Школехь бина балхаца доьзна дахар

Турпал-Iела институт йаьккхича тхан йуьрта (Цоци-Эвла) хIинца №3 йолчу школе хьажийра берашна хьеха. Цу хенахь йуккъера дешаран школа Цоци-Юьртахь и цхьаъ бен йацара. 1928-гIачу шарахь Украинерчу Харьковский областан белхалоша шайн хоржах йина школан гIишло чохь йуьхьанцара (I-4) классаш йара доьшуш. Турпал-Iелас деа-пхеа шарахь школехь нохчийн, оьрсийн меттанаш хьоьхуш болх бира. 1965-гIачу шарахь зуда йалийра цо Мескара-Эвлара, амма цуьнца эха шаре ца волуш йитира. Аса-м цуьнга тхойшиъ иза охьахийшо Мескар-Эвла лелаш дуьйна аьллера: «Иза, хьоьца йогIар йолуш, хьан зуда йац», амма шен цIерачарна лаарна йалийра цо иза (х1етахлера доьзалхойн чкъор ден-ненан лаамна мут1ахь хуьлура). ШолгIа зуда Шелара йалийра цо, Зараъ цIе йолуш. Ша хаза, тайна стаг йу иза-м тахана, кхаа кIентан нана йелахь а, хIумма х1инца хийца а йалаза. Иза таро йолчу доьзалера йара.
Цкъа арайаьлла, маре ца нисделла цIа йеана, жеро хиллера иза, цхьа доьзалхо воцуш. Турпал-Iела школера дIаваьлла, шайн хьерана тIевирзира. Хьер болх бан йолайелира, царна гIеххьа пайда беш, церан хьашташна кхачо йалуш. Турпал-Iелин доьзалехь кхо кIант киира: Муса, Iийса, Джамбутат. Хьеро беш болу пайда деа декъе берзо дийзира, вежаршна зударий балийча: дена Мохьмадна, Турпал-Iелина, Хьусайнна, Хьасайнна кхочуьйтуш. ТIаккха цхьана хьерах хуьлучух тешна Iайла ца хилла, балхара дIаваьлла масех шо даьллачул тIаьхьа, йуха школе балха вирзира иза, хIинца директоран даржехь. Цуьнан бажа вара, Турпал-Iелин стунйиша йахана, вай лакхахь хьехийна Бибулатов Хьусайн. Иза цкъа Председатель Госплана ЧИАССР лаьттира, йуха коммунистийн партин Хьалхара секретарь вахийтира Ножай-Юьртан кIошта. Цуьнгахула хилла хир долуш дара Турпал-1ела школан директоран балха вахийтар. Школан балхах хаьдда Iийначу шераша шайн эшамийн лар йитинера – иза школан балхана хера воккхуш.  Иза балха ваийтинарг керла йина школа йара 1982-г1ачу шарахь. 800 дешархо чутарлуш керла школа ша йелахь а, цуьнца кхочуш данза дисина дуккха кхачамбацарш дара. Цундела иза кога йохуьйтуш дуккха къахьега дезаш дара. Оьшу гIирсаш, классаш, дешаран, массо белхало шен-шен метта дIанисваран белхаш кхочуш беш. Дуьххьаралерачу шарахь Тасуханов Султана бира оцу школехь куьйгалхочун болх, амма болх дIахIотто кхиале иза йуьрда вахийтира Цоци-Юьртан. Болх цу школехь завучан, Ахметчанова Куралайн (школех-м Галина Ивановна йоккхура цуьнан ц1е) кочахь бисинера. Ткъа Турпал-Iела директор ваийтича цу школе, Галина Ивановнина завучан болх кхин дIакхехьа ца лиънгера. Цу хенахь эвлара №I йолчу школехь хьехархо болх беш волчу, соьга орца дийхира Турпал–Iелас, ша волчу завуч вола аьлла. Иза дара йоьалгIа четверть дIайолалуш йолчу оханан (апрель) баттахь 1984–гIачу шарахь, дешаран шо чекхдолуш, 9,11-гIа классийн экзаменашна кечам бан безачу муьрехь. Цу школехь кхоллайелла, бертахь болх дIахьош, белхалойн коллектив йацара. Т1е дукхахболу хьехархой оьрсийн зударий, зудабераш дара лакхарчу классашкахь хьоьхурш. Цоци-Эвлара кхаа школан