Некъ боьхна зуда йалор

Студентийн дахаран хан, ахчанан къелла бахьанехь, мел хала йелахь, хIетте хаза хан йара, къоналлин тIемаша дог-ойла уьйуш, гIайгIий, балий аьттехьа ца дуьтуш хьуна, дахаран некъ бихкина, беза мохь хилла хьо хьавзор доцуш. Кхоччуш хьайн йуьртахой бевзина, къоман дахаран г1иллакх-оьздангаллин хьолах кхетта мур бацара оха доьшуш баьккхинарг. Даима доьзалера йиша-вешех, йуьртахойн дика-вонех хаьрчина Iаш мур бацара иза ГIиргIизехь, дуьйна. Цундела вайна йукъахь лелаш долу Iадатех, гIиллакхех дика кхета, дуола, уьш дедош марздала кху вайн цIахь (Даймахкахь) бен тхан чкъор ца дуьйлира. Цу хенахь суна моттара, зуда йалочу хенахь вайн къомалахь а, коьрта маьIне дерг – кIантана, йоIана вовшен дезар ду. Ткъа иза, т1оьхала, иштта делахь а, дахаран чухаленехь шен галморзхаллаш нислуш хиллера. Иза суна сайна тIехь леллачу масалло гайтира. Йо1ана, к1антана йукъахь захало кхоллалучу хенахь, йоьIан нанна къаьстина, тIаккха дена шайн йоIана хьенехера кIант тIехьийзаш вуй хууш хуьлура. Йо1 к1антана хийисте лоьлуьйтура цара, лулахь охьахаа йохуьйтура, гIуллакх йаран, хан йилларан хьоле даьллий хууш хуьлура, йоьIан цIерачарна. Иза шайн доьзалхо нахана оьшуш хилар 1орадаккхархьамма леладойтуш хиллера, дукхахьолахь. Тхан йоIана тIаьхьаваьлла хьенехеран кIант ву бохург даржийта нахалахь. Иза-м йезаш хьенехаран, минехаран кIентий бара бохуш, дозаллаш дархьамма, шайн йоьIан мах мелла хьалабоккхуш цIе йаархьамма. ТIаккха иштта мехала йаьллачу йоIана цхьа хьал-таро алсам йолуш, даар-малар нехачул шортта, хьена долуш болчара и йоI йоьхура шайн доьзалхочунна. ЙоьIан цIерачара шайн йоьIах жоп луш хиллера, йоIана тIехьаьвзина, вевзина воцчу, захало хьахийначу хьолахойн нахе шайн йоI маре дIайала. Ткъа йоIа, шена цIерачара деш дерг хиъча, кIенте хийисте кхойкхий, ша хIинцехь, кху хийистеран, йадайай дIайига йа хьайн цIерачаьрга ша йехийта шен дега, олуш меттигаш нислуш хиллера, ша баккъалла везачух къаста ца лаарна. (Ишттачу хьелаша кхоьллина хила мегаш вайн къомалахь зуда йадийна йалоран, вай тахана йемал дина 1адат).  КIанта, цуьнца хийисте веанчу накъосто ойла йой, йадайар йоьIан нахах цавашар санна хIума ду, ткъа йоI йехийтар – цу хенахь эхьен лоруш дара, кIант вуьшта зуда ца йогIуш, кIелвисча санна лоруш. Цундела, йоIана хийисте баьхкинчара, шаьш нийсонан кхетамехь делахь, олура, ша хит1еран д1аяига бохучу йоьIе: «Тховссехь пхьуьйран ламаз динчул тIаьхьа шайн бешара ринжехула шайн лулахойн керта йала, оха цигара дIайуьгур йу хьо. Оха хьо йадийна аьлла, хьан нах йуьхьIаьржа хир бац, хьо, хьайн безам болчу маре йахарна, бехказа хир йу». И барт хилла уьш дIасакъаьстича, пхьуьйренна кечам бан. Ткъа сема, хIиллане йолчу йоьIан нанас, шен йоI везарна хийисте йаханий, церан цхьа барт хилар шена тусаделчача, халдолчарга хаам бохьуьйту: «ЙоI маьк1ажан бода къовлалуш дIайига, ца йигахь шу цунах довла там бу!» – олий. Хьолахошкахь йоьIана маре нисдо дикачу нанас, шена дахаран хьал дика довзарна. ЙоI маре хьолахошка дIайеллачу нене луларчу зудчо хаьттича: «Шарахь хьенехеран кIант тIехьийза вайтина хьайн йоьIе, цаьршинан вовшашка безам бахийтина, шен безам лаьттачу хIунда ца йахийти ахь хьайн йоI?  – «Хьенехаьрга йаханехьара, маймал санна комарийн дитташна тIехула салларшна гIаш лехьош йа буракийн гектар тIехь текхаш, мере са кхаьчна лелар йара сан йоI. ХIинца цхьа нуй, горгам дичхьана йолуш, бод санна хилла, шен IиндагIе хьийзаш Iийр йу. Ткъа безам боху хIума, кIира далале, кхечуьнга гIур бу!» - жоп хеза лулахочунна  Дала къинхетам биначарах лара беза нускалх бевллачара шаьш, иштта ойланехь йолчу ненан йоьIаца, шайн кхоллам цхьаьна цатохарна. Кхин хIумма ца хилча, иштта оьзда йоьцуш йолу стуннанах нислур йарий царна, церан дахар ирсен ца хилийта. Бакъду, зуда йалайаран гIуллакх шера нисдала доьгIна-м ца хиллера кху могIанийн йозанчина а. Шайн йуьртахь тIехьийзаш, цуьнга йан хан билгалйиначу йоIана бевллера кIелдIахула, йоьIан цIерачаьрца захало дендина йуьртахой, шаьш йуьгучу йоьIан лааме хьовса, къамеле бовла охьахаайар йа хийисте кхайкхина бистхилар доцуш. Бежанийн базарахь санна, йоьIан дестечуьнца берта баханера, йоI дIайига хан цуьнга билгалйойтуш, маре йуьгучу йоьIах дагабовлар доцуш. Шайн йоIана тIехьийзаш хьехархо вуй хуушшехь, йоIа цунна хан йиллиний хуушшехь, меран йоIана дика маре гIишлошйаран инженераца нисдан гIоьртинера десте, йоьIан дега, шен ц1ийнадега, хьан йоI реза йу бохуш, керла бевллачу захалошна. Оцу дестечунна хилла хир ду-кх дагахь:
«ДIайахана йаьлча йолла йоьлла, дIаIийр йу шен марехь, мел бу уьш нохчашлахь, цхьаъ тIехьийзош, кхечанхьа маре бахийтича доьзалш беш Iаш. Безам боху синхаам – иза нисделлачу хьолах волар бен, кхин генара лазаме хIума дац», – бохучу ойланах доьлла адамаш нортта ду-кх. Хьехархочуьнгахь чулла йоIан дахар инженераца ирсе хирг хиларх тешна хилла хир йу-кха и десте. Палади йара оцу дестечун цIе. Дика, оьздачу Iаьндийн Цоци –Эвлрарчу доьзалера йара иза. Цуьнан кхо ваша: Къосам, Рамзан, Мовлади деналла долуш нах бара. Палади хьалха масех шарахь Iаьндешха волчу Бауддегахь марехь хиллера, амма шайн кхин доьзалхо гучуволуш цахиларна, иза цигара йоьхна, ден цIахь жеро йаьлла Iаш хиллера. Иза вайн къам махках даьккхина долуш Г1ирг1изерчу Токмак-галахь лелла гуллакх ду. Оцу хенахь, сан хир волчу стунден, Шовхалан Хьаьдизан Абдалхьамидан зуда, Лека, дIайалар нисделла (Дала гечдойла цунна), йалх бер дуьсуш: Манаш, Майрбек Зарган, Тумиша, Денилбек, Асланбек а. ХIара тIаьххьара бер, декхаш карахь долуш, йалар нисделла цуьнан И берийн сур кхаба кертахь зуда ца хилча цайаларна йалийна хиллера Iабдалхьамида Палади. Iабдалхьамид ша, вай цIера дахале хьуьжарехь дешна, Iарбийн йоза-дешар хууш, цу хенахьлерчу Iеламнахах стаг вара. Йуьртарчу Iеламнахаца уьйр-марзо йолуш, уьш гуллучохь цаьрца хуьлуш вара иза. Даима Къуръан доьшуш хуьлура иза ша ламазера моссаза волу. Оцу доьзалера йоI, Тумиша, йара со тIехьийзаш, десте йолчу Паладина хууш. Церан лулахь Къосамехь марехь йолчу сайн дешичин, Зайнабин, чохь Тумиша охьахийшош, тасаделлера и захало, маре йарна, хан йилларна а т1едолуш . Цу чохь йогIур йолу