Йуха а студентийн дахарх

Товмурзаева Раиса, Хангашвилли Серижа ши  йоI йара тхан группе нисйелла. Серижас, ша йуьгур йу бохуш, шена тIехьийзинчу кIанта шена тешнабехк бича, иза тапча йиттина вийнера. Оцу бохамо иза дешарх хадийча, Раиса ша йисира тхан группехь. Раиса, зударийн догIмашца йуьстича, лекхочу дегIхь йу ала мегар долуш, безамехь йуьхьан сибташ долуш, оха массара, тхайн йиша санна, лоруш йара. Оьрсийн мотт шера, дика хууш хиларе терра, дешарехь кхиамаш болуш йаьккхира цо институт. ГIалахь Iаш бара церан доьзал, дешна девллачул тIаьхьа цунах хилларг суна билгала даьлла дац. Цхьана школе балха нисйелла, цхьаьнга маре йахана, шен доьзал кхиош Iаш хир йу-кх иза, нагахь тIаьххьарчу шина тIамах ларйалар нисделлехь. Дала Iалашбинчаьрца хилийла-кх иза, цуьнан доьзал а.
Тарамов ХIарон, бетонах доьттича санна, деакIов зоьрталчу дегIахь, ча санна валла волуш, гIеххьа боккха корта, стаммий балдаш, луьста цкъоцкъамаш долуш, гIоргIачу озаца Дала кхоьллина адам дара иза. Х1аронан доьзал Iаш Соьлжа-ГIалахь бара. Дешарна ледара вацара, дукхах йолу хан библиотекехь йоккхура цо, лекцехь дийцинчух тоам ца беш, тема мелла шуьйра йовза гIерташ хуьлура Х1арон. Цундела цуьнан жоьпаш хьехархоша далозачу масаллех доьттина хуьлура. Тхо институтера дешна девлча, цо школехь дукха болх ца бира, иза республикан радиокомитете балха дIаийцира. Цигахь болх беш иза пенсе вахара. Тхайн Цоци-Юьртахь оха деникинцашна дуьхьала тIом беш воьжначу 364 газотана Сийлаллин бIов йоьгIна, сагIа доккхучу бараме валийнера радиокомитетера Тарамов ХIарон, телевиденера белхалой, газетийн редакцешкара корреспонденташ 1989-г1ачу шарахь, Цоци-Юьртахь и т1ом хилла 70 шо кхачар билгалдоккхуш. Оцу оха биначу балхах лаьцна ХIарона вай республикан радиочухула масех передача йира. Цул тIахьа Нохчийчохь гIаьттинчу кегарено уьйраш, зIенаш хедийча, вовшех хилларг къастаза дисна тхан.
Татаев Майрбек  йуккъерчу дегIахь, лак хьаькхча санна кIай, шера йуьхьан сибташ долуш к1ант вара. Вистхилча, велакъэжча хьалхарчу цергашна тоьхна дашо ши ботт гуча йолура, ткъа вуьшта цуьнан хаза йолу йуьхь, кхин т1е къегина гойтура оцу шина церго. Вистхилар кIеда, аьхна долуш, безамехь стаг вара иза. ГIалара таро йолчу доьзалера вара Майрбек. Цунан воккхах волу ваша, Iела, ас лакхахь ма-аллара, цхьана материальни базехь балхахь вара. Майрбекана оьшшучу хенахь хахка машен хуьлура, дешарна башха къахьоьгуш вацара иза. Цуьнан хьехархошца гергарло дара, цо церан цхьацца хьашташ машенца кхочуш дора. Тхуна цуьнгара гIо хуьлура, цо шен вешин базе тхо сом даккха дIанисдарна. Майрбек тхо дешна довларций Теркал дехьа Надтеречни кIоштан дешаран декъан заведующий вахийтира. Цо цигахь мел болх бира-м ца хаьа суна, тхан вовшашца йолу зIе хедира.
