Ономастикех

Абу Исмаилов               



 Нохчийн ономастикех лаьцна ши-кхо дош


Нохчаша лелош йолчу божарийн а, зударийн а цIераша, шайна тIе тидам бахийтича,  дуккхаъ  ойла йойтуш  долу хIуманаш гучудоху. Вай вешан готтачу гонехь, кхечу къаьмнех къаьстина лелла нах дац. Гондахьа дехачу къаьмнашца тайп-тайпана юкъаметтигаш  нисъелла вайн къоман кху тIаьхаьрчу масех эзар шарахь.

Дукха хьалха заманчохь дас-нанас,  аьлча а, цаьрга ца кхочуьйтуш мардас,  я марнанас, я марвежарша, марйижарша шайна хаза хета а олий, цIе туьллуш хилла хир ю дуьненчу даьллачу берана. Массо а къаьмнийн санна, и цIераш юхьанца  гондахьара  жил-Iалам билгалдеш: акхаройн, дийнатийн, сагалматийн а,  цхьаццаболчу  Iаламан хиламийн, адамийн сатийсамийн, дегалазамийн, ойланийн васташ чулоцуш болчу кхетамех  а берана цIе хуьлуш хилла цу хьалхарчу заманахь.

Масала:      Олхазар, Хьоза, БугIа, Леча, Аьрзу, Сай, Борз, Лоьма, Дукхаваха, Ваха, Виса,  Пола, ТIаус, Човка, Марха, Йисита, Дукхаяха, Сацийта, Тоийта, Селахьат, ЧIегIаг,  Селасат, Цайтана иштта кхин а.

Вайн шайца  уьйраш хиллачу ногIешкара а, гIумкешкара схьаиййина цхьамогIа цIераш а ю нохчаша лелош.
Масала: Яна, Яракхби, Болатби, Атаби, Асаби, СагIарби, Арубика, Пахубика,  ишта дIа кхин а.
 
Оьрсашкара схьаэцна ю:  Артур, Захар, Коли, Васи, Зина, Зоя, Рая иштта  дIа кхин а. Кхузахь кхин цхьа масал дало а лаьара. Нохчаша шайца мостагIалла лелийна велахь, тIом бина велахь а, майралла а, доьналла а, гайтина волчу стеган сий деш хилла. Иштачарах лоруш хилла цара  ХIХ –чу бIешарахь кхузахь тIамехь хIаллакьхилла болу оьрсийн инарлаш Паскевич а, Слепцов а. ХIетахь нохчаша шайн божаберашна техкинчу цIерийн лараш тахана а гуш ю. Шелан районехь Паскачов фамилии лелош нах бу. Сипсо боху цIе лелош хилла цхьаберш. Ткъа граждански тIеман турпалхочун Гикалон цIе вайн фольклорехь екна ца Iаш, тIаьхь-тIаьхьа а кIенташна туьллуш хилла. Дикалу боху цIе ю иза.

 Индин киношкара схьаэцна ю: Индира, Ганга, Раджик, Зита, Гита иштта дIа кхин а.

 Iаьрбошкара схьаэцна цIераш ю: Мохьмад, Ахьмад, Юсуп, Илес, Идрис,  Рамзан, Сулима, Муса, ИбрахIим, Джабраил, Iела, Iумар, кхин дуккхаъ.

Стохка  Нохчийн  республикан архиван урхалло доккха совгIат дира вайна. Зорбанера араяьлла : «Камеральные списки Аргунского округа» а,  «Посемейные списки Жителей Ичкеринского округа» а  аьлла йолу ши книга.
I867 –чу шеран  бIаьста хIитийна спискаш ю уьш.  Дукха нахана шайн дай карийна оцу спикашна юккъехь. Суна сайн воьалгIа а, пхоьалгIа да карийна цу тIехь дIаязбина. Цу заманчуьра цара сайга даийтина кехат схьакхаьчча санна, хазахийтира сунна и цIераш цу тIехь карийча.
Музаев Мохьмадна а, цуьнан накъосташна а  доккха баркалла ду и болх барна.
Кхин цхьа доккха маьIна а ду оцу белхан. ЦхьабIей ахбIей шо хьалха вайн лаьмнашкахь бехаш хиллачу вайн дайша лелийна цIераш ю тIехь дIаязйина.
Iаламат йоккха меттан хазна ю иза. Вайн Iилманчашна, талламхошна болх бан  шорта  ономастикан материал ю-кх цигахь. Шерашкахь бина ца валлал дукха болх бу и. Мел хаза, чулацаме  ю и цIераш! Цигахь мел цолу цIе ягарйина вер вац. Башха хаза зударийн цIераш ю цигахь. Уьш схьаязъян со ца кхиира. Кхузахь шуна хазийта  лаьа цхьамогIа божарийн цIераш. Ала диеза хIорш, суна хетарехь, ерриш а цIенна шира нохчийн цIераш а.
Оцу шина книги тIерачу нохчийн цIерех  процентан уьтталгIа дакъа хир дац кхара дIалоцург.