хан билгал йаьккхина, барт хилла лаьтташ дара тхан безаман г1уллакх. Лулахойн чу шена хьалхара йоI суна охахаа йогIий ца хууш хуьлийла ма йац десте. Дерриге цунна хууш дара, амма цхьа шайтIа доьллера-кх тхан захалонна йукъа. Адамийн кхолламаш, Дала азаллехь вай кхуллуш дуьйна йазбина хилар, вай хьесапе ца оьцу, цундела, дукхахьолахь вешан бехкенна, гIайгIа-бала тIеузу. Ша дIайига нах богIий хиъча, Тумишас шайн лулара шен гергара йоI хьажийна хиллера, хьуьлуш дерг сох схьатоха, ас болх бечу школе. Хулло–хин тIайна йуьххьехь, книгаш чохь йолу портфель карахь цIа вогIучу суна, и йоI дуьхьала кхийтира маьрк1ажа хан хила герга йаханчу муьрехьхь. Оцу йо1а ма-дарра Тумишина т1ехIоьттина хьал схьадуьйцу суна. Ас сихха и 12-13 шо долу йоI йухахьажайо, со хьен ца луш дIакхочий хоуьйтуш. ХIетта тиллинчу Хулло–хин тIай кIел сайн книгаш чохь портфель йитина, кхин сайца вига цхьа накъост ца лоьхуш, иза лоьхуш лела-м сан хан ца хиллера, хIоьттинчу хьоле хьаьжча. Далла тIе болх биллина, со дIахьаьдира, йезачу йоIа орца доьхучу. Шена тIе иштта сихха сацам бан безаш мур ца Iоттабеллачо, иза сан сонталла йа таро йоцуш долу, сайх бIаболар лара там бу, ас динарг. Ткъа сан йацара накост леха хан – сан йезар дIайига баьхкина нах иза кечйаре хьоьжуш, царна лаххьарчу  лулахойн бошмашкахь, тар тоьхна Iаш хилча. Лахьан (ноябрь) беттан гуьйренан маьрк1аже йара иза, гIеххьа шийла йолуш, йовхо тIекхоьллина куртка йа пальто хилар оьшуш. МаьркIаже вайн махкахь, вайна ма-хаъара, бодано хьоший, Iаржлой дIахIутту сихха. Йезарера хаам бохьуш йеана йоI, со схьакхаьчна, Тумиша сайна т1ейаре хьоьжуш Iаш вуй хаийта, йахийтира аса. Шена меттиг баьллачухула, шайн беша со волчу сехьа йала олуш. Оцу йукъалелачу йоьIан нана йара суна гIо дийр долуш. Со схьавеаний шена хиъча, оцу зудчо сан йезар ша ламазана йуьгучуха, шайн беша йалийтинера, цигара со цуьнга хьоьжуш Iачу беша йаьккхинера. Ас: «БисмиллахIир рахьманир рахьим, тахана дуьненахь, кханалерчу къемата дийнахь сайна хIусамнана йан тIелаьцна, дIайуьгу-кх ас хьо сайца», – олий, куьг лоцй, тхойшиъ чехка лулахойн уьйтIахула долий, ураман некъал дехьа, цхьана готтачу урамах чутуьлу. ГIехха гена девллачул тIаьхьа, тхуна тхаьшна тIехьа хьаьлхина девдда догIучу адамийн когийн татанаш хезира. Сан са кхиира, тхуна тIаьхьабевлларш Тумиша дIайига баькинарш хила мегаш хиларх. Царах цхьаьннан бIаьрг кхетта хилла, там болуш дара, тхойшиъ кех долуш. Йа Тумиша ларйеш болчу зударех цхьаъ айкхйаьлла хила тарлуш дара. Оцу хьолехь сан Iалашо хилира, со дуьхьала вирзина царна, уьш совцо. Тхо вовшех хьарчинчу хенахь сайн йезар дуьххьара тIенисбеллачу нехан хIусамна чуэккхийта, орца доьхуш, тIаьхьабевллачеран кара иза ца йахийта. Цундела Тумише ас элира: «Хьайн ког ма-боллу йадий, дуьххьара тIенисделлачу нехан цIено чугIо, хIара вайна тIаьхьабевлларш со совцо хьожур ву. Хьо чунисйеллчу нахана бовзийта вай арабаьккхина некъ. Иза бовзийтарх, хIокху хьолехь, хIумма эхь дац хьуна. Дала аьтто бойла вай!», – аьлла, иза дIахоьцуш, со дуьхьала вирзира тIехьаьдда вогIучу кхаанна.
