Веги со тем байна
«…Веги со, тем байна, ойланийн цIергахь…»
(Мамакаев Мохьмадан байташ йоьшуш, кхоллаелла ойланаш.)
ТкъолгIачу бIешеран 30-гIа шераш юккъе даханчу муьрехь, нохчий поэзин партал буолар сихдеш, гучувелира къона поэт Мамакаев Мохьмад. Халкъан барта кхоллараллина тIетийжаш, мукъамийн, назманийн барамехь йолу байташ яра цу хенахь Сельмурзаев Ахьмада а, Дудаев Iабдис а, Бадуев СаьIида а, кхечара а язйийраш. Цу заманца йогIуш а яра уьш.
Делахь а цу тIегIанах тоам ца хуьлура мелла а шуьйра дуьненехьежар а долуш, Москвахь дешна а ваьлла цIавеанчу къоначу Мохьмадна. Керла хатI долуш, кепаца а, чулацамца а кхечарах къаьсташ йолу, ша-тайпа поэзии гучуелира цу хенахь Мохьмадан байташкахь:
Мала чагIар, дагаде жайна,
Хьайна ма-хиетта, карзах а вала!
Амма, хаалахь, – стеган дог дохо –
Яц хьуна хьоьга елла бакъо.
Хьуна ма мотталахь хьуо стаг ву:
Кийрахь жижган юьхк ю алий,
Хьайн деха мекхаш ду алий,
Кура хабар айхьа дуьйцу алий.
И дог виран а хуьлу хьуна,
Мекхаш цицган а ду хьуна.
Хабар, – суна бехк ма билла, –
Дош ала хууш туоти а ю хьуна.
Къуонахчун некъ – къаьхьа безам бу,
Хьанала сий – даккха атта дац.
Кхета со, хало лан – хала ду,
Делахь а, стаг хила веза стаг!
I93I
Социализм юьллу шаьш бохуш, даккхий хабарш а дуьйцуш, маттана шарбелла, дерриге а шайл хьалхарчара кхоьллинарг дохийна, дIашардина, керла дуьне а, сирла дахар а кхуллур ду шаьш, бохуш, гIиллакхах а, оьздангаллех боьхна, карзахбевлла хьийзачу комсомольцашка а, партин жигархошка и тайпа дIахьедар дан цу заманчохь ваьхьна волу, жима стаг боккъалла а онда са долуш а, доьналле а къонах хилла хиларан тоьшалла ду, лакхахь вай далийна долу, и могIанаш. Уьш яздечу хенахь ткъа шо кхаьчна жимха хилла-кх иза!
Эрна аьлла дац: «Хиндолу олхазар бенахь диека», бохург. Доккха хиндерг долуш волу керла поэт, яздархо нохчийн литературе веъна хиларан билгало а яра иза. Мохьмада шена хьалха хIиттийна Iалашонаш а яккхийра яра.
Седарчий ган стигал далий,
ДIо мархашлахь вонах цIанлой.
Къийсамца гIой, гуо а бакхий,
Сан илли, хьо, къуьйсуш, айло!
Ша хуъул хилчахьана къийса дийзира Мамакаевн. Дукха жима волуш байлахь а висна, большевикийн Iедало схьадиллинчу берийн цIийнахь кхиъна ву иза. Боккъалла аьлча, цуьнан бералла октябрски карчаман кахьаро аьхьна хIаллакдира.
И бIаьсте хиллехь а маьлхан,
Шу, шераш, дарцаца дахар,
Ондачу куьйга гам хьаькхна,
Сан къуона юьхь огуш даха…
Жима волуш дуьйна тидамца дуьнене а, дахаре а хьиежа Iамар бахьана долуш, хиллачун а, гушдолчун а мах хадо лаарна, шена хиетарг къоламца кехата тIе даккха волавелира иза:
Хийла хан дуьйна схьа, сан накъост, къолам,
Хьо беъна соьца схьа, дIаяздеш боххург…
Ткъа, хIунда буьйлу хьо буйнара гал,
Дац хьоьгахь доьналла – дагахьдерг лан?
