Нохчийн литературехь - дуьххьара
Даймохк неIсагIина тIера дIаболалуш хиларе терра, муьлхха а Iилма Iамор къоман матта тIера дIадолало. Шен къоман литературица гергарло долчу стеган аьтто хуьлу хилларш-лелларш довза, халкъан ламасташ, гIиллакхаш, Iадаташ лардан, кхио, дерриге беркате Iилманаш Iамо.
Литературица йоьзначу вайн Iилманчийн статьяш йоьшучу хенахь сан ойла кхоллайелира, «Нохчийн литературехь – дуьххьара» цIе йолчу рубрикина йукъадогIу цхьажимма хаттарш гулдан дезара аьлла. ХIинца цкъа вовшахкхеттарг 20 хаттар-жоп ду. Аса догдоху, уьш бахьанехь, цхьана дешархочун летта а, даг чохь литературе болчу безаман суй латаре.
Коьртачу декъана, хIара хаттарш кечдеш пайдаэцна вайн литература толлуш дуккха шерашкахь беркате къахьегначу Iилманчин Арсанукаев Iабдуллин (Дала декъалвойла иза) йозанех.
1. Мила ву нохчийн литературин бухбиллархо?
2. Йийца нохчийн литературехь дуьххьарлерчу дийцаран цIе. Мила ву иза йаздинарг?
3. Муьлхачу шарахь зорбане даьлла нохчийн маттахь дуьххьара литературин-исбаьхьаллин журнал? Йийца оцу журналан цIе.
4. Мила ву вайн литературехь драматурги олучу жанран бухбиллархо?
5. Бадуев СаьIидан говзарш дуьххьара арахоьцуш хьалхара дош йаздинарг мила ву?
6. Муьлхачу йаздархочо нохчийн поэзехь дуьххьара йукъайалийна паргIат стих (верлибр)? Йийца оцу киншкин цIе а, иза зорбанехь арайаьлла шо а.
7. Мила ву нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь роман йазйинарг? Йийца романан цIе.
8. Мила ву литература талларехь нохчашлахь дуьххьара филологин Iилманийн докторан диссертаци чIагIйинарг? Муьлхачу шарахь хилла иза? Йийца Iилманча вина йурт.
9. Мила ву нохчийн литературехь дуьххьара Кавказан тIом таллар дIадолийнарг?
I0. Мила ву нохчийн йаздархошлахь дуьххьара А.М. Горькийн цIарах йолу Москвара литературин институт чекхйаьккхинарг? Йийца йаздархо вина йурт.
11. Мила ву дуьххьара нохчийн драматурги толлуш Iилманан диссертаци чIагIйинарг?
12. Гуьржийн йаздархочун Александр Казбегин нохчех лаьцна йолчу говзарех дуьххьара йаздинарг мила вара? Йийца оцу статьян цIе.
13. Муьлхачу йаздархочо дуьххьара нохчийн стихашка халкъан иллийн ритмика йалийна – шина-кхаа стопах лаьтташ йолу дактиль?
14. Мила ву нохчийн литературехь дуьххьара адаман а, Iаламан а йукъаметтигийн васташ говза кхоьллинарг?
15. Вийца вайн республикин Йаздархойн бартан хьалхара куьйгалхо. Муьлхачу шарахь хаьржина иза?
16. Мила ву нохчийн литературехь дуьххьара къоман технически интеллигенци кхиа йолайалар гайтинарг?
17. Мила ву нохчийн литературехь дуьххьара йуьртарчу партийни Iедало лелийна харц политика, йуьртахошна цара йен гIело, лелош йолу харцонаш гайтинарг?
18. Хьенан цIарца дозаделла дара вайнехан поэтийн говзарийн гулар дуьххьара оьрсийн маттахь Москвахь арайалар? Муьлхачу шарахь нисделира иза?
19. Нохчийн литературехь дуьххьара роман йазйинарг мила ву? Муха йу оцу романан цIе?
20. Муьлхачу йаздархочо нохчийн литературехь дуьххьара кхоьллина Iилманчин васт? Йийца оцу говзаран цIе.