– «Собар де, шу лаа девллий тхуна тIахьа», – аьлла, со вистхилча;
«ДIадала тхуна хьалхара, тешха лета ж1аьла!» – кхоссар йира хьалха вогIучу шиннах цхьаммо. Цаьрца волу кхолагIниг, йуьстахуо, халла садоьIуш, гора лахвелира.
– Тешха лета ж1аьлеш, йамарта чаг1алкхаш  хьаха йу шу, соьга шена лаа лууш, бертахь йогIуш йолчу йоьIан, иза йезаш тIехьийзина, йуьгуш волчу сан а некъ бохо арайевла, акхарой. Йухадовла, харцо йу аша тIелаьцнарг», – ас аьлча, цу готтачу урамехь, со теттина дIавоккхуш, чекхвала гIоьртира йаппарш йеш волу шиъ. Сан Дала аьтто балийтира цаьршинан кочмаш лаца. Ас и шиъ дIа ца хоьцуш, тхо кхоъ хьерчира. Къаьркъанан хьожа йетталуш, гIеххьа маларан кеп йолуш, вохвелла вуй хиира суна и шиъ. Сан карара ца валалуш шаьшшиъ висча, шаьш ас хеццане дIа ца хецча, цаьршимма сан пхаьрсех, даьхна арсаш детта долийра. Гуьйренан суьйренаш шийла хиларна, суна тIехь стомма пальто йара. Оцу пальтох чекхдохуш, кхойттаза урс тухуш, чевнаш йинера цаьршимма суна. Цхьайтта чов шина пхьаьрса т1ехь йана хиллера, йисина шиъ некха тIехь нисйеллера. Баккъду, арсаш дегIах чекхдуьйлуш суна дIоггара лазош, хаалуш дацара, месийн гIайбех детталуш санна хетар бен. Деналлин хьуьнар йа оьг1азлонан асар – ший ийна хьал хилла хир ду-кх, сан дегIе цу хенахь доьссинарг. Амма цIий дIа мел долу сан пхьаьрсаш, дегI малдала дуьйлира. Куьйгаш, уьш сецочуьра мукъа даьхна, со царна дуьхьало йеш, лета воьлча, цаьршинах цхьаънан Тумишина тIаьхьа вала аьтто бериг хиларна, со мелла хан йахйеш вара, йезарна къайлайала аьтто боккхуш. Цундела ца хьоьцура аса и шиъ дIа, сайн куьйгашкахь гIора мел ду. Оцу хенахь, суна урам тарбелла со чувирзина некъ, ворда йаххала бен кхин шуьйра боцуш, нехан керта доьдуш долу гече хилар, гучуделира суна. Тхан гIовгIанаш хезна цу кертара хIусамда, Боьршик, араваьлла хиллера. Суна цу хенахь йуьртара нах башха бевзина бевлла бацара. ГIиргIизера цIа дирзичхьана, даима доьшуш, эвлал арахьа леларна. Со цIийх Iенаш, и шиъ дIахецаза ирахь вара, чIогIа де эшна велахь а, и стаг тхуна тIевог1учу хенахь.
«Шу лаа дуй, аша хIун леладо тхан кешка даьхкина хьерчаш? – бохуш,  хеттаршка велира иза. Суна-м тIаьхьо бен ца хиира цу стеган цIе Боьршик йуй а.
