Поэтан ницкъболу дош

 
Айдамиров Абузаран ц1арахчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь кест-кеста юбилейни суьйренаш, керлачу киншкийн презентацеш хуьлу. Ч1ог1а мехала г1уллакх ду иза.  Оцу тайпана мероприятеш вайна оьшуш хилар гуш хуьлу цига даьхкина шортта адамаш  гича.
2021-чу шеран товбецан беттан т1аьххьарчу дийнахь кхузахь д1айаьхьира Дакаев Са1идбекан 70 шо кхачарна а, цуьнан керла  «Садогу серлонаш» аьлла йолу  байтийн гулар йовзийтарна а лерина суьйре. Иза д1ахьош вара юбиляран ши накъост – вевзаш волу нохчийн  поэт Саиев 1умар а, литературни критик Бурчаев Хьалим а.  Библиотекин «1аьнан беш» ц1е йолу чоь йуьззина бара Са1идбекан поэзийезархой: Нохчийн Республикин Парламентан, 1илманан академин, йаздархойн Союзан,  адамийн бакъонаш ларйаран Векалан, лаккхара а, йукъара а  дешаран, кхечу организацешкара векалш. Билгалдаккха деза баьхкинчарна йукъахь алссам дешархой хилла  хилар. Т1екхуьуш йолу т1аьхье киншкашца гергарло долуш а, йаздархойн дешан мах хадо хууш а хирг хиларан билгало йу  иза.
Суьйре д1айолош Саиев  1умара дош делира Бурчаев Хьалиме. Цо дийцира  поэтан дахаран а, кхоллараллин а некъах лаьцна.  Поэтан байтийн мах хадош, Хьалима тидам т1ебахийтира Са1идбек дешан воккха говзанча хиларна, цо нохчийн мотт к1орггера хаарца буьйцуш а, кхиош а хиларна. Ша воккха говзанча хиларе терра, меттан исбаьхьаллин г1ирсех хаарца пайда а оьцуш кхуллу цо х1ора  васт.
Хьалима дийцинчунна т1етухуш, Са1идбекан поэзин лаккхара мах хадийра Нохчийн Республикин Хьакъволчу журналиста Аболханов Хьаькима.
- «Садогу серлонаш» байтийн гуларна йукъайахана цхьа а байт, ведда воьддушехь, кехат т1е охьайиллина йац,- элира цо. - Царах х1ора а, говзачу т1улгботтархочо б1ов йуттуш огу т1улг санна, х1ора дош шен сих, дагах чекхдоккхуш, кхоьллина йу. Поэто ша ма-аллара, «ойланца литтина», дагца «ц1андина» дешнаш говза вовшашца дуцуш кхоьллинчу  байтийн, поэмийн 448 аг1онах лаьтташ, йоккха гулар йу «Садогу серлонаш». Нохчийн Республикин йаздархойн Союзо Дакаев Са1идбекан 70 шо кхачарна лерина арахецначу цунах доккха совг1ат хир ду авторна шена а, нохчийн поэзийезархошна а,- элира Аболханов Хьаькима.
Юбилярах лаьцна довха дешнаш элира йаздархойн Союзан куьйгалхочо Ибрагимов Кантас, хьехархочо-поэта Пашаев Нурдис, филологин 1илманийн доктора, профессора, Нохчийн Республикин Парламентан депутата  Хазбулатов Бекхана, МОД «Коалиция» организацин куьйгалхочо Яхъяев Денисолтас, нохчийн йаздархойн Союзан редактора Ирисханов 1имрана, Нохчийн Республикин Хьакъболчу журналисташа Арсанукаев Мусас, Барзанукаева Айзас, Россин Федерацин дешаран Сийлахьчу белхахочо Вагапова Асета, нохчийн Халкъан йаздархочо Сейлмуханов Мусас, нохчийн журналистикин ветерана Ковраев Шепа1а.
Шайн Устрада-Г1аларчу поэтан  байташ йийшира цигарчу №3 йолчу йуккъерчу ишколерчу а, №13 йолчу гимназерчу а  дешархоша. 
Дакаев Са1идбекан дешнаш т1ехь мукъам баьккхина ши илли элира  Нохч-Г1алг1айн Республикин Хьакъволчу артиста Абдулкеримов Ильяса. Устрада-Г1алара Оьздангаллин кхерчан божарийн «Шовданан аз» вокальни тобано (куьйгалхо - Осмаев Булат) шайн йуьртахочун дешнаш т1ехь даьккхина масех илли элира.  Нохчийн Халкъан артиста Ясаев Мохьмада а элира иллеш, Са1идбекан поэзех лаьцна а дийцира цо. Юбилейни суьйрене баьхкинчара доггах хазахетарца т1еийцира артистийн иллеш а, цара поэтах лаьцна дийцинарг  а.
Цхьа боккха, бертахь доьзал санна, синкхачанах ца 1ебаш, лерина ладугуш 1ийра оцу исбаьхьчу суьйрене баьхкинарш. Муха дели а ца хууш, д1аделира цу суьйранан  кхо сахьт. Вовшах дагабуьйлуш, шайна тайнарг, керла хиънарг дуьйцуш, цхьаьна суьрташ дохуш, д1аса ца къасталуш, бехха 1ийра кхуза баьхкинарш.
Шеко йац, цу тайпачу суьйренаша токхе синкхача лур бу х1оранна а.   Везчу Аллах1а пурба лойла вайна нохчийн халкъан сийдолу к1ентий а, мехкарий а оцу кепара базбан, царах лаьцна ала деза ДОШ ала!

