Студентийн самукъне дахар
Институтехь доьшуш йоккху хан самукъне, мерза, вовшашца гергарлонаш чIагдеш, хIоранан дика, ледара агIонаш гучуйохуш дахаран мур бу – стогалла, деналла, ийман, г1иллакх-оьздангалла х1оранан терзанна тIе доккхуш. Тхайн «А» тобанан (группин) хIораннах сайна зеделларг ала со декхарийлах хета суна.
Абзотов Нурди тийна, нахаца Iумсталлина тIера воцуш, дешарна чувоьлла, иэс дика долуш кIант вара. Олуш хезнарг, ша дешнарг цунна шерра дагахь дуьсуш дара. Институтан йукъараллин гIулкхашна иза йуьстах вара, дешаран бен цуьнан кхин бала болуш йа иза тIегIерташ хIумма дацара. Ша цIера Гуьмсера вара иза. Институтера ваьлча Гуьмсера №3 йолчу школе хьехархо вахара иза. Масех шарахь школехь болх бина, Гуьмсан кIоштан «Гумс» газетан редакцехь корректоран болх беш схьавогIуш ву и тахана. Тхан 1964-г1ачу шарахь институре дешна девлчхьана вовшен гар нисделла дацара. 2008 шарахь сан Кадыров Ахьмад–Хьажин цIарахчу «Путь» типографин, телерадиокомпанин редакторан балха вахар нисделира. Цигахь ас деа шарахь болх бира. Институт йаьккхина девлла 34 шо даьлча вовшен гар нисделира сан Абзотов Нурдица. Вовшен хьал-де хоттуш, цхьацца хIумнаш дагалоьцуш Iийра тхойшиъ, дукхахдерг ас ца вуьтуш цо жоьпаш луш. Со Цоци–Эвлара дIасалелаш вуй хиира цунна, амма цо ша волчу вогIуш хIума де ца элира соьга йа со балхахь волчу типографина хьалхахула ша дIасалелаш, кхин соьца къамеле вала ца гIоьртира. Нурди хьалхачул хийцавелла вацара, шераша Iумсталлехь иэшор бен, тIекхетта хIума дацара. Тхойшинна йукъахь студентийн замано кхин марзо йитина цахиларна ас берриге бехк Нурдин ца бо, соьгара дийлина хила тарло цу хенахь ледара хIумнаш, сох цуьнан бIаьрг бодуьйтуш. Цуьнан шича Абубакаров Мохьмад вара соьца оцу типографехь балхахь. Цо бехказа ваьккхира иза, зуда могаш цахиларна Iийна хир ву хьуна иза, хьо шайга ца воьхуш, аьлла. Аса цуьнан бехказло къобал йира, со ледарчу ойланашна бехкен лоруш. Амма наггахь мукъна, типографина чухьавза-м мегар дара Нурди, кхин хIумма ца хилча, тхан къоналлин шераш карладаха мукъна. Делахь, массо да ша Дала ма-кхоллара ву. Бакъду, вовшашца долу Iумсталла хададар-м ца дожийна бусалба нахана тIе Дала, вай массо хIуманна, Делан кхел лелла, олуш делахь.
Астамиров Сапарбек Бумматара вахархо вара, моьтташ ву со. Шалажахь болчу гергарчу нахана тIевеана, цаьргахь Iаш хиллачух тера ду иза, цIеранаш Казахстанера цIа берзаза болуш. Сапарбек шен долчу хIуманна комаьрша, шеца доьшучу накъостех ийна, дешарна тIера стаг вара. Амма Iамийнарг дагахь лаьтташ вацара, цундела цо дукхах долу хIумнаш дагахь Iамо дезаш хуьлура. Оцу балхо дукха хан йойуьйтура цуьнга книгаш тIехь, йазйиначу лекцеш тIехь. Вай йекъа хьаьттарчий олу цамгар (экзема) йара цунна куьйгийн, когийн голеш тIехь йаьржина. Цо, лоьраша йазйина цхьацца мазеш хьоькхуш, дарба леладора царна. Уьш кхин дIа ца йовлуш коша йахара цуьнца. Сапарбек Устрада-Эвлара №2 школе хьажийра берашна хьеха. Цхьана шарахь хьехархо болх бича, иза оцу школан директоран дарже ваьккхинера. Цу шарахь цо зуда йалийнера, ша санна школехь йуьхьанцарчу классашна хьоьхуш йолу хьехархо. Пхеа шарахь болх бира цо оцу школехь. Цул тIаьхьа пехийн цамгар хьакхайелла цо дIавигира Сапарбек. Дала декъала войла иза. ЙоI, кIант дара церан доьзалехь, схьахетарехь Сапарбекан цIерачара Казахстане йа Буммата дIадигира и ши бер шайн ненаца. Сапарбек институтан йукъараллин гIулкхашна йукъахь дакъалоцуш вара, къаьсттина буй-тIаране дов даьллачохь дика хьаьвзаш накъост вара. Тхан группа даима инстиутехь йаккхий мероприйатешкахь гIароле хIоттош йара, догIмашна даккхий, ондий ду бохуш. Дуккха маларх кхеттарш, хьарцахьа леларш, кхайкхина боцуш чугIертарш нислора. ТIаккха дика дийцича ца кхеташ верг буй–тIарийца меттавало везаш меттиг нислора. Боксехь хьалхара разряд йолу Сапарбек цигахь оьшура. Нохчийн мотт ламаройн аларе товжош буьйцура дукхахьолахь цо. Ша аренан аларе хьавзош нисварах дегабаам ца бора Сапарбека. Дика бусалба, къинхетаме дог-ойланца стаг вара иза.