ЛадогIийша кхаьрга:


 

Ада
Ал
Ама
Ама
Арса
Ахба
Аца
Аьстамар
Бага
Бада
Бай
БайсагIур
Бамат
Басха
Бата
Баташ
Баху
Бахьарча
Бацу
Бенда
Берса
Беса
БиртIа
Битакъ
Бича
Боьршаг
БугIа
Булла
Бунта
Бурсакъ
Вага
Верк
Висарг
Вита
Витарг
Возар
ГIазакх
ГIишларкъа
ГIонжа
ГIуоба
ГIуобаш
ГIуша
ГIушмазкъа
Гака
Гамарг
Гата
Гацу
Гаша
Гела
Гелаг
Геха
Гона
Гонжа
Гуци
Дада
Дадаш
Даку
Данга
Даргаз
Дари
Джала
Джанхаш
Джоха
Дзарма
Дзора
Дили
Диха
Довги
Додаш
Доду
Доша
Дуода
Дурга
Еса
Зила
Иба
Ида
Изновр
Ила
Инал
Инар
Итун
Йоьшу
КIорни
КIукIа
Кайхар
Кандаз
Каплан
Кеда
Колла
Кома
Кона
Куби
Кула
Кула
КунцIаркъ
Кураз
Къонахал
Мага
Мада
Макаш
Макъса
Манто
Маштар
МаIаш
Межа
Миши
МоIга
Мохаш
Муга
Мудар
Мункаш
Мута
Мутах
МуцIа
МуцIар
Муча
Нал
Насу
Ная
Ожа
Ойба
Орца
Оьздамар
Оьлмаз
Пацу
Пхьажа
Расу
Сай
Селбар
СтаргIа
Суда
Сусур
ТIелхаг
ТIоьрмиг
ТIури
Тамжа
Телта
Тема
Тепса
Теса
Тима
Тока
Тужа
Тункаш
Тутуш
Уда
Ука
Уци
Учу
Хаба
Хадшкъ
Харданг
Хота
Хучи
Хучу
Хуштар
Хьаба
Хьакха
ЦIога
ЦIоьIцIа
Цица
Цука
Чопал
Чора
Чуда
Чхьоча
Шамшукъа
Шатур
Шахьа
Шишха
Эдал
Эйса
Элпаш
Эрса
Юда
Яна
Iапа
Iахар


 




Наггахь бер жима долчу хенахь и хьостуш, ловзош цуьнан шайн хIусамехь забарийна олий, йоккхуш хилла йолу цIе, оцу хIусамера ара а йолий, массара а схьаоьций, оцу жимхина, иза воккха хиллачул тIаьхьа, цунна чIогIа новкъа хетахь а, цуьнан кочахь юьсуш меттигаш а  хилла.  ХIинца а нисло иштаниг хIора юьртахь бохург санна. Хьалха-МартантIехь  цхьа бIе шо хьалха вехаш хилла цхьа доьналла долуш, оьзда кIант. Лела хууш, наха дика кIант, къонах ву, олуш хилла цунах. Цхьана сарахь кхечу юьртара баьхкина кегийнах хьеший бу, аьлла бина боккха синкъерам хилла. Иштачу метте юъхькIам хир бар-кх олий кхайкхина вуьгуш хилла и ас вуьйцу къонах. Цу буса а кхайкхина шайга вигна, иза тхьамда а хаийна, синкъерам дIаболийна хIусамдайша. Оьшучу хенахь  хелхаран бал а боккхуьйтуш,  юха  вистхила луург вист а хуьлуьйтуш, чохь совнах гIовгIанаш ца йойтуш, хьешан самукъадккха оьшург ша дерриг  нисдеш, наггахь ша а  меттера дош а олуш, синкъерам дIакхоьхуш волчу оцу стаге ладоьгIуш Iаш хилла хьаша. Цуьнан амал, хатI а чIогIа тайна, дера деза ша кхуьнца гергарло таса, аьлла дагадеанчу хьешо лере а таьIна тхьамдига хаьттина:

- ЦIе хIун хьан?

Лоькхуш пондар, етташ вота а, т ухуш тIараш а, наггахь сакъераделлочо  тухуш мохь а болуш  сурт хилла чу чохь.

_ ЦIога, - аьлла доцца жоп делла син\ъераман тхьамдас.

Мелла а шен маларо кепйина а, дика самукъадаьлла волу хьаша ца кхеташ кхуьнга  леррина  хаьжна, юха лере а таьIна, аьлла:
-Ас хьан цIе хIун боху  хьоьга!
-ЦIога ю-кх сан цIе. -  жоп делла къонахчо.
- И хIун къамел ду ахь дийриг! – ирахкхоссавелла хьаша.

Тхьамдас рогIера хелхар чекх а далийтина, мохь тоьхна: - Сацабел и пондар, вота а  сацае.
ТIаккха,  шена юххехь Iачу хьешана тIе вирзина, цо хаьттина:
- Хьаша, хьан цIе хIун ю? –аьлла.
- Дурга! – аьлла яьIна саттийна хьешо.
-ГIозалелайойла ахь и, хаза цIе ю, - аьлла тхьамдас.
Ткъа сан цIе ЦIога ю. Оцу цIарах хьол башха воккхавеш вац хьуна со. Жима волуш чуьрчара со хьоьсту шаьш, бохуш ЦIога аьлла хилла сох. Суо хаъал хилчахьа дуьйна и ЦIога сайх ма ала, бохуш, хийла девнаш дина хьуна аса нийсарошца. Айса сайна Ахьмад, Мохьмад, Сайдахьмад бохуш тайп-тайпан цIераш а техкина хьуна ас. Амма, кхин дан хIума а доцуш, оцу цIарца висна со. Суна мегаш хилча, хьайна а магийтахь и сан цIе, суна веза а ца виеш.
ДIалакха и пондар, дIатоха и вота! – аьлла мохь а тоьхна рогIера ъхелхаран бал болош, юкъа ваьллера ЦIога, бохуш волу, и къонах.

ЦIаро веш вац къонах. Къонахчо  шен хьуьнарца а, гIиллакхца йоккхуьтуш ю шен  сийлахь цIе.






 


Рецензии