парторганизацин куьйгалхо оцу школера оьрсийн меттан, литературан а хьехархо йара, гIеххьа хан тоьхна зуда. Цо лелочу эладитано, коллективан барт боьхна хьал кхолладеллера оцу школехь. Цундела масех директор хийцира цигахь, оцу парторго Шела райкоме аьрзнаш дIакхоьхьуш. Оьрсийн хьехархоша дина арз дика дIаоьцуш йара Шелан райком а. Цигара хьал девзаш, дегаза вара со цу школе, завуч-м хIунда дуьйцура, хьехархо ваха. Делахь а, доттагIчо накъосталла доьхуш хилча, йухагIертар гIиллакхехь дацара – ваха дийзир - кха сан оцу «зIуганан бенна» йукъа. Дуьххьарлера цхьаьнакхетарехь сайна хетарехь дан дезачу гIуллакхийн декхарш дIакхайкха дайтира аса Турпал-Iелега белхалошка. ХIора классан куьйгалхочо шайн бераш кхетош-кхиоран планаш завучана гайта тIейар. Шаьш кхечу хьехархойн уракашка лелаш, талламаш бина тетрадаш гайтар, берийн дневникаш кийча хилийтар, 9,11 классийн куьйгалхоша, цу чохь экзаменаш дIайахьа дезачу хьехархоша экзаменашна кечйина материал чохь йолу папканаш чIагIйайта тIейар, массо предметийн кабинетийн куьйгалхоша шайн-шайн гайтаман г1оналлин гIирсаш шайн-шайн (подсобкашкахь) тематикица дIанисбар. Цул сов ас сайгара дIахаийтира, со денна 3-4 хьехархочун урокашка леларг хилар а. Цкъа -делахь, дешаран программа муха кхочуш йо хьажа; хьехархочун хьехаран говзаллех кхиаран гIулчаш йовза. ШозлагIа-делахь, берийн хаарийн тIегIа къасто, дневникийн, тетрадийн цIеналлин хьолан мах хадо а. Парторгаца шеца къамел дира ас, цунна хоуьйтуш, иза школан болх бертахь, толуш дIабоьду агIо лохуш, дикачу белхан масалла шегара гойтуш, школан сирла йуьхь хилла латта йезаш йуй хоуьйтуш.  Цу тIехь администрацино цунна накъосталла дан дезаш ду. Ткъа цо тхо галдевллачу меттехь йа оха низамехь цадогIург деш делахь, тхуна тхан галдерг гучадаккха деза, дадийна райкоме ца хьуш. Ткъа ахь тхан гIалат леринарг, тхо нисдан ца гIортахь йа тидаме ца эццахь, тIаккха обкоме, Масквара ЦК–ана т1екхаччалц хаийта мегар ду. Нагахь санна вовшен сакхташ вай вешан гонехь дийцаре деш, нисдала гIортахь, вайн болх бертахь, нислуш дIагIур бу. Ткъа хьаьнгара гIалат мичахь дер дара те бохуш, вовшашна вай кIелхийшахь, вай И.А. Крыловн баснин турпалхойх тарлур ду: ГIургIаз, ЧIарий, Исског санна. Хьехархойн белхан лаам сов болу агIо лаха декхарийлахь йу хьо, партийный «босс» хиларе терра. Со тешна ву, вай бертахь кху школера хьал тодийриг хиларх. Парторго, школан куьйгалло шайн къомах болчаьргахьа озабезамаш беш ца хилчхьана, ша реза йу нийсо лелочу куьйгалхошна шега далуш долу гIо-накъосталла дан, аьлла дош ло. Денна Iуьйранна вархI сахьат ахсахьат даьлча балхахь хила везар вуй ас сайн накъостана, директорна хаийтира, нагахь аса шеца кху школехь болх бан лаахь. Школан деса пенаш бераш кхетош кхиоран стендашца къарздаллалц, белхеш беш – йозанна, сурт дилларна говза хьехархой, лакхарчу классашкара дешархой вовшах бетташ. Оцу балхана оьшу къоламаш, басарш, шекъанаш, даккхий ватманан кехаташ, гураш эца дезар ду, концтоварийн туьканашка бухгалтерихула перечисленеш йойтуш концтаварийн туьканашка.
