Дог а сел карзах даьлла
Дитташ юккъер
Г1уьттуш хьала,
Еъна, шийла
1уьйре ю.
Генна хьежна
Малх а къиэгаш,
Аре лийчош
Дохк а ю.
Цец а ваьлла
Д1асахьаьжча,
Гуола тухуш
Некъ а го.
Дог а селла
Карзах даьлла,
Некха кедахь
Деттало.
Дала г1оза
Эхна дахар,
Х1у д1атесна
Айъаме.
Т1аккха 1алам,
Ъсар хилла,
Чуьрадаьлла
Хастаме.
Бошмаш техка,
Бецаш шерша,
Йирзина шаьш
Соьналле.
Цхьогал теба,
Пхьагал едда,
Арахь лаьтта
Къуркъмане.
Гилгаш дуьйлу
Когаш к1елахь:
Цхьа мор текхош
Зингат ду.
Самадаьлла,
Арадаьлла,
Дуьне, кхане
Йохьуш ду.
Свидетельство о публикации №225031601925