Ненан амал
Ламаз дина йаьлча, нана йуха схьа ара а йаьлла кхунна йуххе охьалахайелира.. х1инца а п1елгаш т1ехь зикр а деш, цул т1аьхьа до1анна ши куьг а лоцуш, шен мера к1елахь цхьа дехха до1анийн шабар-шибар дора цуо.
Йо1а тахана дуьххьара ойла йора: «ванах, нана, ма дукха х1ума тарло оцу хьан шина кера йукъа. Хьайн канашкахь ахь мел гулйо адамийн ц1ераш. Тхуна х1оранна а гечдар доьху ахь, х1оранна луург, оьшург: «лаамаш», «цамгарна — дарба», «г1ийлачарна — аьтто», «беллачарна — гечдар а», дуьненахь, эхартахь а шинхьа оьшурш. Хьайн доьзална дина ма ца 1ара хьо и до1анаш.., цхьа а ца вицлора хьуна хьайн канарчу къинхетаме до1анна йукъа хьахаван, нана д1айаьлла, доьзал а боцуш кертахь ша висина волу луларчу Доэран Маликин к1ант Нур1ела а цхьаьна. Х1ора п1ераскан дийнахь саг1ийна х1ума луш айхьа кхечу дийнахь йала кечйинарг а п1ераска лар а дой ма лора ахь цунна, ша цхьа г1ийла хеташ ло-кх аьлла ца хетийта. Иштта.., Х1азанан к1ант лекха Увайс а, цул сов, урам маь11ехь 1аш волу цхьа хьенех а, кхин мел бара уьш…
Ойла йича, суна сайна луург, йа оьшург деха а ма ца хаьара, ахь дечу до1ана «Амийн» аьлчахьана йолура со. Суна хаьара, муьлххачу а хьан до1анехь сайн ц1е йицйина хир йоцийла. Х1инца санна улло а хиина ненан йуьхьа т1е хьоьжуш х1оккхул хан йаьккхинера-те йо1а, мел къан а йелла, месаш а мел къежйелла а хилла, х1ора денна гучу хенахь иштта хьожуш а ца хилла со. Хьалха, со нехан ц1ент1е йахале иштта соьца хиина ма ца 1ара хьо, нана. Йиш а ца хуьлура хьан соьца 1иэн, хьошалг1а веанчуьнца хуура хьо охьа, ткъа тхоьца-м ца 1ара. Хьаьдда-йедда, дезарш деш лелара».
Х1инца нана шеца охьалахйелча йо1ана-м жимма хорам а хиллера. «Х1инца со а хуьлуш йара-кх кху ц1ент1ехь хьошалг1ахь, цундела соьга ларам беш хиъна 1а» бохуш ойла йора йо1а.
Йуха а ненан йуьхьа т1е хьоьжура иза, «баккъал а иштта дукха хан йара-техьа суна хьо ганза?, Д1адаханчу к1ирнах ма дара со балхара йаьлча чу йеана 1ийна д1айахача, нана» — ойланаш йора цо. Къоьжа морса месаш йовлакх чуьра ара г1ерташ йара ненан… Х1ара шега х1ара лерина хьоьжучу хенахь, до1ане лаьцна куьйгаш йуьхьа т1ехула охьа а хьокхуш элира цо:
— Йало, несо керла эцна хилла болу и ламазан куз схьа ба.
— Х1инцца ца йаьлла хьо нана, ламаз дина?
— Схьа ба, х1ара дог1а соцуш дац, мукъа 1ачул а, цуьнан чечакхех шеднаш дан йоллу со, и йистош тила ца тилийта. Цкъа а мукъа ца 1алора иза. Дог1а дог1уш бен иштта 1аш доьзалшна гина а йацара, х1инца а кузан чечакхех шеднаш дина а цхьаъ дан дезаш дара-кх. Жимчохь-м дан деза бохуш дора, ткъа х1инца 1иэн ца луш тийса лора. Дог1а лах а далийтий д1а г1уо йо1 , цхьа буьйса йаьккхича тоьур ду, ц1ахь дан дезарш хир ду кхана балхахь хилча..
