Йуьрта боьду некъ
Аьхкал дехьа болчу ламт1ехь долу цхьана диттах кхета б1аьрг, и къаьстина ду…
Орамашт1ера дуьйна кхо га а хилла ирах дахана. Шиъ ирах дахана диссина, ца1 чуолладелла… бердаха охьа чудоьжна. Иза макхделла, малделла 1уьллура. Цуьнан генаш хи чу кхочура, ткъа хино уьш хьоьстура… т1аьхьа дара…
Нисса орамаш бухахь дара хиндерг. Цунна т1е дог1у мел дерриг а. И хууш санна, дуьненах доккха диэ сихлуш дара диснарш. «Кхана лийра волуш санна ваха, ц1къа а лийра воцуш санна де г1уллакх», - дагадеара суна мацаха хезна дешнаш. Баьццара - дахар дара, мокха – валар. Лаьмнаш лаьттара вовшашна т1ехь-т1ехьа, бухадуьйлуш санна, вежарий санна…
Сан дай латта.
Чубузучу малхо ц1ен заьнаршца къагийра диттийн баххьаш, ц1иэдира т1улгаш, къагийра хьаьдда доьду хи.
Сан дай баьхна латта.
Муха 1ийра ву те хьо ца гуш, хьоьх д1акъаьстина, д1ахьаьдда?! Гена пана махкахь гина суна хаза меттигаш, дуккха а хаза меттигаш, х1орд а… амма кийрахь цкъа а ца хилла цаьрца гергарло, хьай чуьрчарца санна гергарло, ц1къа а д1ахедар доцуш. Деца, ненаца, йишица – вешица санна. Со йина, со т1еоьцур болу сан Даймохк! Ма хаза хета суна сан юьрта боьду некъ…
Свидетельство о публикации №225071400157