Даймахкахь йуха а когадахар

1957-г1а шеран хьалхарчу асаран (июнь) беттан дийнахь тхо кхечира тхайн салпалца Гуьмсерчу аьчганекъан станце. Кхузахь станцина голаьцна лаьтташ милици йара, самукъдаьлла бухахь Iаш болчех цхьа вацара нохчий тIеоьцуш. Вацара дуьхьала бепиг-туьханций, зезагашций цIабогIучу нохчашна дуьхьала веана цхьа. Нахана бакъо ца лора шайн-шайн дай баьхначу йарташка берза, Теркал дехьа хьежадора адам Шелковскойн, Науран, Надтеречнин кIошташка. Ши де-буьйса даьккхира оха Гуьмсан вокзалехь милицино хадеш. Кхоалг1ачу буса милицис го дIахецча, оха, наха а сихо йира, машенаш лоьцуш, кхузара шайн-шайн йарташка дIасадаха. Буса кхечира тхо дайн хIусамийн херцораш тхайга хьоьжучу Цоци-Юьрта. Йурт аьлча а, маьI-маь11ехь ткъаййахха чиркхан серлонехь гуш, цхьацца кIотарш йар-кха. Тхан дайн хиллачу хIусамах йисинарг пешан ах туьнталг йара, ткъа девешин хIусам чохь оьрсийн доьзал бара. Царах оцу буса цхьа да ара ца велира. Арахь шийло йара, делахь гонахара кIел даржо къаххаш гулдина, царна тIехула гата даржийна, тхайна дийша мотт тобина, карахь йерриг кхаьллина, тхаьш йалсамани кхаьчначул башха ца хеташ, дIадийшаран тем бира оха. Кхойтта шеран Даймахке сатийсаран бала, йоккхачу паргIатонан са доккхуш, охьабиллира оха оцу буса массара. Дахаран халонаш-м тIаьхьара йевр йац, дуьненчохь мел веха, амма уьш – Даймахкаца цхьаьна ловш, мелла йайло, лазаме ца хуьлу. Дайн кхерчо гIорий, ницкъ а ло уьш йохьаллица лан. Оцу аьхка, белхеш беш, шайна дуьйцинчу зIарех йа буьдачу кмбарчигех цIенош дира дукхахболчара, таро хиллалц цкъачунна чохь Iа. Цхьаболчара шайн цIенош мах луш суьйлашкарий, оьрсашкарий йухаийцира. Эххар а суданаш дала долийра Iедало. Доьдууш кога дахара Даймахкахь вайн дахар. Даймехкан йартийн хьал милла а велхор волуш дакъаза даьлла дара. Наггахь бен керлачу дайша безамца куьг Iоьттина, кир тоьхна, гонахьа керт йина, тIалам бина хIусам йацара йуьртахь. Тхан давешин цIенош, дикка тишделлехь, дийна дара, чохь Iаш оьрсийн доьзал болуш. Йочане малхбузенна букъ берзийна, малхбалехьа хецна деха пурхе долуш, хIусам йара иза. Тхан ден хиллачу хIусамах бисинарг бара херцорийн гу, цу йуккъехь ирхйахана цхьа пешан туьнталг а. Гонаха йевлла коьллаш, гIундалгIеш, кхиъна комарийн, туьркийн, Iежийн дитташ дара. Йалтийн галеш, цхьайолу йийбар-м йиллийтира  тхоьга Вис-Iелин чохь Iаш волчу гIазкхичо пурха, амма хусамна чу ца дитира. Гонахарчу диттех, гIундалг1ехь баннаш йина, чохь кIел хьаькхна буц йаржийна, цунна тIехула гата даржийна, цу тIехь тхешан мотт-гIайба дIанисдира оха. Буьнна чувала йитинчу нIаьIаре цхьа шаршо оьллира. Иштта са дале дуьххьарлерачу дийнахь тхаьшна дийша меттиг нисйира оха. ЦIенойн херцолашлахь лаьтташ йолу туьнталг чухарцийна, цунах йаьхначу кибирчигех тхьаьшна кхача кечбан пеш дIахоттийра