– КIант, цIе директор йелахь, ахь тIелаьцна болх цхьана хорша берззалц, синтем хир боцуш болх бу хьуна. Со цундела ма вара завучан балха дIавожавала ца лууш! ХIинца дIавожавелла ваьлла вайша, хIара баркалла хир доцу ворда дIаийзо дезар ду сада1ар доцуш, цундела йухагIерта меттиг бац вайшинан. Вайн дайша ма-аллара, лаца ма лаца ден маж, амма лаьцна йаьллехь, дIа ма хеца!  – Оханан (апрель), хIутосург (май) беттанашкахь пенаш стендашна кIелдахара, гайтаман гIирсаш классийн г1оналлин чоьнашкахь дIанисбелира урокашкахь дезар шайх деш болу г1ирсаш. Методически цхьаьнакхетараллаш урокашна талламаш беш, хьехархойн балхана гIо-накъосталла дан йуьйлира, школехь графикца дIахьош дежурство йара, пенан газеташ арахеца долийра, билгалчу деношкахь дIахьош йара экзаменашна кечам баран консультацеш. Экзаменаш хаза чекхйевлира, аттестаташ дIасадийкъира, хьехархой аьхка садаIа бахара. Амма тхойшинан логгалц болх бара: цхьа гектар хиллал болу тхов бара плиташна тIехула диллина Iаьржа кехат (рубероид) малхех лелха лилхина, ледара бетон хьаьхначу плитийн хиэронашкахула: б1аьста, аьхка, гурахь – догIанийн, Iай – диллинчу лайн тховх ладар чекхдуьйлуш, дерриге школан пенаш тIуьна латтарна, массо маьIаг матаран тачанаша къарздина лаьтташ. ДIайиллина кхо шо кхачазчу школана капремонтана ахча ца лора 1едало, ткъа косметически ремонтана лучу капекех тхов нислур бацара. Кхин дан хIума ца хилла Iедало тхов дIакъовла луш долчу цхьа чкъор Iаьржа кехатна тIе, тхаьш ахча вовшахтоьхна кхин цхьа чкъор эцна цу складера, цхьа тем деш болх бира оцу тхевнна тIехь. Керлачу дешаран шарна кечам бан болийра, отпуске дахар ца нисделира. Йуха хьаьттан (август) баттахь доьшур долчу берийн хьиэсап дар, классаш вовшахтохар, тарификаци хIоттор, иза йуха районехь чIагIйайтар, хьехархой сахьташца резабар, тIаккха йуха хьехархойн урокашка лелар. Уьш ма йара шарахь 250-300 гулйалан йезаш, директоран, завучан, организаторан шен-шен. ТIаккха районохь йолчу совещанешка лелар. Цигахь, дукхахьолахь хьан школера кхачамбацарш дуьхьала деттара. Дешаран керла шо йуккъе даха доладалале, Турпал-Iела сиркхош лехьо волавелира, лоьраша цамгаран кехатца балхана мукъа вуьтуш. Балха веъча, цуьнан ца догIучу дагца кехатех Iиттавалар гуш дара. Шен меттана районон совещанешка со хьежо волийра цо, ша могаш цахиларна. Эххара, кхолламан (январь) беттан каникулаш дIаевлча, ша дIаволу элира цо балхара. Шен могашалла кхоччуш галйаьлла хилар, т1е школерчу балхах догдаларна мук1арло дира сан доттаг1чо. ХIара цкъа мокъа волуьйтуш болх бац йа цIахь, йа школехь, нагахь, бан ма-беззара, цIенна и болх бан гIерташ верг-м муххале а. Шена сох эхь хета элира цо, шегара суна накъосталла кIезиг хуьлуш хиларна.
«Ахь, хьайна мел хало хилахь, хьайн дог ца хоуьйтуш дIакхоьхьу и болх, сан собар ца тоьа, хьан санна, оцу балхана тIе ойла хьовзо. Цундела суна, сох хьуна накъост хуьлуш ца хилча, дIавалар гIоле хета. Хьо районос йа директор чIагвийр ву, йа, болх бен болу, керла директор воуьйтур ву».
