Къам махках даккхаран сурт
Чилланан (февраль) беттан 23-гIачу дийнахь 1944-г1а шарахь хилларг, сан-сайн кхетамо схьалоцуш, дисна дац сан иэсехь (со ши шо кхачаза, доьзалехь шолгIа бер хилла, сайл жима кхо бутт кхаьчна йиша йолуш), махкахошца со Даймахках бухвоккхуш. Цундела суна оцу дийнан къизалла, Юккъерчу Азе вайн къоме байтинчу некъан халонаш, цига дIакхаьначу хьалхарчу шерийн Iазап-балий дага дагIац. Амма, со кхеттала хиллачул тIаьхьа дас, нанас хIора сарахь: «Вай цIа дохуьйту бохуш ца хезна теша цхьанне?» – бохучу хаттарца гуллучу баккхийчара дийцина ирча, дегаIийжаме къамелаш дагахь-м дисина, Цигахь хан йаккхаран сарташ т1ехь дуьхьала хIутту сих-сиха. Вай къам махках даккхаран сурт, сайн дас, гергарчара ма –дийццара охьадуьллур ду аса. 1943-гIачу шеран гIуьйренан эсаран (октябрь) баттахь вайн махка НКВД-ен эскар чутеттинера. Нохчийчохь хIора хIусаме 2-3 салти воссош. Нахана гергахь и эскар садаIа далийна хиллера вай долчу, мостагIашна дуьхьала тIом беш кIаддаларна, т1е ламанийн хьелашкахь т1ом баран говзалла лакхайаккха 1алашо хиллера церан. Оцу «садаIархоша» 2-3 баттахь вайн махкара хIора хIусамехь долу массо агIонийн хьал шайн хьесапе эцна, вайна мел вагонаш, маса эшелон вовшахтоха дезар ду, муьлхачу аьчканекъан станцешкара дIаховсор ду бохучу, кхинболчу кечамашна хьесапаш хIиттийнера цара. Амма иза, ма – дарра 23-гIчу чилланан (февраль) беттан дийнан Iуьйранна, пхоьалгIачу сахьтехь бен гучу-м ца делира ма-дарра. Цхьабакъду, цхьаболчу наха, махках доху боху хабарш шайна ма–хеззанехь, шайн бежнаш, кхийолу совнаха хIума дIайоьхкинера, дуьйцу хабарш бакъ ца хилахь, йуха эца, нисйан а хала дац-кх аьлла. Ткъа дукхахберш-м, цIера дохур ду бохучу хабарех, тешаш ца хилла. Тхан да цу хенахь тракторист хилла Цоци-Юьртарчу «Молотовн» цIарахчу колхозехь. Бакъду, 1аьно Куршлойн –Эвларчу МТС-е ремонт йан дIагулйеш хилла гонахарчу бахамийн техника. Цоци-Юьртара Куршлойн–Эвла ремонте лелаш волчу сан дена гуш, хезаш хилла цхьаболчу наха беш болу кечамаш, ткъа вукхара бакъ ца деш, адамийн йоьхна, йаьржина ойланаш. Сан дас шен нене (Тахле) цхьа гомаш, йетт а дитина, важайерш йохка йезар аьлча, аьттехьа ца дитина вукхо сан дас дуьйцург. Кхана вай махках даха дезачу сарахь тхан кертахь, сов цIа чохь Iаш волу ши салтти (Михаил, Валера) сан деций, девешиций пхьуьйре тIехйаллалц Iийнера цхьацца дуьйцуш, хан йойуш. Валерас, ненан карахь волчу суна, аган чохь йолу кхо бутт кхаьчначу йишина, шекаран цхьацца б1елиг белла хиллера, суна кхоьссина бассабеллачу патармин чкъуьйриг луш, оцу чу хIуп олуш, шок тоха Iамийнера. Амма Iуьйрана вайн махкахь хIуттур долчу хьолах лаьцна цаьршимма хIумма ца хьахийнера. Кийрахь дог, шайн цIахь бераш хиларна, Iийна хир ву-кх и шиъ оцу буса со хьоьстуш, Iехош, шаьшшинах лаьцна вон дагалецамаш ца бисийта г1оьртина хила тарло. Сан деваша Украинехь, вайн эскаро Днепр-хин дехье немцошкара тIамца схьайоккхучохь чевнаш йина, аьрру куьг чолакх дуьсуш, госпиталехь хиллачу лоьраша кхин дIа эскарехь долчу гIуллакхашна ца магош, цIа ваийтина хилла оцу