Элимбаев Тапалу вара таронца болчу Соьлжа-ГIаларчу нехан. Доьзалехь цхьаъ бен воцчух тера дара иза. Тапалун, денна бохург санна, хуьйцуш духар хуьлура, хохкуш машен «Победа» йара, мозргалмоьнаша йиъна йуьхь йолуш, дешарна де саготта воцуш, шеца нисвеллачунна тамана ахча ца кхоош, цхьа гIайгIа-бала коьрте ца хьаьвзаш, шена сакъоьруш кIант вара. Вуоллех йа кураллех хIума дацара цуьнца, дешарх шен дог леташ цахиларна къера вара. Оьрсийн маттахь йаздечу диктантехь 100 сов гIалат дора цо, амма массара санна, институн чекхйоккхуш, диплом схьа-м ийцира цо. Иза республикан Дешаран министерствос кIоштийн дешаран дакъошна тIехьожуш куратор хIоттийнера. Шелан кIошта нисвелча, аса болх бечу школе кхечира иза, хаза сакъийрина, вовшен хьийзавина, дIасакъаьстира тхо. ХIумма хийцавелла воцуш, халхалера Тапалу вара иза. Бакъду, цхьа хIума тIекхеттера, ша хьаькам санна лара лаар кхаьчнера цуьнга, цундела тIедехкина декхарш дуьззина кхочуш дора цо, институтан дешар санна, бен доцуш ца дуьтуш
Сулейманов Бази – ши метар сов лекха дегI долуш, цуьнга хьаьжжина йеха тIаьрзенаш йолуш, чами баьхьанех тера куьйгийн канаш, безаме йуьхь тIехь жимма дукъ даьлла нохчийн мераца товш къонах вара Бази. Синкъерам безаш, дика малар ловш, ткъа вехча атта ваьшта ца вогуш, накъосташка атта хьовзалуш вара Бази. Ша оьгIазвахча накъостех ца тасалора иза цкъа, амма шен карайеана хIума отий дIайоккхура. Дов даьллачу меттехь дика накъост вара, дешарна дика чувоьлла Iамош, кхиамца сессешкахь чекхволуш вара. Бази Эвтарара вара, цу хенахь заочни декъехь хьехархойн институтехь доьшуш цуьнан ваша Барон вара. Дика ши адам дара и ший ваша. Бази дешна девлча шен йуьрта хьажийра балха. Цигахь йалийра цо зуда. Зуда Эвтарарчу Къилба-Седа Кавказан бролерни котамийн  фабрикехь болх беш йара. Оцу фабрикехь йара балхахь сан йиша Зарет. Цу фабрикерчу белхалошна Гелдганахь фабрикин цIарахь йина катеджаш йийкъира. Оцу йукъа нисйеллачу Базин зудчунна, сан йишина цигахь чубаха хIусамаш нисйеллера. Бази, цуьнан доьзал оцу катеджашкахь дIанисбелла Iаш бу тахана. Бакъду, Базин вайна шолгIа тIом дIаберзале Деле верзар нисделира. Дала гечдойла цунна. Иза валале цхьа-ши шо хьалха, цуьнан воккхахволчу кIентан, шен доттагIчун карах, ца хууш тапча йаьлла, валар нисделира. Оцу баьллачу сингаттамо чIогIа дог дохийнера Базин. Оцу бала-гIайгIано худуш дIавигира иза Далла дуьхьала. Шен долчунна комаьрша, хьаша-да шайга ван лууш, къаьсттина шеца хирчина адмаш дукха дезаш, уьш лоруш накъост вара Бази. Дала йалсаманехь цхьаьнатохийла-кх иза шена безаш хиллачу накъосташца. Сан йишина гена боцуш Iаш бу Базин доьзал, наггахь вовшен гар нисло, марха къобал дар хуьлу хIора шарахь. Делахь, Бази волуш санна, йац хIинца тхан чукаренаш. ТIе хIоьттинчу кху цамгаран уьнан замано чIогIа хера даьхна адмаш вовшашна тIедоьлхуш чукаренаш лелайарх.
