Воьвзар ву...
Воьвзара вара
Воьвзар ву хьо суна,
Эзара шо даьлча а.
Йуьхь - сибат ца довззал,
Б1аьрса галдаьлча а.
Дериг а дицделла,
Иэс сан зарзделча а,
Хьан амат ца дицлуш,
Ас дагчохь кхаьбна.
Воьвзар ву хьо суна,
Б1еннашна йуккъехь а.
Генарчу бераллийн,
Мерзачу озехь а.
Дахаран мехаллаш,
Дахкарлахь йисча а.
Хьан амат ца дицлуш,
Ас дагчохь кхаьбна.
Воьвзар ву хьо суна,
Абаде кхаьчча а.
Седарчех къегина,
1аьршашкахь вайча а.
Безамо самадохуш,
Б1аьргийн нур денна.
Хьан амат ца дицлуш,
Ас дагчохь кхаьбна.
Хьан амат ца дицлуш,
Ас дагчохь кхабар,
Ма дара, безаман
Уьйрах ца хадар.
2025
Свидетельство о публикации №225032900872