– ХIан, хIара «ши борз» йу хьуна бехкениг, сан некъ бохош, хIара болх суна тIехь беш, майра йаьлла хьийзашйерг! – олуш, со кхин латта гIора ца хиларна, уьш дIахоьцуш, охьа лахвелира. Бакъду, кхетамчуьра ваьлла-м вацара со. Уьш Боьршикна бевзина хиллера, хIунда аьлча царах цхьаъ цуьнан шичин кIант, Садаев Майрбек, хиллера, важа Майрбекан хьаша – Тунтаев Ваид. Уьш цо, сихха гучара бохуш, дIахьовсийнера. Со шен доьзале чувигийтина,  гIодайуккъалц верзина ваккхийтина, сан чевнаш дIайехкийтинера. Соьга маре йогIуш йолчу Тумишин атто баьллера, цхьана бешах дехьайаьлча, тайпана хьачаройх болчу, сан ден ненахойн хIусаме кхача, тхо вовшех хьерчачу хенаехь. Суна арсаш диттинчех цхьаъ, Тунтаев Ваид иккхина хиллера сан ден ненахойн керта: «ХIара йо1 бенойн нус йу шуна, иза ларйелаш!»– аьлла, кхоссар йеш. Тумишас-м ша соьга маре йогIуш, некъахьовзам баьлла хилар, ша чукхачарций хаийтина хиллера, сан ден ненахойн зударшка. Хилларг кхин хье ца луш тхан цIа, Илсхан-Юьртара тхан цIийнан нахе кхочуш, йуьртахь даьржинера. Тхан да, берригге дехой схьакхечира Боьршикан хIусаме. Боьршика доккха накъосталла дира суна, шен кетIахь со чевнаша малвина вожале тIекхаьчна,  сан  чевнаш дIайехкийтарца. Цундела со дика саметтахь вара, кху керта нах гуллучу хенахь. Бакъду, теттина берриге дехой, сан да тIехь, баьхкина тIехиттича, эхь хетта, со бIаьргаш хьаббина Iийра, кхетам чохь воцчуха, цара мел дуьйцург хезаш, кхетам чохь волуш. Хилларг хилла даьллера, мел доьхна хIума нохчашна йукъахь маслаIатца доьрзуш хилла дукхахьолахь, валар йукъа доьжна ца хилча муххале. Эццахь Боьршика харцдерг дийцира сан дехошка. Сан некъ бохийна ши стаг со сацийна Iаш волуш, ша тхуна тIекхаьчнашшехь, чIагIонаш йира цо: «Къемат дийнахь йуьхьIаьржа хIоттийла со Далла хьалха, хIара шун кIант воьжна Iуьллуш волуш, кхунна тIекхаьчна вацахь, кхунна йуххехь кхин цхьа стаг воцуш!» Цо дуьйцург бакъ дацара, делахь, Дела ву-кх оцу белхан теш. Схьагулбеллачу дехошна, дена хьалха, зуда йалош чевнаш хиллачу суна бехкен, г1иллакхехь дацара, Iуьллучуьра  гIаьттина, цу стагаца къаронаш йаха хIотта. Бакъду, дукха бехкен ца во аса Боьршик. Оцу буссехь огIазалла йоьссина сан нах, сан довхойн коча ца бахита, зулам дижийта гIоьртина хуьлуьйту ас иза. Со цигара Куршлойн–Эвла больнице виллира. Больницин коьрта лор волчу Эвтарарчу Iовдин кIентан Iелин (Дала даржехь сов ваккхийла и шиъ) йоьIан кIанта, Кадиев Мохьмада ша дIатийгира сан чевнаш.
«Пальто стомма, куьйгаш деха хиларо йаййина хьан чевнаш, дегIан кIоргене, кийра ца кхочуьйтуш. ХIара некха тIера, букъ тIера чевнаш кийра кхаьчнехьара, чолхе операцеш йеш, кегон везар вара хьо! Родился в рубашке, олу-кх оьрсаша ишттачунна. ЦIий дикка дIадаьлла, амма иза йуучо меттахIоттор ду. Цхьана шина кIиранчохь толур ву. Дала маршалла дойла»,– элира Мохьмада сан чевнаш йихкина ваьлча.
