Дурда самавалар

   ДУРДА САМАВАЛАР

Дехьара-сехьара къап-къарс хеза,
Гуонаха схьагуш хIумма а дац,
Йууш йерг а – чаьмза, теза,
Iашшехь, ладегIа – синтем а бац.

Гучу вала, гучу йала,
Адам, экха, шайтIан вир!
Вист хилий, хьуо мила ву ала,
Йац сан цхьаьнце къийса чIир!

Иштта, куьйга шаьлта лаьцна,
Карзахе, ладоьгIуш Iаш,
Самавелир Дурда... Эццахь
ГIан дIадайра, лохуш варш.


Рецензии