Бакаев Хьасанна
Б1аьсте йу т1е йог1уш, малх села буьйлуш,
Аренаш, хьаннаш йу бос хуьйцуш, хазлуш.
Делахь а тхан дегнаш ду г1ийла доьлхуш,
Турпалчу къуонахчунна т1аьхьа хьуьйсуш.
Йиш йац- кха цхьанне а кхолламаш хийца,
Шен дахар д1а делла, кхин ваха вита.
Лур дара ас сайн са, сов реза хилла,
Вайн къоман хиламех хьан бакъ туолийта.
Лур дацара дуьненахь йаха ца лиъна,
Йа Делан дуьненахь хазна ца гина.
Хьайн дахаран серло сов йуьйлуш тайна,
Даймехкан чиркхаш ахь къагийна гарна.
Хьо вирзи эхартан х1усаме х1инца,
Дукха ду масалаш хьох лелон дисна.
Дуьненахь къуонахийн сийлалле кхаьчнарг,
Хуьлда хьо декъалчех, йалсаман хьаьттахь!
Свидетельство о публикации №225031000816