Астамиров Хьасамби лекхачу дегIахь, шуьйра айабелла накха, йаьржина белшаш йолуш, доьттина стаммий пхьаьрсаш, чами-баьхьанех тера куьйгаш долуш, сирла цIена йуьхь–сибат долуш, товш кIант вара. Иза вара тхан гуттара дежурстве х1итточу, институтехь тхох олуш ма хиллара, «гладиаторийн» тобанах. Дош-даше даьллачохь дика накост вара иза, маларо атта вахош вацара ша. Цу заманахь кегийрхошна йукъахь маларх ца кхеташ верг уосала стаг хетара. Маларх кхеташ, сигаьрка узуш воцчух–«нанин нукка вара иза-м» – олура. «Багара йетшурин хьожа йогIуш, ца тов къонах»,– боху кица дара даьржина лелаш. Астамиров Хьасамбис институтехь доьшуш волуш 9-гIа класс чекхйоккхуш йолу йоI йадийнера. Бакъдерг аьлча, Хьасамби санна доккхачу дегIахь, хьийкъина нисйелла йоI йара иза. Экзаменашна кечамна бераш школе лелачуьра мукъа даьхна хан хиллера иза, тIаьххьара горгали бекначул тIаьхьа. И гIуллакх-м йоьIца бертахь дина хиллера, делахь йоь1ан нанас гена даьккхина, Хьасамби чуволлаза велира. Амма цхьа беркате нах йукъа боьлла, маслаIат хилира церан. УьссалгIа классан экзаменехь чекхйаьлча, иза йалийра Хьасамбина. Хьасамбин мелла делахь цхьа гергарло хиллачух тера дара Дешаран министерствехь. Иза Давиденко олучу йуьртара школе институт йаьккхина валарций директоран болх бан хьажийра. Цул тIаьхьа тхан вовшашца йолу зенаш хийдира, йуха цхьаьнакхета тхо хьовса ца хьаьвсира. Вайн махкахь тIемаш буьйлабалале, Хьасамби шен доьзалца Соьлжа-ГIала схьакхелхинера бохуш дерг хезира цуьнан йуьртахошкара. Ша, Шалажа–Юьртана гена йоцчу, цхьана кIотарара хиллачух тера дара иза. Г1ала кхаьчначул тIаьхьа веккъа маларча хилла, нахе маларна сагIа деха волавелла, тишвелла лелаш ву бохург делира. Со тахана цецвуьйлуш Iа: «Ванах доьшучу хенахь, оццалла вовшех ийна, мерза Iийна тхо, кхинйолу дешаран тобанаш санна, цхьаьна шарахь барт бина, кхин вовшах ца кхеташ, муха Iаделла техьа», – бохуш. Айса-сайга хоьттучунна кхин жоп ца карадой, ойла хьаьвза коьрте: «Дала хьарам диначу шайтIанан маларо кхоьллина гергарло хилла теша цу хенахь тхуна йукъахь лаьттинарг?» Нагахь иза иштта делахь, Дала гечдойла-кх тхуна, оцу тиларехь оха йаьккхинчу ханна. Заманан тIеIаткъам бу-кх шен гIора, ницкъ болуш, шега хьажжина дикачу, вончу агIора уозош. Цу тхан гергарлонех дерг, билггала, Далла хуур ду, тайп-тайпана нисло-кх адамийн кхолламаш. Бакъду, чIога новкъа ду, хилла накъостий, бусалба динан некъахь нисбалар долуш, вовшашца уьйр-марзонехь чагIлуш цабисар. Дала нисвойла-кх, бусалба некъах гал мел ваьлларг, дахаран халонашна дуьхьала ийманехь, собарехь, деналлехь сов волуш, нийсачу новкъахь кхоччуш ч1аг1велла виса! Делахь а, тхуна йукъахь гергарлонаш латтош болчех ала дош карор ду вайна жимма диэхьо, накъостех лаьцна долу дийцар дерзале.
Акмурзаев Iабдулмалик цIарулла цIен бос богуш, цец ваьлча йа бехкала вахча, и бос кхин тIе ц1еллехь къагаре болуш, самукъане, къамелехь жимма тасалуш накъост вара. Забар тIехйолуш ша хьовзийча, девне вала кийча хуьлура иза, амма оьгIазло дIакхехьар гена ца долуш кIант вара. Дешарна дукха тIера вацара, сакъоьруш волавалар дезаш вара, мел йарх набарх Iебаш вацара. Цуьнан уьйраш кхечу группашкара шен йуьртахошца йара: Демилханов Мовсарца, Сиржа-Эвлара Асланбекаца, цуьнан фамилии йицйелла суна. Уьш кхоъ Малхбузера пачхьалкхийн кегийрхойх тарбала гIерташ бара духарций, шайна техкинчу цIерашций: Iабдулмалик – Дод вара, Мовсар – Боб вара, Асламбек – Бек вара. Институтехь дешна ваьлча Iабдулмалик шен йуьрта, Гермачига, школе балха хьажийра. Цо цигахь болх бира ша пенси ваххалц. 2019-гIачу шарахь, коьртан пха хаьдда, дIавалар нисло цуьнан. Iабдулмалик дог цIена стаг вара, дацара цуьнца цхьа шайтIаналла, куралла, даима шена тIехь оьзда лелаш амал йара цуьнан. Дала декъала войла-кх иза, Шен веза хьаша войла цунах йалсаманин х1усамехь.
Берсанов Нажмудди Гермачигара вара. Иза текхано леларца, къамелаца, ойла йарца, ша мел деш долу хIума ворхIаза дуьстина, лелош стаг вара. Тхуна йукъахь-м иза 4-5 шо воккха хиллера тхоьлла, амма тхуна иза оцу хенахь йа дагахь, йа хууш дацара. Цо долийна хIума, цхьан-цхьаъ, нийса, лар тIехь чекх долуш дацара. Хих цIе йаллалла декъаза стаг ву олучарах вара Нажмудди. Институтан йукъараIайлехь мотт тхуна схьабалаза болуш, маьнганийн сетканашна тIе карайеанарг кIелтесна йа тхьешан бедарш тIехь дIадийшинера тхо. Нажмудди шен бедарш маьнгин гIовли тIе оьхкина, ша йеккъа сетки тIе вижинера, бедарш ца хьекхорхьамма. Буса кхуо шен тIаьрзенаш дIасахьейеш, мухха делахь, и бедарш сетки тIеэгна хиллера. Iуьйранна гевттича кхуьнан бедарш хьерчийна уьйраг хилла йу, Нажмуддин дегIа тIехь кIорггий аьрснаш ду, сеткано чуйуьссуш дилхина тIехь дитина. Декъазчунна ден цIера а, олуш хIума ду-кх вайн къоман. Нажмудди гранатий, гоьмукъ (копьё) гена кхоссаран спортан секце йазвелла, цу тайпана спортехь шен хьуьнар гайта лела воьллера. Цига лелаш цхьа кIира даьллачу хенахь, тренировке ваханчуьра, кеманан тIам санна, пхьарс хьала бихкина йукъараIайле валийра Нажмудди. ХIун ду, муха ду хилларг аьлла хаьттича, гучудолу, Нажмуддех цкъа а спортсмен хириг цахилар. Граната схьаэцна, иза гена дIакхосса дагахь, кхо шен гIоддаха иза карахь йолу пхьарс тIехьахьа, шен г1ора ма-дду дIаластийна. Карахь йолчу гранато шен йазаллин энерцица, тIехьа озийна кхуьнан пхьарс бухбоккъуш, динбухк эккхийтина хиллера. Граната букъа тIехьа охьайоьжнера. Нажмудди, аьтту агIор хьаьвзаш, бос баьхьна, охьаваханера. ХIара эццахь мажвелла охьавоьжча, вадийна больнице вигнера. Цигахь лоьраша пхьарсан рентген тIехь сурт даьккхина, хилларг девзича, гипсаца кепа тоьхна, лазар тедо мехий тоьхна цIа хьажийнера хIара «спортсмен» . Цхьана баттахь сов тIам айина лийлира Нажмудди, оха хьийзавеш. Цкъа керла шо даздеш тхо дерриш карарчу шай-кайх (нахартех) дIахаьддера. Даа-мала оьшучунна цхьанхьара г1айг1а бан дезаш хьал дара тхоьгахь. Нажмуддегахь мел йелахь шай-кай хила йезий хууш дара цхьаьнакхеттачарна. Амма, мел кеп хилла велахь, цо иза гучу цайоккхура, дегIах хьаьжча кара ца дира цуьнгахь цхьа шай. Дан хIума ца хилла, багош кховсийна дIадийшира тхо. Iуьйранна кортош лозуш, мацалла дог керчаш, узаршца тхо гIовттуш, Нажмуддис кхоссар йо-кх: «МогIа бе, тентигаш, столове чай мала доьлху вай».
