хийцам хилла
Йо1 ю йоьдуш,
Схьа ца хьожуш,
Керла «тайниг» х1инца цуьнгахь ду.
Белхи кхайкхош,
Хьаьжк1аш тилош,
Безам бийцар тешна эрна ду.
Еза аларх,
Йола бахарх,
Айфон яцахь хьоьга къамел дац.
Йо1 д1айоьду,
Ла ца дуг1у,
К1ажа туфлин сетта: ц1ук, ц1ук - к1ац.
Гуьйре, гуьйре,
Хаза йог1у,
Наггахь кхуссуш топ а ю.
Десар, десар,
Сихо елахь,
Хьелахь 1аьн к1ел г1ур а ду.
К1а д1адаьлла,
Г1а мажделла,
Хит1е кхойкху: киснахь сом а ду.
Кастом хуьйцу,
Машен лоллу:
Берийн т1орз а, чена к1ур а бу.
Йо1 схьайог1у,
П1и-п1иъ олу,
Суьйре йоьлла, хаза сурт ма ду.
Хьаькам велахь,
Шай-кай елахь,
Ц1ера яла йоь11а-м реза ю.
Хийцам хилла!
Араяла!
Х1инца даржехь со-ма ву!
Чехка, чехка
Лелий яла,
Хьо кхин хьелахь, са довр ду.
Свидетельство о публикации №225031601902