Иштта дIатесира Турпал-Iелас школера болх, кхин цкъа а йуха оцу балха ван ца гIоьтира. Иза балхара дIаваьлча, соьгахь сайн завучалла диссира, тIе директоран декхарш кхочушдийриг ву аьлла, цIе тIекхийтира. Шуна-м моьттар ду, суна ши алап луш хилла. Ши алап-м муххале дацара, шина даржан жоьпалла дуьззина дара. КхоалгIа четверть дIайелира, бIаьстенан каникулаш чекхйевлира, экзаменашна кечаман мур тIекхечира. Суна чIога хала дара и ши деза дукъ цхьаьна дIакхехьа. Шелан РайОНО-н куьйгалхо Ланина Людмила Ивановна йара. Цунна тIе вахана элира аса: «Йа суна керла завуч дIахоттош приказ дала бакъо ло, бухгалтерехь алап хир долуш, йа керла директор ваийта тхуна. ТIехоьттинарг экхаменашна кечаман жоьпаллин мур бу, суна сайна хала ду ши болх дIакхехьа». Цо соьга олу: «Заурбек Мукаевич, пройдите к третьему секретарю райкома партии Демильхановой, и изложите всё то, что говорили здесь ей, лично!»
– Людмила Ивановна, я не новичок, как осуществляется должностное продвижение в нашей системе знаю хорошо, поэтому не хочу участвовать в этом аукционе!»
Цо дуьхьала: «Вы всё-таки пройдите к ней, а, как говорится в русской пословице: «святое место пустым не останется».
Вахара со Демильханова Малика йолчу райкоман кабинет чу. Тхо-м, иза Мескар-Эвлахь хьехархо болх беш йолчу хенахь дуьйна, девзаш дара. Ас Ланине аьлларг Малкане дIадалхийра. Цо дика ладоьгIна соьга элира: «Хьо балхахь ларалуш ву, наха дийриг дай, хьо директор чIагIвайтахь, наха хIун до хьо ца хууш вац. Сан кхин дала хьекъал дац хьуна йа дан гIо дац».
– Делахь, наха дийриг дина, со директор хуттур вац, цул тIаьхьа х1илланаш лелоран некъа вала. Наха дийриг деш верг сихха шен балха схьаваийтийша, тхан школехь куьйгалла дан. Iадика йойла хьан». Со цIа веара сихха. Цул тIаьхьа цхьа кIира даьлча тхуна керла директор гучуваккха йеара ша Людмила Ивановна– иза вара Эвтарара школехь географи хьоьхуш хилла, 2-гIа курсехь вайн хьехархойн иститутехь заочно географин факультетехь доьшуш волу Эмир Мурдалов. Цхьа ког боцуш, заьIап стаг вара иза, протезаца волалуш. Лекхачу дегахь, бос-чкъор сирла, хаза куьцехь стаг вара иза, чIога кIеда озехь вистхилар долуш, шега нисса дуьхьала хьаьжча цIийлой д1ахуттуш. Вайна ма хаъара, керла стаг массо агIонашкахула зен, оза волаво бухарчара. Ас декъала вира иза керла даржаца, балха тIехь аьтто хилийла олуш. Цо тхойша тхаьшшиъ висча элира:
«Заурбек, хьо суна дикачу агIор вийцина хьоьца институтехь дешначу Сулейманов Базис, цуьнан вашас Барона, тхо цхьаьна дара Эвтарахь школехь балхахь. РайОНО-хь хьуна школера болх дика бевзаш хилар билгаладаьккхира. Цундела аса хьоьга цIеначу даггара дIахоуьйту, суна куьйгаллин балхах хууш хIумма дац хьуна. Цхьабакъду, ахьа дан дезарг жимма гойтуш, къадош хIума дичхьана, болх хьан коча боьллина-м Iийр вац хьуна со».
