Заманал хьалхаваьлларг
ТкъолгIачу бIешеран кхузткъалчу шерашкахь зорбанехь дуьххьара гучуевлира нохчийн поэтан Кибиев Мусбекан байташ. Иза хIетахь Москварчу Литературни институтехь доьшуш вара. Ала дашна, цу хенахь дуьххьарлера нохчо вара и оцу институтехь доьшуш. I967-чу шарахь кхиамца чекхдаьккхира цо и дешар.
Шен кхоллараллехь поэта боккха тидам тIебохуьйтура ойлий, и ойла йостуш долу дешнашший вовшех иэдаларна. Дашца лераме вара иза. Дашца а, маттаца а цуьнан болу ларам дика хаало «Меттан сий» цIе йолчу байташкахь:
… Дахаран гIиллакхийн кхерчахь,
Оьзда дош олучу меттехь,
ГIиллакхан собарца керча,
Нохчийн мотт, кхеттарг хьоьх кхеттехь…
ХIетталца нохчийн поэзехь Iалам а, адамийн амалш а тергалъяр а, церан сурт хIоттор хаалуш хиллехь, Кибиевс, и дерриге шеен ойланца а, дагца а луьттуш, керла васташ кхуллу, космически васташ. Стигал, цуьнан йистйоцу есалла, седарчий, Малх, Бутт, Чатакхийна тача, – Анахь гушдолу дерриге а селардаш цунна герга догIу, ша оцу Паналле хьала а кхийда иза. Иштта кхоллало нохчийн поэзехь уггаре инзаре а, йистйоцуш онда а долу васт.
… Маьлхан цIарлахь мархаш йогу,
Мархаш юккъехь жаIу вогIу,
ГIожаца малх керчош богун…
Кху лаьттахь, къинойн бенахь, зингатий санна хьийзаш долчу, вайн декъазчу синойн ойланаш а, гIуллакхаш шера гуш волу, вайна гуш а воцу, ган йиш йолуш воцу, и жаIу шена шен синхаамехь ма-гарра, вайна а гайта, и вуйла а хаийта дагахь яздина, аьлла, хетало и могIанаш.
Хьалахьовса, ойлае, боху маьIна дуй-техьа и? Адамийн Iосалла саяьлла хиллачу, оцу заманан хьесап дича, муххале кхоллало и ойла.
Замане диллича, суна хетарехь, Кибиев шен хотIаца, леларца а, къаьсттина шен кхоллараллица а оцу ша ваьхначу хенал мелла хьалхаваьлла, генаваьлла воьдуш вара.
Иза бакъволу поэт вара, мелла а лаьттах хьалаайвелла, тIома ваьлла воьдуш санна дара цуьнан болар а, лелар а. Когаш кIелахь дерг бен ца гуш, хьере а хилла, гIиллакхах боьхна, дуьненан рицкъана тIаьхьабевлла хьийзачу декъазчу нахана стигал а, дуьненан кIезгалла а, адаман син кIоргалла а гайта гIертара иза…
… Цуьнан поэзех хьакхавалар кIезиг хилла сан. Кибиев мила хилла, цо хIун лелийна, ца хуурш кхин а дукха хир бу тахана.
Цундела цуьнан цхьамогIа байташ ешархойн тидаме юьллу оха. Сих а ца луш, юх-юха а йоьшуш ,чам оьцуш, ладогIа деза кхаьрга…
… Шен хенахь дан йиш йолу гIуллакх а ца деш, хийла дагахьбалам буьсу хIораннан кхетамехь. Хазчу дашца, аьлларг дарца, муьтIахь хиларца дог ца хьостуш, дIакъастинчу нанна хьалха бехкала оьхуш, дагахьбалам кхобу цхьаболчара.
Оьшшучу хенахь беран дог ца эцарна, дагахьбалам лелабо кхечо.
Масане ю уьш, вай ваьшкара йовлуьйтуш йолу ледарлонаш. ТIаьхьа дохко а довлу, байтамал а боху.
Иштта цхьа дагахьбалам бисна сан дагчохь а. Шен хенахь юххера бовза йиш йолушшехь вайн цхьамогIа яздархой сайна кIорггера ца бовзарна а, церан кхолларалла а, дахар а ца гарна а.
Сулейманов Ахьмаде а кIезиг ладийгIира а, Сатуев Хьусейнах кIезиг веттавелира.
Иштта шен хенахь леррина тидам тIе ца бохуьйтуш йисира Кибиев Мусбекан кхолларалла а, цуьнан вахар-лелар а.
Бакъдерг дийцича, Мусбек башха шена нах тIеуьйзуш, атта тIебуьтуш а вацара.
Наггахь шарахь я шина шарахь цкъа Веданара гIала охьа вогIура иза.
Дайчу, чехкачу шен боларца чекхъэккхара иза, цIеххьана хьовзийна мох санна, шеха-а кхо-диъ дош а кхуссуш. Цо аьллачун ойлаян хьо кхиале, генаваьлла а каравора.
Ша дуьйцучух а, яздечух нах ца кхетарх башха шекволуш а, я цецволуш а вацара иза.
Хетарехь, цунна хууш хилла хир ду-кх, шен дешархо хIинцаъ кхуьуш хилар. Я дуьненчу валанза хила тарлора и дешархо, цуьнан дагах а, ойланех кхеташ волу дешархо.
Хьанна хаьа? Тахана, Кибиев Мусбек бакъдуьненчу дIавахна итт шо даьллачул тIаьхьа, вай хIиттош долу сарташ, ваьшна хетачун тIехь, хилла хила тарлучун тIехь ду.
Делахь а, коьртаниг тахана вайн еша таро йолуш, тIебогIучара пайдаэца йиш йолуш ю поэтан кхолларалла, цуьнан ша-тайпа байташ. Царна чохь гучудолу дийнна цхьа керла дуьне, Мусбекан дуьне, цуьнан философи.
Хьалахьовса, ойлае, боху цо вайга.
Исмаилов Абу, яздархо.
Свидетельство о публикации №225050101900