– Хьо стенахь мала волу чай, сийсара цхьа шай дац бохуш гIам-гIим дина волу?»
– Сийсара доьхкинехь, тахана меца Iийр дара. ХIара декъаза кхо сом бахьанехь аша-м сийсара со вовшах ваккхаза ма витира!»
– Ой, лачкъа мукъана, мича лачкъийнера ахь иза? –
«И къайлем, хьаха, йуьйцур йацара аса щуна, тIейогIучу хенан дуьхьа!» Иштта накъост вара Нажмудди.
Гермачигарчу Хьамзат бохучу стагехь марехь йара сан ненан шича, Деши. Сан нанас Дешега, суна йало тамехь йоI хир йарий теша, аьлла хиллера Гермачигахь. Дера йу, ша гайта гойтуш, охьа хаа йалор йу иза шайга, Заурбек тхоьга ахь ваийтичхьана, Дешис аьлла, цаьршинан барт хилла хиллера. Иза-м тхо институтера девллачул тIаьхьа ду 1965-гIачу шарахь. Сан-м эвлахь тIехьийзаш йоI йара, делахь нанна синтем беш цкъа – шозза Гермачига вахар нисло-кх сан, йоI йовза, дуьненан синкъераман некъ тIекховдо а. Марха цIе йолуш йо1-м хаза йара,. Цо суна, соьца волчу накъостана (Турпал-Iелина) там болчу агIора, оха тIекховдина некъ тIелецира. Бакъду, маре йарна, хан йилларна тIе тхан гIуллакх даьлла дацара. Амма кхозлагIа со Гермачига вахале Марха маре йахана хилар гучуделира. Мархина тIехьийзаш хиллера Нажмудди, цуьнга и маре йаханера. Ас-м дегабаам ца бира, шен кхоллам болчу нисло-кх хIора, Дала азаллехь дуьйна йазбина ма бай вайн кхолламаш. Нажмуддица гергарло хIинца долуш ду сан, хаза бертахь доьзал бу церан. Нажмуддис Гермачигахь хехархочун болх бина масех шарахь. Амма Бас–хил дехьа керла школа йича, цигахь директор лаьттина Нажмудди, цу балхахь волуш пенси вахар нисделла цуьнан. Сиркхош лехьош велахь, тахана шен дегIан дола далуш ву иза. Наггахь цхьаьнакхетар хуьлу тхан, чIогIа вовшех самукъа долуш. 2020-гIачу шеран лахьан (ноябрь) баттахь вирус хьакхайелла Соьлжа–ГIалахь шен кIант волчохь дарбанаш лелош вухавирзина ву иза. Телефонехь вистхуьлу тхойшиъ хьал-де довзархьамма. Цкъа Нажмудди волчохь, йуха Шамилов Шаид волчохь дика самукъа долуш цхьаьнакхетта сакъоьруш Iийна тхо кхоъ. Шаид сой телефонехь сих-сиха зIене волуш ву. Нажмудин кхоччуш къораволарна, бIаьрса гелдаларна телефонах дезар дар чIогIа доьхна ву. Дала маршала дойла цунна, цомгаш мел волчунна.
Гойтамиров Висарсолта: шолгIачу курсехь дешарехь заочно ваьлла, дIавахара шайн Дагестане, Аухойн кIошта. Цигахь школехь болх беш ву бахара иза, Дагестанера аьккхешха волчу, тхан группера Газиев Вахас. Висарсолта шеца йаздархочун билгалонаш гучуйевлла вара институтехь деша волавеллачхьана, «Орга» альманахехь цхьацца байташ, «Ленинан некъ» газетехь статьяш зорбане йовлуш. Иза Дагестане вирзинчул тIаьхьа цуьнца йолу зIе хедира тхан. Адамех ийна стаг вара Висарсолта, делахь, вовшех къьаьстинчулла т1ахьа, кхин цхьаьнакхетар ца нислуш, йукъара уьйр йайра тхуна.
Газиев Ваха Дагестанерчу аьккхех стаг вара. Ваха лохачу дегахь, бага кхевдина беха, хьийкъина мара болуш, тIай тIе гIоьртина бугIин санна, схьаэккха боллуш, къаьрзина ши бIаьрг болуш, дечу гIулкхана тIахъаьлла волуш, дегало стаг вара, хIумма ша нахал оьшуш ца хеташ, ур-атталла хазаллина. Цо дозаллица буьйцура Даймехкан боккхачу теман турпалхой болу Ханпаша Нурадилов, Ирбайха Бейбулатов–уьш шайн аьккхин тайпанах бу бохуш. Баккъалла аьлча-м, дика маттана шера, дуккха хIума хууш кIант вара Ваха. Къамел дар шайн диалектехьа чIогIа уьйзуш, аренан диалектах дуолаза дара цуьнан. Дешарна тIера, оьрсийн литературан классикийн байташ дагах хууш вара иза. ЙоьалгIа курсехь зуда йаллийна, деша заочнин декъе велира Ваха, шайн Дагестанехь школе балха вахана. ТIаьххьара тхуна вовшен гира вайн махкахь маршонан болам болабеллачу дIадаханчу бIешеран 90-гIа шарашкахь, т1емийн кегаре г1аттале. Вай 1944-гIа шарахь дохадале шайн хилла Ауховский район меттахотторан, иза Нохчийчоьнах схьатохарехьа болчу боламан комиссина йукъахь вара Ваха. Оцу гIаьттинчу кегарено массо вовшашца йолу зIенаш хедийра тхуна йукъара. Бакъду, 2012-гIачу шарахь со хьаждан ваханчохь, Мединатахь, суна Газиев Вахин йуьртахо вовзар нисделира. Цо дийцарехь Ваха цамгарша гобина вара. Делахь, ламазан хьашташна, вуьшта кертахь волаваларна деналлехь волчух тера-м дара иза. Оцу Вахин йуьртахочуьнгахула сан Вахица телефонехула вистхуьлийла нисделира шозза. Цул тIаьхьа и зIе хедира тхан. ДIатоьхча цуьнан телефонан номер «не доступный» хуьлура. Дийна велахь Дала маршала дойла цунна, ткъа дIаваьллехь, Дала гечдойла-кх цунна. Ваха нийсонна, бакъонна, нохчоллина муьтIахь, хIуъа хилла латтахь царна тIегIерташ стаг вара.