хенахь, ГIуьмсехь аьчкан некъа тIехь балхахь волуш. Цунна дика оьрсийн мотт, йоза хууш хилла. Цундела цо тхан кертарчу салташка эвххьаза хаьттина хиллера, вай махках дахарх лаьцна дуьйцуш долу хабарш цхьа бух болуш дуй теша аьлла. Цаьршима и хабарш нехан эладитанаш ду, уьш даржош берш Iедало схьалоьцуш, суьдаш йеш, таIзаре ийзош бу аьллера. Амма Iуьйранна пхи сахьт даьлча церан аьшпаш гучубевлира, бакъдерг нахан бIаьргашна дуьхьала дIахIоьттира. Iуьйран - ламазан хенахь дIайолайелира Советан Iедалан коьртехь хиллачу Сталина, Берис, церан хьадалчаша кечйина «Чечевица» цIе йолу операци. Дейтта шарал лакхара хан йолу хIора кертара боьрша нах цхьана сохьтехь дIагулбира, школашкий, кинош гойтучу клубашкий, кхийолу хьалхе дуьйна дуьйлина герзашца болчу салташка го лоцуьйтуш, кечамаш биначу меттигашка хIора йуьртахь, кIотарахь, гIаланашкахь а. Тхан эвлара нах Хулло-хин тогIи чуьра школана хьалха гулбина хиллера. Цигахь НКВД-ен эпсаршна хьалхаваьлла лелачу нохчочо дIакхайкхийнера Советан Iедало вай махках даха бина сацам Юккъерачу Азера Казахстаней, Г1ирг1изей. Шен дегIаца долу герз (шаьлта, гIама, тур долуш, оьккхуш долу герз) охьадилла дезий хаийтира талмажхочо, цхьа дуьхьалонаш ца йеш. ХIунда аьлча дуьхьалонах, хIаллакьхилар бен, бала пайда цахиларна. Гулбина нах, салти санна, маггIара дIахIиттийнера. МогIанера цхьацца, ша-ша тIе воьдуш, йуьстахуо лаьтташ волчу шина салтичуна хьалха охьатосура шегара герз. Дехьуо лаьтташ волу кхин шиъ дегIах, лачкъийна герз дуй хьаьжначул тIаьхьа, чекх ваьл-ваьлларг кхечанхьа дIахIуттура. Герзах адам дIацIандинчул тIаьхьа, массо кертара зударий, бераш дIасовцийначу божаршна тIедуьгу, оцу керташна тIебиссина Iийначу салташа тIе герз лоций. Шена ца хуучу орсийн маттаца сан нана бехкаш даха хIоьттинера тхоьгахь вижар-гIаттар долуш Iийначу Валере, Михаиле а, ша шина бераций, цомгашчу марненаций кех йоккхуш волчу: «Зачем тоя ни исказал чера, ми заптар вас ганайт далико? Зачем малчук йиграл, сахар давал? Ни стидна тиби?» Шина салтичо, наггахь кхоссар йеш хиллера:
«Иди быстрее, не болтай много, а не то стрелять будем. Буф-буф-буф!» – герз кхуссу кеп хIоттош. Сел йоккхачу йуьртахь массанхьа хезаш хилла жIаьлийн карзахе летар. Озазий, меций, хьогах долчу бежнийн Iехар, берийн делхарш, зударийн сардамашца ийна йаппарш, шайн гIорасизаллина холча хIиттинчу божарийн даккхий синош дахар. Деле гIо доьхуш адамийн кхайкхарш а – дерриге аьзнаш цхьаьнаийна, вой даьлча санна, цхьана гIовгIане дирзина, дуьне мел ду даьржина, стигланийн лакхене кхевдинера Деле орца доьхуш долу халкъан до1а. Орца дацара. Сан йиша чохь йолу ага ги дихкина долуш, со карахь волуш, тIаьхьа халла когаш текхош йолчу марненаца сан нана шайна тIекхаьчча, сан дас хаьттина хиллера: «Ванах, кхин карахь-куьгахь йоцуш ма даьхкина шу, некъахь вай хIун лелор ду хаьий шуна?»
– «Мамега ас ала-м элира, маьнги кIелхарчу пхеа даьттанан кхабанех цхьа кхаба, шелаг чуьра кIалд, цхьа кхохкар дама кечдина, схьаэцча хIун дара теша вайшимма. Амма кхо, цIенна догIа тоха, хIумма схьаэца оьшуш дац, элир-кх».
