Дехийла вай
Массо а Iуьйре маьрша хуьлда,
Массо а суьйре маьрша хуьлда,
Заман керчар маьрша хуьлда…
Дехийла вай эзар шарахь*!
Iилма лахар Iадат лаьрра,
Говзал кхиор кхане лаьрра,
Вовшен ларам - къеп а лаьрра
Дехийла вай эзар шарахь!
МостагI вовза кхетам болуш,
Шениг везар декхар долуш,
Ойла кхаба йоза долуш
Дехийла вай эзар шарахь!
*"Эзар шарахь" бохучу дешнийн нохчийн
фолькорни маьIан ду "Йерриг а заман йохалла".
Свидетельство о публикации №225022100864