Ганаев Олхазар тхан группин Молла – Несарт вара. Иза 1939-г1ачу шарахь, бекарг (март) беттан 28-г1ачу дийнахь, Шелахь дуьненчу ваьлла вара. Забарча, артист, хелхарча, илланча, композитор, гIеххьачулла буозбуунчалхо (гипнотизёр) вара Олхазар. Ша, Чарли Чаплина санна, адам деладора цо шен гоне нислахь. Нохчийн литература тхуна хьоьхуш йаздархо, поэт волу Музаев Нурдин вара. Цуьнца, шен нийсарочуьнца санна, тасаделла гергарло дара Олхазаран. Нурдис тхуна лекци йеша йезачу сохьташкахь, хьалххе иза охьахуучу кафедре дIахуттий, Нурдех лела волалора Олхазар. Цо санна кисанара цхьа доккха мерах хьокху йовлакх схьадоккхий, иза йуьхьах, вортех хьокхий:
«Чеченская группа в Москве это не Суэцкий канал, который захотел – открыл, захотел – закрыл…» – къамел доладора Олхазара.
Студентийн аудитори йела хIуттура, амма, лекци йан схьакхаьчна, неIарехь лаьтта Нурди гича, студенташ боьлучуьра, тап-аьлла, дIатоьра. Олхазарс дуьцучуьнга ладоьгIуш, хьоьжуш Iаш хуьлура Нурди. Вела къежаш, цо олура:
«Ганайов! Натурални Iартист ву-кх хьо, Iартист – пародист». Нурдина зачёт дIалучу хенахь Олхазарна кхаьчна хаттарш хиллера Сулаев Мохмадан поэзех лаьцна дийца дезаш. Олхазарс аьллера Нурдега: «Сулаев Мохьмада йазйеш йолу 12-16 могIанехь йолу безамах йа 1аламах лаьцна йолу байташ - м, кхоьллинера цхьа а класс йаккхаза волчу Сулейман Стальскийс, Джамбул Джабаевс, Гамзат ЦIадасас шортта. Цулла (йазйан говзалла, похIмалла оьшуш йолу) ахь байташкахь йазйина «Къонахийн болар» цIе йолу романах лаьцна дийцитахь вайшинга, Нурди?». Оцу романан турпалхойн цIераш йохуш, заводан пхьалгIи чохь нуьйжанах йетталучу механически ж1аьвнан татанийн гIовгIа, ненан аганан иллега йерзош, куьйга къахьоьгучу нехан сий ойуш, церан болх тIекхуьучу тIаьхьенна марзбеш, къинхьегамхоша кхуллуш йуй хоуьйтуш дахаран токхо, хазалла кхайкхош схьавогуш ву-кх хьо, Джамалдин кIант Нурди! Оцунах лаьцна дийцийтахьа вайшинга, ва Нурди Джамалдинович!» Иштта боккхачу деган айамца, аьтту куьг айина дуьйцуш волу Олхазар, сацавора Музаев Нурдис, шен хьацар тоьхначу йуьхьах йовлакх хьоькхуш:
– Хьан хааршка, меттан говзалле кхочур вац цхьа студент, Олхазар, вайн литературин дог девзина, цуьнан тIамарх ирс оьцуш ву хьо. Схьадал и хьайн оха тIе биши таIош долу «лежиг». Хьуна санна и сайн куьг ас доггахьа тIейаздан хьакъ волуш, цхьа студент вац хIокху институтехь» – олий, Нурдис зачётки тIе «зачтено» йаздора, тIаьххье шен куьг таIош. Нохчийн литературан госэкзамехь забарца чекхвелира Олхазар, Нурдина хьалха охьахаа шен рагI тIекхаьчча. Дукха чIогIа леранна шен аз тодина, тIевахара иза, олуш волуш: «Нурди Джамалдинович, и хьан керла арайаьлла киншка кхузза ма йешна аса. Лермонтовн, Пушкинан белхашца цхьана могIаре йуьллур йар-кх ас, ахьа керла вовшахтоьхна «Кханенга гIулч» цIе йолу
роман».
«Схьайал и хьайн хIума, хьуна «пхиь» ца диллича – иза догIуш кхин цхьа хир вац, тахана суна хьалхахула чекхбевр болчу студенташна йукъахь». Олхазар, баркаллин охьатаIар дина (реверанс) араволуш, Нурдис хаьттира:
«Ганайов! Кхузза мукъана хIунда йийшира ахь и сан киншка?» Олхазарс, дукха деха, доккха са доккхуш, элира:
«Дера йийшира, сел милл-милла кхетар воцуш, оццул чолхе муха йазйелла теша иза хьоьга бохуш, цкъа цец вуьйлуш, йуха со-сайна оьгIаз оьхуш. ТIаккха, ша башха похIма долчу, хьоьга бен иза йазлур йацар-кха иштта говза бохучу жамIе верзар нисделир-кха сан!». Институтан исбаьхьаллин кружокехь дакъалоцуш вара Олхарар, сан доттагI Турпал-Iела. Олхазар хелхарна, пондар лакхарна (дечигниг, кехатниг, пианино бен дацара цунна), вата тоха говза вара. Цул сов сих-сиха филормоне кхойкхура иза шай хьашташна цигарчу куьйгалхоша, артисташа. Музаев Нурдис ма-аллара ван вара Олхазар артист. Цкъа тхайх цхаьннан вина де даздеш йукъараIайлехь тхаьш Iаш долчу чохь, девзаш долу оьрсийн зудбераш кхайкхина, синкъерам хIоттийнера оха. ГIовгIанаш йийр йац, арахьара цхьа чувуьтур вац, тийна-таь11ина тхешан синкъерам дIахьур бу аьлла, дош делира оха, оцу буса неIарехь хехь йолчу оьрсийн зудчунна (вахтёршина). Патипоне (патифоне) гIийла эшарш лоькхуьйтуш, наггахь стоьлана гонаха гуллой рицкъанах кхеташ, дуьйцучо беламе анекдоташ дуьйцуш, зудбераш хелха дохуш, тхайн синкъерам дIахьуш дара тхо. Цу буса Олхазар филармонино дIалаьцна вара. Иштта ца нисделлехь-м иза тхоьца хир вара – и санначу меттигашкахь сакъералуш, жигара декъашхо хуьлуш вара иза. Филармонера гIуллакх чекхдаьлла, йукъарIайле чуволушшехь цо вахтёрше хаьттинера:
«Есть гулянка в нашей хате, Варвара Павловна?» – Есть, но не по твоим губам! – жоп деллера хехочо. Олхазар хьаьккхина тхьан неIаре веана, ладегIа хIоьттинера. Чохь гIийла хьелхаран мукъам, когийн татанаш, мехкарийн беларш хезча, кхин неI тоьхна ша чувита ца олуш, неI йелларна новкъарло хир йоцчу охьа а лахвелла, узарш дан воьллера иза. Патипонна тIера бошхап (пластинка) чекхдаьлла, эшар сецча, неIарера адаман узарш хаза дуьйлира чохь. ЙоьIарех цхьаммо элира: «Там, возле двери, кто-то стонет». ХIун ду хьажа неI дIайоьллу Сапарбека. «Ой, хIара-м вайн Олхазар ма ву! Хьуна хьан, хIун дина, хьо Iуьллуш ма ву? Йа лазар деана хьуна?» - хеттаршка волу Сапарбек.
