Цоци юьртара лоьраш

Дала оцу балхана похьма, говзалла делла лор вара Мовлди. Дуккха адамаш дарба хуьлуш, Делан пурбанца туолуш чекхбевлла, цуьнан лоьралла бахьана долуш. Больнице вижина массо йуьртахо цуьнан Iуналлина кIел нисвала лууш хуьлура. Больнице кхаьчна йуьртахо нисвелча, иза муьлхачу отделенехь велахь, цо шен тIалам тIе ца хьовзош ца вуьтура. Мовлдис цомгашчунна цамгар къастош хIоттина диагноз, цуьнца доьзна нисдина дарба лелор а, Москвара лоьраллин профессорша харц йа йемал дина меттиг ца нисйелла цкъа а. Шена Iеминчунна тIехь сецна Iаш вацара иза. Цуьнгахь даима хуьлура лоьраллехь хуьлу керла кхиамаш буьйцу литература, журналаш. Оьзда, мегаш хIусамнана нисйеллера Мовлдина, тайпана ихIаройх йолу, Дедишев Джамбин йоI, Йисама. Хьеший дукха лаьтташ хIусам йара цераниг. Уьш ларамца тIеоцуш, шен болу кхача царна латтош, цаьрца кIеда-мерза, забаре йара Йисама. Боккха, бертахь доьзал бара Мовлдин Йисамица: Анзор, Шарип, Мурат – кIентий; Фатима, Марем, Заира – йоьIарий. Анзор шен ненахошца жижиг дохкар карадерзийна, хаспдархочун болх дIакхоьхьуш ву карарчу хенахь а. Шарип, лоьрийн институт йаьккхина, хирург болх беш ву Аргунера больницехь. Мурат, вайн махкахь лаьттина тIемаш бахьана долуш, Нальчикехь ветеринарийн институтехь дешарх йукъахвала дийзира. Цул тIахьа бежнаш йойуш, уьш шен вешега, Анзоре, йохкийта Соьлжа-ГIала кхоьхуш вара иза. Иштта жижиг гIала эцна вахханчохь, даге лазар деана охьавоьжнера, больнице кхачале дIавалар нисделлера цуьнан. Жима 5 бер дуьсуш, валар нисделира Муратан.
И шен жимах волу кIант валар, чIогIа дагах кхеттера Мовлдина.
Шо бен йукъа ца дулуш эхарта вирзира Мовлди. Дала гечдойла цаьршинна, Шен Фирдаус йалсамане кхачош. Фатима маситта шарахь марехь йара йуьртахь, амма доьзал гучу ца болуш дIадахара и шераш. ХIинца ден цIахь йу иза. Важа ши йоI марехь йу шайн доьзалш кхуьуш. Анзоран, Шерипан бу кхиъна бевла доьзалхой. Меттиг баьллачуьра хьахон лиира суна, хийла Цоци-Эвларчу нахана доггах лоьралла лелийна Мовлди, цуьнан бертахь доьзал а. Йисама настарш ца лелаш, энаша дIалаьцна йисина лаьттира Мовлди дIаваьллачул тIаьхьа, ши эзар ткъолг1ачу шарахь дIайалар нисделира цуьнан.  Дала гечдойла цунна, Дала шен хIусамах йоккхайейойла иза. Дала Iалаш бойла массо вонех Мовлдин, Йисамин а доьзалш. Тхан йуьртана, вайн махкана пайдехь хиллачу лоьрех сайн шича бен ца хьахош со Iийча, йуьртахоша бехк буьллур бу суна. Цундела сан дийцар дахлахь а, суна йуьртахойн иэсехь бисийта лаьа кхин болу лоьраллин балхахь пайдехь хилла сайн йуьртахой: Минкаилов Iелам-Паша, Джукаев Аюб, Абдурахманов Элбек, Эдельбиева Люба, Хадизов Абубакар, Исраилов Мохьмад-Салахь, Исраилов Мохьмад–Эми. Юккъерчу Азера вайн къам цIа дирзина халачу шерашкахь, Цоци-Эвлан амбулаторехь лоьралла дар кхаьчнера, хIетта лоьрийн училище чекхйаьккхинчу Минкаилов Iелам-Пашина. ХIетахь ваха-ван машенийн, дарба лелоран г1ирсийн, молханийн кIелла йара. Лоьрийн гIирсаш, йуха-йуха кхехкош, кийча латто безаш бара. ХIинца санна, цкъа дезар дича, дIакхийса таро йолуш бацара и гIирсаш. Iелам-Паша мало йолуш стаг вацара. Буьйсанна мичча хенахь ков даьстина хуьлура цуьнан, ша дIакхайккхинчу дIаводара иза, гIаш, бIакъажор доцуш. Дуккха дархой, дарба долуш, гIоле хуьлуш, могашалле бирзина Iелам-Пашин аьхна куьг, нийса дарба бахьанехь. Нах мел доггаха ларбинехь, ша дукха ца вехира Iелам-Паша–«грипп» цамгар гена йаьлла, цунах дIакхалхар нисделира оцу оьздачу къонахчун. Дала декъала войла иза. Йуьртахоша шайн иэсехь латто вогIуш къонах ву иза.