Бакъдерг ала догIу, Эмиран балхах тасавалар доггаха дара, цундела иза хьевалар доцуш, экзаменаш чекхйевлла, аьхкенан каникулашкахь ша бан безачу балхах вуьйлира. М.С. Горбачёвн перестройка йолайелира, динан маршо йаржа йуьйлира Нохчийчохь. Москвара Iедал дин марша далийта дагахь доцуш долчух тера дара. Нохчийчохь дуьххьарлера маьждиг дIадиллира Жимачу АтагIахь, цул т1аьхьа Гуьмсехь а. Цоци-Эвлахь йуьртан рузбанан маьждигна бух ботта меттиг кечйан йолийнера. Цу хенахь тхан школе Москвара ЦК КПСС - ан дешаран инструктор Игнатьев коьртехь волуш комиисси кхечира, динца йолу школера кегийрхойн йукъаметтиг къастор тIехь шайн Iалашо йолуш. Эмир цу хенахь, заочно доьшуш хиларна, сессе вахана вара, школехь куьйгаллехь виснарг со вара. Йеанчу комиссин декъашхой, техничкега лакхарчу классийн дешархойн чоьнаш шайна гайта аьлла 9,11 классашка баьржинера. Со цу хенахь ворх1алг1ачу класссехь берашна хьоьхуш урокехь вара. Техничкех цхьаммо, со волчу класса чухьаьжна, хаам бира соьга, «кхайкхаза хьеший» баьхкиний хоуьйтуш. Берашка горгали тоххалц меттах ма довла аьлла, со хьеший болчу воьду. ЦхьайтталгIачу классехь берашка хаьттина хиллера Москварчу хьешо: «Шайн йуьртахь маьждиг дина даьлча, цу чу Iамалш йан лелар долуш дуй шу?» Шаьш хIун жоп делча нийса хир ду ца хууш, класс тап-аьлла тийна Iаш хиллера. Хьалхарчу парти тIехь Iачу Азиева Азас: «Дера лелар ду-кх, зударий чубуьтуш хилахь-м со тIехь!» – жоп делла, мохь туххуш. ТIаккха уьш сихха директоран кабинет чугуллой, сихха зIе тухий Шелара партин райкоман Хьалхара секретарь Айдинов схьакхойкхий, белхан ледарлонаш гучуйаха буьйлало. Тарификаци, берийн лични делаш, журналаш, приказийн книга, методически белхан протоколаш, доцца аьлча, буххера белхан таллам хуьлу цунах. Ур-атталла пенаш тIехь дIаоьхкина гIарабевллачу художникийн суьрташна ала хIума карош, луьра хьаьвза баьхкинарш. Школан директор волу Эмир кхайкхина сессера схьавалийра шолгIачу дийнахь. «Чано шен кIорни йаа дог хилча ченала хьакийна», – олуш ду-кх ночийн кица. Цундела дерриге кхачамбацарш со куьйгаллехь волуш гулделла ду, атеистически болх ледара байтинарг со ву, цундела даржах вохо вогIуш верг со ву аьлла, аса сайна тIе лецира дерриге «кхачамбацарш». Со хьехархочун  дарже охьавоккхуш, цу школехь хьеха вуьтуш, дIайирзира и IалагIожа.  Турпал-Iелех дерг дийцина чекхдалаза диснера вайн, иза балхара дIаваьлча школехь хIоьттина хьал дийца долийна хиларна. Сан доттагI йуха шайн хьера тIевоьлла, цо шолгIа хьеран тIулг ГIиргIизера заказ бина схьа а кхаьчна, шолгIа хьер йолайелира церан, СССР Iана йахана, вайн махкахь маршонан болам болабелча, оцу хенахь Турпал-Iела Мехкан Кхелана йукъа кхечира, Азизов Сайдахьмадан гIовсех (заместителех) цхьаъ хуьлуш.  