Адамашца а, керташца а, ура-атталла йоьдучу хенаца а ма леладора ахь г1иллакхаш. Д1а йоьду хан эрна хеташ, хьан куьг кхетанза меттиг ца хаьара суна кху кертахь. Цкъа д1а х1уттий саьрмасекхашна ц1оганашна шеднаш дой, талха ца талхийта, кортош хьовза дайта. Къанделла оччам схьа доккхий бехчалгах цуьнан курсах шад а бой и латташ раг1ун дечиган торпалех хьала а тосу, и хьала тесна а ца 1аш и дицдина а ца 1ара, дог1а дог1уш цуьнан х1оразза т1е уьдуш раз диттина дог1ано дашийний хьожу. Метигнв т1е аьлха хьоькхуш и ира йора. Ц1ийнан бухана хьаькхна долу мокха басар а хьан куьйгашца хьаькхна дара… Кет1ахь хьокху нуй а бара вайн кет1ан дозанал жимма дехьа а болуьйтуш хьакха безаш, лулахошца болчу ларамна, хаза дац шай кет1а хьаькхна 1аш олий… Хьайх массарна а пайда хуьлийла лаьара хьуна, и дара хьан дахаран дерриге маь1на.
И, айхьа кертан йуххохула дийна долу, банканаш чу йухкуш чу тосуш долу г1аш сел дукха х1унда дийна ахь аьлча, «ъ-вай, вай луларчу Асетана дезар ма ду, гурахь и а ма хуьлу и дуй олий йог1уш, цунна а, кхин оьшучарна саг1ийна дала а хира ду» олура ахь.
..Дерриге дахар иштта г1уллакх, г1иллакх, йахь.. Хьала уллу йиттина х1ума а йара шатайпа, ц1ийна-ден, ц1ийна-ненан хlуманашна улло ма олла, хаза дац олуш, уьш йакъайелла схьа эцча а оцу сера т1ера прищепкаша йара сара мел бу йаьржина ма йита, т1еттlа татта олуш.. Марзахошца леладен г1иллакх цхьаьна, уьйт1ахь 1ачу хенахь тхо ловза ара девлича ур-аттал когара мачашка а леладойтура, тударгаш текхайеш г1овг1а ма йе, ког айбеш лела 1амадора. Мачийн татанца а новкъарло ца йойтура. Дас, йоккхах йолчу йо1ана жимчохь музыкальны доьшуш йолуш эцна болчу йоккхачу зала чохь болчу пианинна а 1аьммера тапъаьлла 1иэн, жимма а мукъам бола ма беллина чу хьожий нанас олура: «ма детта цу т1е п1елгаш цхьанхьа даьлла тезет ду, цхьана хьенехаг1еран минех велла, хаза дац». И тезет-м ма хуьлура кхо урам дехьа.
Дикка къан йаллалц балха а йоьдура, сарралц сом даккха г1ерташ, сарахь ц1а йог1уш т1оьрмиган т1емаш куьйган п1елгаш чу а дуьйший куьйгаш хада дохкуш схьайог1ура. Т1ом а баьлла Г1алг1ай махка д1адахача цигахь а хуьлура хьан, хьай кепара леларш.. дерриге кехатийн г1уллакх лелориг хьо ма йара, цкъа йодий гуманитарный помощь красный крест олу ассоциация мух1ажаршна (беженцашна) луш йолу схьа оьцура: дама, кхоьш, горох, чайнан пачканаш.. чай ца хилча а арара коьллаш т1ера хьаьрмак (шиповник) а йоккхий и йакъа а йой, цунах доккхура чай.. т1е йуху цхьацца бедарш, уггар суна йиц цалург т1е тосу одеялаш, д1а вуьжуш т1е тесча къийзадора цара дег1, баьпках пеша чохь сухарикаш а йой арахь ловзуш леллашехь уьш ма йуура. Тхо мух1ажарш чохь 1ачу доьзална тишачу холодильник т1ехь лаьтташ йолчу Радио чохь-м цхьана зударинозаца «Чечня свободная» олий кхайкха дора, ткъа Нохчийчуьра т1ом дикка т1аьхьа бен д1а а ца белира. Ткъа цул т1аьхьа адамийн шен хала дахарца болу т1ом болабелира, ц1ийна-дай, х1оранне чуьра цхьацца шишша божарий д1абевлла, зударшна т1ехь дисина долу дерриг дукъ, доьзалш, бан боцу белхаш, доцу алапаш — и бара т1ом. Иштта хьо а, ц1ийна-да д1аваьлча дуьйна ц1а, ков-керт, бераш, г1уллакхаш, г1иллакхаш.. вог1ург-воьдург. Хьайна гина, лайна халонаш цхьаьнгге а ца йуьйцура, хьайна чу а худий дийно сарралц керта куьйгаш 1уьттуш д1алелара. Цкъа