Гiиргiизехь мухiажарийн дахар

Дуьххьарлера буьйса Калинан районан Будённыйн цIарахчу колхозан говрийн божал чохь йаьккхина хиллера оха, чохь йагош цIе йацахь а, кIел дуда ча нисделла хиларна, массаьрга даккхий дер кхочуш. Оцу чах доккха гIуллакх хиллера дуккха нахана, гоьнийн, гIайбанийн, йургIанийн чкъоьргаш йуьзна, дийша меттнаш кечдан аьтто беш. Будённыйн колхозехь бехаш берш беккъа, хьалхенгахь советан Iедало кулакаш бу аьллий йа кхин бахьанаш хьовзиний цхьаццанхьара бохийна гIазкхий, немцой, украинцаш, шаьш азербайджанаш бу бохуш болу, курдаш, хIорш тI****абале бухахь хилла гIиргIизаш бара. ДIоггара бахамаш бацахь, тIебалийначу нохчел церан дахаран д1анисдалар дуккха дикачу хьолехь дара. Кегий йелахь, шайн хIусамаш чохь бара, даа-мала, тIедуха, кертахь бежана, зIакаран даьхни долуший, баха-бахка маьрша бара уьш. Нохчийн, гIалгIайн оцу таронех цхьа хIума дацара, ур-атталла къоман цIе ца йитинера йаккха – «спецпереселенец» хьенехов минех олуш, йоккхура Iедалан белхалоша цIе, фамилии а, вайн къомах болчаьрга бистхуьлуш. Ткъа  вайнахера жимма новкъарло хиллачара дера кхиссарш йора: «бандит, предатель, изменник, вор». Хийла тасадаларш, батош атар, лазавар, наггахь вер-ваккхар нисделла и харц цIераш вайна тахкар бахьана долуш. Цхьабакъду, къуй вайх динарг, шен харцо тIейаьккхина, оцу заманан советан Iедал дара. Даймахках къастийна, долахь мел хиллачух даьхна, кху махка карахь-куьйгахь доцуш охьакхийсина хиларна. Iедало хIора син цIарах луш долчу бIе грамм Iаьржачу баьпках, шекаран кхаа бIелигах, кхо бIе грамм жоржах хене волийла дуй дийнахь бусий? Цундела, мацалла ца бала гIерташ, къола деш берш дера нислора, жимма гIоралахь болчарна йукъахь. Шайгахь мел меца хьал делахь, сагIа доьхуш нохчо ца вайна цигахь цхьанна. СагIа дехна шайн сий ца дайалла деналлий, йахь йара нохчашкахь. Ша сагIа доьхуш ца гайта нохчочо йа лачкъор йара хIума йолччуьра, йа цхьанне шегара хьал-де ца далхош, тийна-таь11ана, лийр вара. Йохьах, деналлех, собарх вухуш верг бакъ волу, буххера нохчо вац. Иза, кхечу къомах волчу стаге маре йаханчу  нохчийн зудчунна тIаьхIоьттина веанчу доьзалхочух доладеллачу хIун тIаьхенах ву йа нохчашна йукъахь лечкъина Iийначу кхечу къоман стеган тIаьхьенах хилла «нохчо» ву. СагIа дехаран, нахана йолах балх баран, йуьртан йа хьоладен беже, же хIоттаран, мехах нехан хьадалча хилар, тIелоцуш ца хилла оьздачу нохчочо. Нохчо кхоьруш цхьа хIума ца хилла цхьаъ доцург.  Иза, ша ийманах, гIиллакх-оьздангаллех вухуш, шегара ледарло йаларх ларвалар – Далла, нахана гергахь йуьхьIаьржа хIоттарна кхоьруш хилар бен даима. Цундела оцу заманан халонаш ловш, бIаьргара хин тIадам болуш, нах кхарда багара узар далар ца хозуьйтуш, набаро Iехош санна, дIатийнначохь, нохчоллех ца къаьсташ, Деле боьрзуш хилла бохийна нохчий. Беллачарах дIатоьхна со а хиллера сан гергарчара, вагон чохь некъ беш дуьйна. Дагаро воттуш, халла бен багара аз ца долуш, декъазчу хьолехь хиллера со, некъан бахалла Iадда хи доьхуш. Наггахь станцехь поезд сецча бен оьцуьйтуш ца хилла иза. Мел чIогIа хьажийна лардан гIортарх, кхачадой, къелла хIуттуш хилла-кх цуьнан а. Со хи доьхуш, бIаьрза хаавелча, тхан вагон чохь волу цхьа гелдганхо (Тимар хилла цуьнан цIе), вагонан корах ара кхевдина хиллера, вагонан тхов тIера ло эца дагахь шен карара гIуммагIна чохь. Иштта вагонан тхов