Бераш iаморна дiаделла шераш
оьший ма ца хаьа доьшуш йолу нус аьлла, кхин и г1уллакх ца кегош, 1ад1ийра со. Якъубаьргара йоьхна шо даьлча, йоI гелдганхочо маре йигира. Цигахь йу иза тахана, ворхI беран нана хилла Iаш: пхиъ кIант, ши йоI – доьзал болуш. Бакъду, цIийнада, Хожа –Ахьмад, «иског» (рак) цамгар хьакхайелла валар нисделла 2014-г1ачу шарахь, лоьраша операци йиначул т1аьхьа кхин кхетамчу ца вог1уш. (Дала декъала войла иза, Дала шен хIусамах воккхавевойла). Дешархо, дукха бехкен ма велахь со, наггахь сан ойланийн уьйраг хьаьрчаш йа баьржина нисбаларна. Дийцаро озийначу агIор вахар сан наггахь нислахь а, со хьаьвззий йуха а хьалхалера дийцаран некъа воьрзу хьуна. 1964-гIа шеран хьаьттан (август) баттахь Доккуев Турпал-Iелас, аса – хIинца Цоци-Эвлара №3 йолчу школехь болх дIаболийра оьрсийн, нохчийн меттанаш, оцу къаьмнийн литература берашна хьоьхуш. Тхойшиъ бен институт йаьккхина цу школехь балхахь цхьа нохчех белхало йа хьехархо вацара. Йуьхьанцара классашкахь хьоьхуш хьехархойн училище йаьккхина масех хьехархо вара: Мухадиев Январ, Мазазаев Сиражди, Джукаев Сайдхьаса, Абдулкадыров Якъуб, Демельханов Хизар а. Ткъа директор Эдисултанов Олхазар, завуч Тасуханов Султан, нохчийн мотт хьоьхуш волу Мусаев Яхьйа, физрук Джукаев Хьаса – уьш, кхинболу хьехархой заочно доьшуш бара вайн хьехархойн институтехь, педучилищехь а. Тхаьшинан балхаца доьзна доцу декхарш, гIуллакхаш тхьайна тIекхийдо долийча, Турпал-Iелин, сан къовсам болура куьйгалхошца. ТIаккха цара иза туьдура, оха шайца куьйгаллин дарж къуьйсучу агIор. Наггахь цара и къовсадаларан гIуллакх тхан цIерачаьрга долуьйтура. Тхуна институтехь дуьйна хьехархоша чубиллинера цхьа кхетам бара: школехь волу куьйгалхо шен куьйга кIел болчу белхалойл болх бовзарех, иза бан хааран говзаллехь уьттазза сов волуш, лакхара кхетам болун хила везар чIагIдеш. Цундела тхойша оцу говзаллин къайленийн дуьхье кхиа герташ схьавогIуш вара, куьйгалла дагахь дацара. Бакъду, оха куьйгалла деш йолчу классашкара бераш денна схьалелаш, деша г1ерташ, тIехь оьзда, низам лардеш дIахIуьттура. Оцу жамIе кхача берашна тIехь денна тидам латто безара, цIеран цIерачаьрца йиллина зIе хила йезара, дешарна ледара бераш школехь совцош, цIахь болчарна тIедожош, церан ойла дешарна тIехьаьвза агIонаш леха йеза хьехархочо, кIорда ца деш. Иштта, хьайна хьалхарчу берийн дуьхьа ахь садаггийна къахьегахь бен, хуьлуш вац бакъволу хьехархо. Белхан и агIонаш хьуна институто чуйохкуш йац – уьш бечу балхо хьоьху хьуна, шайн жамIаш дешархой кхиарехь гуча а дохуш. Цундела тхо и белхан говзалла карайирзинчу хьехархойх, уьш институташ йаьхна бацахь, царах хьегара, цаьрга нисдала гIертара, царгара диканиг тхаьшна 1амо г1ертара. Царна йукъахь лара вогIура Мусаев Йахьйа, Демильханов Хизар, Тасуханов Султан, Тасуханова Йаха. Кхин цхьа хIума зеделира тхуна. Куьйгаллин балхахь вахвелларг хьехархочун балхана хераволуш, хьехархочунна шегара хьехаран говзаллех дала хIумма а доцуш вуьсуш хилар, нагахь цо шена Iедало хьеха кIирнах магийна долу 12 сахьт мукъна, берашна доггаха хьоьхуш дацахь, буьззинчу кечамца, дог цIенна урокашкахь цу берех вуозавелла. И сахьташ шайна тIейаздина, урокашка ца лелаш болу куьйгалхой, шайна хьалхарчу хьехархойн кхиамаш, кхачамбацарш бовза, церан балхана таллам бан царна хуур дац. Иштта куьйгалхочо цхьанне хьекъал йа кхетам луш доцу деса хабарш дуьйцур ду дагадовларан цхьаьнакхетаршках а. Дукхахболу хьехархой цу хенахь массо йарташкахь оьрсийн йоьIарий бара. Цаьрца мерза уьйраш йара йуьртара кегийрахойн, цхьаьна балхах болчу