Мухiажар къаьмнашка кхаьчна кхаъ

Оцу 5-гIа классехь тхо долуш велира дожал – Сталин. Школера тхан хьехархой боьлхуш бара, мелла ладар хилла, ткъа тхо,
«спецпереселенцийн» бераш, доьлура самукъадаьлла. Школан
кертахь чен рагI йара, Iаьно школа йовха латто, пенашца йиначу пешашкахь дагош. Оцу рогIах дисинчу ча тIехь тхо охьатохарех летара, акробаташ санна IуьнцIалгаш бохура, эшарш лоькхура, тхайн самукъадалар тIедаьккхина гойтуш. ХIоккхузахь йукъабало лаьа суна вайн дуьненна вевзинчу политолого, Авторханов Iабдрахьмана,
Сталин валаран хьокъехь, «Свободный Кавказ» журналехь пхоьалг1ачу бекарг (март) беттан дийнавхь 1953–г1ачу шарахь,
йазбина кадам (некролог). Малхбузерчу Германин Мюнхен–галахь арадолучу, вай лакхахь ц1е йаьккхинчу журналехь, цо йаздинера: «Сталин, наконец, умер, перестало биться волчье сердце и работать дьявольский ум. Ушёл человек, в котором не было ничего человеческого… Холодная жестокость  профессионального палача и звериный инстинкт самосохранения роднили его больше со звериным племенем, чем с родом человеческим. Ушёл человек, который на протяжении тридцати лет безнаказанно плевал в море крови наших отцов и братьев, в реки слёз наших матерей и сестёр. Ушёл самый проклятый из всех проклятых людей…. Осиновый кол в его могилу! Вечное проклятие его памяти!» Сталин веллачул тIаьхьа бен махках даьхначу къаьмнашна маршонан билгалонаш гуча  ца йевлира. Дуненан Йукъарчу Организацина йукъайогIучу пачхьалкхашка Автарханов Iабдрахьмана биначу кхайкхамаша, кхечу пачхьалкхийн куьйгалхоша советски куьйгалхойн йуьхьйахарца, ткъа уггар хьалха  Делан къинхетам вайн къомана, кхиндолчу мухIажар – къаьмнашна тIебоссарца доьзна, Н.С. Хрущёвс, Сталинан къизаллин политика Iорайоккхуш, дуккха гIалаташ нисдира Iедалан политикехь, куьйгаллин балхахь а. 1956-г1а шеран 16 – чу мангалан (июль) беттан дийнахь Советан Iедало мукIарло дира вайн къомана, кхечарна тIехь махках дохуш лелийнарг – харцой, къизаллий, зулам хилар чIагIдеш. 1957-г1а шеран 9-чу  кхолламан (январь) беттан дийнахь дIакхайкхийра Нохч-ГIалгIайн АССР (пачхьалкх) меттахIотторах лаьцна Лаккхарчу Советан Указ, вайна вешан махка цIадерза бакъо луш. Оццу шарахь, жимма таро йерш хьалха, кхиберш шайн аьттоне хьаьжжина цIа, Даймахка, гIоьртира вай, кхиндолу къаьмнаш шайн мехкашка а.



            


Рецензии