т1ера эцна ло дашадина, соьга малийта дагахь. Вагон ларйеш волчу салтичунна, (гелдганхочо гIуммагI  карахь куьг аракховдош гича) иза шена тоха воллуш ву моттаделла, цо «стоп-кран» охьатоьхна, эшелон сацийна хиллера. Мила вара вагонан корах куьг ара кховдийнарг бохуш, вагон чуьра нах охьабаха болийча, сан да (Мука), ша ву аьлла, охьавоьссинера, суна хи  хилийта гIоьртина гелдганхо (Тимар) хьийза ца вайта салтташка. Амма сан дена тIаьххе охьавоьссинера Тимар а, ша вар-кха ло эца тхов тIера корах куьг аракховдийнарг олуш. Цхьадика, де-буьйса даьллачул тIаьхьа, схьаваийтинера и шиъ цхьана шийлачу шайн вагон-набахти чохь валлийна. Вохвала гIерташ ши пекъар охахиъна йа вижина ца хиллера, оцу дийнахь, бусий даима волавелла лелаш йа охьатохарехь вовшех тийсалуш. Оцу дийнахь, бусий цу халачу некъахь тасаделла гергарло шаьшшиъ валлалц лелийра цаьршимма. Сан да тракторист хиллий хиъча, бIаьстенан оханаш дан трактор тIе болх бан вахийтинера цигарчу колхозан куьйгалхочо. Деваша, оьрсийн мотт, йозий  хууш хиларна учётчик вахийтинера, вуьшта оцу колхозехь болчу нохчашна луш йолу де-буьсанан паёк цуьнгахула хьесап лелош, луш хиллера. Сан нанна, кхечу нохчийн зударшна санна, нуй-горгамций, баьхьа-белаций, кир-сираций, латта лелорций болу белхаш кхаьчна хилла цу хенахь. Кога ира хIотталуш долу массо стаг, зудий, лаххарчу хьесапехь шина бIеанга гIоьрташ болх бина денош («трудодень») долуш хила дезаш хилла цхьана шарахь. Иза алап х1оттийна пачхьалкхана вацар дацара. Бакъду, йалта хьийкъина шо деача, оцу хIора «турдденна» 50 грамм тIера 100 грамме кхаччалц, йалта лора – иза йара шарахь къахьегарна белхалочунна  кхачош йолу йал. ХIетта деа шарахь тIамна кIелхьара девлла зама йара иза, цундела хилла хир йу-кх и къелла советан пачхьалкхехь. 1ай сан да баьстенна техника кечйеш ремонте лелаш хилла денна, ткъа нана, наггахь суна чохь са дуй хьажа цIа оьккхуш хилла, цхьацца белхаш колхозех бечура. Со айса ха харца йа оьшург йеха гIора доцуш, пешана уллохь охьатийсинчу тIелхагашна йукъа хьерчош, кхо-биъ бутт хан йаьлла. Дуо санна, тIе IаьржабIаьргаш йовларна бистина корта болуш, виллина дагаро воттуш, велла дIаваьлла воцуш йа денвелла хецавалар доцуш, Iиллина вехха. Наггахь сан дас сан нене олуш хиллера: «Хьажахь цуьнга, са доьIуш мукъна вуй теша иза?» Бакъду, сан дешичин нана (йоккхастаг - МаслаIат), оха - м Дада алара цунах, иза йара суна тIехь шен башха лоьралла лело йогIуш. Со мел цамгаро гIелвина хиллехь, цо сайна тIехь лелийна дарба дика схьалаьцнера сан иэсо. Оцу йоккхстага чIогIа ницкъ бора суна. Борзан морзахо санна, шен шина куьйган нана-пIелгашца и сан хIора IаьржабIаьрг Iовдий, сан бIаргашчу Iаьржа бода хохкура цо, дог кийрара озийна схьадоккхуш санна, лаза доккхуш. Гуттар йоккха къизалла йара суна гергахь, оцу зудчо, ша суна тIехь диначух кхачо ца хуьлуш санна, ша Iуьйдуш дарйинчу ченашна тIе туьхан шовра хьекхар. Йоккхстагана дуьхьало йан гIора доцуш йа велха де доцуш, со кхетамчуьра волий, вужуш хиллера. ДуьххьалдIа Дала оцу заманахь Iажалла йазйина цахиларна, МаслаIата (Дала гечдойла цунна) и шен дарбане тIабаIат суна тIехь леладар бахьана долуш, со ца леш схьакхаьчна таханлерчу дийне, хIара дуьне, наха санна, дууш, хьоьшуш а. Со товеллачул тIаьхьа оцу йоккхстагах кхоьруш дикка хан йаьхьира ас, дегIе иза гича шело хьодуш. Оцу къеначу зудчо туьхан берам хьоькуш йерзийначу IаьржабIаьргийн  даккхий моьнаш, тахана тIе чо ца болуш, сан коьрта тIехь шера къаьсташ ду. Уьш гича сан берийн бераша олу соьга:
«Жимдада, (сан дех Воккхдада олура цара) хьо тIам тIехь хилла. Хьан коьрта тIехь ма дукха моьнаш ду?» Велалой, айса жимчохь Iажаллица къийсалуш бина тIом буьйцу ас берашна. Мацаллой, цамгарший гIад дайинера массеран, къаьсттина берийн, къанойн а – царна гIоралахь бисинчара арара деанарг бен кхин рицкъа дацара. Амма йолучу бIаьстенца Дала Шен Iаламан шун дIахIотто долийча, ца вала, меттах хьалуш верг бацала текхара. Товала воьлча со велира бецала. Уьшал чохь йолучу шочан , эрзан  орамаш, буьйда долчу хенахь церан гIад тIехь, дика вузош кхача бара тхуна. Туьханца хьакхийна кхоткъа , нитташ санна, чомехь хуьлура дууш. ЧIимийн , IаьIийн , эмкалан баь11ийн, нехцийн , IаьIийн орамаш т1ехь дарбане, чомехь кхача бара мацалла эккхош. Шура йолу буц, цициган комарш , аренан кхоьаш , акха картолаш, балгаш , татеш , муьстаргаш , аккацин заза,– кхин мел йара и бецийн тайпанаш – хинца-м церан цIераш йицйелла йогIу. Хьозарчий, кхокхий, човкарчий  кхиндолу олхазарш, тиладина кхехкош, церан баннашна чуьра хIоаш буьйда дIамуьйлуш, доттуш диъна. Аьхкенца буьйда болуш дуьйна колхозан йалтийн кхашна тIекхийдара, къайлаха мекхан, кIенан кан боккхуш. Говрахь волчу хехочунна гучу ваьллачунна  хийла шед кхетара, ткъа караваханчуьнан цIерачарна гIуда тухура йа цхьана ханна чубухкура. Йалтанаш хьаькхна девла чудерзийначул тIаьхьа ца лахьабойтура бухабоьжна бисина кан. Кисанахь йа канахь йалта хьош гучуваьллачунна масех шо набахтехь йаккха хан тухура. ХIора кIиранах комендатурехь куьг таIо дезаш бара доьзалийн коьртехь берш (да йа нана) шен доьзалера цхьа дIасаваьлла воций хоуьйтуш, харц дерг дийцина гучудалахь, хан тухура чохь валло. Цкъа кан лахьо йаханчохь сан дейишина (Тахбикина), комсольцийн жигархойх цхьамма коьртах тIулг тоьхна, туьтанан даьIахк оьккхуьйтуш, йоккха чов йинера. Цхьадика, шеца болчу накъосташа гIодар бахьана долуш, кара ца йоьдуш кIелхьара йаьллера иза. Амма цул тIаьхьа оцу жигархочух, иза цхьана сарахь маларх кхетта, вехна шайн цIа воьдуш, духьала нисвеллачу сан шичас, Мохьаддис дог Iаббош хIума тоьхнера цунна, малар мелла волуш, иза шена коча веанчух бахьана хIоттийна. Бекхам ца беш-м ца дуьтура вайнаха шайна динарг, куьг кхочехь бехказа хила агIо хIоьттича-м муххале. Гурахь эсаро човхийна диттийн гIа санна, охьаоьгура леш адамаш. Ткъа дийначийн гIора дацара, царна кешнаш дохуш, уьш дIадохка. Хийла цхьа метар кIорга хир доцчу ор чу шишша-кхоккха дакъа дIатаIина цу хенахь гIелделлачу адамо. Мацаллина бIаьрзачу нахана, суна а хеташ цхьаъ дара: «Везан Дела, вуззалц бепиг, деккъа цхьа бепиг, кхин хIумма йоцуш, даа йиш йолуш зама гойтур йуй теша Ахь тхуна?» Хийла малхбузу хан ларйина ас, хьажкIех, мекхах йа кIах, куьйга кахьар83 хьовзош баьккхинчу жаржах йеш йолчу, чорпане сатуьйсуш. Хийла мохь биттина нене, малхбуза хан хилла хьуна, нана, чорпа йехьа вайна, бохуш. Иза муха чорпа йара. Кхо-йиъ литар кхехкош долчу хи чу, кохьарх чекхбаьккхина цхьа-ши кана жарж тосуш. МаьркIажа хенахь йой, йуура и чорпа, сан да балхара цIавирзинчул тIаьхьа. Дена буххара йуькъо йоттара сан нанас чорпа, суний, шений кочуо йуттуш. ТIаккха сан дас шен кад суна хьалха буьллура. Сан нанас реза йоцуш олура:
«И хIума ма дехьа, стаг! Хьо гIоралахь хила везаш ма ву балха лелаш волу. Тхойшинна-м гена гIайгIа бан хIума кара ма до гонахь лехчхьана». Дас олура:
«Болх хIораммо шен ницкъе, тароне хьаьжжина бан беза, ткъа шуьнехь кхача цхьатерра бекъа беза, цхьа иэша а ца веш». Ас дена хьалха тоттура цо сайчуьнца хийцина кад. ТIаккха цо шен кедара йуькъачу чорпех ши-кхо Iайг сан кеда йуттий, йуха суна хьалха буьллура. Цул тIаьхьа йаа дуьйлалора тхо, «хуррутI-хуррутI» деш, ас сихвелла чорпа чууьйзуш, къурдаш дора. Аса иштта чорпа йаар хазделлачу сан дешичас, Ахьмада, ХуртIа аьлла цIе тиллинера суна. Со воккха хиллачул тIехьа, иштта бен сан цIе ца йоккхуш, эхаре вирзира иза. Хьалхара шераш меций, дерзаний дара дукхахболчийн. Коч-хечин меттана, бухехь корта чекхбала, агIонаш тIехь ши куьг чекхдаккха кхо Iуьрг даьккхина, кечдина гали тIехь лелош берш хуьлура, ткъа иза ца кхочуш, берзана хиларна чуьра арабовла таро йоцурш, мел шорта бара. Амма балаза бисанчеран цигахь Iаш кхо-диъ шо даьлча, кегий йелахь, шайна хIусамаш йан ницкъ кхечира, йоманаш йехкина делахь, тIедухург нисделира, белхеш, синкъерамаш, мовладаш, ловзарш доладелира. Къам шайн дайн дахаран кепе хьаьвзира. Амма цхьана минотана дайн латта дицделла зама йацара. Салам-маршалла дIадаьлча, хоттуш дерг цхьаъ дара:
«Вай цIа доьлху ца бах?» Даймахка, цIа доьлху бохург хаза лууш вара воккха, жима. Ткъа иза хезар долуш ца хиллера, кхойтта шарахь махках хаьддачу къомо Iазап, бала лайна, Сталин ц1е йолу дожал велча бен. Со пхьоалгIачу классехь доьшуш вара Сталин веллачу 1953-г1ачу шарахь. Хьалхара йиъ класс аса чекхйаьккхира тхаьш дехаш Iаш долчу «Большевик» колхозехь. Цу  колхозехь йуьхьанцара классийн бен школа йацара. Иза йара «малокоплектная» олуш йолу школа: I–ра, 3-гIа, 2–г1а, 4 – гIа классаш цхьаьнатоьхна доьшуш. ТIе иштта вовшахтоьхна бераш дацара даккхий хиларан хенашца герга догIуш. Хьалхарчу классехь элпаш Iамо ховшийна хилара 7-9 шераш долу бераш. Ткъа цуьнца нисйинчу кхоалгIа классех нислора 12-14 шо долу кхиазхой а. Декъаза хьал дара тхуна хьеха богIучу хьехархошкахь. Iуьйрана 2 –г1а, 4-гIа классаш йара д1атарйеш, итт парта бен чу ца хоьачу чохь. Делкъал тIаьхьа доьшуш йара I –ра, 3-гIа классаш. Ткъаннал сов бер школе дагIахь кхоккха охьааа везара цхьана партина тIе. Урокехь долу хьал ирча дара. Хьехархочо уьнехьа цхьа хIума хьоьхуш йа йаздан букъ берзорций, дешархоша кехатех, йоьзан йа наштаран серех дина тIассаш Iедашца детта доладора вовшашна. Хьехархо схьавирзича массарах масс-маликаш хуьлура. Дукхахьолахь директор йа завхоз чувалош тийналла х1оттайора. Хала-атта оцу деа шарах чекхдевлира тхо, нохчийн бераш, доьшучулла дукхах йолчу хенахь гIиргIизойн берех тийсадалар, денна бохург санна, лаьтташ. 5-гIа классе, тхан колхозана 6-7 чаккхарма. генахь йолчу, «Эректу» колхозера школа– интернате нисделира со, сан шича Мовлди; курдойн къомах болу: Шазида, Мажит, Асрет, Кхандай; Литвинов Миша, Кондратенко Коля – оьрсий; Цвецих Яков, Цвецих Наташа – немцойн бераш. Масех къаьмнех цхьаьнакхетта шийтта дешархой дара тхо . Бакъдерг ала деза, хьехархой диканиш бара тхуна Большевикехь хьехнарш, т1аьхьа кху Эректу школа-интернатехь нисбелларш а. Уьш бара советан Iедало цхьацца бахьанашца шайн мехкашкара дохийначу къаьмнех хьехархой белахь а, т1аккха оцу 1едална т1ех муьт1ахь болуш.


Рецензии