Турпал-Iела виллина Соьлжа-ГIалахь Iаш вара. Со, со санна школех тийсабелла хьехархой, дешаран болх ца сацийта гIерташ, луш алап дацахь, оцу кIуьрана йуккъехула балха лелара, цкъа дIа ца доьрзуш хIума ца хуьлу-кха бохуш. Турпал-Iела виллина гIалахь висина валлера Мехкан Кхоьлаца цхьаьна, вайна цхьаьнца а йозуш йоцу пачхьалкх кхуллуш. Тхойшинан вовшен гар наггахь бен ца нислора. Йуха хьалхара тIом баьржа Нохчийнчохь. Россин кеманашна, танканашна, йаккхий тоьпашна, БТР–ашна, дайх йисинчу «берданкашца, оьрсаша Соьлжа–ГIалин складашкахь йитинчу автоматех, пулемётех, тапчанех тоьлла герз дина, вайн деналла долу кIентий тIом бан дIахIиттира. Баккъалла маршо йезаш тIом беш берш бара, цу йуккъехула къоланаш, талораш, заводаш, фабрикаш, пачхьалкан туканаш, складаш чIанайахарш долийра нохчийн мотт буьйцучу наха, маршо йоккхуш йуьллучу пачхьалкхана уьш оьшур йоцуш санна. Халла машаран барт хилла сурт хIоьттира, (Дагестанехь) Хасав–Юрт – Г1алахь Барт йазбина вайн Нохчийн пачхьалкх «Ичкери» кхайкхош. Гонахарчу пачхьалкхех цхьаммо иза къобалйина сурт хIоьттина дацахь а, инарла Лебеда, Масхадовс тIеэцначу кехатан документ бахьана долуш. Цаьршимма тIе шайн куьйгаш теIош, хIоттийначу кехато вай Россех дIакъаьстина сурт хIоттийтира дуьненна гергахь. ТIаккха Мехкан Кхел йуьстах теттина, шайн-шайн эскарийн тобанаш кхоьллина, «инарлаш» гIовтту–Масхадовца, вовшашца Iедалан даржаш, бахамаш къевссина, Соьлжа-Г1алахь, кхечу меттигашкахь йаккхалург шайн дола йохуш. ТIаккха бен ца кхийтира Турпал-Iела нохчийн къам декъаделла хиларх, хIора декъо шена хетарг бен бакъдеш цахиларх. Россех дIакъаста ца лууш, цунах Iехаделла дакъа вайн къомана йукъахь мел ду, вайга вешан маьрша пачхьалкх йалург цахиларх ишттачу хьолехь. ХIунда аьлча Россин Iедало шен оьрсийн къам даима лоллехь латтийна. Романовг1еран ц1ийнан паччахьийн заманахь дуьйна Россин ахархой хьоладайн долахь хилла, бежанийн хьесапехь, жIаьлийн меха боцуш. Большевикаша, коммунисташа Iедална бацийна динах, адамаллин гIиллакх-оьздангаллех хадош, цхьа советийн къам хилла дIахитта деза бохуш. Ткъа хIинца хIоьттина бохучу демократийн хенахь, оцу Iалашонах оьрсийн Iедал къаьстина дац. Пачхьалкхан бахам шаберриг шайн, шайца жоьлкалла лелочийн дола баьккхина, харцо, йамартло, къизалла йаржоран некъа халкъан дахар дерзийна лела. Йа и 1едал къаьстар долуш дац оцу сакхтех, импери хаьрцина Iана йаххалц. Россин империно шен, коьрта лоруш долу къам а, лайн хьолехь латтош хилча, кхечу къаьмнашна цо маршо лур йу бохург аьттехьа дац. Вайн Дала аьтто бинера марша довла, вайн барт хиллехара, цкъа вешан маьрша пачхьалкх кога йахийта, вешан сутараллаш, къоланаш, хьарамлонаш, вовшех цадашарш, ша-ша бакъ хетарш охьадехкина, хьаьржинчу президентана гIо-накъосталла деш, талорхой, къуй жоьпе озош, мехкан бахамна тIекхийдарш совцош, хIора стаг, зуда бертахь шайн-шайн урамашкахь, йарташкахь, гIаланашкахь, кIошташкахь дIахIиттинехьара, оьрсийн эскаршна дуьхьала митингаш йеш санна. Турпал-Iела Мехкан Кхелах ша дIакъаьстича, Киндаров Барона дIайиллинчу бецийн дарбанаш лелочу клинике балха вахара, массаж йаран говзанчин дарбанаш лело. Цигахь гIехьа болх биначул тIаьхьа цо «мацалла лоцуш» дарба лелоран талламаш бан болийра ша-шена тIехь. Гулйина йоьшуш цхьацца литература хиллера цуьнан 1аматан меттана, дагаволуш лелош. Иштта кхаа денна тIера волавелла, йуха кIиране, тIаккха шина кIиране волуш, йукъа-кара денош дулуьйтуш, эххара беттахь мецаIар тIелецира цо. Ша чIогIа гIелвелла, гIора эшна, дакъаза ваьллера иза. Амма, къарвелла, и болх бита дагахь вацара, шен 1алашо кхочуш хиллалц . Хи малар бен кхин дууш хIума доцуш, баьккхира цо и бутт. Оцу баттахь цуьнан дас, Мохьмада, пIерасканан дийнахь рузбанехь доIа дойтура маьждигехь, цунна Деле Iалашвар доьхуьйтуш. Ша цу мацаллица доьзна дарба дар зен волу аьлча, ас элира цуьнга:
«Делан дуьхьа парз кхабаза дисина марханаш доькхуш йа сунт марханаш кхаба воллу, алий нийат мукъна дехьа – аьлла» Иштта нийат долуш кхебира цо и бутт. Цхьана лоьрана тIевоьдуш, дагавуьйлуш воцуш и болх лелийначул тIаьхьа, ши бутт балале иза вуьйжира. Лоьраш балийра цунна тIе, амма цара йаздина молханаш цо йухаIеттадора. Рирцкъа кийра ца додара цунна, дан хIума ца хилла глюкозин, кхин йолу системаш хIитто йолийра. Сан шича, цуьнан верас волу лор-терапевт Исаев Мовлди валийра цунна тIе. Цо дикка таллам бина, некха тIе, букъ тIе пIелгаш детташ ладегна, элира: «Кхо шен мацалла хьегарца, барамал тIех дегIан дилха дашийна, цуьнца цхьаьна шен иммунитет гIелйина, хIуъа дина рицкъа кийрахь сацийта гIорта веза, морза мийла деза. Цхьана кIирнахь морза молуш, котаман чорпи чохь кхехкийна гарзнаш молуш. ХIинца-м ваьашта ван воллу хIара аьлла хетийтина, йуха д1аIетто вуьйлира йиънарг, мелларг. Халла бен вист ца хуьлура, гIора кхоччуш дIадаьллера дегIера. Оцу хьолехь волуш и кхоалгIачу дийне ваьлча, пхьуьйрехь соьга шена хозуьйтуш «Йасин» деший, мукъамехь салават диллахьа элира цо. «Ахь хIун до, тхан Iадика йан-м ца воллу хьо?» – забарехьа даккха гIоьртира со цо аьлларг. Ша бохург дай дIагIой садаIа, ша ву наб тIетеIаш элира Турпал-Iелас. «Йасин» дешна, гIийлачу озехь, сайн болчу мокъамехь, Элчанна (I.с.с.) салават дилла вуьйлира со. Салаваташ дохкуш со волуш цунна наб озийра. Цуьнан вежарша, хIусамнанас Зараа хIинца цо наб йир йу, дIагой садаIахьа баьхна, со цIа веара. Буьйса йукъал тIехйаьлла, шолгIачу сохьтехь дIавалар хиллера цуьнан: «Зойрбиг дIавахарий?» – аьлла, доккха са доккхуш. Иштта хаьдда хиллер-кха сан доттагIчун, Турпал-Iелин, дуьненчуьра дахаран некъ. Дала декъала войла иза, Шен веза хьаша войла цунах Кхоьллинчо. Цуьнан доьзал – кхо кIант: Муса, Iийса, Джамбулат, зуда Зараъ дозанал арахьарчу Малбузен пачхьалкхашкахь бу. Турпал-Iелас царна бохуш дина цIенош деса лаьтта, де-дийне, шо-шаре мел долу тишдалар тIеуьйзуш. Иштта ду-кх дуьненан хIума, вай доьзалийн дуьхьа бохуш къахьоьгу, амма доьзало шен некъ буьллу дахарехь, хIоьттинчу замано шайна тIекховдийнарг. ДоттагIчух сайн дийцар хьакхадаларна, иза ма-дарра чекхдаккха лиъна, вахвелира со дагалецамийн тIемаша хьалхахьа аненийн йистошка идош.
Вовшен багара дохуш рицкъех кхетар долуш, школехь доьшуш волуш, йуха цхьаьний хьехархойн институтехь цхьаьна вижар-гIаттар долуш, тIе школехь берашна хьоьхуш мерза доттагIаллин уьйр лаьттина тхан доьзалшна йукъахь. Амма Нохчичуьра шолг1а т1ом боьрзучу шерашкахь Турпал-1елин х1усамнана, Зараъ, шен кхаа к1антаца вайн махкара кхелхина йахара Германе. Иштта тхуна йукъара з1е хедира, наггахь хьажа-х1итта ц1а баьхкича бен вовшен гар бен доцуш.


Рецензии