–Цкъа чуваккхийша со, тIаккха дийца гIоьртар вар-кха хилларг,– доккха садоккуш, хьалла багара довлу Олхазаран и дешнаш, чIичкъашка йахана йуьхь йолуш. Базис, Хьасамбис ойий чоьхьавоккху Олхазар. Цо дийца доладо:
«Филармонера со схьавогIуш вайн йукъара1айлина дуьхьаларчу скверехь хиъна Iаш вара оьрсийн ши кIант. Цаьршимма соьга сигаьрка йийхира, Ас со сигаьрка узуш вац аьлча: «Ну, извини», – аьлла, со дIавола валийтина, цхьа ира буьхьаг болчу батенкин мийра латий-кх суна, нисса оцу цIоганан даьIахкана тIе нислуш, цу шиннах цхьаммо. Со са малделла охаваха, и шиъ ведда, тIап-аьлла дIавай. Йуха саметта веача кхуза кхечи-кха со, шу дийшаза хилар сайна наIарерачу хехочо хаийтича».
–Лехарх хьан довхой-м карор бацара вайна, мийра кхетта меттиг цIий-мода йалаза йуй хьовсий вай? – дагна кIеда волчу Сапарбека олу. «ДIадовла, кху мехкаршна йукъахь, шарбал охьауьйзуш, аша лело-м там бара, и санна дерг. Оьрсаша ма-аллара: «Всё до свадьбы заживёт», шайн синкъерам дIабахийта, со хьокху маьнги тIехь шух самукъадала витий».
Массарна хууш дара цо кху чукхача, шеггара иза даьккхина бахьана хилар. Цундела Хьасамбис элира:
«Кхуьнан лазар дайдалийта, хIара меттаваийта вай гуданан кад малор бу кхунна, барз боккхуш».
– Э-э.-эй! Моз даа хьан бето, сан ваша, кхетам болчу стеган ши каппек мах бац-кх!– аьлла-кх дайша, олий, барз баьккхуш дуьзна, шега кховдийна бархI са болу стака чохьадоккху дархочо. Кхин цул тIахьа тIе котаман гIогI доуьйтий, тергал ца веш Iадда вуьту оха иза. Хелхадийлина тхо хIума кхалла стоьла гонаха охьахевшича, Олхазарс схьаоьцу дечиг пондар. Пондар мукъаме балош дикка цуьнан мерзаш тIе пIелгаш туьйсуш, мерзаш дулуш пондаран лергаш хьийзина, хазийтира тхуна Дикаев Мохьмадан «Даймохк» стихотворенина ша баьккхина керла мукъам: «Нанас берахь дуьйна суна хьо марзбина…», ша тIаьхара олуш. Цо чIогIа дегнаш иракарахIиттош синкъерам тобира тхан.
– Шу дуьххьарлера ладогIархой ду шуна оцу иллин.
Мохьмадца цхьаьна болх бо охашимма, цуьнан байташ иллешка йерзош. Мохьмадан кхин цхьана байташна «Тхан йуьтахь тийна ду» стихотворенина нисбина ас мукам. Иза-м оьрсийн матте йаьккхина аса, хIокху зудберийн самукъадакха, хIорш кхеттачу маттахь алий вай: «В ауле тишина, не спится только мне, боясь не встретить, тебя ищу я, всю ночь без устали бродя, кого же ищщу я? Скажи, звезда, судьба моя, кого же ищщу я?» Эццахь зудбераша оха тIарраш детта долийра. Сапарбека гIовгIа алсам йаьлла, вахтёршас синкъерам дIалеIа алале, патифон латийна меллаша хелхарш доло деза олий, оха патифон йуьйлира. Олхазар, лазар дIадаьлла, хелхар дан вуьйлира, шена кхетта мийра бицбелла. Доцца аьлча, муьлхачу хотIехь вацо мегар волуш, артист вара-кх иза. Кхин ду Олхазара даьхна мукъамаш, цуьнан цIарах ду Шеларчу к1оштан «Оьздангаллин цIа». Россин композиторийн Бартан декъашхо хила ца г1оьртира иза. Нохчолле, халкъан оьздингалле, къоман синмехаллашка кхийдаш, тIаьхьенийн дог-ойла ойу мехаллашна къона чкъор тIедоьхуш дара цуьнан мукъамаш, Дикаев Мохьмадан иллешка йуьйлуш йолу стихаш йара т1екхуьуш йолу вайн къоман т1аьхье дайн оьздингалле, деналле, нохчолле йоьхуш.
Олхазаран, Хусаинов Адаман, Ибрагимов Салавдин, Доккуев Турпал-Iелин, сан, Берсанов Нажмуддин, Шамилов Шаидан, Сулейманов Базин вайн махкахь тIом баллалц цхьаьнакхеташ гергарлонан вовшашца зIе лаьттира. Дуьйцуш там бацахь, вайн доьзалехь дуьххьарлера кIант гучуваьлча, гулйеллера и лакхахь йийцина тоба, Олхазар коьртехь волуш. Сарралц бохург санна дууш, молуш Iийна дIасадаха тохаделча, цо омра дира:
«ХIокху Наурбекана (к1ентан ц1е йара иза) тIехьа оба олуш, цхьацца туьма охадиллинарг бен оцу неIарх аравала пурба дац шуна».