Хаттаршна жоьпаш:
1. Нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо ву Бадуев СаьIид.
2. 1923 шарахь Сальмурзаев Мохьмада йаздина «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар. Иза вайн литературехь дуьххьарлера дийцар ду.
3. 1927-чу шарахь зорбане йаьлла нохчийн маттахь долчу литературин-исбаьхьаллин журналан хьалхара лоьмар. Журналан цIе хилла «Латта».
4. Нохчийн драматургин бухбиллархо лоруш ву Бадуев СаьIид. Оцу декъехь кхечара йаьккхина иштта Шерипов Денилбекан цIе а.
5. Бадуев СаьIидан говзарш дуьххьара арахоьцуш хьалхара дош йаздинарг Авторханов Iабдурахьман ву.
6. 1973 шарахь арайаьллачу шен «Сийна некъаш» книги тIехь Арсанукаев Шайхис нохчийн поэзехь дуьххьара йукъайалийна паргIат стих (верлибр).
7. Вайн литературехь дуьххьара стихашкахь роман йазйинарг ву Арсанукаев Шайхи. «Кхолламан сизаш» йу оцу говзаран цIе.
8. Литература талларехь нохчашлахь дуьххьара филологин Iилманийн докторан диссертаци чIагIйина Туркаев Хьасана (1984 шо). Iилманча вина йурт йу Лаха-Варанда.
9. Нохчийн литературехь дуьххьара Кавказан тIом таллар дIадолийна Айдамиров Абузара.
10. Нохчийн йаздархошлахь дуьххьара А.М. Горькийн цIарах йолу Москвара литературин институт чекхйаьккхина Кибиев Мусбека. Хорачахь дуьнен тIе ваьлла иза.
11. Дуьххьара нохчийн драматурги толлуш Iилманан диссертаци чIагIйинарг ву Айдаев ЮшаI.
12. Йаздархочун Александр Казбегин нохчех лаьцна йолчу говзарех дуьххьара йаздинарг вара Айдаев ЮшаI. Цуьнан статьян цIе йара «А. Казбегин кхолларалла а, Нохч-ГIалгIайчоь а».
13. Нажаев Ахьмада дуьххьара нохчийн стихашка халкъан иллин ритмика йалийна – шина-кхаа стопах лаьтташ йолу дактиль.
14. Нохчийн литературехь дуьххьара адаман а, Iаламан а йукъаметтигийн васташ говза кхоьллинарг ву Гацаев СаьIид.
15. Вайн республикин Йаздархойн бартан хьалхара куьйгалхо хилла ву Айсханов Шамсуддин. Иза оцу дарже хаьржинера 1934-чу шарахь.
16. Къоман технически интеллигенци кхиа йолайалар нохчийн литературехь дуьххьара гайтинарг ву Музаев Нурдин.
17. Сулаев Мохьмада билгалдаьккхина: «Дадашев Iабдуллас къоман литературехь дуьххьара нохчийн йуьртахь партократис олалла даран, цуьнан йерриг башхаллашца, сакхташца цхьаьна гIуллакх билггал довзарца, сурт гайтина».
18. Вайнехан поэтийн говзарийн гулар дуьххьара оьрсийн маттахь Москвахь арайалар дозадаелла дара Ш.Айсхановн цIарца. Иза нисделира 1935-чу шарахь.
19. Арсанукаев Iабдуллас йаздина: «Бадуев СаьIид а санна, къоман литературехь романан жанр йолорхо ларалуш ву Арсанов СаьIид-Бей а. Билгалдаккха деза, Бадуев СаьIид йуьззина чекхйаьлла роман йазйан ца кхианехь, Арсанов СаьIид-Бейс эпически йоккхачу форманан берриге а лехамашна жоп луш йолу роман нохчийн, гIалгIайн литературашкахь дуьххьара йазйина хилар. «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу романан хьалхара кеп ларалуш йу «Ши тIаьхье».
20. Йаздархочо Исаева Маръяма нохчийн литературехь дуьххьара кхоьллина Iилманчин васт («Ирсан орам» цIе йолу роман).
Суьрта тIехь: Арсанукаев Iабдулла
Свидетельство о публикации №225051300519