оха арахь. Девешин доьзалехь ши бер дара: ПетIимат, Эзар-Iела. Цаьрца цхьаьна цIа йеана йара цхьа дейиша, Хьалимат (оха-м цунах Дута алара) цуьнан цхьа кIант Суппайн, тхан денана Несехьат (оха массара цунах «Мама» олура). Уьш ворхI адам цкъачунна цхьана буьнехь дара. Мукин доьзал алсамо бара. тхо – пхи бер: со, Аьрсмик, Асланбек, Зарет, Денилбек. Тхоьца цIа йеана дейиша, Тахбика, цуьнан ши бер: Сайд-Ахьмад, Мовлди. Тхо итт адам цкъачунна цхьана буьнахь Iан дезаш дара. Бакъду, тхан бун йоккхо йина йара, тIе цу чу баккхийрнаш буса д1абийша бен чубогIуш бацара. Цундела бун чохь диъ шо долу Зарет хуьлура, ши шо кхаьчна Денилбек Iалашвеш. Ткъа пхийтта шо долуш волу со, бархI шо долу Аьрсмик, йалх шо кхаьчна Асланбек – тхайн дений, нанний гIодеш хуьлура, цкъачунна дуьйцинчу зIарех йеш йолу ши чоь, рагIун маьIаг дIахIоттош. Хьекхий, серий тIекхоьхьура, дIакхийдош гIо а хуьлура тхоьгара. Дуьйцина пенаш дIахIиттийна девлла, царна тIехь тIе латта тосуш тхов бича, чухула, арахула царна поппар хьохуш белхеш бира, тхов тIе поппар хьаьхна, тIехула аьржа кехат даржийра (рубероид). ХIора чоьна цхьацца кор дитинера, рагIу кIелхула чуволу неI йара. Гурале чухула, арахула кир тоьхна, инзаре хаза «гIала» тхайн хIусам хеташ, дегнаш даккхий деш, чудевлира тхо оцу чоьнашна, ши-кхо шо далале царах бежанийн божал хир делахь а. Бун чохь оха боккучу шина-кхаа баттахь цомгаш хилира тхан жима Денилбек. Цхьаболчара жинийн хьу йоьлла олура цунна, цундела нохчийн дарбанаш лелочу нахана тIе лелон волийра иза. Цхьаболчара болницехь лоьрашка къастайайта цуьнан цамгар олура, амма тхан нана, да иза жинийн хьу хиларх тешна даьллера. Дукха жайнаш дехира цунна цу хенахь, дарбане лоруш болчу дешначу наха. Цаьрга кечдойтуш шишанаш чохь молханаш мийлира цунна шекъан, чайнан, кIайн беснашкахь. ГIоьрдала - Юьртахь вара цу хенахь, гIалгIайн къомах ву бохуш, Закари цIе йолу стаг. Иза гIоьртира Денилбекана дарба дан. Шозза вахара со Цоци-Эвлара оцу ГIоьрдала гIаш, Закарис кечдина молханаш дан. Ялхойн–Махка кхаччалц бен машен йахалуш некъ бацара цу агIорхьа. Машенаш кIезиг йара цу хенахь, къаьсттина цу агIор йоьлхурш. Цундела дукхах болу некъ гIаш бора, ворданахь вог1уш-воьдуш некъахо нисцалахь. Ялхойн–Махкара ГIоьрдала зIенашца йолу трактор йа тIемалойн, массо чкъург уозош йолу машен бен йахалуш йацара цу хенахь. Шина шарахь нохчийн массо дарба лелийна гIоле гучуйолуш ца хилча, тIаккха болнице лоьрашна тIевигира Денилбек. Лоьраша «эпилепсия» олуш йолу цамгар къастийра цунна. Цамгар гена йалийтина аьллера цара, дуьххьара хаа ма йеллина валийнехьара шайгара дарба дала там бара цунна. Ткъа х1инца и цамгар сих-сиха ца йоуьйтуш долу молханаш аптекера шуна маьхза далийта бако луш справка йазйарца г1о хир ду шуна тхоьгара, аьллера лоьраша. Цкъачуна