Магамадов Денилбек Теркаца йолчу Макане-Юьртара теркахо вара. Денилбек. Лохачу дегIах, шеца цхьа челакхалла йоцуш, шега дIааьллачух тешаш, цхьа а хIилла доцуш, кхача кечбаран г1уллакх каре дирзина, накъосташна йукъахь жимхалла леледар шена т1елаьцна вара иза. Хийла ша накъосташа беламе воккхуш Iехийча, дегабааме ца волуш, йуург-мерг кечйарна, чохь цIано латторна дика накъост, Iу вара Денилбек. Дешарна тIера вара, къаьсттина орсийн литературан классикийн (Пушкинан, Лермонтовн) стихаш, динна поэмаш дагахь хууш. Доьшуш дуьххьарлерчу шарахь цхьаьна квартирехь Iийра тхо: со, Денилбек, Турпал-Iела, Хьасамби, Сапарбек, Шамилов Шаид, Эрзанукаев Хьамзат а. И квартира йара Соьлжа-ГIалара «Ленинский городокехь», Первый Украинский переулок олучу урамехь. Нохчочун долахь хIусам йара иза, тхуна институто чохь Iан лаьцна (таханлерачу кхетамца аренда йина). Денилбек тхан повар вара, и болх ша–шена тIелаьцнера цо, жимхалла лелон, ша вацахь ханна массарал жима. ХIусамден кертахь дуьйш лелош хас дара: хох, саьмарсекх, цицеш, петрушка, хорсамаш, кхинболу хасстоьмаш тIехь. Бепиг, картолаш, копуста, жаьнкаш, чам тобеш йолу бецаш, кхинйолу сурсаташ оха оьцуш йара. ТIаккха, чомана ца тоьаш болу хасстом баккха, хIусамден хеса кхевдаш хиллера Денилбек. Шен хеса кхевдиний хиъча, хIусамдас чам бойура тхуна йаппарш йеш.
«Денилбек, вайн болчу гIирсах чам бай, IадIехьа оцу кхачанан, – шега аьлча, – ВаллахIи, цуьнан хесара буц тоьхча бен, вайн йуучун чам то-м ма ца ло», – велалуш, жоп лора цо. Дала къинтIера воккхийла и стаг тхуна, оха цуьнан хесара диъначу рицкъина. Амма, дуьйцуш там бацахь, бIаьрмецигаллех, вуоллех воьттина-м тхан хIусамда вара. Лулахь йеса лаьтташ цхьа квартира, кхечу урамехь кхин цхьа гIишло йара цуьнан долахь. Амма оцу чоьнашна цо чу ца витина, цуьнан лулахь цхьана тоьли чохь Iаш хиллера цуьнан ваша, хIетта, дукха хан йоцуш Казахстанера Нохчийчу вирзина волу. Шен хесахь дечу къоланна тхо милице дIалур ду ша аьлла, иза кхерам таса тхуна гIоьртича, Шамилов Шаида элира цуьнга: «Сихонца гIой и милици тасахьа тхан коча, тIаккха тхуна некъ балара хьо цаьрга, ма-варра, дIавалхо. Хьуна муьлхачу таронца нисйелла нехан йоцуш йолу, кху гIалахь кхоъ гIишло – хIинца вай чохь дерг, дIо луларниг, дехарчу урамехь йолу шиъ гIат тIекIел йолу гIала?»
И къамел хезначу зудчо вадийна дIавигира шен майра хьалха ваьккхина. «ХIокху хьераваьллачу стага дуьйцург цхьа дош дац шуна, хIара цхьанхьа гIур вац шуна арз эцна, со дийна мел йу. Шайна ма луъу оцу хесахь тIейаьлларг схьа а йаккха, йаан а йа, аш йиънарг сагIа йу-кх! ХIара вай хIинца чохь метта валор ву!»
Цул тIаьхьа Денилбекан, тхан а дола делира и хас, кхин тхоьга догIу, доьлху цо ца олуш, тхо къаьстира, институтан йукъараIайле нисдалар хилла. Денилбек и шо дIадаьллачул тIаьхьа институтан йукъараIайлехь дIанисвелира, йуха кхолагIа курсехь зуда йалийна, деша заочни отделене велира, Маканера школе балха нислуш. Цул тIаьхьа шен доьзалан хьашташа къастийра иза тхох гуттаренна, кхин вовшен гар ца нислуш дIасадаьржира тхан дахаран некъаш.