Сан девашас ха дечу салташка, оьрсийн мотт шена хааре терра, дехар динера, жимма некъана рицкъа дан цIа кхетийтахьара ша несаца аьлла. Йуха–йуха дехарш дича, цара бакъо йелла, сан ненаца деваша йуха тхан керта ваханера. Некъан бахалла, цIа кхаьчча кертахь гуш дерг ирча сурт хиллера царна. Массо керташкахь талор деш салтийн тобанаш хилла. ДогIанаш тоьхна йитина неIарш бухйаьхнера, ангалеш отуш, кораш дохийнера, «галх» олуш долу жIаьлеш, зIенаш шайн кочахь йолуш, цIийла карчийнера, хIусамаш чохь мел долу хIума тIекIелтоьхнера, мегаш, мехала йерг дIайаьхьнера – иштта хьолана тIекхочу сан наний, деваший. Тхан чукхаьчча нана тийжа хIоьттина шена сан деден (Хаьммирзин, оха-м цунах Аби олуш хиллера) Къуръан, жайнаш чоь мел йу этIийний, кехаташ дIасадаржийна гича. Сан девашас, човхайеш, сан нене аьллера:
«Уьш дита шаьш ма-дарра, царна дан хIумма дац вай. Сихха йала мегайерг йаа, тIейуха, тIекхолла схьаэца. Хан йац вайшинан кхидолчунна кхузахь хьедала».
Поднара кIел хьаьжнера сан нана – кхара цу к1ел дIайехкинчу даьттанан кхабанехь цхьа ца хиллера кIеллахь, кIолдан учара шелиг харцийна карийра цунна. Мел бIаьрг тоьхча кхин пайдехь дIайахьа хIума ца карийна, хIара шиъ, кIел таса, тIейуха мегайолу тиша-киша тIелхагийн шед бина, кочар диначу хьаьжкIийн кхо-йиъ курс йохьуш йухадирзинера йурт дIагулйина Хуллон туогIичу. Оцу туогIи чохь, Iаьмаркан пачхалкхо, Гитлер вохош тIом бечу ЦIечу эскарна, гIоналлина йелла «студебекарш» олучу машенашна тIебуттуш, аьчкан некъийн станцешка дIабига кечбеш бара салтташа шайн мехкашкара буохош бухбаьхна нах. Станцешкара, тутмакхашна
санна, кечйиначу кир лелочу вагонашна чубуттуш, уьш ларбан
герзаца ха хIоттош, уггаре кIезиг кхузткъей пхиъ-итт вагон цхьаьнатоьхначу эшелонашкахь, Iажаллин бага дIахьовсо кечбеш хиллера. Пхеа денчохь хьаьвзина ахмиллион сов Нохч-ГIалгIайчуьра ши къам, ши бIе сов эшелонашна чутоьхна, хIаллакьхиларан новкъа дIахьажийра, дуьнен чохь йолчу цхьана пачхьалкхан бехках ийза ца луш, малх-аьккъара, Сталин коьртехь волчу советан 1едало .
Шина кIиране сов бахбелла хиллера тхо тIехь долчу эшелонан некъ. Оцу некъан халонаш ца лайна, аганара сан йиша, сан баккъалла волу деда (Муьсла), сан да кхобуш-кхиийна денана (Тахла), тхо ГIиргIизойн махка охьадиссийначу хьалхарчу буса, сахьуллуш дIакхелхинера. Тхан баккъалла волчу дедас, Муьслас, весат деш тIедожийнера шен кIенташна (Мукина, Вис-Iелина), шен дакъа, мичча хенахь йуха Нохчийчу доьрзуш хилахь, кху махкахь ца дуьтуш, Даймахка дерзор. Ткъа жимма вахар-варна маршо йалахь, махках дохуш тхох хаьдда долу шен вокхах волчу кIентан (Салманан) кхо бер (йоI – Тумиша, ши кIант – Мохьадди, Iалман а) шайна тIе схьадалор тIедиллинера Муьслас. Iаьнан чилла дIайаьлла, тIегIерташ йерг бIаьсте йелахь, махкаллой, мацаллой, хьакхайеллачу цамгарший, тIе цхьаммо деш лоьралла цахиларна – Iажалле дIакхевдийнера и кхо са, гуттаренна оцу махкахь шайна тем белла Дала. Шен велларг дIаволла йиш хилар маршо хетачу хьоле даьхна мур хилла иза вайн къоман дахарехь. ХIунда аьлча дIадохка йиш йоцуш дукха декъий дисина оцу, кха к1иране г1оьртинчу бехачу новкъахь. Дала декъала бойла цу некъахь дIакхехина вайн дай, дедай, наной, йижарий, вежарий, доьзалш, мел болу махкахой а.
Рецензии
Мы используем файлы cookie для улучшения работы сайта. Оставаясь на сайте, вы соглашаетесь с условиями использования файлов cookies. Чтобы ознакомиться с Политикой обработки персональных данных и файлов cookie, нажмите здесь .
Соглашаюсь