Г1ан

Нана, ма тамашийна г1ан гира сунна. Со полла бара. Цхьа хаза полла. Х1ара дуьне ма доккха дара. Дерриге а зезагех дуьзна, самукъане. Сан дог айделла дара. Со цхьана зезаг т1ера вукха зезаг т1е а хууш, тхи а моьлуш, зезагийн марзо а оьцуш ч1ог1а самукъане вара. Сунам ца хаьаара ишшта хаза дуй дахар. Массо а беса, тайп - тайпана полларчи дара цигахь. Цхьа а вовшех лата лууш а вацара, доьлуш, вовшех даккхий деш дара уьш. Тхо оццул дукха доллушехь, зезагийнаре ца къуьйсура оха, цхьана самукъадаьлча, юххехь долчеран а долура самукъа. Белар со полла, нана …

Ва-а, нана, ма тамашийна г1ан гира сунна! – элира 1уьйранна самабаьллачу жимачу поллано. – Со адам а долуш, цхьа доккха дег1 долу к1ант. Гондахьа а бара иштта нах, цхьа герзаш а долуш дег1ах тийсина. Цхьа деза дара сан болар, Цхьа тамашийна сингаттам бара сан кийрахь. Шу ца карадора сунна, гонадахьа белларш а бара 1охкуш… Ц1ий а дара, хотта а. Аса кхойкхура шуьга… Шуна ца хезара. Со воьлхура. Сунам хьалха ца хаара велха. Дог 1ийжара. Со хьозех ца кхоьрура со ваарна, со санна болу нахах кхоьрура. Ма тамашийна гатделлера суна и доккха дуьне… Нана, ма дика ду со самаваьлла!..


Рецензии