Хангашвилли Мохьмад тхол массарел воккха вара иза группехь 25-26 шо хир долуш цу хенахь. Иза Гуьржехарчу кистой олучу нохчех вара. Нохчийн мотт гуьржийн меттан аларе оьзна буьйцура цигарчу нохчаша массара. Уьш итт - шийтта стаг вара пединституте Ахметовский кIоштара Соьлжа-ГIала деша веана. Оьрсийн мотт чIогIа хала буьйцура гуьржехара нохчаша. Къаьсттина оьрсийн литературан семинаран сахьташкахь. Кистойх цхьаъ стих йа монолог йийца хIоьттича, беламан сахьт долалора. Тхо мел делахь, кистоша-м шек боцуш, сцени тIехь артисташа санна, шайн жоп далар дIахьора. Шина курсехь бен ца дийшира Мохьмада тхоьца. Йишас, Серижас, стаг вер бахьанехь иза дIавалар нисделира институтера – заочни дешаре ваьлла йа гуьжехарчу институте дехьаваьлла хила там бара иза .
Хусаинов Адам Веданан к1оштан, Эрсана олучу йуьртан вахархо вара. Тайпана эрсано вара моьтташ ву со иза. Лоха доьттина дегIахь, жижиг дохош лелош йолу гуьйриг санна зоьртала, цициг санна каде волуш, тIахъаьлла кIант вара Адам. Адам охьтохалатаран спорт йезаш, оцу секцехь шен говзалла савйаккха Iама лелаш вара, цундела ворданан чIурган милк санна, стомма ворта йара цуьнан. Дешарна, спортан гIулкхашна ларалуш чекхвелира кхиамца иза. Адаман да веллера кхуьнан 10 шо долуш вай ГIум-Азера цIа дерзале. Къена нана, жимах волу ваша дара Адаман ломахь, цундела иза хуьлура тхоьца вагонаш йассош хене волуш. Со хилла шозза Эрсанахь, тхо дешна девллачул тIаьхьа, Адаман хIусамехь сакъоьруш Iаш. ХIетахьлера синкъерам маларах кхеташ хуьлура дукха хьолахь. Адаман ваша Идрис тракторист вара. Адам дешна ваьлла, Эрсанарчу школе балха хIоьттича, цуьнан ваша кхелхина Теркайисте дIавахара. Зуда цигара йолчух тера дара Идрисан, тIе ломахь чулла тракторца бан болх Теркаца алсамо болчух тера дара. Нана мел йу дийна Адам Эрсанахь Iийра, амма иза дIайаьлча, иза Идрис волчу кхелхина ваханера. Теркаца кемсаш лелочу цхьана совхозехь вара и шиъ, Адам цигарчу школехь болх беш хиллера. 2017-г1ачу шарахь, вайн воккхах волчу кIентаца армехь Iийначу кIанта дийцича, хиира суна Адаман доьзалера хьал. Цо схьадийцарехь Адамехь дика хьал дацара, иза настаршца лазарш долуш, ирахь лелар доцуш, гIудалкхахь висинчух тера дара. Сан кIентан хьаша хиллачух тера дара школехь Адамна хьалха доьшуш ша армех вахале. Цо дикачу агIор вуьйцура шен хилла хьехархо. Цул тIаьхьа тхан кIентан хьешо Адам дIаваларх лаьцна хаам бира тхоьга. Дала декъала войла-ка иза, гIийла дуьне диъна стаг вара иза, беран хенахь ГIум-Азехь мацаллин, цамгарийн, махкаллин баланаш лайна, дерриге нохчийн къомаца Даймахках ваьккхина лелачу цу кхойтта шарахь..