(«Къолам»)
ХIетахь дуьйна ша гIеметта хIотталца цуьнан байташкахь хаало вайна, цхьа ша тайпа гIаларт санна, наггахь гучудолуш, юха къайладолуш долуш хеназа кхелхинчу цуьнан ненан васт:
Дерриг а хилар и аз, сурт а доцуш,
ГIеннал – тидам бан хIума а доцуш.
Нанас бен узар а ца хезна суна…
Йицъелла дуьххьара сайх кхетта хьу а.
Ткъа дицлац сатосуш гинчу эвлан сурт.
ДагадогIу, нанас соь элира:
«Схьавоьл, сан хьомениг…» Ас яьккхи гIулч,
Лаьтто со, шен воI веш, тIелецира…
Кхин дIа со ца кхеташ, хиндерг а ца гуш,
Дахаран ловзаргахь ас теси гIулг.
Цу лекхчу стиглан бос ца бевзаш кхин,
Велира – дуьххьара шийлачу хих…
ГIенал башха тидам боцуш и хилла,
Нанас бина узар бен – ца бисна…
(«Кхоллам»)
Ненан сибат, цо шега кхийдийна куьйгаш даима дуьхьала лаьтта бераллехь ненан марзонах хоьгуш дукха хьалхе дахаран новкъа ваьллачу поэтана:
Со нанас дIахьерчош
Цхьа жима бер дара.
Мара а воьллина,
Нанас соь дийцира:
«Хьоме кIант, хаалахь
Хьуо ларвеш лаьттийла,
Шайн кIайчу духаршца
Стиглара малийкаш.
Айдинчу тIемашца
Хьан коьртехь уьш лаьтта,
Къа, балий тIебагIахь –
Цаьргара хьо ваккха»
(А. В. КIайчу духаршца болчу нахана.)
Оцу, хаддаза цуьнан байташкахь хаалучу, ненан сибато коьртачех меттиг дIалоцу Мамакаевн поэзехь. Тайп-тайпанчу басаршца, дустаршца гойту цо шена гучу ненан сурт. Амма, нохчийн литературехь хьовх, ерриге а дуьненан поэзехь а ненан васт кхолларехь уггаре а чIогIа Iаткъаме могIанаш хIорш ду, аьлла хиета сунна:
Хийла хан дуьйна со воккха хиллехь а.
ХIинца а гуш ду уьш, ма-дарра гуш ду уьш…
Сан хала, беха некъ боданехь хиллехь а,
Минотехь ца гIеллуш, соьга схьахьоьжу уьш.
Даг тIера и йовхо царех схьаеттало,
Тешамца гулделла – со мара хьерчаво…
Даимна ца хедаш – ха хилла уьш лаьтта –
Хьомечу сан ненан сов сирла и бIаьргаш!
Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин шоралла а, кIоргалла а юста хала ду. Дахаран массо агIо цуьнан тидамехь хилла. Нана, Даймохк, гондахьара Iалам, политически а, социальни а хиламаш, дегалазам, безам, кхин а масане ду уьш поэта гайтина сарташ, васташ, ойланаш.
Шен чехкачу а, луьрачу а заманан бакъволу теш хилла дIахIоьттира Мохьмад дукха хан ялале. И зама чолхие а, хала а яра.
Даимна вайца и цхьа некъ лелла.
Дарцаца къийсалуш, цу новкъа ваьлла,
СадаIар доцуш, вайша кад бекъна
Накъостца арахь, хало тIелаьцна.
(«Сан накъост»)
Даймохк, латта, нохчийн къам, цуьнан кхоллам, цуьнан турпалхойн кхолламаш – и дерриге чулоцуш, луьттуш, ойланаш еш чекхволу Мохьмад кху дахарехула:
Доьналла къуьйсуш, гIоьртина веъна,
Кху халчу новкъахь ас хьалхе яьккхи.