кхин дарба гучудаьлла дац и цамгар гена йаьллачу нахана. Молханаш мало долийча баттахь цкъа бен ца вожавора иза цу цамгаро. ГIеххьа мотт Iемина богIуш болуш кхеттера цунна и цамгар. Цундела шена йезарг йеха, ша хьенан ву ала хаара цунна. Ткъе пхоьалгIачу шаре волуш, Деле верзар хилира цуьнан. Дала шапаIатан да войла цунах и цамгар ловш цо хан йаккхарна. Iаламат хала ду иштта цомгаш стаг доьзалехь ларван. Ков дIакъевлина хилча, шена дагадагIахь иштта стаг, керта тIехула йа кхечу геченехула волий, дIавоьду. ТIахьаваьллачуьнан иза лаха цхьа агIо бен ца хуьлу, ткъа ваханчунна массо агIо маьрша йу. Денилбекан 9-10 шо долуш, со институт йаьккхина, йуьртара школехь хьехархо вара. ТIаккха цу балхаца доьзна книгашца тхан цIахь хьашташ алссам хуьлура. Денилбекана марзделлера цу книгашна тIера суьрташка хьежа. Цундела тхан кертахь доьшуш долчу берийн, сан цхьайолу книгаш цо шен дола йаьхнера. Шена йуххехь, рагI йой, тIекIел йехкина хуьлура уьш цуьнан. Даима цаьрга хьоьжуш самукъадолуш Iара иза. Ткъа нагахь оцу оьланна йуккъара цхьа книга галйалахь, иза оьгIазвоьдий, гIам-гIим деш, иза лаха тIехьаволура. Нагахь кертарчара цунна иза охьа ца йиллахь, иза, кех волий, нахехула волалора иштта книга лоьхуш. Дела реза хуьлийла йуьртара нахана, шайга иза кхаьчча, цунна шайгара кхин книга лой, цхьалха велахь тIе хIума кхуллий, кара цIазам, печени лой, вайн цIа схьавалавора, хIумма дегаза ца хеташ. Кхин цхьа тамашена хIума дара Денилбекаца, шун тIехь чIогIа оьзда вара иза – цхьа цуьрг дожор дацара цо шена хьалха, цхьа тIадам божор бацара молуш буучу кхачанах. ХIумма сиха хир вацара йуучух кхеташ, чIогIа паргIат Iара багахь йерг Iуьйшуш. Ша хастош, хьостуш чIогIа хазахетара, амма човхинчуьнца тан атта ца тара. Тхо пхеанна тIе виъ доьзалхо веа0ра тхуна – ши йоI, ши кIант цIа дирзинчул тIаьхьа. Даймахкахь дуьххьара гучуйаьлларг Барет йара 1956-г1ачу шеран тов (сентябрь) беттан шолг1ачу дийнахь. Цул тIаьхьа дуьненчу велира кIант Элбек 1959-г1ачу шарахь. ТIаккха гучуйолу йоI Разет 1962-г1ачу шарахь, цунна тIаьххье кIант - Каурбек. Амма иза шина-кхаа баттахь бен ца вехира (Дала шапаIатан да войла цунах). Тхо ГIиргIизехь долуш йелира соьл тIаьхьа йина йоI, Айзан. Иза йелира 10 шо долуш, цхьаболчара «Кхаракхурт» олучу д1аьвшен гезаго къовзийначу дIаьвшах, вукхара «рожистое воспаление» олучу цамгарх йелла бохуш. Ткъа лоьраша «таксикоз крови» диагноз хIоттийнера, (Дала шапаIатан да йойла-кх цунах а). ГIеметта хIоттале дIакхалхар хилира цуьнан. Дерриге тхан доьзалехь гучудаьлла бер шийтта ду, царах беран хенахь делларг пхиъ ду. Тхан дисинчу ворхI беранна тIехь Делан кхел гIеметта хиттинчул тIехьа лелла. Сан къаьхьа бералла, ас мел безамца дагалецахь, мацалла, цамгарш лайначу ГIиргIизойн махкахь дисна. Цигахь Iемира вайн матталла шера