Цул тIаьхьа, шен карарчу кIентан хеча охьа оьзна, ша дуьххьара барт баьккхина, туьма ахча стоьл тIе диллира цо. Иштта накъост вара Ганаев Олхазар, даима хонаха даьлларг дагадогIуш. 1971-г1ачу шарахь цо зуда йалийнера. Иза хиллера Сиржа -Эвлара, вархI вешин йиша, Малика. Цо дийцина дисина ду шен ц1ийндехх лаьцна цхьа забаре дийцар. 1975-г1ачу шарахь шена са йолий хьожуш, дукхахдерг-м накъосташца сакъерархьамма, Олхазар памдораш (памидораш) йохка вахана хиллера Россех. Памдорех хIуъа хиллехь, шегара ахча дIадаьлла ша висча, цо зудчуьнга (Малике) телеграмма йаийтина хиллера:
«Операция «краснуха» провалилась, прошу Вас выслать мне деньги». Телеграммина тIаьххье Iедал деана хиллера керта, – «краснуха» бохучу дашна кIелла хIун маьIна ду аша диллинарг бохуш. Доьзалехь кхуьуш кIант вацахь, даккхий цIенош дира цара, дукхахдерг Маликина лаарна. 1994-г1ачу шарахь цIеношна чубевлира, зуькарца доккха сагIа доккхуш. Доьзалехь кхуьуш ши йоI бен йацара – ПетIамат, Амнат а. Олхазар ден, ненан а хIара цхьаъ бен кхин доьзалхо ца хилла, цундела шен боьрша доьзалхо чIогIа хила лууш хиллера Олхазар. Оцу балхана болу сингаттам маларца байбан воьлла куц дара иза, Нохчичохь хьалхара тIом болуш. И тIом болабаларций, Шела адамех йассайала йоьллера. Сингаттаме, цхьана минотана синтем боцуш мур бара лаьтташ. Оцу хенахь, кхаьргара хьал-де хаа, кхаьрга веанера Сиржа-Эвлара Маликин ваша, Iаьнди. Йуучунна йетталуш Малика йолуш, нуц, стунваша хиъна Iачу, стоьмашна кIел, бешахь, буьрсачу гIовгIанца цхьа чIогIа, мохк бегош санна, йерриге керт ластош тата даьллера. Иза хиллера вайх къацахетачийн йоккха тоьпан хIоъ. Цо дахар хадийнера Олхазаран, Iаьндин а. Иза хиллера 1995-г1ачу шеран бекарг (март) беттан 24 – чу дийнахь. Дала гечдойла царна, цу тIемаша Iажалле мел бигначарна а. Олхазаран йоьIарий – ПетIамат Соьлжа – ГIалахь лоьран болх беш йу, Амнат шен доьзалца цхьацца йохка-иэцар лелош йу. Иштта садалар нисделла оцу къонахчун, амма Олхазаран вала волавалар, мелла хьалха дуьйна доладелла хиллера, Маликас дийцарехь.
1990-г1ачу шерашкахь дуьйна, лазарца, хала детталуш хилла Олхазаран дог: нохчочо нохчочунна тIе эвхьаза, Iедалан хьаьвда къуьйсуш куьг кховдо долийчхьана дуьйна. Дала декъала войла Олхазар, Дала ийманца собар лойла цуьнан гергарчарна, иза везаш цуьнца хьирцинчарна. Боккха иэша-м бу-кха цуьнан валар вайн махкана. Дуккха диканаш дара Олхазарх лаьцна дийца. Кхин хIумма ца хилча, деккъа цуьнан оьзда, ц1ена леларх лаьцна. Мел цIемза, хатт болуш зама хиларх тIера бедарна, когара мачина, цхьа а заралла долуш х1ума гур йацара цунна тIехь. Ванах, хIара тIема лелаш ву теша олий, вуьсура милла, атталла мачин айрех хьакхабелла хатт ца гича? Цкъа вевзинчарна цкъа вицлур воцуш къонах вара Олхазар. Дала веза хьаша вина тIеэцна хилийла иза Фирдаус йалсаманехь. Олхазар ламаз, марха цIена лелош вара. Дуьйцуш ца тахь, маларх кхетта велахь, ламазан хан тIехтуьлуьйтуш вацара. Зуькаран мукъамех, назманех, зуькарх чIогIа самукъадолуш вара иза, наггахь бIаьргех хи долуш. Ван ша инзаре дог кIеда стаг вара Олхазар, адамашка тIамо биссийна баланаш, дог доьлхуш, ловш вара и. Цундела аьлла Олхазарх лаьцна, шен очеркехь цуьнан йуьртахочо, Эльдарханова Зайнапа:
«Олхазар вала воьлла дукха хан йара. 90–чу шерийн йуьххьехь дуьйна, нохчочо нохчочунна тIе куьг кховдо долийча дуьйна. Малх шелбелла, нур кхоьлина Даймохк цунна гуш берг, кхин шен лепарца, къегарца, серлонца, йовхонца дог ца хьоьстуш». Олхазар д1акхелхинехь – висна ваха ша даьхначу иллийн мукъамашкахь, ша вевзинчу нехан дегнашкахь а.
Даутмирзаев Джаьммирза Давлетгирин-Эвлара (Тостой-Юьртара) вара. Дуткъа, лекхачу дегIахь, йехий тIаьрзенаш йолуш, гIийлачу йуьхьа тIехь маьлхан тIедарчий долуш, къаьсттина бIаьста, аьхка луьста довлуш. Дешарехь дика кхиамаш болуш вара, тIехь чIогIа цIена, тоьлла духар т1едуьйхина хуьлура иза. Ден, ненан цхьаъ бен воцчух тера дара иза, цундела массо кIиранахь керла бедар хуьлура цунна тIехь. Кисанахь шай доцуш тхо дисинчу хенахь, оха шега бохуш хIумма доцуш, цо тхо столове йа кафе кхойкхура цхьаьний рицкъанах кхета. Олхазарс, Джаьммирзас аьлларг забаре доккхуш, алара: «КIант хьан бIаьргаш чохь рентген йу моьтта суна, тхан киснашкара хьал гойтутуш. Хьан цIе Джаьммирза хила йезаш йацара, хьан цIе «ГIаддайначийн къайлах гIо деш долу Делан орца хила йезаш йара!» Институт йаьккхина ваьлча Джаьммирзас школехь дукха болх ца бира. Соьлжа–гIалахь автозаправкехь оператор вахана, дас-нанас эцначу машенахь шен смене дIасалелаш хиллера иза. Мухха нисделлехь, авари йеш некъахьовзам баьлла, Делан кхоьле вирзинера иза. Дала декъала войла и, кхоам болуш кIант вара иштта хьалхе дIаваха.
Джургаев Олег йуккъерчу дегахь, воьттина вича санна, буто ворта, пхьаьрсаш долуш, мичча хенахь тасавала кийча, адамах чекххьоьжуш бIаьргаш болуш, ша-шеха буьззина бIобулуш кIант вара иза. Олеган дай ЭгIашбетара схьабевлла бара, Россин пачхьалкхо вайн мохк дIалаца болийча, цигара боьхча Соьлжа-Юьрта нисбеллера уьш. Олеган дехойх цхьаъ жима волуш, паччахьан Iедало аманат (заложник) вина Петербурге дIавигна хиллера. Петербургехь иштта дигна нохчийн берех тIемалой беш хилла, школехь пачхьалкхан чоьтахь Iама беш. Йуха уьш цIа бирзича Грозный-ГIалахь цхьацца белхашка дIанисбеш хилла йа тIом бечу меттигашка буьгуш хилла. Иштта ДжургаевгIеран доьзалш Соьлжа–ГIалахь Iийна вай махках даххалц. Олег охьтохалатархочун хьалхара разряд йолуш вара, цундела тхьоьца хьаьнца тIехволуш тасаваларан кеп йалош самукъадолуш вара. Бакъду, наггахь бале йалара цунна тхоьца йалийна и кеп. Тхо ма дара и санна дегала, цундела, Олег тийсаваларан боларехь сайна тIеволавелча, аудиторина чохь ма дара иза, ас ваьхьна вортичу катоьхна, кIел ког тосуш стоьлашна йукъахула доггаха дIаластийна, пхьид санна бертал вахийтира иза. Цхьа хIума дика дара цуьнан, дегабаам бина цалелар, къаьсттина шен группера накъосташца. Шен бедарш йегош хьала гIаттина, Олега кхоссар йира:
«ДIавала, хьо Iовдал стаг хилла, хьо забар хууш стаг вац!»
