хилла цунна ненахоша. И кIант дуьненчу ваьлла 1984-г1а шаран эсаран (октябрь) беттан 20-чу дийнахь. Цоци-Эвла кхаьчначу хенахь 34 шо долуш стаг ву иза. Алиев Туркон кIентан. Мухьаммадан доьзалехь кхуьуш ду кхо бер: ши кIант, цхьа йоI. Жимах волчу кIантана деден цIе Леча тиллийтина ненехоша. Iар-вахар Бельгехь долуш ву Мухьаммад шен доьзалца. Ша тайхойн кепара (тайски) охьатохалетарех, дуьненан къовсадаларшкахь толамаш баьхна, чемпионан дарж долуш, дехошкара дуьненан даьхница йолчу агIонгахьара хIумма оьшуш воцуш, стаг ву иза. Муххале, ша гIийла-мискачарна сагIанаш даларца гIо-накъосталла деш, комаьршаллин агIорхьара билгала валарца вовзийтина дуккха меттигашкахь. Мухьаммадана масех кхечу къаьмнийн меттанаш хаьа. Бельгерачу нохчийн, оьрсийн диаспорашца гергарло доьзна, нохчийн, оьрсийн меттанаш Iамо воьлла иза. Цоци – Эвлаца, къаьсттина шен девешица, Х1ирица, телефонехула зIенехь ву иза сих-сиха. Делан кхоьлаца лаьтташ болчу тIемашна, Iаламан карзахе баккхий бохаме хиламашна йуккъехула, Делан ницкъаца керлачу дахаро боккху шена кхиаран некъ. Оцунна тешалла ду-кх вайн йуьртахойх кхин а цхьа стаг, Туркон кIант Мухьаммад схьакхетар. Дала дIавигначу цхьана Турконан меттана диъ адам делла – Мухьаммад, цуьнан кхо бер а. Цундела дехаш ду–кх вайн къомалах иштта кица: «Цхьайттаннах цхьаъ винарг Дела ву, цхьаннах цхьайтта винарг Дела ву». Лараме махкахой, вайга кхочуш болу толамаш, иэшамаш Делера бу шуна, вайн хьуьнарца цхьа хIума дац шуна, вайна гIо деш Дела вацахь! Иза дийцархьама ваьллера со вайн коьрта Iалашонна кхин цкъа а йуьстаха. Таханлерчу йуьртахойн чкъурана, тIе хир йолчу вайн тIаьхьенашна иэсехь бисийта Афганистанан тIеман декъашхой. Дабаханчу дайн дахаран хьелийн масаллаш дагахь латтош, царах пайда эца ца Iеминачу тIаьхьенийн дахар, денош серла ца довлуш, даима кхоьлина латтар ду. ДIадаханчух болчу кхетамо кхуллу тIедог1учу шерийн хиндерг.
Рецензии
Мы используем файлы cookie для улучшения работы сайта. Оставаясь на сайте, вы соглашаетесь с условиями использования файлов cookies. Чтобы ознакомиться с Политикой обработки персональных данных и файлов cookie, нажмите здесь .
Соглашаюсь