бийца оьрсийн, гIиргIизойн, курдийн (цара-м шаьш азербайджанаш ду олура) меттанаш. Цигахь школашкахь доьшуш чекхйаьккхира бархI класс. Дуьххьарлера йиъ класс чекхйаьккхира тхаьш дехаш Iачу «Большевик» колхозехь. ПхоьалгIа, йолхалгIа, ворхIалгIа классашкахь дийшира, 6-7 чаккхарма тхо долчуьра г1аш дIасалелаш, «Эрикту» цIе йолчу колхозехь. Iай цигарчу интернатехь Iара, д1асалела шийла хиларна. Цу хенахь 1956-г1ачу шарахь ворхI класс чекхйоккхуш экзаменаш йала йезаш йара, тIаккха йуьззина йоцу йуккъера школа чекхйаьккхина «Свидетельство» лора, хIинца исс класс йаьккхича луш дерг санна. Интернатехь кхузза йаа хIума лора, вижа мотт бара, хIоранан шен совнаха хIума чуйилла тумбачка йара, цIахь бан безачу дешаран балхана къастийна чоь йара. Чоьнаш йовха, цIена латтош белхалой бара. 1956-1957-г1а дешаран шарахь дийзира сан Вознесеновка цIе йолчу йуьртарчу школе лела. Оцу Вознесеновкина цхьа чаккхарма бен йукъахь йукъ йоцуш, Литвиновка олуш колхоз йара. Цигахь Iар-дахар нисделлера гелдганхойн, цхьаболу цоцанхойн а. Оцу Литвиновкехь Iаш бара Идрисов Халадан доьзал. Халадехь марехь йара сан ненан шича Зуга. Оцу доьзалехь Iа доккхуш, гурахь, бIаьста хийла буьйсанаш йохуш, дийшира ас борхIалгIа класс йоккхуш. Оцу доьзалехь кхо бер дара: сан хенара кIант Шарпудди, 12-14 шо долу Сайд-Мохьмад, 8-9 шо долу йоI – Йаха. Маьхча Шарпудди, со гергарло лелош, вовшех хьерчаш волу-м 5-6 шо дара. Аьхкенан каникулашкахь Шарпуддис тхоьгахь кIира, ши кIира доккхура, тхан нанас тхойшинга цхьацца тхоьга далуш долу гIуллакхаш дойтуш. Ткъа мукъаваьллачул тIаьхьа тхойшиъ Кхарасук–хи дог1учу боьра вуссура: м1ара богIа, лийча, шочан, оьрзан орамаш даа. Тхаьш меца дацахь даара оха уьш чомехь, хьена хетарна. М1аьрашца лецна чIерий цIа дохьий йалгIу чохь кхорзура йа пешара алу тIе кхуьйсуш доттура. Дика ши адам дара Халад, Зугий, Шарпуддин да-нана. Цкъа а оьгIаздахана гур дацара и шиъ. Ламаз, мархий цIена лелош дара ший, оха ламаз деш гича чIогIа самукъадолура цаьршинан. Оцу Литвиновкехь Iаш, борхIалгIа класс Вознесеновкехь чекхйаьккхира ас. 15-гIа хIутосург (май) баттахь тхо тхайн баккхал вагонна тIейоьттина кийча хила дезаш дара Кавказе схьакхалха. Цундела суна бархI класс чекхйаьккхина аьлла табель йукъахь йолуш, сан «Личное дело» кара схьаделира, сан вина де долчу 10-гIа хIутосург (май) беттен дийнахь, Кавказехь ирсе дахар дIанислойла шун олуш, сан классни куьйгалхочо, Кононенко Анна Павловнас. Шина кIиранахь некъ бира оха кирлелочу вагонех вовшахтоьхначу цIерпоштан къепалца. Асаран (июнь) беттан хьалхарчу деношкахь, кхойтта шарахь сатийсиначу, Кавказехь дара тхо. Вата – пондарций, хелхаршций тхуна дуьхьала веана цхьа вацара, Гуьмсера вакзална го лаьцна лаььташ милици йара, кхоьллинчу йаххьашца, кIелдIашхула, цабезамца бIаьргаш