Саг1адоьхург
Хьажахьа, и бер … Шен нанна юххера д1аг1ерташ, массо х1уманна тидам беш. Ма хаза а ву! Ислам санна… Ислам…
Воккха хиликх сан Ислам, зуда а ялий. Бераш а кхии цуьна, бабийн къорнеш… Сан дог… Сан пах… мел ч1ог1а дезакх сунна шу, ма оьша … Амма х1ума а дац, шунна дика хилчахьана. Наха-м хабар дуьйца, со сан к1анта а, несо а д1акхоьссина бохуш. Ца кхоьссина, «Дом престарелых» д1аелла, ша ши бутт д1амабаьллинехь йуха а веана д1аюьгур ю аьла. Сан цхьаъ бен воцучо … Уьш Польше д1абахара, цигара кхин д1а а. Массарна а ахча ца тоьара. Цо элира – шек ма ялалахь нана, д1а ма нисделлехь, цхьа – ши бутт баьлча хьан к1анта д1айуьгур ю хьо, аьлла. Ши шом даьлла. Со ах шо даьлча сайн доьхна ц1а чу еара. Делан г1онца, цхьа чоь а тойира, т1аккха… нах дика букха, саг1а а ло… х1ун дийра ду, ца 1ийнарг а… Сан Ислам ц1а вог1ур ву, ас къовлина мара а вуллур ву. Кхи д1а а хоьцур вац. Вац дера… Нана йала цуьнан, ма къа хьогуш хир ву иза, ма хало 1уьйшуш, х1инца а со д1а йига йиш йоцуш волу…
Кхин а шортта х1уманаш дуьйцура нанас шен к1антах лаьцна а, шен к1анте а, цунна хезаш санна. Иза шега вист хуьлуш санна а хетара. Б1аьрхиш дацара, чекхдоьвллера, б1аьргаш а дакъош.
Керта йистехь 1ара ша шега а луьйш и дакъаза яьлла нана. Цуьнан дег1 тера дара тишачу бехчалгех. Шина б1аьргана метта йист йоцу сингаттам. Г1ийла схьакховдийна куьг саг1е, нахе, Деле, 1ожалле …
Свидетельство о публикации №225071400128