Стигларчу баттах куьг тоха гIерташ,
Дахаран дарцо со берахь вахчий…
(«Мартанан латта»)
Ша мила ву хаьа цунна. Мичара схьаваьлла а хаьа.
Со хьан ву , хьан цIийх ву, латта,
Кийчча ву – хьо лардеш гIатта:
Ягаян сайн деган цIарца –
Хьуна тIе хIоьттина гIайгIа.
Шех стаг винарг, ша кхиийнарг исбаьхьа даймохк, къоман оьзда гIиллакхаш а дуйла хаьа цунна.
Сийна хьаннаш, сирла лаьмнаш,
Шух бIобулуш со кхиъна.
Аш сакъоьруш – ондаваьлла,
Шун рицкъано – токхвина!
Цуьнан дахар а, кхоларалла а вовшах къасталур йоцуш, цхьаьнаийна. Цо ешархочуьнга кхайкхамаш а, хьехамаш а кIезиг бо. Амма цуьнан хIора байт, дахарехь цо яьккхина хилла хIора гIулч тIаьхьенна масала ду.
Замано луьстуш, дIаоьху вайн шераш,
Ткъа вай а дIагIур ду Iожалло хьаьшна.
Вайн беса къийсамаш бицлур бу кестта,
Дуьсур ду хьекъалан гIуллакхийн тача.
Делахь а, кху хенан лелар а къарло:
Цу тIулган дахар а замано дацдо,
Хетарехь, хьекъало яьккхина лар ю,
БIешеоаш къардина, вайх йиса тарлуш.
Ткъа диса ма тарло – тIаьхьенна керла,
Эзараза аьллехь а, хьекъалца деъна
И цхьа дош – кхоьллина вайн хено я вай,
Бакъ мелдерг схьалехьош и леллехь вайца.
Вон, дикий такхийна еъначу хенахь,
Тхо санна, кхоьллинчу тIаьхьенахь цхьа хьо,
ГIайгIано вожийна, велха а тарло, –
Тхан хенахь кхоьллинчу иллица сецна…
(«ТIаьхьенга»)
Доьналлех юьзна ю цуьнан поэзии. Шен заманан векал а, бакъволу теш а ву иза. Цуьнца цхьаьна шен заманхошна юккъехь лекха поп санна хаалуш ду цуьнан дахар а, цуьнан кхолларалла а, цуьнан философи а. Цуьнан дерриге адахар а, цуьнан кхолларалла а вовшах къасталур доцуш ду. Цо вайна хьиехамаш а ца бо, нийса некъ гайта а ца гIиерта, амма, цо шен поэзица, шеен дахаран масалца вайна гойту стаг волу стаг муха хила веза.
ТIехьаьжча бIаьрла йолу хIума даима дика, чомехь хуьлуш яц. ЦIийбелла Iаж а дукха хьолахь бахкабелла хуьулу. Стеган мах хадо сих ма ло, боху вайга поэта «Стеган дахар» аьллачу шен байтахь:
Сих ма ло, собар де, ма елахь кхиэл хьалхе,
Ураме ладогIий, аьшнашвай, ма вита,
Юьхь ирча ю алий, дог гома – со ма ве!
Кху халчу сайн новкъахь хийла стаг ма гина,
Тешалаш сох шу, нах юьхь хаза и хиларх,
Цу хазчу сурта кIел, тIех гома чоь гина.
ХIан-хIан, вац ас бехке хазаллех воккхаверг,
Ас боху, тидамца, тергалвеш шу хила,
Эхь-бехк а лардина, дог цIена схьагIертарг.
Вайн дуьне декъалац сурт ирчий, сурт зазий,
Къийсалуш схьайогIу боьхаллий, цIоналлий!