нохчийн хьехархойн а. Цоци-Эвлахь, нехан йарташкахь санна, оьрсийн лоьраш, хьехархой нохчаша маре балийна меттигаш йолуш йара. ЦIера баккхийрнаш дуьхьала хиллехь, тхан йуьртахь оьрсийн зударий бало болийнера тIеман ветеранаша дуьххьара некъ боккхуш. Дебишев Батина армехара цIа веанчул тIаьха, цуьнан лар хьошуш, йеанера тIаьхьа Украинера зуда, амма иза гергарчара кхерийна, дукха ца Iаш дIайаханера, доьзал гуча балале. Магамадов Увайса йалийнера тIамт1ера ца вогIуш оьрсийн зуда Таня, Валя ц1е йолу йоь1ций. Цо лечуьра ваьккхина хиллера иза тIом лаьттинчу арара, такхийна шайн цIа валийна, ша дарба лелош, цуьнан чевнаш йерзош. Цамаев Къаима йалийнера немцойн къомах йолу зуда, Катя. Увайсана Таняс вина кIант Лоьма 2020-г1ачу шарахь дIакхелхира. Увайс, Таня хьалхо делира. (Дала гечдойла царна). Лоьмин доьзалхой шайн доьзалш болуш йуьртахь бехаш Iаш бу. Къаимна Катяс вина ши кIант: Нурди, Эдик, цхьа йоI Диана кхиира церан доьзалехь. ЙоI Сиржа-Эвлахь марехь йара нохчашкахь, иза доьзал буьсуш 2019-г1ачу шарахь дйкхалхар нисделира. Къаиман кIант, Нурди, 2020-г1ачу шеран лахьан (ноябрь) баттахь дIавалар хилира. Дала гечдойла цаьршинна. Тхан школехь хьехархо йолу Лариса Тасуханов Бадис йалийра, Цоци-Эвлахь амбулаторехь фельдшер болх беш йолу Люба Эдильбиев Мохьаддис йалийра. Бади, Лариса, Мохьадди, Люба – уьш диъ дIакхелхина, зударий шайн цIийнадайл тIаьхьа дIабовлар нислуш. Дала гечдойла царна. Уьш берриш йуьртара кешнашка дIабоьхкина ийман диллина хиларна. Церан доьзалаш тахана бехаш Iаш бу Цоци-Эвлахь. Эсендиров Iадлана йалийра тхан №3 школехь болх беш оьрсех йолу хьехархо. Шотойн тайпанах волчу Магамадов Якъуба йалийра ша гена меха ваханчуьра цIа вогIуш, Таня цIе йолуш зуда. Иза оьрсий йара йа г1езало йара къастаза диссира. Делахь, и-м нохчийн мотт Iамийна, нохчийн зударех тарйелла чекхйолуш схьайогIуш йу. Дика доьзал кхиъна церан, йоIаршна хаза маренаш нисделла, кIентий цхьаццанхьа къахьоьгуш бу. Арсаев Бимарзас йалийра Зензели – станцера, ша балха ваханчуьра оьрсий йа гIезало йелахь, кхечу къомах зуда. Цуьнан доьзалш бу цоцанхойн дика - воне боьлхуш, шайна хьанал рицкъа лохуш, йуьртахь бехаш Iаш. Якъубан, гена кир эцна ваханчохь, валар нисделча, Таня кегийчу берашца йисира. Бераш кегий долуш дIакхалхар нисделира Бимарзин а, тIаккха оцу шина зудчун собар, деналла тоьира шайн доьзалш хьаналчу некъахь хьалакхио. Дала гечдойла церан цIийнадайшна. Бийца кхин бара къомах боцу зударий балийна йуьртахой, и масалш далоран вайн Iалашо йара. Нохчашлахь иштта доьзалаш кхоллабалар эхьен хетар, йемалдар малделла хилар гойтуш. Нохчийн цIий ма бехде боху Iадат замано гIелдина. Вайна йукъахь иза довш хилар билгалдаьлла лаьтташ ду. Цундела школехь оьрсийн хьехархошца цхьаьна синкъераман суьйренаш йар, царна тIехьийзаш хилар, вовшех хьакхалуш хелхадийлар эвхьаза даьлла, дIахIуттуш мур хилар гайтархьама дара, вай хьалхенгахь дийцинарг. Ткъа тахана-м нохчийн доьзалш кху доккхачу дуьненан массо пачхьалкхашка кхочуш баьржина. Цундела вайн зударий оцу пачхьалкхийн векалшка, церан зударий нохчашка богIуш вайн къам дIаийна даьлла дуьненан йукъараллех. Цхьабакъду, вайн къам «Сибрехара» Даймахка доьрзучу шерашкахь, мелла дийна лаьттира Iадаташ, динан бехкамаш а. Амма шо-шаре мел долу, дахаран хьелаша нохчийн къоман оьздангаллин, Iадатийн а бехкамаш тишбан, малбан а дахаран хьелаш кхуллура йоьдучу замано. Маларш мийлар, зударий коьрта Iуьра бовлар, месаш йукъалоцуш цхьа аса (полоска) бен ца йоьхкуш йа иза йоцуш нохчийн зударий лелаш эвхьаза даьллера дахар. Боьрша къона чкъор никъапанаш йитина, коьрта хIума ца туьллуш лелар моде делира. 