– Олег, ас мосуьйттазза аьллера хьоьга, ахь со охьатухур вуй хууш ду хьанна. Соьца ма йелахь и забарш, со нерваш дика йолуш ма вац, ахь со охьатоьхча лалла», – ас аьлча, Олег ван веана мара иккхира суна.
– Ахь динчу мукIарлоно дог ийци сан, Дела реза хилийла хьуна. ХIинцачул тIаьхьа йуьтур йу вай и забарш».
Баккъалла, цул тIахьа дитира цо и кеп х1иттор. Олег оьрсийн маттана чIогIа шера вара, «Грозненский рабочий» газетехь сих-сиха зорбане йуьйлура Олеган статьяш: спортивни къовсадаларех, институтехь хуьлучу цхьацца мероприятех, студентийн дешарх, наггахь хьаькамех лаьцна фельетонаш йазйора цо. Доцца аьлча зорбанан цIийнаца гергарло дара цуьнан. Цундела институт йаьккхина валарций, Олег, Хьалха-Мартанан кIоштан газетехь корреспондент хилла, болх бан вуьйлира. Олег харцонца товр волуш вацара, шена мел лакхара дарж даларх, бахам тIетаттарх. Хьаькамех лаьцна бакъдерг йаздеш волу журналист гена ца вахало. Цунна, маьрша рицкъа лаха некъаш доьхкуш, дукха дуьхьалонаш йугIу Iедалехь болчу чиновникаша. Ишттачу харцонан къохьаро ша йукъа озийна Iийша волаварх лаьцна дуьйцу Джургаев Олега шен 2011-гIа шарахь арахецначу «Одиссея атакуюшего журналиста» цIе йолчу киншки тIехь. Суна совгIатна йелла йу Олега и книга, тIехь шен автограф йуьтуш:
«Заурбеку: другу, брату, достойному чести, похвалы человеку». г. Грозный, 26. 12. 2011 г. бухахь шен куьг йаздеш.
Цу хенахь иза «Вести Республики» газетехь оьздангаллин декъан куьйгалхо вара. Цул тIаьхьа деа шарахь бен ца вехира иза, 2015-гIа шарахь дуьне дуьтуш эхаре вирзира Олег. Дала Шен веза хьаша войла цунахь, дахарехь синтем боцуш, ламаз, марха цIена лелош, сема Делан лай вара иза. Тхаьш мел аьрха, къинош летош хиллехь, бусалба динца долу гергарло дIатесна ца лелла тхо, тхан зама Iесаллина маьрша хиллехь а. Олеган доьзалах цхьа йоI, ден лорах, журналистан болх беш дIайоьдуш йу.
Доккуев Турпал-Iела со цхьана йуьртара, Цоци-Эвлара ву. ГIиргIизера цIа дирзичхьана, ма-дарра аьлча, 1958-г1ачу шарахь дуьйна, вовшашца уьйр тасайелла, девзина ду тхо. И довзар йуххерчу гергарлоне, чукарене, доттагIалле доьрзуш. Турпал-Iелеран доьзал ГIиргIизера цIа 1958-г1а шарахь бIаьста кхаьчнера. Турпал-Iела цу хенахь ГIиргIизехь 9 -гIа класс йаьккхина вара, уьтталгIачу классе деша ваха дезаш. Со а вара, Джалка–станцехь уьтталгIачу классана оьшучу барамехь дешархой вовшах ца кхетта, сайна 10-гIа класс йаккха школа лаха дезаш. Тхан йуьртахь ворхIшеран школа бен йацара. Сан дейишин кIентан Мовлдин цIийнах болуш, тайпана йалхойх хиллера Турпал-Iелин цIеранаш а. Мовлдис вовзийтира тхойша вовшашна. Цул тIаьхьа тхойшинан барт хилира Шелахь, шеца интернат йолуш йолчу школе деша ваха. Мангалан (июль) баттахь цига тхайн кехаташ дIаделира оха 1958-г1ачу шарахь. Воккхавеш вара тхойшиъ, йуург-мерг йолуш, Iан меттиг нислуш и школа хиларх. ХIунда аьлча цIера тхуна оцу агIор башха гIо хила агIо бацара. Турпал - Iелеран доьзал алсамо бара, тхайниг санна: да – Мохьмад, нана–Шайман, йиша–ТIаус, вежарий–Хьусайн, Хьасайн, кхин ши йиша–Сапет, Санет. Бакъду, вай дохадале кхеран йалта охьуш хьер хиллера, иза денйан гIерташ къахьоьгуш вара Мохьмад. Шелахь цхьана четвертехь бен ца дийшира оха. Тхан бехкенна доцуш, интернатан заведующий, историн хьехархо а волу, Козлов фамили йолу гIалгIазкхи Турпал-Iелина коча вахар нисделлера. ХIара дог вон хилла урокера хьехархочо аравалийтинчуьра, Iетта вина, дарвелла, йуха уроке чувогIуш волчу хенахь, кхунна дуьхьала нисвеллера Козлов.
– Ты что, палка, во время урока шляешься? Я научу вас, дикарей, дисциплину соблюдать! – ца безамца, дера кхоссар йинера Козловс, цавашарца х1ара сацавеш. Турпал-1ела дуткъа дег1 долуш, лекхо вара.
«А ты откуда бредёшь, бревно, на моё несчастье? Жаль, что убийцы козла, пожалели козлёнка, который своим смрадом портит теперь атмосферу Чечни!», – дуьхьала жоп деллера сан доттагIчо.