Масане хуьлу вайна гонах хьийзаш адамийн сибатехь, чангIалкхаш, цхьогалаш, къийгаш. Ямартлонаш, тешнабехкаш лелош, кIел ког туьйсуш, Мохьмадна гонах хьийзаш а хилла уьш цу хенахь. Цаьрга аьлла дешнаш а ду цуьнан поэзехь.
Ткъа муха дойур ду хьоь аьлла дош?
Хьох дахна наьIалт ас дIакхайкхадер!
Сан дайша уосала лерина хьо,
Хьоьга дIавистхилар эхь кхайкхадеш!
Къам, хIусам я Даймохк мичахь бу хьан?
Йиш-вешин, доттагIчун цIе яккхал ахь.
Даймохк бац, къам а дац, уосала са,
Хьуо дийна хилчхьана тоьинчу хьан!
Хьайна хьакъ – сан наьIалт дIаиэцал ахь,
Ас хьуна кечдина йовссаран каш!
Сов доьша ца кхаьчна ведда вац хьо?
«IовхI», – бохуш, ламанна чугIерта хьо.
ДIо новкъахь гуш болу и лекха барз
Ас хьуна кхийсинчу бIаьллеха бу...
Кхоссалаш, кхоссалаш кIарлагIе бIал!
И хьан барз наьIалтца хьиэкъабеш бу.
(«КIиллочунна»)
I943
Ас, лаг а лаьцна, Iаьвдича,
Къикъ ала са доцу пис,
Хьо хьанна гIаьттина?
ДIадала хьалхара бIиж!
Къайлаха гуллой, куьг дегош,
Харц язда Iамийна хьо.
Хаалахь, ю хьуна, хьо эшош,
И харцо дIакхетар хьох.
Мохь бетташ хьо хьийзарх,
БIаьргашчохь стешхалла ю.
ЧугIерташ, иеха ахь йийцарх –
Харцонан гIулч йоца ю.
Поэзех дерг аьлча, ша-шега болу лехамаш а, жоьпалла а вуно лакхара ду цуьнан…
Герзо санна, мархаш цоьстуш,
Толам латто лам бу хьо;
Цу дистинчу хих а терсаш,
Ахь массанхьа дезарш до…
Хьо толам боккху байракх,
Дарцо оьзда лестаеш.
Онда ю хьо, тIулгийн чIагIо
Хьайн боларца елхаеш.
ТIамехь лиэташ салти санна,
Стиглахь гIуьттуш ахь бо тIом.
Дезчу дийнахь синкъерамца,
Стеган дагца ду хьан дов.
ДIо дошлочун верта дегош,
ДогIа догIу, декош Iин,
Кемсийн мерза хорха егош,
Лиэпаш доьлху сирла тхи…
Пхьеран карахь хьо ю шаьлта,
Совра дуьллуш кечйина.
Хьайн ницкъ болуш дохо лаьмнаш,
Къуьйсуш, дадас ирйина.
Хьо ю беран делакъежар,
Цу баккхийчийн – ойла ю.
Сийна гIа ду – и бос лепаш,
Ненан гIийла – кхайкхам бу.
Сан хьомечу и кIайн куьйгаш,
Цу Даймехкан латта – хьо;
ДIо хи йистехь вижна Iуьллуш,
Берахь стигла хьежна со.
Дагна хьоме мел дерг ду хьо,
Сан ондалла хьоьца ю.
Хоьца бен дац сан белхан нох,
Поэзи, хьо сан хьал ду…
Дикчу дин тIе ахь со хаийн,
Сов дог цIена лелаво…
Хьо ца хиллехь сох хир бара
Орам боцу бекъа поп.
(«Поэзии»
Кхузахь поэзех лаьцна цо аьллачунна тIетоха хIума карор дац.
Цундела цуьна бакъо яра шен накъосташка, аьр вай, байташ кхуллучаьрга иштта ала:
И айхьа яздинарг эргIаде хьестош,
Хьо хIунда гIерта ткъа хьайх тамаш байта?
