Янсуков Казбекан Дахаран жам1аш
«Г1иллакхаш, 1адаташ лардан ду декхар, Талхахь уьш, къоман сий дужур -маду. Нохчалла лакхарчу т1ег1ане йаккхар Декхарийн мог1арехь хьалхарчех ду».
Бух бац, Даймохк ца хуьлу, бохуш, кхайкхам бо автора: «Сих ма ло, Даймахках къаьстина, паналле верза, Марзонех къаьстича, вуьсур ву, доцуш де, цхьалха…»
Кхи цхьа а поэтан байт ца йешча а, вайна гуш ду цуьнан кийрахь дерг вуьззина нохчийн к1ентан дог дуйла, иза Даймахках ваьлла вАхалург ца хилар а. Лаьттах дахана диттан орамаш санна, шен Даймахках хоттавелла, цунах ваьлла ша 1алург цахилар хоуьйту Казбека.
Шуьйрра йу поэтан байтийн тематика. Доттаг1аллех, гергарлонех лаьцна, Нохчийчохь хиллачу шина т1амах лаьцна, нохчаллех, безамах, стеган декхарех, цо йуьтучу ларах лаьцна, ненан маттах – муьлххарг а йешча, авторан васт ду вайна гуш. Синпарг1ата вац автор. «Амал йу сан» байтехь цо боху: «Амал йу сан, халкъ сайн дезаш, кхиъна, Варх1е дайша соьга схьакховдийна. Ч1аг1о йу сан, Даймохк безаш ваха, Иэшначохь, сайн ницкъ ца кхоош, ваца. Са а ду сан, шеко цоццуш, доьзна Халкъах, махках. Безам бу д1аоьхьна. Вехар вац со хьоме махках хаьдда, Лелар вац со дуьне ма-дду хьаьдда».
Т1еман алу, т1еман къизалла, нанойн б1аьрхиш, доьналлех ца бухуш леш болу к1ентий, Нохчийчоьне кховдийна йолу дуьненайукъара харцо - шадерриг лан хала ду лирически турпалхочунна. «Нохчийчоь д1алоцуш, сийна ц1е кхерстий, Къенаниг, къуонаниг кхоа ца веш, Халкъ лардан г1евттира йахь йолу к1ентий, Синош шайн махкана хьанал а деш…» И байт чекхйолуш автора боху: «Тиэша со: халкъ лардан г1овттур бу б1аьхой, (Къонахий х1инца а кхачийна бац!) Боьлхур бац цул т1аьхьа к1енташна наной, Соцур ду букара хьийзийна дарц».
«Даймохк» байтехь Казбека боху: «Къийсамийн пхьалг1анахь амал-дог тусуш, Доьналла, майралла иллешкахь йуьйцуш, Оьздачу г1иллакхех ламасташ дуцуш, Баьхна дай, маршо шайн шуьнах ца хуьйцуш».
«Ирча денош» байтехь йуха а вайн тидам т1ебохуьйту халкъан коьртачу амална: «Халкъо 1азап-бала лайна. Синтем, таро кхоччуш йайна. Амма доьналлех ца боьхна, Дегнашна шайн дог1а тоьхна». Цундела автор кхойкху кегийрхошка: «Кхуьучу т1аьхьешка йаздо ас кехат: Муьт1ахьчу доьзалехь кхуьуш ду беркат, Ларделаш къоман вайн оьзданга 1адат, Г1иллакхах вохар ду доккханиг г1алат».
Ненан меттан меттиг, доьзалехь бераш кхетош-кхиор, доьзалехь йолу марзо-ларам, йиш-ваша ларар – к1еззиг долу х1ума а ца дуьту Янсуков Казбека тидаме ца оьцуш, х1унда аьлча, и шадерриг а «цхьа кочар» долу дела. «Куьглаьцна 1амийра духхьара когбаккха нанас, Аьхначу озаца марзбира къоман сан мотт. Хеставар, хьестар а дош доций довзуьйтуш, дадас Гайта со г1ертачу «хьуьнарийн» ца йора чот».
Йиъ байт йу кху гулар йукъахь Айдамиров Абузаран сийнна йазйина. Даггара схьадевлачу дешнашца поэта билгалдоккху нохчийн къомо сийлахь йаздархочун дешдолу сий, цуьнга болу ларам, цо къоман дуьхьа хьегна къа дайна д1а дериг ца хилар.
1). «1илманах вуьззина, токхе, Кхаьчна хьо сийлаллин баьрчче, 1адаташ лардайта, лорре, Кхайкхамаш бора ахь халкъе. Нийса некъ т1аьхьешна хьоьхуш, Вехи хьо, НОХЧАЛЛА лоьруш».
2). «Махко а хадий мах, кар-кара оьцуш: «Къоман во1» эли хьоьх, къобал хьо веш».
3). «Маршонан байракх хьайн кара а лаьцна, Халкъана, махкана хьанал хьо ваьцна…»
4). «Баланийн бодашкахь буьйсанаш йахлуш, Харцонийн дорцаха маьрша некъ лоьхуш, Лаьмнашкахь ткъес тоьхча, т1еман дукъ дазлуш, Аллах1е халкъана къинхетам боьхуш, Вехира къоман во1, махкана вецаш…»
Ларамаза дац Янсуков Казбека шен байтийн гуларах «Дахаран жам1аш» ц1е тиллар. Массо байтах чекхйолуш хета авторан коьрта - сингаттамин - ойла: со муха ваьхна-те, шадерриг а кхочуш диний-техьа, алаза а, даза а х1уммаъ а дитний-техьа, бохуш. Эхь-бехк шеца ч1ог1а долуш нохчи а, йаздархо а ву Янсуков. «Дахаран некъ» байтехь цо боху: «Х1ун лараш йити-те?» - бохуш сагатло, Ваьхний-те, нана-да хьаьстина кхоччуш?»
« К1езиг мах бац…» байт поэта шен дахаран мах хадош йазйича санна хета. Цо боху: «Махках сайн, уьйрех а марзо ас эцна, Даймахкал дезаниг дийца сан дац».
Хан-зама мел йАларх, нохчийн къоман 1адаташ, дайшкара схьадеана хаза г1иллакхаш, ненан мотт, къоьжа лаьмнаш, шийла шовданаш, доьналла долу турпалхой - и шадерриг хир ду! Цуьнан цхьа а шеко йац! Цундела «Раг1 шайга кхаьчнарш…» байтехь Казбека боху «…Т1екхиъна бог1уш бу шайга раг1 кхаьчнарш, Д1алаца йезаш бу дайшкара архаш».
Къамел дерзош ала лаьа: Янсуков Казбекан «Дахаран жам1аш» йешначара боккха пайда оьцур бу цу т1ера байтех. Кхиазхой кхетош-кхиорехь беш болчу балха т1ехь хьехархошна дика накъосталла дийр ду цу т1ера байташа.
Свидетельство о публикации №225051501259
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 15.05.2025 23:20 Заявить о нарушении