НР-н Халкъан йаздархочо Дакаев Саь1идбека нохчийн литературехь йитина лар…
Иштта ц1е йолуш д1айаьхьира  Устрада-г1алин №3 йолчу ишколехь 2023-чу шеран лахьанан 18-чу дийнахь г1араваьлла поэт Дакаев Саь1идбек дагалоцуш  йина суьйре.
Кху суьйренехь дакъалоцуш бара шортта хьеший –  Устрада-г1алин депутатийн Советан председатель Аюбов Ибрах1им, мэран г1оьнча Дааев Бухари, дешаран департаментан куьйгалхо Усманов Сайдмохьмад, цуьнан г1оьнча Паскаев 1адлан, к1оштан ишколашкара нохчийн меттан хьехархой, ишколийн библиотекийн белхахой, дешархой. Кхуза хьошалг1а баьхкина  бара: Нохчийн Республикин культурин Хьакъволу белхахо, байтийн еа гуларан автор, вевзаш волу поэт Саиев 1умар; Нохч-Г1алг1айн Республикин культурин  Хьакъволу белхахо, Нохчийн Республикин  Хакъволу журналист, Устрада-г1алин сийлахь вахархо, «Аргун» газетан коьрта редактор   Барзанукаев Ахьмад; Нохчийн Республикин культурин Хьакъволу белхахо, Нохчийн Республикин Хьакъволу журналист, поэт, йаздархо, масех киншкийн автор, гочдархо, нохчийн меттан говзанча  Аболханов Хьаьким. Ишколерчу белхахоша беза хьеший бина т1еийцира поэтан ши йо1 – Зарета, 1айшат, к1ант 1иса, иштта церан гергарнаш, Саь1идбекаца доттаг1алла лелийнарш а.
Суьйре д1айолалуш дуьххьара гайтира Саь1идбеках лаьцна видеоролик, шена йуккъехь х1ара байт а йолуш:               
Ма ала, дозалла до,
Дозалла – Даймохк бу сан.
Кура ву  ма ала со,
Куралла – лаьмнаш ду сан.