Ибрагимов Салавдди Шахсаидович Хоьшкалдара вахархо вара. Иза зуда, шиъ бер долуш стаг вара, тхуна йукъахь доьшуш волуш дуьйна. Забаре, самукъне, тIехьаьжна цхьа хьекъална аьрта хеташ велахь – оцу хеталучу хьолана к1еллахь, шегара сонта, ледара х1ума долуьйтур доцуш, сирла, сема корта, ц1ена дог-ойла йолуш стаг вара иза. Ханна тхол воккха вара Салавдди, шен кисанара сом атта духкуш вацара, ца ваьллачу денна бен. Иза бIаьрмецигаллица доьзна ца хиллера. Цуьнан да, ши бер, Салавдди ша а зудчунах, Тунех, тешна хене бовлуш хиллера. Салавдди заочно доьшучура очни дешаре ваьллера, заочно долу дешар хаарш дуьззина студентана чудуьллуш ца хетта. Иза иштта дан дара. Ша доьзалан багара йоккхуш йеш йолу харж, мелла кхоон гIертар дара, иза комаьршоне цавийлар. Тхо цунах кхетара. Амма тхо дешна девла, белхашка нисделлачулла тIаьхьа, цо, жимма бахьана даьлча, ша волчу дIакхайкхара тхо, шен куьг кхочехь мел верг. Со хилла шозза иштта цо кхайкхинчу барамашкахь: цкъа шичин кIантана, йуха шен кIантана зуда йалийча. Оцу ловзаршкахь кхайкхина балийна нах бен, арахьара, кхайкхаза веана цхьа стаг ца хуьлу. Йуьззина нохчийн ловзаран кеп дIахIутту: тIехь даа-мала долуш дIах1оттийна йеха «инарлин» стол хуьлу. Тхьамдаллина хаийна инарлин, белшаш тIехь (шен замане хьаьжжина) тоьллачу ахчанан пагонаш йолуш. Стоьлана аьрру агIорхьа тоьллачу духаршца, гIабалешца кечбина мехкарийн беха могIа хуьлу, коьртехь, инарла волчу агIор хаийна мехкарийн тхьамда йолуш. Мехкаршна, инарлин стоьлана дуьхьала дIанисйелла, йехачу ховшийлашна тIехь божарийн тоба 1а. Инарлина аьтту агIорхьа Iаш хуьлу пондарча, ватанча, ловзврна йукъахь хьийза човс , шен суьйдам  карахь, чайтаIаш санна керча керчаш, шайна дагайеана забарш лелош, ловзарна йукъахьийзаш жухаргаш  йолуш. Йоккха портфель тIома кIел йоьллина, шена хIума кховдочуьнан фамили, цIе, адрес дIайаздеш лелаш ву ишттачу ловзаран кассир а. Хелхарш дар, тIехьизачу йоIа везвчу кIантана саламан кад тIебахьйтар, цунахь ахча лой, жимма къурд бина, иза йуха дIабахьийтар –иза ширачу вайн Iадатех цхьаъ ду. Иштта 1адат лардар советийн 1едална новкъа дацара. ТIехьийза йоI хелха йолуш, цунна тIехьийзачу кIанта ахча тасар ловзарна йукъа. Иштта Iадаташ ловзаршкахь лардар дIатасаза зама йара иза. Тахана, карарчу заманахь, ишттачу ловзарийн лар йисина меттигаш нисйалар к1еззиг бен ца хаало. Салавдис 20 шарахь сов, схьахетарехь, Хоьшкалдарчу школехь директоран даржехь болх дIакхийхьира. Оцу даржехь волуш дIакхалхар хилира цуьнан. Дала гечдойла цунна, ийна, дика адам дара Салавдди. Цуьнан доьзалш, церан нана Туна хIинца Хоьшкалдахь болуш бу бохуш, дийцира суна 2012 – чу шарахь цу йуьртара Зараа. Иза Гуьмсехь, Кадыровн Ахьмад-Хьажин цIарахчу «Путь» олучу типографехь болчу белхахошна кхача кечбеш, повар йара. Со оцу типографехь редакторан болх беш вара цу хенахь. Цул тIаьхьа Салавддин доьзалца зIе хаьдда дикка зама йелира, вайн махкахь тIемаш, зуламаш гIевттира. Шортта