Ойланийн тулгIенехь
Самонца – буьйсе а ларйо,
ГIиллакхо – амал а хазйо…
Бух хилча – хIусам а хуьлу,
Гулбича – бахам а хуьлу…
Дош деха – бакъ иза делахь,
Харцонна дуьхьло йеш делахь…
Стаг хуьлу – йахь йолуш ваьхча,
Уьссаза шиен лаъмаш хьаьшча...
Некъ болчахь – некъахо хир ву,
ГIаролна - кIентий а хир бу.
Къоман иэс дехаша мел ду -
Сий ларош Къонахий хир бу!
Свидетельство о публикации №225031801625