а тхуна «тхан да валхьарий» аьлла ца хетийта нехан дерг тхуна а латто г1ерташ ма хуьлура хьо, нана, жимчохь-м башха кхета а ца кхетара бохуш ойла йора йо1а. Суна дага дог1у, жимчохь да д1аваьллачул т1аьхьа дара и, керла шо долало буьйса йара, девешина 1едал балхахь болх бина волчу х1ора беранна лерина а совг1аташ деллера 1едало, цхьа ч1ог1а хаза, къегина, т1ехь лайн мижаргийн суьрташ долуш, чекх са гуш болчу т1оьрмигаш чохь , цу чохь бес-бесара ц1азамаш а, шоколадаш а иштта кхийолу марзалгаш а йара, со а нисйеллера цу чохь шичошца ловзуш и т1оьрмигаш чу дохьуш, уьш гиначу суна а дезаделира и совг1ат, ткъа уггаре ч1ог1а цу х1оранна чохь схьагуш волу къегачу кехатан ц1ен бедар йоьхна волу шоколадийн г1ура-Дада. Ма ч1ог1а мерза ву моьттура суна и. Хан йаьлла, бераш дийша деза шу, ловзарш дерзадел шайн аьлла ден вешин зудчо дехьа чуьра схьа мохь тоьхча, со дикка хьиэйеллий а хиъна сайн уьйт1ара чу д1айаха йуьйлира, нана нийсса ламеш хьалха со чу йига йог1уш йолу дуьхьал кхеташ, хьайн хеннахь чу йан ца хаьа хьуна, йо1, со т1аьхьа ца йеача бохуш чеха йора ахь. Ткъа со, со корта а оллийна йист ца хуьлуш т1ехьа х1оьттина йог1ура, йелха дог дара, къурдаш а деш… со хьейалар бахьана и т1оьрмигаш д1аса декъаре сатуьйсуш, сайна а кхочург хиларх тешна хилар, амма уьш со д1айаххалц берашна д1аса ца бийкъира, т1оьрмиг берийн терахь нийсса бен ца хиллера… Ахь сайн ког, куьг дуьлуш, со метта д1айижа хьалайаккха кеччош Г1ура-Дада дагара ца волура, ма мерза хир вара-кх, вани чуьра ког т1еда экъанаш (плитканаш) т1е баьккхича шершина жимма охьакхета сурт х1оьттира, т1аккха голаш мара а йоьхкина дикка йаьлха хиира со, ва со нана йала хьан, лазийн хьо бохуш йоь1ан шина кога т1е а, коьрта т1е а куьг хьоькхура мискачу нанас, лаза ма ца йинера йо1-м, йо1 шена ца кхечначу къегаш, хаза т1оьрмига чохь долу совг1атна йоьлхура, х1ара бахьана а даьлла..
Масане хуьлура цул т1аьхьа а иштта меттигаш: «тхан а велара да» аьлла дага тосуш.. Ткъа багах схьа-м ца олура, нанас шен дег а, доцург а деш лела дора, цуьнан г1айг1анех кхетара, кегий делахь а хаьара, и тайпа х1ума нанна лазаме хира дуйла…
Цкъацкъа-м йо1ана лаара хьо кху дерриге а г1улкхашна а, г1иллакхашна а, декхарелашкара а йукъара йаккха, хьуна кхин дуьне гайта. Цкъа-м йаха а ма йахара вайшиъ Европе, йиша йолчу, цигахь жимма хан а йаьккхина ц1а йирзира. Хьуна ца лиира цигахь саца, кехаташ а кечдийр ду, виза а лура йу 1иэ аьлла йо1а дехар дича а ца 1ийра.. «суна ца лаьа, хьал-де а хиъна, меттигаш а ги, кхин ца 1а» аьлла.. Нехан махкара баккхийчу наха ма ца лардора и нехан элар-бахарш, дийно сарралц нуй-горгамаш а, хьеший а , 1уьйрре ара ваьлча а жимачу кафешкахь газет а, книга а йоьшуш юкъкара куржка бете хьой къахьон къурдаш а деш и йуха шен бошхап чу охьа а х1оттош сахьташкахь 1аш гуора, иштта Вена г1алийн йоккхачу бешахь г1енташ т1ехь а, парг1ат, цхьанхьа сиха а боцуш, цхьанна а декхарелахь а боцуш.. Хьоьга и аьлча-м ахь олура уьш мукъа бу, хьуна тамашийна а, циэцен а дара и, хьуна иштта хуур а дацара. Хьан са ма ца тоьра чай мелла йаллалц а.. Хьан амалера х1ора х1ума а дара тамашийна, Нана, шатайпа, ламаз дерзийча кузан маь1иг чу саттор а, ахь хьовзош долу суьлхьанаш а цкъа шозза хада а хаьдна йуха вовшахтосуш массех туьте дайна т1е а ца тоьуш долу.
