ХIун до хьох, дуьне

Нохчийн къоман турпалхочун
Юсуф-Хьажа Темирхановна лерина

ХIУН ДО ХЬОХ, ДУЬНЕ?

ХIун до хьох, ваьхча а, дуьне,
Нагахь йахь йоцуш велахь?
ХIун до хьох, дезча а, дуьне,
ГIиллакхах деса дог делахь?
ХIун до хьох, дуьсу долу дуьне,
Даймахкан эшначохь вацахь?
ХIун до хьох, хIай маьлхан дуьне,
Нийаташ цIена а дацахь?
ХIун до хьох, хIай мерза дуьне,
Орцанна къонахий ца бисича?
ХIун до хьох, хIай харца дуьне,
И харцо толамза йисича?!

Байт йазйина 2018-чу ш. 3-чу августехь


Рецензии