Автостанци

-Чечана, Атаг1а, Чуьйри-Эвла… - автостанци. Коьрта йоккха самбреро а тиллина йухь цуьрриг бен ца гуш, киса а хьарчийна лаьттара и тайпа кхайкхар деш йолу зуда. Цхьанахенахь къайн хилла киса. Цхьана хенахь жималла д1акхехьна йолу и зуда. Куча т1ехула йара сетках йина йолу 1аьржа пхьуьйшашдоцург. Лиира цуьнах лаьцна хаа. Т1е а йахана хатта ца лаьара, ишшта йуьстаха йаьлла а лаьтташ, ойла йан хоьттира. Зуда жима йацара. Йуьхь – сибат ирча дацара, малхехь даьгна дара. Даккхий 1аьржа куьзганаш а дара б1аьргехь. Цхьана меттахь ца сацалора.

-Чечана, Атаг1а, Чуьйри-Эвла… - иза балхахь йара. Америкера санна самбреро, 1арбойн санна д1алахьийна йуьхь, мичхьара а, муьлххачу маркара йаьлла ца хуучу божарийн пхьуйшашдоцург, кегийчу нехан малхана доьхьал духку 1аьржа куьзганаш а, т1аккха, т1аьххьара, зударийн коч а, тиша тударкаш а… «Иштта ду-кха таханлера вайн дахар а», - хийтира суна –Массеран а халкъан цхьацца х1ума т1елаьцна вай. Хила а ца 1емина, къесто а ца хууш вайгахь товш ериг. Массо а  х1уманна бехке дера йу вайн мискалла. Т1ом д1а бала гергга бахана, адам чу са да гергга дахана… Дала къинхетам бойла вайх, х1ун леладо ца хуучарах, амма даха луучарах. Вайн йоьхь ларъйан Дала ниц1къ лойла вайна. Т1аккха Атаг1а, Чуьйри – Эвла, Америка, Эмираташ…


Рецензии