бохамаш, зенаш, иэшамаш кхечира вайн хIора хIусаме. Вовшашца йолу зIе хаьддехь а, иэсехь-м латтара вовшен сибташ, амалш а. Салавддин чIогIа самукъа долура, шен цIе йоккхуш, Шахьсаидович олуш, ден цIе тIетоьхча. Ииштта, хьайн цIе йохуш самукъа хIунда долу хьан аьлла, ас хаьттича, цо элира: «Дала йалсаманин хьаша войла цунах бохург, сайн дагахь ас тIе ма туху, сайн цIе иштта мосазза йоккху. Сайн деца ШахьсаIидца цхьаьна йалсаманехь Деле цхьаьна тохийта». Дала уьш реза беш жоп лойла-кх Салавддин дехарна! Цхьабакъду, 2022–г1ачу шеран хьаьттан (июль) баттахь, сан вешин зудчун ненан деваша веллачу цу Хоьшкалда кадам бан ваханчохь, ас Салавддин доьзалх дерг хаьттира цуьнан йуьртахошка. Цара оцу тезетана гена боцуш уьш Iаш бу аьлча, аса со вигийтира цига, дукхахдерг Туна гархьамма. Хаза дика керт-ков, цIенош, уьйтIенна тIехула бина хIинцалера витражан тхов болуш, дIанисбелла карийра суна уьш. Салавддин жимахволчу кIентаца къамел дар хилира сан. Салавддин зуда, Туна, цIахь ца нисйелира. КIанта со мила ву хиъча, чIога чувола бохуш хьовзийра со. Амма, йуха сакъоьруш Iан вогIур ву со аьлла, сайн накъостех ца хедаш, цIавар нисделира, тезета баьхкина накъостий сихо хилар бахьанина. Делахь гуш дара Салавдди дIаваьллехь, цуьнан доьзалш ледара боцуш, нах санна баха герташ, нахана дош хеташ, шайн ден цIе ца  йожош Iаш хилар. Бакъду, 2023–г1ачу шеран тов баттахь йуха Хоьшкалда, сан вешин стунненан нана д1айаьллачу, тезета вахар нисделира сан. Цу тезетахь Салавддин воккхах волу к1ант вовзийтпра суна хоьшкалдхоша. Таьх1ир, шен да Салавдди санна, нахаца ийна, гергарло дезаш стаг хиллера. Цо со, сан ваша, йиша, сан х1усамнана ша волчу д1адигира, оха йеш йолу дуьхьалонаш, бехказлонаш тергал а ца йеш. Шен берриге вежарий схьагулбира ша волчу. Нана, Туна, Т1аьх1ирца цхьаьна 1аш хиллара. Тхо вовшен йуьххера довзар, цхьаьна делкъан ламаз дар, кхачанах кхетар нислуш, вовшех самукъадолуш хан текхира оха. Туна настаршкахь лазар долуш, йолайалар доьхна хилар бен, кхин башха деналлех йоьхна йацара. Цуьнан пхи к1ант, цхьа йо1 шайн-шайн х1усамаш йолуш доьзалшца д1анисбелла бехаш бу. Дала могаш-маьрша дуккха шерашкахь бахийтила уьш. Сих-сиха телефонца з1енехь дистхуьлу тхо вовшашка хьал-де хоттуш.
Шамилов Шаид Шалажа олучу йуьртара вахархо вара, институт йаккхинчул т1аьхьа кху  йуьртара цкъа цхьахьа ара а валаза.
Иза йуккъерачу дегIахь, Iаьржочу аматехь бос-чкъор долуш, гIеххьа къаьрзина бIаьргийн хьажар долуш, набарна тIера волуш, парталчу боларехь, хабарна тIера воцуш, амма шех хьакхалуш, реза воцу хIума далийтинчунна, дуьхьала дало кIохцалал ира дош карош, кIант вара. Шаид шелонна чIогIа бIокъажийна вара, гурахь, Iай меттах хьаьрчина Iар дезаш. Хийла оха меттара такхийна вуьгура иза тхаьшца йортйетта гIали чухула. Амма Шаид маларх кхетча хийцалора, хецалора. Цунна «девчаташ, танцаш, кино», кхин хIумнаш дагадогIура, къаьсттина шен кеп хилча, бегаш  беш йолу шелахо, Седа. Седа-м