Ма ала, къе-миска ву –
Ас цунна са ца гатдо.
Дайх дисна гIиллакхаш ду –
Цара соьх хьолада во…

Ма ала, йиш-ваша дац –
Тешаме накъостий бу.
Ма ала, бийца бух бац,
Со нохчийн орамах ву…
Видеоролик чекхйаьлча Масхудов Билала йийцира  «Нохчи ву со» аьлла байт. Дег1е зуз оьхуьйтуш, дозаллица ладоьг1уьйтуш йийцира к1анта и байт. Хеталора, ша поэта Дакаев Са1идбека бохуш санна:

Ворх1 ломал т1ехьахь а,
 Дуьненал дехьахь а –
Суо воллу нохчи ву со.
Дакъаза валахь а,
 Самалха далахь а,
И суна диц ма ца ло.
Наб кхетча, г1енах а,
Хан йоцчу хенахь а –
Байттамал! - Нохчи ву со.
 Стигла бохь кхачахь а,
 Буйннал бен вацахь а –
 Тешаме нохчи ву со.
Хьолан да велахь а,
Къен-миска велахь а –
Со воллу нохчи ву со.
Дахаран гонехь а,
 Диканехь, вонехь а
Ас кхин ц1е ца лелайо.
Ц1е летта багахь а,
Малх кхетта къагахь а,
Нохчийчоь - Даймохк бу сан.
Хьан х1уъу бахахь а,
Со лахь, со вахахь а,
Ду иза сан дег1ан са.