Эдельбиева Люба оьрсийн къомах йара Эдельбиев Мохьаддегахь марехь. Цо ийман диллинера, нохчийн мотт Iамийнера, бийца бийцара шена тIебогIучу цомгашчаьрга, шен балхах дика кхеташ лор  йара. Къаьсттина доккха накъосталла хуьлура цуьнгара зударшна. Ламаз, марха долуш, бусалба дог-ойланца тхан йуьртахь йаьхна стаг йу Люба. Цхьа кIант, кхо йоI кхиъна Мохьаддин, Любин доьзалехь: Руслан, Зина, Лиза, Лида. Руслан шен «Газель» машенахь йохка-эцар лелош, хьанал къахьогуш ву, кхуьуш шен доьзал болуш. Лиза, Лида йуьртахошкахь марехь йу, шайн доьзалаш болуш. Зинин маре йахар нисделла дац, иза йуьртара №I школехь оьрсийн мотт, литература хьоьхуш, тIе завучан болх дIакхоьхьуш йу.
Джукаев Аюб кардиологан говзалла карайирзина лор вара. Цо Соьлжа–ГIаларчу больницешкахь къахьегна шовзткей итт шарах гергга, махкахошна дарбанаш лелош. Цуьнгара дуккха дагца цамгарш йолчу нахана дарба хилла и цамгарш йайлуш йа дIакъаьсташ. Иза куьг дарбане лоруш лор вара цуьнгахула чекхбевллачу дархоша. Дала декъала войла иза, Далла дуьхьала вахар нисло цуьнан 2017-г1ачу шарахь. Аюбан кIанта лоьран говзалла карайерзийна, карарчу заманахь Сьлжа-ГIалахь балхахь ву иза шен дас дIакхехна болх кхиамца дIахьош.
Абдурахманов Элбек дика кхеташ, говза лор вара, пенсе вахча, ша цамгарша го бина волуш, цIахь тIехь нехан хьашташка хьожуш вара. Элбек лоьраллин технически агIорхьа оьшуш болу гIирсаш кхолла, болуш берш толучу агIорхьа берзор лоьхуш, къахьоьгуш вара, ша УЗИ тIехь цомгашчарна беш болу таллам каре бирзина. Цо оцу аппарат тIехь къастийна диагноз, цхьа шеко йолуш ца хуьлура. Со ваьлла цуьнан УЗЕ-х чекх, цо хьехначу дарбанах гIоле хуьлуш. Дала гечдойла цунна, 2021-г1ачу шеран тов (сентябрь) баттахь Деле вирзира иза. Дала гечдойла цунна, дагадовлуш пайда иэца, дика сема иэс долуш лор вара иза. Цуьнан кIант, йоI ду деша дешна лоьраллин болх дIакхоьхьуш.
Хадизов Абубакар Цоци-Эвлан лоьрийн амбулаторин куьйгалхо болх беш схьавогIуш ву дуккха шерашкахь. Оцу дарже кхачале 3-4 шарахь цамгаршца эгна цIахь бисинчу цомгашчарна дарбанаш лелош къахьегна Абубакара. Нохчийчохь тIеман шераш лаьттинчу заманахь Абубакара шен цIахь дIайиллира амбулатори, федералийн салташа йуьртан амбулаторин гIишло  шайн штаб йина дIалаьцча. Лоьраллин болх Цоци-Юьртахь дийна латторна тIехь доккха накъосталла хилира нахана Абубакаран, цуьнца амбулаторехь болх беш хиллачу медйижарийн, вежарийн деналла, адамалла бахьана долуш.
Исраилов Мохьаммад-Салахь дуьххьарлерчу Нохчийчуьра тIеман шерашкахь Цоци-Эвлахь дIайиллинчу госпиталехь анестизиологан болх бира цо. Цу хенахь Мохьаммад-Салахьца нахана, лазийначарна операцеш йеш болх беш бара хирургаш: Валарг – Юьртара Iабдулла, Мартанара Ширвани, Чуьрча-Ирзера Билала. Дуккха цоцанхой, кхечу йарташкара нах дийна бисира церан беркате куьйгаш бахьана долуш Делан пурбанца.
Исраилов Мохьмад-Эми кегийчу нахах къона лор ву. Шен балха тIехь даима каде, цомгашчунна сихха лазар дайло агIо, иза товаларна тешаме дарба тIекхачо тIах-аьлла хьаьвзаш лор ву. Цундела иза Ахмат-Юьртарчу «Скорая помощь» тIехь болх беш ву, цигахь, вайн йуьртахь, Нохчийчохь а – миччанхьа дархошна дуьххьарлера гIо-накъосталла дарбанца тIекхачо кийча, мичча хенахь дийнахь, буса. Мохьмад–Эми даима шен говзаллехь кIаргвалар лоьхуш, даима керланиг довза гIерташ, лоьрийн журналаш, литература йоьшуш, медицинехь хуьлуш болу кхиамаш тергал беш схьавогIуш ву денна а. Дуккха йитина неI дIа ца йеллалуш ца йуьсу. Дала аьтто бойла диканиг лоьхучун. И лоьраш вай ца бийцинехь вайн ойланий уьйриган эханг хедар долуш дара. ХIинца сан, соьца дешначу накъостийн студенталлин замане кхевдар ду вай. Оцу заманан хиламаш ма бу шайн лар йитина вайн дахарехь.

               


Рецензии