хIийкъина дегI долуш, гIеххьа йуьхь тIехь бIаьстенан тIедарчий долуш, безамехь йоI йара. Шаидца йогIур йолуш йара, амма кеп тIера дIайаьлча Шаидан безаман шовкъ йодура цунах. Шаид шен хIуманан да вацара, амма шена хазйелларг хьенна йелахь, ка далахь тIейухура, шена тIе иза хоьаш хилчхьана. Доьшуш даьккхина деа шарахь цкъа а дагазалла ца йеанера тхуна йукъа. Цундела и марзо йу тхуна йукъахь тахана. Гермачигара Берсанов Нажмудди, Шалажара Шамилов Шаид, Цоци-Эвлара со – тхо хIинца а вовшашна тIеттIа доьлхуш, вовшен кхачанах кхеташ, вовшен хьал-де хууш лела, тхаьш 80 шерел т1ехъиккхина хан йолуш даккхий делахь а. Бакъду, 2019-2020-г1а шерашкахь хIоьттина цамгаран ун баханехь, телефонехь бен цхьаьнакхетар ца нисло тхан. Шаид лоьрийн дарбанех чекхваьлла больницехь бутт сов хан йоккхуш, Нажмудди гIалахь шен кIант волчохь дарба леладойтуш вара оцу шерашкахь, «коввид» йа «карона вирус» олучу. иблисан бIоно даржийначу талоно лацарна. Со, сайн цIахь дарбанаш лелош, хьалхавелира цу цамгаран дагарах, йовхарех а. Карарчу хенахь дийна вуй хууш, цхьаьна дешначу 25 студентех, тхо виъ-пхиъ ву-кх: Шаид, Нажмудди, Абзотов Нурди, Астамиров Хьасамби, со а. Шаидан доьзалехь, зударий балийна, виъ кIант ву, арайаьлла ши йоI йу, со гал ца ваьллехь. Зуда, Iайкат, Iаламат мегаш адам ду. 5-гIа кхолламан (январь) беттан дийнахь 2021-г1ачу шарахь со, сайн жимах волчу кIантаца, Казбекаца, Iийна Шаид волчохь хьошалхахь. Йуха 2022-г1ачу шеран хIутосург (май) баттахь Iийра тхо Шаидан доьзалехь сакъоьруш, вовшех, къаналлин замано кховдина, ирс оьцуш, къоналлин мур дага а лоьцуш. Суьйренгахь бен вовшах довлар ца нисло тхан цхьаьнакхетарехь цкъа. Самукъане, бусалба динехь ийман долуш, бертахь доьзал бу цу кертахь. Воккхах волу ши кIант Эмин, Мохьмад – Эмин шайна бевлла бу шайн доьзалшца. Жимах волу шиъ – Шарип, Шиса, ден кертахь дIатарвелла. Шаид гIеххьа къаналло букъ хьовзо болийна, йуьхь хебаршкахьа уозош, лергашна къора воьлла ву. Аз айдина къамел ца дахь, хазар ледара ду сан хьешан. Делахь, дог-ойланца къоналлех къаьстина вац. Iайкат цуьнга хьаьжча могашаллина гIолехь гуш йу шен ц1ийнделла. Дала могаш латтайойла иза. ХIусамнана могаш хилча, доьзалан барт дийна лаьтта, ийман, беркат керта хьийза, ирсо хьоьстуш хуьлу доьзалехь хIора. Цара комаьрша хIоттийначу даарех йоьттинчу стоьла тIера, тхаьшшинна доьгIна рицкъанах кхетта, доIанехь уьш беркатехь, вовшен дезарехь, комаьршаллехь сов бахар Деле дехна, малхбуза ламазаш Шаид волчохь дина, церан Iадика йина, тхойшиъ цIа вирзира Шалажара Цоци-Эвла. Дала гIоза дахар латтдойла церан доьзалашкахь, Дала диканехь гар нисдойла тхан тIейогIучу хенахь даима! Байттамал йа1! Дуьсур долуш дуьне ду-кх х1ара! Кхолламан баттахь (январь) 2024-г1ачу шарахь далла дуьхьала вахар нисделира сан хьомсарчу хьешан Шаидан. Дала Фирдаус йалсаманин ох1ланца г1аттавойла иза къемата дийнахь, Дала х1етталц йолчу шен х1усамахь воккхавевойла шена безначаьрца цхьаьна!