кьерзош. Бухарчу адамийн дегнашка хьаьжжина дацара Даймехкан Iалам: цо зазашца кхелинера цхьадолу дитташ, баржийнера аренаш мел йу йалтийн, бецийн кузаш, къагийнера маьлхан зIаьнаршца лаьмнийн, регIанийн баххьаш, йолийнера нIаьвлийн, кхин долчу олхазарийн эшарш – Iалам дара шен бераш цIакхачар декъалдеш. И декъалдар дара нохчашна уггаре мехала, деза, син токхо луш, дог хьоьсту совгIат. Мел ледара йелахь, массо да гурале шен-шен хIусаме дIанисвала аьтту белира, бертахь цхьаьнакхетачу нохчийн белхеш бахьанехь. Цу хенахь эхьен дацара хьуна тIера бедар йоманаш йехкина хиларх, хьайн барамехь, дегIана доьжна доцу духарца нахана йукъавалар. Шен таро хилча оьзда нохчо, нах шех ца хьегорхьамма, вер ма вацара дукха къегинчу духарца пхьоьханна цу хенахь. Ловзарга, синкъераме, йоьIаца ирахь латта воьдуш, нахера тIе йа кога йуха хIума йоккхура. Т1е и де иэхьен а дацара йа цхьаммо тIехтохам бийр бацара. Адамаш кIеда-мерза дара вовшашца, токхонан куралла йацара нахехь. Цхьаьна хьаьрччина ца хилча дIакхехьалур йолуш йацара оцу заманан дахаран кIелла. Цундела вовшашкара дустуш духалург йа сагIина дама, ахьар, саба, сирникаш, туьха, хьаша веача котам, жижиг хьуора вовшашкара лулахоша. Адамаш дог даьстина дара вовшашна, Дала декъала бойла цу хенахь Шена дуьхьала баьхкина нах. Шайн долчунна комаьрша болуш, ийман лакхара долуш, баккъалла Делах кхоьруш бусалбнаш бара-кх уьш. Цоци-Эвлахь ворхI шеран школа бен йацара, цундела со уьссалгIачу классе деша Гуьмсан кIоштарчу Джалке ваха дийзира. Цоци-Эвлахь Iан ца лиъна сан шичой – Мохьадди, Iалман – Джалкехь цIерпоштан некъахь балха нисбеллера, цигарчу вокзалехь чохь Iен меттиг хуьлуш. Амма цу вокзалехь Iашшехь шайна цигахь гIишло йан йуьртдегара латта (план) даьккхина, цаьршимма Iедалера ссуда эцна, шаьшшинна гурале цIенош динера. Тхан деваша Вис-Iела, Цоци-Эвлахь тхов кIел дохуьйтуш цIенош дина, амма уьш чекх ца дохуш, Джалке дIавахара, Гуьмсехь шоферан курсашка деша воьдуш. Цоци-Эвлахь Iан йисира тхан ши дейиша Хьалимат, Тахбика, дешича Баймирзин Ахьмад, дешича АгIамирзин Селасат а. Ши дейиша шайн марзошна йукъахь, шайн цIийнадайн хиллачу дакъош тIехь дIатарбелира. Тахбикина-м вай дохадале хилла цIенош маьхза Iадда дитина, цу чохь Iийна гIазгIумки дIаваханера. Хьалиматна белхеш беш хIусамаш йира. Ахьмадан доьзал иштта шайн хIусаме дIанисбелира. Джалкехь сайн шичошна тIе вахара со, сан дейишин кIант Мовлди.  