Цу дешнийн автор мила ву хоуьйтуш,  сцени т1е бовлу йо11ий, к1антий – 10-чу классан дешархой – Арсамыкова  Альбина а, Салгериев Алимхан а.
Т1аккха цара дош ло Са1идбекаца поэзин цхьана уьрдахь къахьегначу Саиев 1умаре. Ч1ог1а чулацаме къамел дира 1умара. Дакаев Са1идбекан кхоллараллех, цуьнан поэзин башхаллех лаьцна  дийцира цо.
Иза лаккхара пох1ма долуш поэт хиларан тоьшаллина даладо 1умара XIX-чу б1ешарахь ваьхначу оьрсийн поэта, литературин критика В.Я.Брюсовс  аьлла дешнаш: «Нагахь дуьнен т1е волуш дуьйна а поэт вацахь, цунах поэт хир вац, мел ч1ог1а иза хила г1ертарх, цо мел ч1ог1а къахьегарх а!»  И дешнаш С.Дакаевна мелла а дог1уш ду аьлла, хета суна, элира Саиевс.  Са1идбек пох1ма долуш поэт хилар гучудолу цуьнан муьлхха а байт йеша вола ма-веллинехь.  Шен говзаршкахь дахарехь ша даим верг ву Са1идбек, шалхонаш, саьхьарлонаш, х1илланаш, мекарлонаш йоцуш, шена хетарг догц1еналлица, ма-дарра йуьхьдуьхьал схьаолуш. Меттан хазалла а, ц1еналла а шатайпана йу Дакаевн кхоллараллехь. Цундела байт йешна а валале даг чу буьжу поэзех 1ийдалуш поэта сел исбаьхьа к1еда, аьхна, хаза буьйцу нохчийн мотт. Цо цхьатерра дагах кхеташ йаздо Даймахках, стогаллех, адамаллех, безамах, 1аламах, и д1.кх. Стеган 1ер-вахарх хьакхалуш мел долчу хаттаршна хаддаза жоьпаш лоьхуш схьавог1у поэт, шен сица лозург, дег1ан цхьа  меже  лозуш санна, сагатдарца иза дагах чекх луьттуш.
Тахана Дакаев Са1идбек вайца воцуш ву (Везачу Дала гечдойла цунна!). Амма  вайца йаха йисина Дакаевн сирла поэзи. Со теша, нохчийн халкъ мел деха, г1араваьллачу поэтан исбаьхьа дош дехарг хиларх.  Цо, шеко йоцуш, шех довха дош ала меттиг битина оьздачу, г1иллакхечу стага санна. Бакъволчу нохчичун  диллина, комаьрша дог дара цуьнан кийрахь. Догц1ена хиларца билгалволуш, шен къоман  г1иллакхашца, 1адаташца, ламасташца хьанал ваьхна стаг ву иза. Дика поэт хилла ца 1аш, барам боцуш доьналла долуш, дика стаг вара Са1идбек, аьлларг аьлла а долуш, дийцинарг дийцина а долуш. 
1умаран къамел чекхдаьлча,  Ясаев Мохьмадан нуьцкъала аз,  ч1ог1а хаза баритон  хезира Дакаев Са1идбекан дешнаш т1ехь даьккхина илли д1аолуш. Нохч-Г1алг1айн Республикин Халкъан артист а, Нохчийн Республикин Халкъан  артист а  сийлахь ц1е йолчу Ясаевн репертуарехь 7-8 илли ду Дакаевн дешнаш т1ехь даьккхина.  Цо «Даймохк» илли д1аолуш йаьккхина видеоролик йара кхуза баьхкинчарна гинарг. Аладашна, х1окху цхьаьнакхетаре ван лаам а болуш, вог1ийла ца хилира Ясаев Мохьмадан. Амма цо кхуза баьхкинчаьрга салам-маршалла д1а а луш, шегара Са1идбеках лаьцна алахьара, аьлла, тилпонехула хазийна къамел д1акхачийра суьйрене гулбеллачаьрга. Цо бохура: «Суна цигахь хила ч1ог1а  лаьара, Са1идбек сан доттаг1 вара, вовшийн т1екхачалучу хенахь т1екхочуш вара тхойшиъ. Со цигахь хилча сайн декхар кхочушхилча санна хетар дара суна. Иза дика стаг вара, комаьрша а, оьшшучохь дика накъост а.  И тоьшалла  ду-кх сан Са1идбекана дан. Дала гечдойла цунна!»
Са1идбекан кхоллараллин некъ д1аболалуш, цо поэзехь дуьххьара  г1улчаш йохуш, цуьнан байташ  йешархошна д1акхачаран муьрах лаьцна дийцира Барзанукаев Ахьмада. Ишколехь доьшуш волуш дуьйна волавелла Са1идбек байташ йазйан. Уьш цуьнан йукъ-кара зорбане йуьйлура «Коммунизман байракх» ц1е  йолчу Шелан к1оштан газетан аг1онаш т1ехь. Ша оцу газетехь ткъех шарахь болх бина хилар билгалдаьккхира  Ахьмада. Цундела шена Са1идбек вевзина,  цуьнца гергарло тасаделла дуккха хан йу, элира  цо. 1968-чу шарахь дуьххьара зорбане йелира цуьнан «Бералла» ц1е йолу байт. Шо-шаре мел долу, б1аьрла кхуьура Дакаевн поэзи. Цуьнан байташ зорбане йийла йуьйлайелира республикин нохчийн маттахь долчу  «Ленинан некъ» газет т1ехь (х1инца «Даймохк»).  1971-чу шарахь дуьйна цуьнан байташ арайовлу «Орга» журналехь. Итт шо даьлча, 1981-чу шарахь, Дакаевн дуьххьарлера поэзин гулар арайолу. Иза боккха кхаъ бара авторна а, цуьнан байташ йезайеллачарна а. Гуларан ц1е йара «Дегнийн йовр йоцу ц1е».  Цул т1аьхьа шовзткъа  шо сов даьлла, амма цу гуларна йуккъера цхьа а  байт иштта-вуьшта ма йелара ала доцуш, цхьа  х1ума хийца ца оьшуш, ч1ог1а  дика а, таханлерчу заманца йог1уш  а йу.
Дакаев Са1идбекан йоврйоцчу поэзех лаьцна дийцира Аболханов Хьаькима а. Дакаевн кхолларалло тоьллачарах меттиг д1алоцу таханлерчу нохчийн литературехь. 2003-чу шарахь Дакаевн байташ арайевлира  «Малх» культурин-г1оьналлин фондо (председатель - филологин 1илманийн доктор, профессор Курумов Сайд-Мохьмад) зорбане кечйинчу «Нохчийн поэзин антологи» гуларна йукъахь   Москва-г1алахь. Зорбане йаьллачу массийтта гуларан соавтор а ву иза. Цуьнан шен   5 киншка арайаьлла: «Дегнийн йовр йоцу ц1е» (1986 шо), «Дог дуьйлина мерзаш» (2005 шо),  «Ойланийн тулг1енаш» (2011 шо), «Сан дезнарш, сан лезнарш» (2016 шо), «Садогу серлонаш» (2021 шо). Дакаевн поэзи йовзар, йезар, йийцар вайн декхар ду. Цо шен байташ т1ехь гойту Даймахке болу безам, б1ешерашкара схьадог1у нохчийн къоман д1адала йиш йоцу г1иллакх-оьздангалла. Вайга схьакховдийна цо шен дагна  дезнарш. Ишколан библиотекехь х1ара книшкаш хилча, аша Са1идбекан поэзех пайдаоьцур бу, аьлла, тешна ву со, олуш,  Хьаькима совг1атна йелира 3 киншка: «Литературно-географически атлас». Цу т1ехь 110 йаздархойн ц1ерш йу. Церан дахарх, кхоллараллех, цул сов, церан киншкашна йукъара цхьацца йозанаш ду оцу «Атлас…» т1ехь. Шолг1а киншка – Кусаев 1адизан оьрсийн маттахь йолу «Писатели Чечни» йу. Ткъа кхозлаг1ниг – нохчийн маттахь йолу  нохчийн йаздархойн йукъара гулар йу.  Х1оттийнарг ву Шамсутдинов Бувайсар а, Аболханов Хьаьким а.  Шена т1е ч1ог1а тидам бохуьйтуш бу цу киншкин чулацам, х1унда аьлча, хезна а, хиъна а ца хила там болуш, керла ц1ерш йу цу т1ехь. Масала, нохчашна йукъара  дуьххьарлера поэт  Константин (Озебай) Айбулат-Розен (1817-1865), Дади-йуьртара схьаваьлла волу. Шеко йац, цу киншкех хьехархоша а, дешархоша а пайда оьцург хиларх.
Дакаев Са1идбека нохчийн литературехь йитина лар а, цуьнан дахарх лаьцна а  ч1ог1а дика, чулацаме,  кхачам боллуш дийцира и суьйре д1ахьош хиллачу   Арсамыкова  Альбинас  а, Салгериев Алимхана  а. Суьйренан сценари йукъахь  йара Дакаевн байташ. Х1ора байт дагах кхеташ, к1орггера ойла йойтуш хиларна а, дешархоша уьш  дика йешарна а, гулбеллачара доггах т1еоьцура уьш.
Са1идбекан йоь1ан к1анта Валиев Мохьмад-Эмис д1айийцира «Йуха а Даймахке» аьлла байт:

Сайн деган чкъурах д;атегна.
Лелабо, Даймохк, хьо ас.
Хьох г;оли йолучу дагна
Дарба дан лор оьшуш вац.

Ког хецна, сапарг;атдала
Хьоьца бен синхьаам бац.
Даьстина, дагахь дерг ала,
Тешаме товжийла йац.

Хьоьгарчу марзонал мерза
Чам кхета кхин кхача бац.
Хьан кертахь йоцург чуверза
Лаьтта т;ехь сан х;усам йац.

Хьо хестош ч;аг;дала доцург
Сан дашехь дозалла дац.
Сан Даймохк, хьан декъах воцург
Декъала хуьлийла дац...

                               

9 –чу классерчу Ешуркаева Хедас йийцира «Лазийнарг дог дара» ц1е йолу байт:

Летта дов дацара,
Герзан чов йацара –
Хазии;нарг дош дара.
Лазии;нарг дог дара...
Дуьхьал ца олуьи;туш,
Вадарх ца волуьи;туш,
Синметта кхии;тира –
Кии;рахь ов lии;дира.

Ца таи;нарг къахьделла,
Мархашца лахйелла,
Стигланаш и;илхира,
Латтанаш дилхира...
Тlебоьжнарг лам бара,
Баи;инарг чам бара,
Хазии;нарг дош дара,
Лазийнарг дог дара.