ХIан-хIан, сан накъост, иштта нах Iехош,
Дуьненан къайленех кхуьур вац вайша.
ТIех Iама гIоьртинчохь вайша а витна,
ДIайоьду и зама, къайленех хьерчаш…
Дайл лакха айвала мел чIогIа гIертарх,
Дайн лорах ца кхуьуш хийла да висна!
(«Поэте»)
Мел оьзда, дозаллаш доцуш, шен меттиг хууш, аьлла Мохьмада шех лаьцна. Дахарехь а, поэзехь а ша динчун мах хадош:
КIур тоьхна айдина вай санна,
ГIевттина хьийзачу ойланийн
ГIарол бен, вац со кхин назманча,
Сан накъост, бехк боккхуш ма хила.
Вон, дикий цхьабосса дIаяздеш,
Лехьадо сайн даго туьйсу хIу…
Ирделларг кхин жайнехь арт ца деш,
ХIинца а вогIу со, хьуна гуш.
Бераллехь, Iаьржачу къайлешкахь
ХIиттинарш цIанонца литтина –
ВогIу со, кху жайнин некъашца.
Заманан гIиллакхца хIоьттина…
Кху лаьтто садоьIуш гулъелла,
ГIевттинчу ойланийн гIарол бен
Вац со кхин, доттагIа, назманча.
Цундела кхин дIа со ма айве!
ТIехьаьжча буьрса стаг вара Мохьмад. Ша лайначу лагерийн Iазапо а, нийсароша шена бинчу тешнабехкаша, шеца лелийначу харцонаша а човхийна а, Iовжийна волу иза даима а векхавелла, велавелла хуьлийла а дацара. Амма цо шен са а, дог а лардинера къизаллехь. Массарна а гечдинчух тера а дара цо.
Дагчохь чIир а, мекха а лелош кхоллалур яцара Мохьмадан башха байташ. Цуьнан дог- ойла поэзех юьзна яра. Иза даима а коллараллин шовкъахь вехаш вара.
Ша сибрехан лагершкахь волуш цо дагчохь кхаьбнарг кхоллараллин ойланаш ца хиллехь, иза литературан пайден воцуш, шагвелла, дарвелла дIаваьлла хир вара. Ойланча ша хиларе терра, хуьлушдерг Делан йозанан билгало санна тIелоцуш, собаре, синтеме чекхволу иза массо а киртигах. Иштта дуьнене хьиежа боху цо вайга а шен байташкахь.
…Сан шераш херцош – еъначу тахна –
Хьо цхьаъ бен кхачац сутарчу дагна,
Мартанан латта: кхузахь дайх диснарг,
Шовда а хилла, сан цIийх схьаийнарг.
«Мартанан латта»
Шен жима даймохк хастийна ца Iаш, дерриге а дуьненан хIусам хилла схьадогIу Латта а хестадо цо:
…Делахь а, нанас шен бер санна, хьаьстина,
Йовхо а, бIаьсте а ахь тхуна схьаелла.
Цундела сан даго хьоь, латта, къаьсттина
Баркалла ма боху – дIаэца воIера.
« Латта, хьуна хастам бу»
Цуьнца цхьаьна ша вехаш йолу пачхьалкхе а, шен Даймохк а, цуьнан маьрша стигал а хестайо:
…Сан Даймохк, хьан сийна стигал а,
БIаьстенан цIанонца лепа,
Хьан дахарх и хиндерш, хилларш а
Кху халчу некъашца лела…
« Даймехкан стигал»,
Шен тоьллачарах цхаъ йолчу «Маьлха кешнаш» байташкахь къеггина сурт хIоттош гойту цо заманан хадданза йолу зIе. Хилларг, карарниг, хиндерг –
го цунна МIайстломан некхехь Iохкучу маьлхан кешнашкахь лаьтташ ша ечу ойланашкахь. Набарна тевжича санна Iуьллу зама а, къоман истории а ю иза.