Со уьссалгIачу, Мовлди борхIалгIачу классехь деша вуьйлира Джалкехь. Тхойшинан дIанисвалар Iалман волчохь хилира. Мовлди со ворхIалгIачу классехь Эриктухь доьшуш волуш, цуьнан ваша Сайдахьмад пехийн цамгар гучуйаьлла, дукха дакъаза воккхуш, цо меттахь сацийнера. Церан да, Iисин Хьусайн, 1942-г1ачу шарахь Германан тIаме вигначохь доь доцуш вайнера. Цундела уьш, вай махках дохуш, йуха цIа доьрзуш а, Тахбикина шен вешица хила лууш хиларна, тхоьца цхьана вагонехь нисбинера Кавказе йухадоьрзуш а. Сайдахьмад цомгаш хиллалц, цхьаьна Iийнера тхо «Большевик» колхозехь. Амма Сайдахьмадан цамгар чIагIйелча, уьш Токмак – гIала дIакхалхо лиира цигахь Iаш болчу Тахбикин марзхошна, шайн стаг лахь-висахь шаьш тIекхочехь хилийта. Цигахь дарбанаш лело Сайдахьмадна, шайна аьттонна дара иза. Цигахь дика больницаш, говза лоьраш хиллера. Цундела уьш дехоша, тхо долчуьра кхалхийна дIабигнера Токмак – гIала шаьш долчу. Токмакехь Мовлди школехь деша, цхьа класс лаха воккхуш бен дIа ца эцнера. Сайдахьмадна – м больницерачу лоьрийн, нохчийн дарбанхойн дарбанаш лелийнера, виран шурийн бист кхаччалц мийлайеш. Цунна дикка гIоле хиллера, амма кхоччуш цу цамгаро дIа-м ца хийцира иза. Делахь и цамгар шеца йелахь, иза 56 шаре валлалц вехира, вай ц1а дирзинчул т1аьхьа Цоци-Юьртара совхозехь тракторш тIехь болх беш. Нанна, шен йиша-вешина дика накъост волуш, гергарло массаьрца лелош, йина стаг вара Сайдахьмад.  Сих-сиха вогIура иза шен ненаца сан да, шен ненаваша волчу, цунна хIуа йеана, карахь хIума йохьуш. Ненавашас динера церан даима дола, уьш да воцуш бисарна. Сайдахьмад кертахь кхобуш долу даьхни леранна лелош, церан доладар чIогIа экам долуш вара. Цунна Iахарх довзара шайн кертара бежана, уьстагI, латарх жIаьла, кхайкхар котамийн нIаьна – уьш мел генахь аз долуш хилча. Цхьа нIаьна йайна ши шо даьлла хиллера церан. Иза мел лехарх кара ца йина, къарвелла висина хиллера Сайдахьмад. Ши шо даьллачул тIаьхьа, цхьана Iуьйранна ламазана гIаьттинчохь, оцу нIаьнин кхайкхаран аз деанера Сайдахьмадан лере. Оцу нIаьнин кхайкхарна тIе ваханера иза цу Iуьйренций. НIаьна кхойкхучу кертарчу нахе хаьттинера цо, и нIаьна мичара кхаьчна шуьга аьлла. Цу наха, иза ши шо хьалха дуьйна шайн котамех кхетта шайгахь Iаш йу, амма, иза мичара, хьенан йу шаьш хууш-м дац, аьллера. Сайдахьмада, и нIаьна шениг йу, шена кхайкхаран озах иза йовза йевзина, нагахь шуна дегаза дацахь, ша иза дIайуьгур ма йара, амма дегаза делахь шуна сагIа йийр йу, аьллера. Нах дIайигийта реза хилла, кхабарна царна баркалла аьлла, Сайдахьмада нIаьна цIа йеанера. Сайдахьмадан ваша Мовлди, ша Токмакехь йолхалгIачу классе деша хаийча, дешарна бухваьллера. Доцца аьлча ворхIалгIачу классехь дуьйна цуьнан дешар сецна лара мегар долуш дара. ГIиргIизера вай цIа догIуче  гIуллакх даьлча, йуха церан нанна, Тахбикина, тхоьца Даймахка йерза лиира. Цундела тхо цхьаьна некъан кехаташ нисдина Кавказе цIа дирзира. Со уьссалгIачу классе Джалке деша воьдуш, ас сайца цига борхIалгIачу классе деша вигира Мовлди, сайн шича хиларе терра. Соьгахь уьссалгIа классе валаран дуьззина кехаташ дара, Мовлдинаш ГIиргIизера схьатесна тIехьа кхача дезаш ду аьлла, дIайазвайтира иза борхIалгIа