Йоьду зама
Ма сиха йоьду хьо, Зама…
ХIун хир а хууш дац кхана…
Заманан гуонаха ваьлла,
Вуьсийла дац милла а цхьаллехь…
Хьо йоьду карла а дохуш,
Цкъа хилларш, йух-йуха охуш
Хьекъал дерг собаре кхойкхуш,
Сиха верг гIиллакхах воккхуш…
Эрчонна кийрахь дог къуьйлуш,
Къурдашца шовдан хи муьйлуш,
ХIай Зама, хьо стенга йоьду,
Дерриг а цхьана некъе тоьгуш?
Масачу хиламаш кIежтуьйсу…
Массара, массенца цхьаъ къуьйсу…
Цхьаъ веха, ткъа масех вуьйжи,
Чов йуьтуш бIе шарахь Iийжа…
Замано олу шен илли…
Исс эзар наьI а цо йилли…
Цу исс эзарх цхьаъ бен йац харжа,
Нохчочун, чан хилла, ца варжа…
Свидетельство о публикации №225041500804