–Дела реза хилийла хьуна, Мохьмад. Ахьа дIатегна чевнаш кхин а хьалхе йерза декхар ду,– аса олуш, Мохьмад шен кабинет чувахара. Цу буссехь сан йезар, кир лелон машен йоьттина баьхкинчу тхан цIийнан Илсхан-Юьртара наха шайн йуьрта йоссийнера, сан ден маьхча Селам-Солтин кIант Ахьмад волчу. Оцу буссехь и гIуллакх Iедале даьллера. Следователа больницехь со левира, хилларг дуьйцуьйтуш, Илсхан-Юьртахь сан нускал лединера. Суна, баккъалла, и сайна хьовзам баьккхинарш бевзаш бацара цу буса, следователа со левечу хенахь. Амма следователь дIаваханчул тIаьхьа хиира суна уьш муьлаш хилла. Уьш хиллера сан йуьртахой Тунтаев Ваид, Садаев Майрбек, Дудаев Iимран. Амма оцу кхолагIчо сох пIелг хьакхийна бацара. Шаьш лелориг уосала хIума хетта делахь йа кхо стаг цхьаннах тийсавалар ледара болх хеттехь – иза девна йукъа ца вулуш Iийра. Ваид, Майрбек вара дериггенна бехкен верг. Тумишас следователе шена уьш ца бевза аьллера. Йуха, йуха таллам бо бохуш и гIуллакх дахделира. Захало дан гIоьртинчара «нускал дIадига кечбинарш» шайн цIийнан нах ца хиллера. Цундела и баьхкина нах йукъа ца хьакхош, захало дан гIиртинчара, да-нана делла, байлахь висча, шаьш кхаьбначу Бучулаев Майрбеке, шайн шичега т1елацийтинера и дов, баккъалла бехкенаш кIелхьара бохуш. Оцу пекъаро, ша бехкен веш, мукIарло динера хиллачунна. Следователь Аржикантовна са йолуш, бехк боцу пекъар, ас иза цигахь хилла вац бохург хьесапе ца оьцуш, суьдо хан тоьхна и пекъар чувуллуш, дирзира и дов. Со-м уьш чубохкийта лууш йа цаьрца дов лело гIерташ вацара. Тхайна йукъара дов дIадаккхуш цаьрца маслаIат дина куьйге вахара. Сан девашас, Вис-Iелас, йуьртахошка дIакхайкхош, элира:
«ХIара дов дирзина ду шуна тхоьгахьа йолчу агIорхьара, нагахь наха дижа дитахь!»
Чувоьллина Iийначу Майрбеке, хан йаьккхина ваьлла цIа веача, ас хьаьттира: «Ванах, Майрбек, хьоьга хьайгга кхойттаза урс доьттуьйтуш Iан, со велла вара теша? Гуш йолу харцо тIейоккхуш, и маша буьйзир-кха аша, маIаш, цIога гуш?», – шега аьлча, цо жоп делира.  «Нехан нах, тхаьш бахьанехь чубохкийтина тхан Iайла ма-дацара. Тк\а Iедална бехк тIелоцуш цхьа Майрбек везара, ахча делчхьана царна со магара. Ахча лахь Iедало ло Iаьржа хуьлуьйтур ду, Хулло ирхнеха доьдуш хуьлуьйтур ду-кх. Со хьуна хьалха бехкен ву, цадинарг дина бахарна. Цунна суна къинтIера вала, амма сайн нахана хьалха и ца дича со волуш вацара». Со-м къинтIера велира цунна, тIе баккъалла бехкен болчарна тIехь. Дала гечдойла царна, уьш Далла дуьхьала бахана. Майрбек Бучулаев 2022-г1ачу шарахь баьстенца Далла дуьхьала вахара, важа шиъ кхин дуккха халха веллера. Дала гечдойла царна. Бехкен йелахь, йацахь оцу Паладина ваьлла со-м къинтIера, шен дагахь диканиг нисдан гIоьртина хир йу-кх иза, шена хьалха кхиъначу мерайоIана. Бакъдерг ала деза, Бауддегахь бер ца хуьлуш Iийнех, Iабдалхьамидна Паладис бархI бер динера – виъ кIант: Шерипу, Хасамбек, Iабдулбек, Iабдулла; йиъ йоI: Зарет (Куку), Зураъ, Элина, Элита. Шина зудчо бинера аьлла боцуш, чIогIа берташ, вовшен доладеш, мерза хан йоккхуш схьабогIуш бу Iабдалхьамидан доьзалш. Бакъду цхьаберш царах, Дала тоьхна зама чекхйаларна эхаре бирзина: Манаш, Зарган, Зураъ, Майрбек, цуьнан ши кIант (ГIарбек, Саламбек). 2021–гIа шарахь, гурахь эхаре верзар нисделира сан стунвешин, Асланбекан а. Цунна, царна Дала гечдойла, Шен беза хьеший бойла Цо царах. Биснарш Дала могаш-маьрша лелийтила дуьненан зенех, зуламех ларбеш.


Рецензии