Цкъацкъа со балхахь йолуш ахь телефон тоьхча:
— йо1, балх схьа йеъний хьо? Тахана болх дукха буькъа-м бац?
— Йеана, нана. Буькъа бац болх. Ларош йоллу.
— Куьйгалхо вуй шуна тахна?
— Вац, нана, схьаванза ву.
— Т1аккха цхьана минотана арайалар хир дарий хьан? Ша цхьа новкъарло йарна кхоьруш бехкала йахна хаттар дича, сай стигла айбало са а, самукъа даьлла деттало дог а, телефон лерераид1а а ца йоккхуш цкъа з1е хада а ца йеш корах ара а хьожий куьг а ласта дой, т1аккха ког лаьтта ца кхеташ ламеш т1ехула охьахьоду. Могаш- парг1ат а, ц1ера марзахой а хаьттича гуттар а оцу т1оьрмиг чохь цхьаъ йохьуш йог1у хьо:
— Хьажахь, х1ара локъмаш йеанера 1уьйранна, дукха йина хилла ас, кхузахула т1ех йоллучуьра чу кховдайе айса аьлла схьаэцнера ас, хьайна а, белхан накъосташка а кхоллуьйтур ахь, чомахь йу-йац-м ца хаьа олий схьакховдайо сир диллина кеда а йехкина, т1ехула к1адин гата а хьарчийна йовха схьа кхачийта, цу т1оьрмига чохь туьканара цхьацца марзалгаш а хуьлу: чайнаца кхоллур аш. Чам муха хир бацара, сов йаьлла ма ца йеанера ахь, леррина суна лерина йан а йина ма йеанера, хьайн ц1еначу, комаьршачу канашкахь бод а хьакхийна..
— Нана, оьшуш ма дацара къахьега, ткъа сайн даг чохь-м дика ду-кх ахь х1орш йеана, сайн даггара йуззалц сайн дог хьан безамах 1аббош йуур йу-кх ас бохуш. Йуха минот а йолу йист ца хуьлуш, со шега лерина хьожуш эхь а хета.
— Х1ан, д1аг1о хьо хьо хьейо ас— олий тохало.
— Нана, таксица д1а йохуьйту ас хьо — аьлла со д1аса хьаьжча:
— Х1ан-х1а туьканара цхьацца х1ума а оьцуш, г1уллакхаш ду сан — олий д1а ц1ехьа йолало.
Со жимма соцу, цунна т1аьхьа а хьоьжуш и дикка гена йаллалц. Ишттачу деношкахь ма ирсе хуьлу йо1, дийнна дийнахь сайн ирсан хастам беш Нана дагара ца йолуш, ма мерза йу-кх локъмаш, ас сатийсина шоколадны Г1ура-Дадин бац кху локъамийн чам, ма йелхайезаш ца хиллера. Дуьненахь мел йолчу марзалгал а чоме йара х1орш.
Иштта дерриге дагалоьцуш, йо1 лами т1ехь 1ашшехь дог1а сецна, д1айоьду со, нана. — г1уо, ма 1иэ, х1ун хьур йара ахь, 1аж, ц1азам, хичу йоьхкина наьрсаш, йерриге гулйина т1оьрмигаш машен чу тардой, варийлахь ледар ма хилалахь, йо1.
Со машен чуьра т1ехьара корах арахьаьжча хьуна т1ехьа т1емаш тарделира суна, кевнан 1индаг1 дара и. Соьга дай куьг а ластош машенна т1аьхьа хьоьжуш лаьттара хьо вайн урамера тхан машен д1ахьовззалц..
Нана, со йуха к1ирандийнахь йог1ур йу хьуна Дала мукъ лахь..
Свидетельство о публикации №225062301674