1957–1960-г1ачу шерашкахь коьрта Iуьйра мухале ца волура цхьа боьрша стаг, йолчо шен кIужал леранна дIахьулйора, баккхийчарна иза гойтуш лелар иэхь долуш. Цу хенахь коьрта Iуьйра шен кертахь боьрша стага волавелла кевнал арахьа ког баккхахь, иза, харц-бакъ къасточу меттехь, тешаллина хIотто мегар вац, олура баккхийчара. Сайн йуьртахойх лаьцна дуьйцуш хилча, сайх лаьцна жимма хаамаш бан волу со. Студент волуш сан йуьрта хьийзар кIеззиг нислора, хIунда аьлча тхан доьзал боккха бара, берашлахь воккхахверг со волуш. ШолгIачу курсехь бен суна, цхьаболчу студенташна институтан йукъараIайлехь Iан меттигаш ца нисйелира. Цундела тхан квартира лаца дийзира, цунах мах институто луш бара. Йуучунна, молачунна, трамвай, автобусна – мах 3, 5 каппек бен бацахь, тхаьш гIайгIа бан безаш дара тхо йечу харжашна. Ткъа и харж, мел кIезиг йелахь, гуллора, тхуна халонга йолуш. Цоци -Эвлара автобус т1ехь гIала воьдург ахсом мах бара. Студентийн столовехь кIеззиг марздина чайнах – 3 каппек мах лора, бепиг, туьха, горчица мах боцуш йара. Борщ йа чорпа (суп) -10 каппек (ши шай), жижигца картолийн пюре йа гарзаниш –50 каппек (ахсом). Йеккъа гарнир – картолийн пуьре йа гарзанаш – 20 каппек (эппаза). Уггар а кIезиг, йорахчу студентийн столовехь –33-35 каппек (йалх-ворх1 шай) ахча дезара цхьанна. ТIаккха кхузза йууш хилча, иштта ларлуш хьо лелча, йеккъа йуучунна хьуна I сом ахча дезара де-буьйсанна лерича. Накъосташца хилча царах тIехь хьалха нисвеллачо дIалора, нагахь хьалха эккха кхиалахь, накъостех цхьаммо лора. Тхьайна мел хала делахь, йохьах ца дохара. Цундела х1ора кIиранан дийнахь (воскресенье), каникулшкахь а гIаларчу базашкахь, цхьацца вагонашкахь схьакхаьчна товар охадассо доьлхура тхо, тхайн кисанахь, жимма хилла, нахарташ хилийта. Оцу агIорхьара накъосталла хуьлура тхуна, тхан группера Татаев Майрбек бахьанехь. Цуьнан ваша, Iела, вара тхан институтана гена йоцуш цхьана сурсаташца махбаран базех, схьахетарехь, завсклад. Цо Майрбекехула хаам бора тхоьга, кир тIехь схьакхаьчна вагонаш йуй хоуьйтуш, йассо йезаш. Оцу базе кхочура кIоранах, дечиган гIирсех, хасстоьмех йа кхечу сурсатех йоьттина вагонаш. Уьш йассо хьаьгна дуккха бара студенташ. Делахь, Майрбек бахьанехь Iелас озабезам тхоьгахьа бора. Ма-мотталаш иза атта болх бу, уьш йассийча дуккха ахча лора. Делахь, вагон йассийча итт туьма 4-5 стагана делча тхуна доккха гIуллакх дара иза, цIахь долчу ден, ненан са ца гатдан, тхуна гIайгIа бан уьш ца гIертийта ахчанца. Ткъа цхьанаметта масех йассо вагон нисйелча, тIаккха-м тхан гIалин самукъане агIонаш йовза таро хуьлура. Стоьмех йа хасстоьмех йоьттина вагон нисъелча мах 200 соме кхочура иза йассориг. Бакъду, иза шийла вагон хуьлура. Цу чуьра товар шимма йа кхааммо аракхийдо дезара, арахь кхечара складана чукхоьхьура. Вагон чохь шийла йелахь, цу чохь болх беш хьацар чIогIа долура. ТIаккха тIоьхлара бедарш охьа а кхийсина, тхо цхьалха довлура. Оха-м хьацар охьаоьхуш, тхайн болх бора. Амма чууьйзучу шийлачу хIавао хьан пеххашчу доьлху пхенаш дахьадора. Цундела вагон чохь хийцалуш бан безара болх, цамгаре вожавайта ца лаахь. ТIакхха тхуна, сих-сиха цIа дIасалелачул, мукъа йаьллачу хенахь гIалахь белхаш беш Iар, санехь дара. ЦIахь берш ца хьийзош, иштта хене довлар нисдора-кх оха. Ткъа аьхкенан каникулашкахь, оцу кхаа баттана гена балха доьлхура баккхийчийн бригадех кхетий. Цигара дукха ахча-м ца кхочура цIа. Делахь, цунах цхьа коч-мачина йома хуьлура вайн доьзалшна.
Свидетельство о публикации №225081601436