«Со-м ваьлла д1аг1ур ву, кхин ца ван, кху лаьтта т1ера…» - оцу дешнашца сцени йуккъе схьа а йеана, кхид1а а и байт йоьшуш, Цыхаева Ясмина сецча, мотталора ша Са1идбек веана дуьхьал д1ах1оьттича санна:

Со-м ваьлла д1аг1ур ву
Кхин ца ван, кху лаьтта т1ера
Т1аьххьара цуьрг диъна,
Кхачийнчу рицкъанах хедаш.

Сан лаам буьсур бу,
Йихкина йукъ йостуш, сецна,
Т1аьххьара дахаро
Д1ахьажош аьлла дош хезна.

Со ваьлла д1аг1ур ву,
Марзонийн лулара ваьлла,
Кхолламан йозанаш
Совцур ду, сиз хьаькхна девлла.

Д1аг1ур ву, некьана
Хьарчийна сайн ларча эцна,
Лаамза совцийна
Кхана сайн кхочушдан дезнарш...

Суьйре д1ахьош болчу дешархоша ма-аллара, стаг, дахар кхача а делла, шен бакъдуьнене вирзинехь а, йовш йац цуьнан ц1е, нагахь цо шен дахарехь йитина сирла лар йелахь. Дакаев Са1идбека йазйина б1еннаш байташ. Цо шех ала ДОШ а дитина, шен йаккха дика Ц1Е а йитина, вуьззина шен Даймехкан во1 ша хиларе терра. Вай тешна ду, Нохчийн Республикин Халкъан поэтан Дакаев Са1идбекан ц1е даиманна а йуьсур йу нохчийн къоман иэсехь, Дала мукъ лахь!  Цуьнан ц1арах Устрада-г1алахь йоьг1на стоьмийн беш йу.
Суьйренехь дакъалоцуш болчеран тидаме йиллира Устрада-г1алин коьртачу паркехь стоьмийн синтарш д1адуг1уш  гойтуш йолу видеоролик,  Са1идбекан ц1арах хилар гойтуш йолу билгало а йолуш.
Хьехархоша а, дешархоша а х1ара суьйре кечйеш къахьегарна баркалла а олуш, Са1идбеках шайн дийца дерг а довзуьйтуш, къамелаш дира Аюбов Ибрах1има а, Усманов Сайдмохьмада а. Дешаран департаментан куьйгалхочо  С.Усмановс билгалйаьккхира оцу цхьаьнакхетаран кхин цхьа башхалла а: иза вовшахтоьхна  вайн Мехкан-Дас Р.А.Кадыровс 2023 шо Нохчийн меттан Шо ду аьлла д1акхайкхинчу даздарийн гурашкахь. Вай теша, элира цо, Дакаев Са1идбекан поэзига безам кхоллабаларан бахьнина, массара а тидам т1ебохуьйтур бу нохчийн мотт бийцарна, 1аморна, кхиорна.
Суьйре йерзош зудаберийн тобано д1ааьллачу  нашидо адаман дахаран мах хадош санна хетаделира...
Дакаев Са1идбекана лерина кечйинчу суьйрене кхайкхина баьхкинчарна поэтан доьзалан ц1арах баркаллин дош олуш йистхилира цуьнан йо1 Зарета.  Доггах баркалла ала лаьа  Заретина  и суьйре кечйеш видеог1ирсашца, киншкашца, журналашца, кхиболчу г1ирсашца г1о дарна. 
Дешт1аьхье.  Кху ишколе Чечанара а, Бердк1елара а, Устрада-г1алин ишколашкара а  баьхкинчу ненан меттан хьехархойн а, библиотекарийн а ц1арах даггара баркалла ала лаьа Дакаев Саь1идбекана лерина мероприяти вовшахтухуш къахьегначу Аргун-г1алин №3 йолчу ишколин ненан меттан хьехархошна Османова Заретина, Хаджиева Раисина, Элиханова Мяльхишна, библиотекарна Межидова 1айшатана. Иштта баркалла ду ишколан директорна Магомаева Хедина цо динчу хьошаллина.


Рецензии