классе. Иза ас дина ца хиллехьара, Мовлди дешарх дIахада мегаш хьал дара цаьргахь. Кху Джалкехь дукхах дерш оьрсийн, украинцийн бераш дара школехь доьшуш дерш. Оха, нохчийн бераша, цаьрца йохье дуьйлуш доьшура. Хьалхара шина четвертехь айса гIо а деш, Мовлди иркара хиттош, къахьийгира оха шиммо – Мовлди кхиаме дешархойн магIарехь нисвалийта гIерташ. Дешаран ах шо дIадаьлча, Мовлди дика дешарна ларалуш схьавогIуш хилча, Мовлдина кхузахь керла кехаташ долийра. Иштта Джалкехь доьшуш, сан шича Iалман волчохь Iаш, Мовлди уьссалгIачу, со уьтталгIачу классе велира. Тхо Джалкехь деша дуьйлалуш долуш, Казахстанера шен вежарий болчу схьакхелхира 1алманан, Мохьаддин йиша, Тумиша, шен кIант Русланца. Цаьршинна Iалманан цIенойх хуттуш, белхеш гулбеш, ши чоь йира. Руслан кхузахь школе волавелира, цуьнан нана школехь нуй-горгам даран балха йахара. Кхузахь 10 класс йаьккхина ваьлча, Руслан шен дехошна тIегIоьртира. Дехоша ша тIелоцуш хилча, иза царах дIакхийтира. Казахстанехь МВД-ен школа чекхйаьккхина иза балха хIоьттинера, циггахь зуда йалийнера. Руслана ненахошца зIе латтайора, нана йолчу вагIара, амма нана, цуьнца Iа, цига дIа ца йахара. Иза цамгаро лаьцна Джалкехь Далла дуьхьала йахара, схьа ца дийцахь, йиллина шен цхьаъ бен воцчу доьзалхочунна сагатдеш. Ненан безам йоккха башхо йолуш бу-кха, доьзалхочуьнан безам цунна аьттехьа ца богIуш. Руслан ненал тIаьхьа ткъайахха шарахь бен ца вехира. Казахийн махкахь дIакхалхар нисделира цуьнан. Цуьнан доьзалш хIинца Казахстанехь бу. 1958-1959-г1ачу дешаран шарахь Джалкехь уьтталгIа класс вовшаштоха бераш кхочуш цахиларна, сан Джалкера школа хийца дийзира. Шелахь йара школа – интернат, цига деша вахара со. Оцу школа – интернате нисвелира, хIетта ГIиргIизера цIа кхелхинчу Цоци-Эвлара доьзалера волу, Доккуев Турпал-Iела. Эццехь вевзинчу тхойшиннан гергарло, доттагIалле дирзина ца Iаш, мерзачу чукарене даьлла лаьттира дуккха шерашкахь. Сан шичин Мовлдин йалхойн тайпанах, цIийнан верасалла долуш вара иза. Шина баттахь Шелахь дийшира охашимма. Оцу интернатан заведующий а волуш, тхуна цу школехь истори хьоьхуш волчу гIалгIазкхичуьнца, Козлов Гавриил Петровичца, Iоттавалар нисделира Турпал-Iелин. Нохчий ца безаш вара иза, шена уьш цабезар Iиттаршца гучу доккхуш. Цхьаболчара дийцарехь, мухха нисделлехь, нохчийн карахь да валар нисделла хиллачух тера дара цуьнан. И хьу дагара ца йолуш делахь, вар-кха иза нохчашца гамвелла. ХIуъа дина шен коча даийта лууш вара иза муьлхха нохчийн бер, тIаккха иза милице дIадала. Турпал - Iелас-м аьллера цуьнга:
«Вы, Гавриил Петрович, своими оскорблениями, зная горячность чеченцев, хотите, чтобы мы пустили против вас в ход кулаки. Вы этого не достойны, мы не будем морать свои руки об вас. Жаль, что чеченцы, убившие козла, оставили жить козлёнка».