Козловн ден валар нохчийн карах хиллачух тера дара. Цундела хиллера иза нохчашна, дан хIума доцуш, цергаш хьекхош. Цуьнан коча ца ваха, тхойша лахьан (ноябрь) баттахь Аргунера №1 школе деша вахара, цигарчу интернатехь 1ар д1анислуш. Цигахь доьшуш чекхъйаьккхира цхьайтта класс, шина шарахь совхозехь болх баран стаж тIехь йолуш «Трудовая книжка» хуьлуш. Турпал-Iела цIена йуьхь-чкъор долуш, дуткъа, лекхачу дегIахь, йуьхь ша ма-йарра Магамаев Муслиман чух тера йог1уш, зудберийн тидам тIехь соцуш, безамехь кIант вара. Аргунера школехь оха доьшуш дуьйна зудберех чIогIа эхь хеташ, царах къехкаш вара иза, цара ша вадорна кхоьруш санна. Вада-м цара вийр вара, Турпал-1ела санна волу хаза к1ант, жимма церан мекарлонех 1ехавала кийчаниг. Институтехь дукха зудбераш дара цуьнгахь безам болуш, амма кхо цхьанна дог ца кхоадора. Бакъду, тхан накъостех цхьамма, схьахетарехь Татаев Майрбек хила мегаш вара иза, цхьа хаза, эхь хIун ду ца хууш, ахчанах хуъу дийр долчу йоьIе, Хелле – Турпал-Iела Iехийна т1ехьовзавахь, мах лур бу аьллачух тера дара. Майрбек, шен овощной базехь волу ваша Iела бахьанехь, даима киснахь ахча долуш хуьлура, «Победа» машен хьоьхкуш вара. Шегара стенна т1ехь накъосталла дехча, Турпал-Iелас иза кхачуш дой хууш, Хеллас дехар динера Турпал-Iеле, шена нохчийн зудберех, ког шаршош хелха йала Iама дахьара, аьлла. Студентийн йукъараIайлин кхоалгIачу гIатт тIехь, мансарда санна цхьа йоккха чоь йара: «Замок царицы Тамары», аьлла цIе тиллина. Оцу чу цхьа наггахь адам бен доьдуш дацара. Хелхар Iаморан болх вайшинга къайлах лелабайта аьлла, дехар дина хиллера, хIиллане Iалашо кхочушйечу йоIа. Цхьана кIиранах цу «Тамарин замок» чохь Хеллина ког шаршо Iамош, Турпал-Iелина цуьнгара дикка, хьалхенгахь ца девзина, хIумнаш Iеминчух тера дара. Уьш тIаьхьо гучу девлира, хIара хьалха санна зудберех ца къехкаш д1ашарвелча. Ткъа Хеллин духар ц1индира карлачу бедарша цхьана баттахь, оцу хийцамаша гойтура, Хеллина Турпал-1елас 1амийначу хелхарах шинне пайда баьлла хилар – йо1ана духарца, к1антана йоь1арех ца къехкарца. Билггала мила ву-м ца хиира тхуна Хелла маттара йинарг, амма: «Пойдём, Тур, потанцуем!»–Хеллас аьлча, Турпал-Iела тIахьа хуттура цунна. Тхо дешна девлла дикка хан йаьлча бен, ца дийцира цо шайна йукъахь лелларг. Оцу йоIа дуьненан синкъераман кор шена делларна, цунна чIогIа реза хиллера Турпал-Iела. Тхо дерриш къона, дуьненах самукъа долуш, Iехалун хан йолуш, дайн ца хиллачу маршоне кхаьчна хеташ, оьрсийн кегийрхошца дешарехь, деналлехь, оьздангаллехь, комаьршаллехь, церан зудберашна тхайга безам бахийтарехь йахье девлла лела йукъйихкина зама йара иза. Оха уосала хIума ца долуьйтара тхайгара кхечу къаьмнийн кегийрхошна хьалха. Цундела оха тхайгара масалла гойтура оьсийн хьехархошна, кегийрхошна, церан тхайгара бехк баккха агIо ца йуьтуш. Тхан вовшашца цхьа дар-дацар ца хуьлура. Амма кхечу къаьмнех болчарна тхайх цхьанне дина вон ца дуьтура бекхам боцуш. Тхаьш Iедало жоьпе озош, хатIе хир долчу кепара ца доькхура, декхара гонаха тешаш боцчу хенахь, меттехь. Цу хенахь деза денош алссам дара. Уьш даздар институтехь шуьйра дIахора. Тхан «А» группа даима дежурствехь йолуш д1ахьора и даздарш. Чубуьтучу неIарехь, институтан кхаа гIоттана тIехь (этажехь) низам латто дезарш тхо хуьлура. Турпал-Iела цуьнца цхьа ши накъост коьрта лахарчу неIарехь хуьлура. Ткъа сой, Астамиров Хьасамби, Сулейманов Бази шолIачу гIотта тIехь Iара, оцу гIотта тIехь йара тхан деканат. Цу хенахь тхан группин куьйгалхо Алироев ИбрахIим Юнусович вара, студенташна нохчийн мотт хьоьхуш волу хьехархо волуш. Цхьана ишттачех даздаран сарахь, деканатана дехьо пена тIехь кхозачу «Моральный кодекс строителя коммунизма» стенд-банер дIатоьхна кхозучу метте тхо кхочуш, йерриг батт цIеша йуьзна, туалетехьара схьахьаьдда вогIу кIантах бIаьрг кхийтира тхан. Цуьнга собарде олуш, тIедахара тхо цунна. Иза йуьхьанцара классийн хьехархой кечбечу факультетера теркахо Шама хиллера. Цо и болх туалетана хьалха кхаа спортфакера гIазкхийн кIанта бина элира шена тIехь. Тхо Шамица уьш болчу дIахьолху. Сигаьркаш уьйзуш лаьтташ вара уьш кхоъ, беларехь гIадъоьхуш. Тхо тIедогIу гича, шаьш батт йохийнарг валош, мохь белира царах цхьаьннан:
«Не подходите близко, мы не ручаемся за себя!»
– Зато мы ручаемся за себя, и обиду своего брата никому не прощаем,–олуш, шен кувалда санна болу буй, оцу мохь хьаькхначуна, мара лоцуш хьажйуккъе балийтира Хьасамбис, дакъа санна вожавеш иза. ШолгIачунна Базис, ший белш лаьцна, шен нуьцкъала дехий куьйгашца гIоддаха тIеозош, бетах корта тоьхна, веалара вахийтира, ас, сайна висинчунна, гIаш йуккъе мийра тоьхна, хьалхахьа сеттинчуьра нисвеш, лахара хьала буй тоьхна, къегара вахийтира спортсмен. Оцу хенахь, мичара вели ца хууш, Алироев ИбрахIим кхочу тхуна тIе.
«Аш лелориг хIун ду, шу ду низам лардархой? – карзах волу ИбрахIим. Ас Шамина тIе пIелг хьажийра:
«Бехкбоцуш коча баьхкина, хIокху кхааммо, кху пекъарна, динарг декха гIерташ дохкуш дар-кха тхо, хьо тIекхочуш, Ибрах1им!» ИбрахIима гIеххьачул бехкала воьдуш олу:
«Ца гуче баьхна дан ма деза и тайпа хIумма. ХIинца оцу туалета чохь муцарш йилийти дIасадовла, цхьа мотт беханиг тIекхачале».
ИбрахIима ма-аллара уьш туалет чубаьхна, иза оха дIакъевлича кхерабеллера спортсменаш. Дехарш дан хIиттира уьш – шаьш дайа ма дайахьара. Кхин нохчашна пIелг хьакхор бацара шаьш йа хIара цхьаьнге дуьйцур ма дацара шаьш. Хилларг шайн бехкенна хиларна къера дара шаьш бохуш. Шайн батош цIанйайтина дIабахийтира оха уьш. Иштта меттигаш Iитталора институтехь даьккхинчу деа шарахь. Турпал-Iелех бечу хаамашна жимма йуьстахдовлар нисдели вай, тхан «А» группин институтан йукъарчу барамашкахь дакалацар гуча даккхархьамма.
Свидетельство о публикации №225041101615