ДогIу ло

        ДОГIУ ЛО

Беркат дохьуш догIийла хьо,
Ун йухтухуш догIийла хьо,
ЦIано йахьаш догIийла хьо,
Нахана аьхна догIийла хьо!

Массо а берийн самукъдоккхуш,
Дерриг Iалам карла доккхуш,
Iаьржа буьйса серлайоккхуш,
Сингаттамах паргIатвоккхуш!

Экхе вахнарг лортIе нисвеш,
Новкъа ваьлларг маьрша кхачош,
Веъна хьаша хIусмехь вазвеш,
Вуон йина ойла сихха йицйеш!

Муьлхха а мостагI айпе воккхуш,
Кана буьззина сагIа доккхуш,
Ненан куьйга ага техкош,
Нана-Йиша кхин ца йелхош!

Дуо буьззина хьаьжкIаш йолуш,
Кхерчахь кхехкаш йай а болуш,
Туокхох дуьззина дахар долуш,
Вайн тIаьхьенаш ирсе йолуш!

Дагавала доттагI волуш,
Йахье кхуьуш кIентий болуш,
Баттахь сема шаьлта йолуш,
Вайн иэсанна гIарол долуш!

Беркат дохьуш догIийла хьо,
ЦIано йахьаш догIийла хьо,
Йухатухуш дерриг вуо,…
Хьо хуьлийла, Iаьнан ло!

2025-чу шеран 20-чу февралехь


Рецензии