Турпал - Iелин дейишин кIант вара Устрада – Эвлахь Iаш. ХIинцалера Аргун-г1ала йара иза, ткъа цу хенахь цунах «Колхозное» олура. Цо цигарчу школан директорца дийцина, хIетта цигахь дIайиллинчу интернатехь Iан меттигаш йолуьйтуш, школе деша дIаиэцийтира тхойшиъ. Цул тIаьхьа цига борхIалгIа, уьссалгIа классашка деша баьхкира тхан йуьртара кегийрхой: Джукаев Хьаса, цуьнан ваша Сайд-Хьаса, Эдиев Хьасан, Абаев Хьусайн, Дудаев Iалман, сан шича Исаев Мовлди. Иштта цу Устрада-Эвлахь вовшахкхийтира цоцанхойн дешархойн тоба. Мескар-Эвлара вара цу интернатехь тхоьца кхо-виъ кIант, БердкIелхьара вара Гадаев ЯрагIи. БердкIелхочун вуьжу маьнга пенехьа бара. Оцу пена тIе цо летийнера математикан, физикан, химин формулаш, таблицаш, уравненеш. Цунна наб кхетаза йолу хан, даима, царна тIе бIаьргаш боьгIна йара Яраг1ин. Нуьцкъаша ваьккхича бен иза йа кино, йа волавала ара ца волура тхоьца, ХIора оршотан суьрайнна хуьлучу хелхаршка ца вогIра. Дукхах долу хелхарш оьрсийн зудберашца деш долу хелхарш дара: танго, вальс, твист, наггахь нохчийн хелхар. Танцашкахь устрада-эвлахошца Iотта – баккхам болуш меттигаш йогIура, цара шайн йуьртара оьрсийн зудберашна тIехула тхоьца эмгаралла лелош. Наггахь буй-тIаране долура дов, амма оьрсийн йоьIарша тхоьгахьа озабезам бича, кхин къийса агIо ца йуьсий, маслаIате богIура тхан довхой. ЯрагIи оцу синкъерамашца гIуллакх долуш вацара. Наггахь хIуъа йуьхьадуьхьала дIаолуш волчу Дудаев Iалмана олура цуьнга: «Ванах хьо кIант боьрша мукъа вуй техьа?» Вукхо, велалой, жоп лора: «Шу санна хьалхе зударшка сатесна вац со, цунна шен зама кхочур йу соьга». Даима йоьшуш, йазйеш, дагахь Iамош Iара иза, оха санна эрна йорт ца йетташ. Цхьайтта класс йаккха дийзира тхан оцу школехь. Шина шеран белхан стаж йолуш «Аттестат» делира тхуна 11 класс йаьккхина, экзаменех чекхдевлча. ЯрагIи юридически институте деша ваханера, цигахь иза дика чекхваьллера, амма цул тIахьа тхан вовшашца йолу зIе хедира. Турпал - Iела, со 1960 –г1ачу шарахь велира Аргунера школа йаьккина, ткъа сан шича Исаев Мовлди 1961–г1ачу шарахь и школа йаьккхина Къилбаседа ХIирийн Республикан университете деша тасавелира лоьрийн факультете. Институтехь кхиамца терапевтан отделени чекхйаьккхина, цо Нохчийчохь болх бира, Шелара, Куршлойн–Эвлара, Аргунера больницашкахь.


Рецензии