Ачаев Мохьмад тхан группе тхо кхоалгIачу курсехь долуш кхочу. Иза цул хьалха Ленинградера Театральни институтехь доьшуш хиллера. Цигахь цхьа хIума галдаьлла, дIаваккха хьовзийча, цIерачара гIайгIа бина, иза вайн пединституте сехьавалийтинера кхолагIачу курсе. Мохьмад, схьахетарехь, Бумматарчу маьлхехь вара, ламаройн диалектехьа оьзна буьйцура цо мотт. Зуда Ленинградера оьрсий йара цуьнан. Оьрсийн мотт шера хаара Мохьмадна нохчийн матталла. Дешарх башха дог леташ цахилар кIеггина гуш дара цуьнан. Делахь диплом даьккхира цо, дешна валарций Куршлойн – Эвлара школе директор вахийтира иза. Цигахь шина шарахь болх бира цо квартирехь Iаш волуш. Иза волчу кхачар нислора сан, наггахь цигарчу бальнице гIуллакх хилла вахча. Цунан квартира, иза балхахь волчу школина, йуьртан больницина гергахь йара. Мохьмадан хIусамнана комаьрша йацара нохчех болчу хьешашца. Иза наггахь бен гуча ца йолура, хьошалла леладар-м хIунда дуьйцура. Мохьмада ша леладора чай, йуург хьалха йиллар а. Ши шо дIадаьлча гIала дIабахара уьш. Оцу зудчух къаьстина, нохчий цо йалийна бохуш хезира суна цул тIаьхьа. Кхин тхан дахаран некъаш цхьаьна ца кхеташ дIаихи зама. Нохчийн дог-ойланах воьхна кIант вацара Мохьмад, дахар дIанисделла хир дац техьа цуьнан, вайн къоман хIусамнана йалийначул т1аьхьа мукъана?
Эрзанукаев Хьамзат Шалажара Шаидан йуьртахо вара. Хьамзат, тхол 5-6 шо-м воккха хир вара иза. Зуда, доьзал болуш стаг вара иза институте деша веанчу хенахь. Цундела, тхан группин староста хаьржира Хьамзат, тхо деша дуьйладаларций. Цо лелош дара группин журнал, занятешка ца лелаш болу студенташ цу тIехь билгала бохуш. Хьалхарчу шина курсехь, дешаран шо долалушшехь, студенташ колхозашка, совхозашка балха буьгура хьаьжкIаш йа кемсаш д1айерзо. Цигахь тхуна Iуналла деш, группина куьйгаллина тIечIагIвинчу хьехарчочун гIоьнча (гIовс) хуьлура Хьамзатах. Цигахь нислора Хьамзата тхан лачкъо йезаш йийлина ледарлонаш, ткъа доьшучу хенахь-м, тхо сом дакхха вагонаш йассо дахана деношкахь, тхан меттана йоккхачу аудиторехь лекци дIахьочу хьехархочо фамили йаьккхича, цхьаъ- «йа»- олуш, айавалийта везара. Оцу шина шарахь Хьамзата, массо агIор аьтто беш, лардира тхо. Тхо кхоалгIачу курсе девлча, иза заочно дешаре волуш, шайн йуьртахь школехь хьеха вуьйлира берашна. ХIинца йухадоьрзур вай оха институтехь дешначу хене 1960 -1964-г1ачу шерашка. Цу хенахь нохчийн меттан хьехархой ца тоьаш бара, цундела ненан мотт хьеха таро йоцуш дуккха школаш йара вайн махкахь: гIаланашкахь, кIошташкахь, йаккхий йарташкахь т1ехь. Хьехархой чIогIа оьшуш хьал хиларна, конкурсехь кхоччуш баллаш ца йаьхна абитуриенташ, йуьхьанцара классашна хьехархой кечбечу факультетан студенташ бина тIеэцнера вайн пединституто. Нохчийн, оьрсийн меттанийн, литературийн хьехархойн пхеашеран дешаран программа деа шаре йерзийна, диь шо мосазза дели хьехархой арахеца болош институто. Тхо нисделира оцу хийцамна йукъа. 1964-гIачу  шарахь тхо школашка дIахьовсийра берашна хьеха, дипломаш кара делла. Цу хенахь Дешаран Министерствос дIахьажийначу вахана, шина шарахь болх бан декхарийлахь вара, дешна ваьлла массо а говзанча. Суна, Теркал дехьа, Савельевка ц1е йолчу станице вахар тIедожийнераДешаран министерствос, Турпал-Iелина Цоци-Эвла вахар къастийнера. Цоци-Эвлахь нохчийн меттан хьехархой ца тоьаш хиларна, Цоци-Эвларчу директора, Магамадов ХIирис, Министре дехар дина, со тхайн эвларчу школе хьажийра берашна хьеха.


Рецензии