Маржан
Тахана х1унда дагадеа суна сан дерриг дахар, оцу къайнчу говрано д1адаьхьана санна долу…
Эх1, ма дара иза ма чакхдели… чакхдели? Х1унда? Суна иза дага х1унда деа «чакхдели» бохург. Хьаъ, бераш ц1ахь дац, балхахь а, шайн доьзалшца а. Соьца хьара лаьмнаш ду. Сан берий да, сан Мохьмад, а д1а ваха ши шо хьалха, суна собар а ца деш…
Иштта ша йисича дага ца дог1уш хьума а ца дуьсура Маржанна. Х1инццалца а дага бог1ур цунна беларш, ша цаьрга йист хуьлуш санна а хетар. Цара 1а ца йуьтура иза. Буьйсанна г1ан гира цунна, шен де йижарий а, Мохьмад а хьошалг1а а баьхкина шега д1айола бохуш. Сан йиш йац х1инца – элира х1окхо, сан бери бераш а, ду даккхий хила дезаш, царна со оьша, суна уьш а … Т1аккха сама йаьлча дицделлера и г1ан. Х1инца иза а дагадеара.
Шийла йу арахь, чу йаха еза, пешахь дечиг дуйла хьажа еза. Ц1аьххьана бераш хьошалг1а даг1ахь аьлла, чоьнаш йовха латтайора Маржана. К1анта даитина ши машен дечиг а дара. Цхьанна а х1уманна т1ехь эшам ца хуьлуьйтура бераш.
Чуеана жимма хан а йалале цхьа шийла мохь хезира уьйт1ахь, т1аккха неаре дар-дар, бохуш тата.
Маржан, ва Маржан – не1 еллаелира. Лулара Байсари йара иза. Йега а йеш, йоьхь т1ехь бос боцуш, чу иккхира иза, чу йуьжира.
Маржан лаьттара 1адийна, корта баьсса бара, т1аккха, дуккха буьзина ойланашца.
Х1у т1е деате бохуш…
-ас… хьо…вай йуха а дохош ду…
Аллахь Дела, вай х1у да деза х1инца?! Йуха а …Йуха а … - бохуш иега йора Байсари.
Т1аккха оцу махьарца ара иккхира, къайла елира, ешира…
Маржан кхетам чу еача ша ц1енкъахь хиина карира.
-Дохош ду тов? Х1ара, а дуй те г1ан? Дац! Не1 йиллина, арахь белхар…
Сихха документаш схьалахьийра, ше пенси а, ша йелча д1айолла гулдеш долу, сурташ а …
Шад керахь а болуш карийра, 1адийна болу лулахошна, иза йала а елла, ше наьара саг1ехь.
Байсари йоьлхура ша йина иза бохуш. Кхерам чу боьссинера массарна а. Г1алачу оьрси эскар чутаттаделлера. Т1ом болабелла хиллера цу дийнахь. Массо а х1ума диц деш болу т1ом…
Свидетельство о публикации №225071400160