Вайн орамаш ду уьш. Вайн дагалецамаш бу уьш. Вай дицдан мегар доцург ду иза. Боккъала а аьлча, вайн хиндерг а ду иза:
…Къуонахий герзашца бийшина.
Схьагарехь, ойланца къевсина,
Кхузахь а наналла лардина,
И нана аган тIе тевжина…
Цхьардоьлла лаьттачу аганахь,
Арара чу кхетта, малх сецна.
Инана ладоьгIна латтахь а,
Кхузахь кхин бер доьлхуш ца хеза.
Иштта и доггаха латтарна
Моьтта-кх бер тийна дIадижна…
Кошахь а, кхин паргIат яланза,
Сецна и доьзалан ха хилла.
Хетарехь, сел буьрса хилла дай,
Дахаре шайн болчу безамца,
Кхузахь а, дIо малхе кхевдина,
ГIерта уьш Iожалла эшаян!
« Маьлха кешнаш»
Ша дуьненчохь йоккхучу хенахь шена хьалхахIоттийначу коьртачу Iалашонах лаьцна язйина ю цуьнан «Къена дада» цIе йолу байт. Стенна веха стаг кху дуьненчохь? Катохий, лачкъой, тешнабехк бина шен кIезиг лаамаш кхочуш бай, аьлла и араваьллехь, ма кIезиг хIума ду цо лоьхург.
Шен новкъа вогIучу къеначу дадина
Дуьхьалкхетта, бах, цхьа къона кхо бере.
– Береш, шаьш стенгара догIу алийша? –
Хаьттина къеначу дадас берешка.
– НогIийн гIамаршкахь некъаш къийсина,
ВогIу со, – аьлла цу берех цхьаммо.
– Сайн мостагI вожийна со вухавирзина, –
Аьлла, кхин ца вешаш, жоп делла вукхо.
Куро куьг тесна, рема а гайтина:
– Гой хьуна, со вогIу сайна хIонс ялош, –
Аьлла, шех тоам бина, бах, кхозлагIчо.
Реманна некъ буьтуш, нацкъар а ваьлла:
– Гуш ву, – тийна вистхила. – Аш дахьарг
Сийлахьа хила а ма тарло – аьлла,
ДIаволавелла, бах, и къена дада.
– Дийцахьа хIинца тхоьга ахь, дада,
Кху арахь къийсиний техьа ахь цкъа а? –
Хаьттина, бах, цуьнга,цу берех цхьаммо.
ХIун къуьйсуш летта хьо? – Цо юха хаьттича,
Цец вуха вирзина: – Стаг хила гIоьртина! –
– Ца соцуш, даимна… – тийна вистхилла
Жоп делла, вахна, бах, вайн къена дада.
« Къена дада»
Кхушара бIе шо кхочу сийлахь воккха нохчийн поэт Мамакаев Мохьмад дуьненчу ваьлла. Поэт хилла ца Iаш, бакъволу вуьззина къонах а вара иза. Цуьнан весетех цхьаъ ду хIара байт:
Са доцчу дегIана хIусам башха ца хиларх,
Ма ваккха аш со, доттагIий сов гена…
Даимна аьлла, дIатийна, суо кашчу вижарх,
Лаьа-кх ган суна аш лелорш гIенах а…
ХIун дитна дIагIур ву аьлла, ас ойла йича –
Дош бен дац, дош бен сан долахь дисна.
Цу дашца сайн дика дина дIаваха гIерташ.
Веги со, тем байна, ойланийн цIергахь…
Мохьмад ваьшна гена ца воккхуш, ваьш цунна гена а ца довлуш, кест-кеста Мохмадан байташ а йоьшуш, кху дуьненан а, дахаран а ойла а еш, осалаллех, ледарлонах лар а луш, нах хила хьовса вай!?
2010 шеран август бутт
Свидетельство о публикации №225050101884